📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 574
Сура Аль-Муззаммиль

Сура Аль-Муззаммиль

73:4
أَوۡ زِدۡ عَلَيۡهِ وَرَتِّلِ ٱلۡقُرۡءَانَ تَرۡتِيلًا ٤
Я тIетоха цунна. Къуръан деша (меллаша, хазачу) дешарца.
73:6
إِنَّ نَاشِئَةَ ٱلَّيۡلِ هِيَ أَشَدُّ وَطۡـًٔا وَأَقۡوَمُ قِيلًا ٦
Баккъалла а, буьйсанан хан еза ю (ламаз дечунна)‚ вунō билгал ю дашца .
73:7
إِنَّ لَكَ فِي ٱلنَّهَارِ سَبۡحًا طَوِيلًا ٧
Баккъалла а, хьуна /дан/ дийнахь дехха гIуллакхаш ду (Къуръан деша мукъа ца волу хьо).
73:8
وَٱذۡكُرِ ٱسۡمَ رَبِّكَ وَتَبَتَّلۡ إِلَيۡهِ تَبۡتِيلًا ٨
Хьехае хьуо Кхиош-Кхобуш волчун /Делан/ цIе. /Дуьненан гIуллакхех/ хада Цунна (Дала) Iибадат дарца, (дог цIена) хадарца.
73:9
رَّبُّ ٱلۡمَشۡرِقِ وَٱلۡمَغۡرِبِ لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَٱتَّخِذۡهُ وَكِيلًا ٩
Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-Кхобург ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал (тIетовжа гIоьнча).
73:10
وَٱصۡبِرۡ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَٱهۡجُرۡهُمۡ هَجۡرًا جَمِيلًا ١٠
Собаре хила цара (Маккин керстанаша) олучунна тIехь‚ бита уьш хазачу кепара. /Дукха бехкаш ца бохуш, цатам ца беш/.
73:11
وَذَرۡنِي وَٱلۡمُكَذِّبِينَ أُوْلِي ٱلنَّعۡمَةِ وَمَهِّلۡهُمۡ قَلِيلًا ١١
Вита Со а‚ и шайгахь ниIматаш долу /дин/ харцдеш берш а‚ собар де цаьрца цхьа кIеззиг.
73:12
إِنَّ لَدَيۡنَآ أَنكَالًا وَجَحِيمًا ١٢
Баккъалла а, Тхоьгахь буржалш а ду‚ /жоьжахатин/ цIе а ю.
73:13
وَطَعَامًا ذَا غُصَّةٍ وَعَذَابًا أَلِيمًا ١٣
Лога чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Iазап а ду.
73:14
يَوۡمَ تَرۡجُفُ ٱلۡأَرۡضُ وَٱلۡجِبَالُ وَكَانَتِ ٱلۡجِبَالُ كَثِيبًا مَّهِيلًا ١٤
Оцу /къемат/дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегалур ду‚ лаьмнех хир бу Iенаш болу г1амаран барз.
73:15
إِنَّآ أَرۡسَلۡنَآ إِلَيۡكُمۡ رَسُولًا شَٰهِدًا عَلَيۡكُمۡ كَمَآ أَرۡسَلۡنَآ إِلَىٰ فِرۡعَوۡنَ رَسُولًا ١٥
Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тIехь теш хилла‚ Оха ФирIавне а элча /Муса/ вахийтарх терра.
73:16
فَعَصَىٰ فِرۡعَوۡنُ ٱلرَّسُولَ فَأَخَذۡنَٰهُ أَخۡذًا وَبِيلًا ١٦
ФирIавн Iеса хилира элчанна – тIаккха Оха иза схьалецира чIогIачу схьалацарца.
73:17
فَكَيۡفَ تَتَّقُونَ إِن كَفَرۡتُمۡ يَوۡمًا يَجۡعَلُ ٱلۡوِلۡدَٰنَ شِيبًا ١٧
Шу муха к1елхьардовлур ду /хIай къурайшийн тоба/, аш керстаналла дича, ша бераш къежбийр болчу (къемат) дийнах (цуьнан 1азапах)? –
73:18
ٱلسَّمَآءُ مُنفَطِرُۢ بِهِۦۚ كَانَ وَعۡدُهُۥ مَفۡعُولًا ١٨
Стигал этIар ю /оцу дийнан эрчаллах/. Цуьнан (Делан) ваIда кхочушхилла.
73:19
إِنَّ هَٰذِهِۦ تَذۡكِرَةٌۖ فَمَن شَآءَ ٱتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِۦ سَبِيلًا ١٩
Баккъалла а, хIара хьехам бу. Шена луучо шен Кхиош-Кхобучуьнга некъ схьалоцур бу /цунах/.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, September 1, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







