📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 6
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:30
وَإِذۡ قَالَ رَبُّكَ لِلۡمَلَٰٓئِكَةِ إِنِّي جَاعِلٌ فِي ٱلۡأَرۡضِ خَلِيفَةًۖ قَالُوٓاْ أَتَجۡعَلُ فِيهَا مَن يُفۡسِدُ فِيهَا وَيَسۡفِكُ ٱلدِّمَآءَ وَنَحۡنُ نُسَبِّحُ بِحَمۡدِكَ وَنُقَدِّسُ لَكَۖ قَالَ إِنِّيٓ أَعۡلَمُ مَا لَا تَعۡلَمُونَ ٣٠
Хьан Кхиош-Кхобучо аьллера маликашка : "Со воллу лаьтта тIехь т1аьхье хилийта ". Цара элира: "Ахь кхуллу ткъа цу тIехь боьханиг ден дерг а‚ цIий Iено дерг а? Оха бийр бара Хьуна хастам а‚ оха вазвийр а ма вара Хьо". Цо элира: "Со хууш ма ву шуна цахуург а".
2:31
وَعَلَّمَ ءَادَمَ ٱلۡأَسۡمَآءَ كُلَّهَا ثُمَّ عَرَضَهُمۡ عَلَى ٱلۡمَلَٰٓئِكَةِ فَقَالَ أَنۢبِـُٔونِي بِأَسۡمَآءِ هَٰٓؤُلَآءِ إِن كُنتُمۡ صَٰدِقِينَ ٣١
Цо Iамийра Āдамна массо а хIуманийн цIерш ‚ тIаккха уьш маликашна а гайтина‚ элира: "Йийца Суна церан цIерш‚ шаьш делахь бакълуьйш".
2:32
قَالُواْ سُبۡحَٰنَكَ لَا عِلۡمَ لَنَآ إِلَّا مَا عَلَّمۡتَنَآۖ إِنَّكَ أَنتَ ٱلۡعَلِيمُ ٱلۡحَكِيمُ ٣٢
Цара элира: "Массо а вочух цIена ву Хьо. Тхоьгахь ма дац Ахь тхайна 1амийна долу 1илма бен. Хьо ву-кх хууш верг а‚ хьекъале верг а".
2:33
قَالَ يَٰٓـَٔادَمُ أَنۢبِئۡهُم بِأَسۡمَآئِهِمۡۖ فَلَمَّآ أَنۢبَأَهُم بِأَسۡمَآئِهِمۡ قَالَ أَلَمۡ أَقُل لَّكُمۡ إِنِّيٓ أَعۡلَمُ غَيۡبَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِ وَأَعۡلَمُ مَا تُبۡدُونَ وَمَا كُنتُمۡ تَكۡتُمُونَ ٣٣
/Дала/ элира: "ХIай Āдам‚ ахь йийцал цаьрга церан цIерш". ТIаккха цо цаьрга церан цIерш йийцича‚ элира /Дала/: "Ас шуьга ца аьллера ткъа: Со хууш ву стигланийн а‚ лаьттан а къайле‚ Со хууш ву аш гучудоккхуш дерг а‚ аш хьулдеш хилларг а?"
2:34
وَإِذۡ قُلۡنَا لِلۡمَلَٰٓئِكَةِ ٱسۡجُدُواْ لِأٓدَمَ فَسَجَدُوٓاْ إِلَّآ إِبۡلِيسَ أَبَىٰ وَٱسۡتَكۡبَرَ وَكَانَ مِنَ ٱلۡكَٰفِرِينَ ٣٤
Оха аьллера маликашка: "Сужуд де Āдамна". ТIаккха цара сужуд дира‚ Иблис доцчо. Иза дуьхьал а делира‚ цо куралла а йира‚ – и хилира цатешачарах.
2:35
وَقُلۡنَا يَٰٓـَٔادَمُ ٱسۡكُنۡ أَنتَ وَزَوۡجُكَ ٱلۡجَنَّةَ وَكُلَا مِنۡهَا رَغَدًا حَيۡثُ شِئۡتُمَا وَلَا تَقۡرَبَا هَٰذِهِ ٱلشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ ٱلظَّٰلِمِينَ ٣٥
/Д1аала хьайн къоме, х1ай Мухьаммад/: Оха элира: "ХIай‚ Āдам‚ вāха хьо а‚ хьан зуда а /ялсаманин/ бешахь‚ даа цу чохь долчух ма-дезза шайна луъург. Амма шу герга ма гIолаш хIокху диттана – /додахь/, шуь-шиъ хир ду зулам диначарах".
2:36
فَأَزَلَّهُمَا ٱلشَّيۡطَٰنُ عَنۡهَا فَأَخۡرَجَهُمَا مِمَّا كَانَا فِيهِۖ وَقُلۡنَا ٱهۡبِطُواْ بَعۡضُكُمۡ لِبَعۡضٍ عَدُوٌّۖ وَلَكُمۡ فِي ٱلۡأَرۡضِ مُسۡتَقَرٌّ وَمَتَٰعٌ إِلَىٰ حِينٍ ٣٦
Галабаьхира шайт1ано и шиъ цуьнца (диттаца – марздира царна и стом кхалла). ТIаккха Цо и шиъ арадаьккхира шаьш хиллачуьра (ялсаманера). Оха элира /Āдаме а, Хьавага а, Иблисе а/: "Охьадисса /лаьтта т1е/‚ вовшийн мостагIий а долчу хьолехь. Шуна лаьттахь хир ю дахаран меттиг а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а".
2:37
فَتَلَقَّىٰٓ ءَادَمُ مِن رَّبِّهِۦ كَلِمَٰتٍ فَتَابَ عَلَيۡهِۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلتَّوَّابُ ٱلرَّحِيمُ ٣٧
Āдама Iамийра ша Кхиош-Кхобучуьнгара дешнаш ‚ Цо (Дала) цуьнан тōба къобалдира. Баккъалла а‚ Иза ву /т1етт1а/ тōба къобалдийриг а‚ къинхетаме верг а.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







