📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 7
Аль-Бакара

Аль-Бакара

2:38
قُلۡنَا ٱهۡبِطُواْ مِنۡهَا جَمِيعًاۖ فَإِمَّا يَأۡتِيَنَّكُم مِّنِّي هُدًى فَمَن تَبِعَ هُدَايَ فَلَا خَوۡفٌ عَلَيۡهِمۡ وَلَا هُمۡ يَحۡزَنُونَ ٣٨
Оха (Дала) элира: "Чудисса цигара (ялсаманера) массо а. Нагахь шуьга Сан нийсонан некъ кхачахь (и кхача а кхочур бу), цунна т1аьхьабаьзначарна кхерам а хир бац (шайна дуьхьалкхетар долчу эхартан г1уллакхех), уьш сингаттаме а хир бац (дуьненахь шайх д1атилна дисина г1уллакхаш бахьанехь, Дала шайна мела цабаларна кхоьруш).
2:39
وَٱلَّذِينَ كَفَرُواْ وَكَذَّبُواْ بِـَٔايَٰتِنَآ أُوْلَٰٓئِكَ أَصۡحَٰبُ ٱلنَّارِۖ هُمۡ فِيهَا خَٰلِدُونَ ٣٩
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина берш а – уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай‚ уьш цу чохь гуттаренна а буьсур ма бу".
2:40
يَٰبَنِيٓ إِسۡرَٰٓءِيلَ ٱذۡكُرُواْ نِعۡمَتِيَ ٱلَّتِيٓ أَنۡعَمۡتُ عَلَيۡكُمۡ وَأَوۡفُواْ بِعَهۡدِيٓ أُوفِ بِعَهۡدِكُمۡ وَإِيَّٰيَ فَٱرۡهَبُونِ ٤٠
ХIай‚ Исраилан кIентий‚ Аш дагадаийта Сан ниIмат‚ Ас шайна делла хилла долу‚ аш кхочушъе Соьца /шаьш Суна а бен 1ибадат дийр дац, аьлла/ хилла ваIда‚ Ас кхочушйийр ю шуьца /Айса шуна хаза мела лур бу, аьлла/ хилла ваIда‚ Сох цхьаннах кхералаш.
2:41
وَءَامِنُواْ بِمَآ أَنزَلۡتُ مُصَدِّقًا لِّمَا مَعَكُمۡ وَلَا تَكُونُوٓاْ أَوَّلَ كَافِرِۭ بِهِۦۖ وَلَا تَشۡتَرُواْ بِـَٔايَٰتِي ثَمَنًا قَلِيلًا وَإِيَّٰيَ فَٱتَّقُونِ ٤١
Шу тешалаш Ас охьадоссийначух (Къуръанах)‚ шуьгахь долчуьнца (Тавратаца) нийса догIуш а долчу‚ – шу ма хила цунах хьалхара цатешарш. Сан аятех кIеззиг болу мах ма эца‚ Сох кхералаш.
2:42
وَلَا تَلۡبِسُواْ ٱلۡحَقَّ بِٱلۡبَٰطِلِ وَتَكۡتُمُواْ ٱلۡحَقَّ وَأَنتُمۡ تَعۡلَمُونَ ٤٢
Ма иэде аш бакъдерг харц долчуьнца‚ бакъдерг хьул ма де‚ шайна хуьушехь (Таврата чохь долу Мухьаммадан сибат).
2:43
وَأَقِيمُواْ ٱلصَّلَوٰةَ وَءَاتُواْ ٱلزَّكَوٰةَ وَٱرۡكَعُواْ مَعَ ٱلرَّٰكِعِينَ ٤٣
Ламаз хIоттаде ‚ ло закат‚ сужудане гIо сужуд дечаьрца.
2:44
۞ أَتَأۡمُرُونَ ٱلنَّاسَ بِٱلۡبِرِّ وَتَنسَوۡنَ أَنفُسَكُمۡ وَأَنتُمۡ تَتۡلُونَ ٱلۡكِتَٰبَۚ أَفَلَا تَعۡقِلُونَ ٤٤
Аш хьоьху нахана диканиг ? Ткъа дицдеш ма ду шайн дог1маш! Шу ма ду жайна (Таврат) доьшуш – шу хьекъале ца хуьлу?
2:45
وَٱسۡتَعِينُواْ بِٱلصَّبۡرِ وَٱلصَّلَوٰةِۚ وَإِنَّهَا لَكَبِيرَةٌ إِلَّا عَلَى ٱلۡخَٰشِعِينَ ٤٥
Аш гIо лаха собарца а‚ ламазца а. Баккъалла а, иза деза (хала) ма ду/Делах/ч1ог1а кхоьруш берш боцучарна. (Иза кхочушдалур долуш дац /Далла/ муьтIахь болчаьрга бен).
2:46
ٱلَّذِينَ يَظُنُّونَ أَنَّهُم مُّلَٰقُواْ رَبِّهِمۡ وَأَنَّهُمۡ إِلَيۡهِ رَٰجِعُونَ ٤٦
Уьш бу шаьш шайн Кхиош-Кхобуш волчунна дуьхьалкхетарг хиларх а‚ шаьш Цунна тIе дIадоьрзург хиларх а тешаш.
2:47
يَٰبَنِيٓ إِسۡرَٰٓءِيلَ ٱذۡكُرُواْ نِعۡمَتِيَ ٱلَّتِيٓ أَنۡعَمۡتُ عَلَيۡكُمۡ وَأَنِّي فَضَّلۡتُكُمۡ عَلَى ٱلۡعَٰلَمِينَ ٤٧
ХIай Исраилан кIентий! Аш /Суна шукур дарца/ дагадаийта Сан ниIмат, Ас шуна делла хилла долу, – Ас шу даздина хилар Iаламел (шух элчанаш бахкийтарца, жайнаш диссорца).
2:48
وَٱتَّقُواْ يَوۡمًا لَّا تَجۡزِي نَفۡسٌ عَن نَّفۡسٍ شَيۡـًٔا وَلَا يُقۡبَلُ مِنۡهَا شَفَٰعَةٌ وَلَا يُؤۡخَذُ مِنۡهَا عَدۡلٌ وَلَا هُمۡ يُنصَرُونَ ٤٨
Шу кхера дийнах‚ сино синна пайда бийр боцчу, цуьнгара гIо къобалдийр доцчу, цуьнгара мах оьцур боцчу, шайна /Делан Iазапах/ гIо хир доцчу.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







