ИбрахӀим сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
ИбрахӀим сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (52 Аят — مكية). ИбрахӀим ЛадоргӀа, ИбрахӀим Гочдар, ИбрахӀим mp3, ИбрахӀим pdf.ИбрахӀим сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
الر ۚ كِتَابٌ أَنزَلْنَاهُ إِلَيْكَ لِتُخْرِجَ النَّاسَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ بِإِذْنِ رَبِّهِمْ إِلَىٰ صِرَاطِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ ١
📖 Гочдар
Аят 1
Алиф-лам-ра. Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах боданашкара серлонга арабахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун пурбанца, Ша веза волчун‚ Ша хастаме волчун новкъа‚
اللَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَوَيْلٌ لِّلْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ شَدِيدٍ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Бāла бу-кх цатешачарна чIогIачу Iазапах.
الَّذِينَ يَسْتَحِبُّونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا عَلَى الْآخِرَةِ وَيَصُدُّونَ عَن سَبِيلِ اللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ أُولَٰئِكَ فِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Ишттанаш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал т1ех дукха дезаш‚ Делан некъах /нах/ дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тилар чохь ма бу.
وَمَا أَرْسَلْنَا مِن رَّسُولٍ إِلَّا بِلِسَانِ قَوْمِهِ لِيُبَيِّنَ لَهُمْ ۖ فَيُضِلُّ اللَّهُ مَن يَشَاءُ وَيَهْدِي مَن يَشَاءُ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Оха ца ваийтина цхьа а элча шен къоман маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ Шегахь хьекъалалла дерг а ву.
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا أَنْ أَخْرِجْ قَوْمَكَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ وَذَكِّرْهُم بِأَيَّامِ اللَّهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِّكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Оха Муса вахийтира Тхешан аяташца: "Арадаккха хьайн къам боданашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниIмат шайна дукха хилла/ денош"‚– аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хIор т1ех собаре волчунна а‚ сов баркалла олуш волчунна а.
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ اذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ أَنجَاكُم مِّنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ وَيُذَبِّحُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُم بَلَاءٌ مِّن رَّبِّكُمْ عَظِيمٌ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Хьахаде: Мусас аьллера шен къоме: "Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо кIелхьардехира шу ФирIавнан доьзалх‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош хилла болчу‚ шун кIентий бойъуш‚ шун зударий дийна буьтуш (шайна уьш бацорхьама). Цу чохь шун Кхиош-Кхобучуьнгара сийлахь-доккха зер ду шуна".
وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكُمْ لَئِن شَكَرْتُمْ لَأَزِيدَنَّكُمْ ۖ وَلَئِن كَفَرْتُمْ إِنَّ عَذَابِي لَشَدِيدٌ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Дагадаийта: шун Кхиош-Кхобучо дIакхайкхира: "Шу баркалле хилча‚ Ас совдохур ду шу /ниIматашкахь/‚ аш /Сан ни1маташна/ керстадича, Сан Iазап чIогIа ду!"
وَقَالَ مُوسَىٰ إِن تَكْفُرُوا أَنتُمْ وَمَن فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا فَإِنَّ اللَّهَ لَغَنِيٌّ حَمِيدٌ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Мусас элира: "Аша а‚ лаьттахь мел волчо а – массара а керстадахь а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву".
أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ مِن قَبْلِكُمْ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ ۛ وَالَّذِينَ مِن بَعْدِهِمْ ۛ لَا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا اللَّهُ ۚ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُم بِالْبَيِّنَاتِ فَرَدُّوا أَيْدِيَهُمْ فِي أَفْوَاهِهِمْ وَقَالُوا إِنَّا كَفَرْنَا بِمَا أُرْسِلْتُم بِهِ وَإِنَّا لَفِي شَكٍّ مِّمَّا تَدْعُونَنَا إِلَيْهِ مُرِيبٍ ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран – Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а хабар‚ царал тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – куьйгаш шайн бага а духкий , цара олура: "Оха керстадина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь ду аш тхо шена тIекхойкхучух".
۞ قَالَتْ رُسُلُهُمْ أَفِي اللَّهِ شَكٌّ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يَدْعُوكُمْ لِيَغْفِرَ لَكُم مِّن ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرَكُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُّسَمًّى ۚ قَالُوا إِنْ أَنتُمْ إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُنَا تُرِيدُونَ أَن تَصُدُّونَا عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُنَا فَأْتُونَا بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Церан элчанаша элира: "Ткъа Делехь /И цхьаъ хиларехь а, дерриг 1ибадат Цунна дарехь а/ шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллина волчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIаьхьататтаре". Цара элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билгала делил ".
قَالَتْ لَهُمْ رُسُلُهُمْ إِن نَّحْنُ إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُكُمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَمُنُّ عَلَىٰ مَن يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ وَمَا كَانَ لَنَا أَن نَّأْتِيَكُم بِسُلْطَانٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Церан элчанаша цаьрга элира: "Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а, Дала Шен лẽх Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил далойла ца хилла тхуна Делан пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъма нах.
وَمَا لَنَا أَلَّا نَتَوَكَّلَ عَلَى اللَّهِ وَقَدْ هَدَانَا سُبُلَنَا ۚ وَلَنَصْبِرَنَّ عَلَىٰ مَا آذَيْتُمُونَا ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُتَوَكِّلُونَ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхешан некъашна тIе‚ оха собар дийр ма ду аш тхуна йечу халонашкахь‚ Далла тIетевжийла шаьш т1етевжаш берш! "
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِرُسُلِهِمْ لَنُخْرِجَنَّكُم مِّنْ أَرْضِنَا أَوْ لَتَعُودُنَّ فِي مِلَّتِنَا ۖ فَأَوْحَىٰ إِلَيْهِمْ رَبُّهُمْ لَنُهْلِكَنَّ الظَّالِمِينَ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Цатешачара элира шайн элчанашка: "Оха арадохур ма ду шу тхан лаьттара (махкара) я шу т1едоьрзур ма ду тхан динна ". Цаьрга /пайхамаршка/ церан Кхиош-Кхобучо ваьхьица хаийтира: "ХIаллакбийр ма бу Оха зуламхой‚
وَلَنُسْكِنَنَّكُمُ الْأَرْضَ مِن بَعْدِهِمْ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَافَ مَقَامِي وَخَافَ وَعِيدِ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
Оха дāха ховшор ма ду шу /пайхамарш а, царна т1аьхьабаьзнарш а/ лаьттахь царал тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша д1ахIоттарх кхоьруш волчунна а‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна а".
وَاسْتَفْتَحُوا وَخَابَ كُلُّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Цара толам бийхира – ийшира массо а юхахьараваьлла Iазапхо.
مِّن وَرَائِهِ جَهَنَّمُ وَيُسْقَىٰ مِن مَّاءٍ صَدِيدٍ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ наткъаран хи малор ду цунна.
يَتَجَرَّعُهُ وَلَا يَكَادُ يُسِيغُهُ وَيَأْتِيهِ الْمَوْتُ مِن كُلِّ مَكَانٍ وَمَا هُوَ بِمَيِّتٍ ۖ وَمِن وَرَائِهِ عَذَابٌ غَلِيظٌ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Цо къурдаш бийр бу цунах‚ амма и халла бен кийра дахийталур дац цуьнга – массо а аг1ора цунна тIе валар догIу‚ и вала ца ле‚ цунна тIехьахула луьра Iазап ду.
مَّثَلُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ ۖ أَعْمَالُهُمْ كَرَمَادٍ اشْتَدَّتْ بِهِ الرِّيحُ فِي يَوْمٍ عَاصِفٍ ۖ لَّا يَقْدِرُونَ مِمَّا كَسَبُوا عَلَىٰ شَيْءٍ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الضَّلَالُ الْبَعِيدُ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Шайн Кхиош-Кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш ч1ог1а мох баьллачу дийнахь цу махо баржийначу чимах тера ю . Шайна карадеанчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Хьуна ца хиъна Дала стигланаш а‚ латта а бакъонца кхоьллина хилар? Шена лиъча, Цо шу дIадохур ду, керла халкъ далор ду.
وَبَرَزُوا لِلَّهِ جَمِيعًا فَقَالَ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ اللَّهِ مِن شَيْءٍ ۚ قَالُوا لَوْ هَدَانَا اللَّهُ لَهَدَيْنَاكُمْ ۖ سَوَاءٌ عَلَيْنَا أَجَزِعْنَا أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِن مَّحِيصٍ ٢١
📖 Гочдар
Аят 21
Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду кура хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуьттуш. Шуьга д1аяккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр ду: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду: тхаьш синтем байна хьийзича а‚ я тхаьш собар деш Iийча а, – тхуна кIелхьардовлар дац".
وَقَالَ الشَّيْطَانُ لَمَّا قُضِيَ الْأَمْرُ إِنَّ اللَّهَ وَعَدَكُمْ وَعْدَ الْحَقِّ وَوَعَدتُّكُمْ فَأَخْلَفْتُكُمْ ۖ وَمَا كَانَ لِيَ عَلَيْكُم مِّن سُلْطَانٍ إِلَّا أَن دَعَوْتُكُمْ فَاسْتَجَبْتُمْ لِي ۖ فَلَا تَلُومُونِي وَلُومُوا أَنفُسَكُم ۖ مَّا أَنَا بِمُصْرِخِكُمْ وَمَا أَنتُم بِمُصْرِخِيَّ ۖ إِنِّي كَفَرْتُ بِمَا أَشْرَكْتُمُونِ مِن قَبْلُ ۗ إِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
ШайтIано эр ду /къематдийнахь/, гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – ас тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, ас шуьга кхайкхар бен – аш суна жоп делира. Суна бехкаш ма бахка – шайна бехкаш бахка. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Ас керстдина аш со хьалха накъост лаьцна хилар". Баккъалла а, зуламхой - царна лазош долу Iазап хир ма ду.
وَأُدْخِلَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ ۖ تَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَامٌ ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубахийтина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ шаьш гуттар цу чохь хир болуш шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" хир ду.
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا كَلِمَةً طَيِّبَةً كَشَجَرَةٍ طَيِّبَةٍ أَصْلُهَا ثَابِتٌ وَفَرْعُهَا فِي السَّمَاءِ ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Хьуна ца хиъна‚ муха масал далийна Дала хазчу дашца? И хазчу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду.
تُؤْتِي أُكُلَهَا كُلَّ حِينٍ بِإِذْنِ رَبِّهَا ۗ وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Шен даар ло цо массо а хенахь шен Кхиош-Кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!
وَمَثَلُ كَلِمَةٍ خَبِيثَةٍ كَشَجَرَةٍ خَبِيثَةٍ اجْتُثَّتْ مِن فَوْقِ الْأَرْضِ مَا لَهَا مِن قَرَارٍ ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан.
يُثَبِّتُ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا بِالْقَوْلِ الثَّابِتِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۖ وَيُضِلُّ اللَّهُ الظَّالِمِينَ ۚ وَيَفْعَلُ اللَّهُ مَا يَشَاءُ ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
Дала чIагIбо ийман диллинарш /Дела цхьаъваран/ чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала до Шена луъург.
۞ أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ بَدَّلُوا نِعْمَتَ اللَّهِ كُفْرًا وَأَحَلُّوا قَوْمَهُمْ دَارَ الْبَوَارِ ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
Хьо ца хьаьжна /х1ай Мухьаммад/ шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинчаьрга? Цара охьахаи шайн халкъ хIаллакхиларан ц1а чу ,
جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا ۖ وَبِئْسَ الْقَرَارُ ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
Жоьжахати чу, шена чохь уьш богур болу? Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!
وَجَعَلُوا لِلَّهِ أَندَادًا لِّيُضِلُّوا عَن سَبِيلِهِ ۗ قُلْ تَمَتَّعُوا فَإِنَّ مَصِيرَكُمْ إِلَى النَّارِ ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
Далла накъостий хилийтира цара Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Зовкх хьега шайна – шун дIадахар /жоьжахатин/ цIерга ду".
قُل لِّعِبَادِيَ الَّذِينَ آمَنُوا يُقِيمُوا الصَّلَاةَ وَيُنفِقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً مِّن قَبْلِ أَن يَأْتِيَ يَوْمٌ لَّا بَيْعٌ فِيهِ وَلَا خِلَالٌ ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/ Сан ийман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучохь а /дикчу аг1ор/ харжаш йойла /Делан новкъахь/ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагIалла а доцу /къемат/де дале хьалха.
اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَأَنزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقًا لَّكُمْ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ الْفُلْكَ لِتَجْرِيَ فِي الْبَحْرِ بِأَمْرِهِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ الْأَنْهَارَ ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо даийтина стиглара хи‚ цуьнца схьадаьккхира Цо (тайп-тайпана) стоьмех шуна рицкъ. Шуна муьтIахь дина Цо кеманаш лелийта хIорда чохь Шен омраца‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш.
وَسَخَّرَ لَكُمُ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ دَائِبَيْنِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ ٣٣
📖 Гочдар
Аят 33
Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ и ший а, хаддаза (шайн некъашкахула лелаш) болуш. Цо муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а.
وَآتَاكُم مِّن كُلِّ مَا سَأَلْتُمُوهُ ۚ وَإِن تَعُدُّوا نِعْمَتَ اللَّهِ لَا تُحْصُوهَا ۗ إِنَّ الْإِنسَانَ لَظَلُومٌ كَفَّارٌ ٣٤
📖 Гочдар
Аят 34
Аш Шега дехначух дерриге а делла Цо шуна. Делан ниIматаш аш дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам т1ех зуламе а‚ баркалла ца олуш а ма ду.
وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَٰذَا الْبَلَدَ آمِنًا وَاجْنُبْنِي وَبَنِيَّ أَن نَّعْبُدَ الْأَصْنَامَ ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
Хьахаде: ИбрахIима ма аьллера: "Со Кхиош-Кхобург‚ Ахь хилийталахь хIара мохк маьрша‚ Ахь генаваккхалахь со а, сан к1ентий а оха жа1аршна 1ибадат дарх.
رَبِّ إِنَّهُنَّ أَضْلَلْنَ كَثِيرًا مِّنَ النَّاسِ ۖ فَمَن تَبِعَنِي فَإِنَّهُ مِنِّي ۖ وَمَنْ عَصَانِي فَإِنَّكَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
Со Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, цара тила ма бина нахах дукхаберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг – сох ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо т1ех гечдеш верг а‚ т1ех къинхетаме верг а ву-кх.
رَّبَّنَا إِنِّي أَسْكَنتُ مِن ذُرِّيَّتِي بِوَادٍ غَيْرِ ذِي زَرْعٍ عِندَ بَيْتِكَ الْمُحَرَّمِ رَبَّنَا لِيُقِيمُوا الصَّلَاةَ فَاجْعَلْ أَفْئِدَةً مِّنَ النَّاسِ تَهْوِي إِلَيْهِمْ وَارْزُقْهُم مِّنَ الثَّمَرَاتِ لَعَلَّهُمْ يَشْكُرُونَ ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Тхан Кхиош-Кхобург! Ас дāха хаий сан зуьрретах цхьаберш ялта доцчу аренгахь Хьан сийлахь долчу цIийна уллохь цара цигахь, тхан Кхиош-Кхобург, ламаз хIотторхьама. (Цхьаболчу) нехан дегнаш царна т1етевжаш хилийталахь‚ стоьмех рицкъ лолахь царна – цара баркалла āла тарлора.
رَبَّنَا إِنَّكَ تَعْلَمُ مَا نُخْفِي وَمَا نُعْلِنُ ۗ وَمَا يَخْفَىٰ عَلَى اللَّهِ مِن شَيْءٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
Тхан Кхиош-Кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха гучудоккхург а. Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а.
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي وَهَبَ لِي عَلَى الْكِبَرِ إِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ ۚ إِنَّ رَبِّي لَسَمِيعُ الدُّعَاءِ ٣٩
📖 Гочдар
Аят 39
Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу ! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург доIа хезаш верг ву-кх.
رَبِّ اجْعَلْنِي مُقِيمَ الصَّلَاةِ وَمِن ذُرِّيَّتِي ۚ رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَاءِ ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
Сан Кхиош-Кхобург‚ сох хилийталахь ламаз хIоттош верг‚ сан зуьрретах а /хилийталахь дика Iамалш еш берш/. Тхан Кхиош-Кхобург‚ сан доIа къобалделахь.
رَبَّنَا اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ الْحِسَابُ ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъма нахана а хьесап хIуттур долчу /къемат/ дийнахь".
وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ ۚ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Хьуна /цкъа а/ ма мотталахь Дела гIопал ву (терго еш вац) зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш /1азап ца деш/ шена чохь бIаьргаш къаьрзарболчу /къемат/ дийне.
مُهْطِعِينَ مُقْنِعِي رُءُوسِهِمْ لَا يَرْتَدُّ إِلَيْهِمْ طَرْفُهُمْ ۖ وَأَفْئِدَتُهُمْ هَوَاءٌ ٤٣
📖 Гочдар
Аят 43
Сиха гIур бу уьш шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар юхадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш дассаделла хир ду /Делан 1азапах ч1ог1а кхерабелла/.
وَأَنذِرِ النَّاسَ يَوْمَ يَأْتِيهِمُ الْعَذَابُ فَيَقُولُ الَّذِينَ ظَلَمُوا رَبَّنَا أَخِّرْنَا إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ نُّجِبْ دَعْوَتَكَ وَنَتَّبِعِ الرُّسُلَ ۗ أَوَلَمْ تَكُونُوا أَقْسَمْتُم مِّن قَبْلُ مَا لَكُم مِّن زَوَالٍ ٤٤
📖 Гочдар
Аят 44
Ахь кхерам таса /х1ай Мухьаммад/ нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ шаьш зулам диначара эриг хилар: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо йоццачу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дайна дIадовлар дац, бохуш ?
وَسَكَنتُمْ فِي مَسَاكِنِ الَّذِينَ ظَلَمُوا أَنفُسَهُمْ وَتَبَيَّنَ لَكُمْ كَيْفَ فَعَلْنَا بِهِمْ وَضَرَبْنَا لَكُمُ الْأَمْثَالَ ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
Шу охьахевшира шаьш шайна зуламаш диначеран гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха.
وَقَدْ مَكَرُوا مَكْرَهُمْ وَعِندَ اللَّهِ مَكْرُهُمْ وَإِن كَانَ مَكْرُهُمْ لِتَزُولَ مِنْهُ الْجِبَالُ ٤٦
📖 Гочдар
Аят 46
Шайн мекарло йира цара. Далла гергахь ю церан /мекарло йохо/ мекарло‚ и церан мекарло хиллехь а шеца лаьмнаш дохош .
فَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ مُخْلِفَ وَعْدِهِ رُسُلَهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ ذُو انتِقَامٍ ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий. Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шегахь берг а ву.
يَوْمَ تُبَدَّلُ الْأَرْضُ غَيْرَ الْأَرْضِ وَالسَّمَاوَاتُ ۖ وَبَرَزُوا لِلَّهِ الْوَاحِدِ الْقَهَّارِ ٤٨
📖 Гочдар
Аят 48
Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ – уьш Ша цхьаъ волчу‚ т1ех нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу.
وَتَرَى الْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍ مُّقَرَّنِينَ فِي الْأَصْفَادِ ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш зIенашца (з1айнашца) д1абихкина.
سَرَابِيلُهُم مِّن قَطِرَانٍ وَتَغْشَىٰ وُجُوهَهُمُ النَّارُ ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIахьулйийр ю.
لِيَجْزِيَ اللَّهُ كُلَّ نَفْسٍ مَّا كَسَبَتْ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
Дала бекхам бархьама хIор синна ша карадийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап дарехь сиха верг ма ву.
هَٰذَا بَلَاغٌ لِّلنَّاسِ وَلِيُنذَرُوا بِهِ وَلِيَعْلَمُوا أَنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ وَلِيَذَّكَّرَ أُولُو الْأَلْبَابِ ٥٢
📖 Гочдар
Аят 52
ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза хилар цхьа Дела‚ хьекъалдолчаьрга ойлаяйтархьама а.
Деша ИбрахӀим сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

