ИбрахӀим · 21/52
Гочдар Дешар — Сура ИбрахӀим
وَبَرَزُوا لِلَّهِ جَمِيعًا فَقَالَ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ اللَّهِ مِن شَيْءٍ ۚ قَالُوا لَوْ هَدَانَا اللَّهُ لَهَدَيْنَاكُمْ ۖ سَوَاءٌ عَلَيْنَا أَجَزِعْنَا أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِن مَّحِيصٍ ۝٢١
Wa barazoo lillaahi jamee`an faqaalad du`afaaa`u lillazeenas takbarooo innaa kunnaa lakum taba`an fahal antum mughnoona `annaa min `azaabil laahi min shai`; qaaloo law hadaanal laahu lahadai naakum sawaaa`un `alainaaa ajazi`naa am sabarnaa maa lanaa mim mahees
📖 Нохчийн маьӀна
Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду кура хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуьттуш. Шуьга д1аяккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр ду: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду: тхаьш синтем байна хьийзича а‚ я тхаьш собар деш Iийча а, – тхуна кIелхьардовлар дац".

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 19-23 — Сура ИбрахӀим

19أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ إِن يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ
Хьуна ца хиъна Дала стигланаш а‚ латта а бакъонца кхоьллина хилар? Шена лиъча, Цо шу дIадохур ду, керла халкъ далор ду.
20وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ بِعَزِيزٍ
Далла деза а (хала хIума а) дац и.
21وَبَرَزُوا لِلَّهِ جَمِيعًا فَقَالَ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنتُم مُّغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ اللَّهِ مِن شَيْءٍ ۚ قَالُوا لَوْ هَدَانَا اللَّهُ لَهَدَيْنَاكُمْ ۖ سَوَاءٌ عَلَيْنَا أَجَزِعْنَا أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِن مَّحِيصٍ
Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду кура хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуьттуш. Шуьга д1аяккхалой тхуна тIера Делан Iазапах хIумма а?" Цара эр ду: "Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду: тхаьш синтем байна хьийзича а‚ я тхаьш собар деш Iийча а, – тхуна кIелхьардовлар дац".
22وَقَالَ الشَّيْطَانُ لَمَّا قُضِيَ الْأَمْرُ إِنَّ اللَّهَ وَعَدَكُمْ وَعْدَ الْحَقِّ وَوَعَدتُّكُمْ فَأَخْلَفْتُكُمْ ۖ وَمَا كَانَ لِيَ عَلَيْكُم مِّن سُلْطَانٍ إِلَّا أَن دَعَوْتُكُمْ فَاسْتَجَبْتُمْ لِي ۖ فَلَا تَلُومُونِي وَلُومُوا أَنفُسَكُم ۖ مَّا أَنَا بِمُصْرِخِكُمْ وَمَا أَنتُم بِمُصْرِخِيَّ ۖ إِنِّي كَفَرْتُ بِمَا أَشْرَكْتُمُونِ مِن قَبْلُ ۗ إِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ШайтIано эр ду /къематдийнахь/, гIуллакх кхочуш хилча: "Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – ас тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, ас шуьга кхайкхар бен – аш суна жоп делира. Суна бехкаш ма бахка – шайна бехкаш бахка. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан гIо а дац. Ас керстдина аш со хьалха накъост лаьцна хилар". Баккъалла а, зуламхой - царна лазош долу Iазап хир ма ду.
23وَأُدْخِلَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ ۖ تَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَامٌ
Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубахийтина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ шаьш гуттар цу чохь хир болуш шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь "Салам" хир ду.
ИбрахӀимКуръан индекс
52Аят
MeccanRevelation
21Аят

Гочдар — ИбрахӀим 21

Сура ИбрахӀим Аят 21 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду…

Сура Аят 21/52 — Сура ИбрахӀим إبراهيم (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Сура ИбрахӀим ЛадоргӀа, Сура ИбрахӀим Гочдар, Сура ИбрахӀим mp3, Сура ИбрахӀим pdf. Аят 19–23. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Monday, September 7, 2026

Don't forget us in your sincere prayers