ИбрахӀим · 42/52
Гочдар Дешар — ИбрахӀим
وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ ۚ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ ۝٤٢
Wa laa tahsabannal laaha ghaafilan `ammaa ya`maluz zaalimoon; innamaa yu`akh khiruhum li Yawmin tashkhasu feehil absaar
📖 Нохчийн маьӀна
Хьуна /цкъа а/ ма мотталахь Дела гIопал ву (терго еш вац) зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш /1азап ца деш/ шена чохь бIаьргаш къаьрзарболчу /къемат/ дийне.

🎧 ЛадоргӀа


📜 Аят 40-44 — ИбрахӀим

40رَبِّ اجْعَلْنِي مُقِيمَ الصَّلَاةِ وَمِن ذُرِّيَّتِي ۚ رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَاءِ
Сан Кхиош-Кхобург‚ сох хилийталахь ламаз хIоттош верг‚ сан зуьрретах а /хилийталахь дика Iамалш еш берш/. Тхан Кхиош-Кхобург‚ сан доIа къобалделахь.
41رَبَّنَا اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ الْحِسَابُ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъма нахана а хьесап хIуттур долчу /къемат/ дийнахь".
42وَلَا تَحْسَبَنَّ اللَّهَ غَافِلًا عَمَّا يَعْمَلُ الظَّالِمُونَ ۚ إِنَّمَا يُؤَخِّرُهُمْ لِيَوْمٍ تَشْخَصُ فِيهِ الْأَبْصَارُ
Хьуна /цкъа а/ ма мотталахь Дела гIопал ву (терго еш вац) зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш /1азап ца деш/ шена чохь бIаьргаш къаьрзарболчу /къемат/ дийне.
43مُهْطِعِينَ مُقْنِعِي رُءُوسِهِمْ لَا يَرْتَدُّ إِلَيْهِمْ طَرْفُهُمْ ۖ وَأَفْئِدَتُهُمْ هَوَاءٌ
Сиха гIур бу уьш шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар юхадоьрзур дац цаьрга‚ церан дегнаш дассаделла хир ду /Делан 1азапах ч1ог1а кхерабелла/.
44وَأَنذِرِ النَّاسَ يَوْمَ يَأْتِيهِمُ الْعَذَابُ فَيَقُولُ الَّذِينَ ظَلَمُوا رَبَّنَا أَخِّرْنَا إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ نُّجِبْ دَعْوَتَكَ وَنَتَّبِعِ الرُّسُلَ ۗ أَوَلَمْ تَكُونُوا أَقْسَمْتُم مِّن قَبْلُ مَا لَكُم مِّن زَوَالٍ
Ахь кхерам таса /х1ай Мухьаммад/ нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ шаьш зулам диначара эриг хилар: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо йоццачу ханна – Хьан кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо". Ткъа шу дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дайна дIадовлар дац, бохуш ?
ИбрахӀимКуръан индекс
52Аят
MeccanRevelation
42Аят

Гочдар — ИбрахӀим 42

Сура ИбрахӀим Аят 42 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Хьуна /цкъа а/ ма мотталахь Дела гIопал ву (терго еш…

Сура Аят 42/52 — ИбрахӀим إبراهيم (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: ИбрахӀим ЛадоргӀа, ИбрахӀим Гочдар, ИбрахӀим mp3, ИбрахӀим pdf. Аят 40–44. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers