Ас-Сафф сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Ас-Сафф сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (14 Аят — مدنية). Ас-Сафф ЛадоргӀа, Ас-Сафф Гочдар, Ас-Сафф mp3, Ас-Сафф pdf.

Ас-Сафф сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Далла тасбихь дина стигалшкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لِمَ تَقُولُونَ مَا لَا تَفْعَلُونَ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
ХIай ийман диллинарш! Аш хIунда дуьйцу шаьш деш доцург ?
كَبُرَ مَقْتًا عِندَ اللَّهِ أَن تَقُولُوا مَا لَا تَفْعَلُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Йоккха хилла оьгIазло Далла гергахь аш āлар шаьш деш доцург.
إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِهِ صَفًّا كَأَنَّهُم بُنْيَانٌ مَّرْصُوصٌ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тIом беш берш, цхьа могIа бина, шаьш чIагIйина гIишло санна.
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ لِمَ تُؤْذُونَنِي وَقَد تَّعْلَمُونَ أَنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ ۖ فَلَمَّا زَاغُوا أَزَاغَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Мусас ма элира шен къоме /ахь хьахаде иза‚ хIай Мухьаммад‚ хьайн нахе/: "ХIай сан къам‚ аш хIунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма дуй, со шуьга /ваийтина/ Делан элча вуйла". Уьш /бакъдолчух/ дIабирзича, – Дала дIадерзийра церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца до песикъ къам.
وَإِذْ قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ إِنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُم مُّصَدِّقًا لِّمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ وَمُبَشِّرًا بِرَسُولٍ يَأْتِي مِن بَعْدِي اسْمُهُ أَحْمَدُ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُم بِالْبَيِّنَاتِ قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ مُّبِينٌ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Марйаман кIанта Iийсас ма элира‚ /ахь дагадайта иза хьайн нахе‚ хIай Мухьаммад/: "ХIай Исраилан кIентий! Баккъалла а, со шуьга /ваийтина/ Делан элча ву-кх‚ бакъдеш сол хьалха хилла Таврат а‚ кхаъ боккхуш сол тIаьхьа вогIур волчу элчанца, шен цIе Ахьмад йолуш". ТIаьхьа иза шайга веъча билгалонашца‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла ду".
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُوَ يُدْعَىٰ إِلَى الْإِسْلَامِ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Мила ву т1ех зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллина волчул‚ ша /Далла/ муьт1ахь хиларе (ислам дине) кхойкхуш а волуш? Дала нис ца до зуламе къам.
يُرِيدُونَ لِيُطْفِئُوا نُورَ اللَّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَاللَّهُ مُتِمُّ نُورِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Уьш лууш бу шайн баганашца Делан нур дайа. Дала кхочушдо Шен нур, цатешачарна и мел ца дезахь а.
هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَىٰ وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Иза ву вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъдолчу динца, иза толийтархьама массо а дина тIехь, мушрикашна иза мел ца дезахь а.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ تِجَارَةٍ تُنجِيكُم مِّنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
ХIай ийман диллинарш! Ас нисдой шу йохка-эцарна тIе, цо шу кIелхьарадохур долуш лазош долчу Iазапах? /Иза :/
تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَتُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِكُمْ وَأَنفُسِكُمْ ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешар ду‚ аш Делан новкъахь къахьегар ду шайн бахамца а‚ синошца а. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь.
يَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ وَيُدْخِلْكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَمَسَاكِنَ طَيِّبَةً فِي جَنَّاتِ عَدْنٍ ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Цо (Дала) гечдийр ду шун къиношна‚ чудохуьйтур ду бошмашна‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ Iадн ялсаманин цIеначу гIишлошна. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
وَأُخْرَىٰ تُحِبُّونَهَا ۖ نَصْرٌ مِّنَ اللَّهِ وَفَتْحٌ قَرِيبٌ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Кхин /ниIмат хир ду/, шуна ша дезаш долу – Делера гIо а‚ гергара толам а. Ахь кхаъ баккха муъма нахана.
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُونُوا أَنصَارَ اللَّهِ كَمَا قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ لِلْحَوَارِيِّينَ مَنْ أَنصَارِي إِلَى اللَّهِ ۖ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ نَحْنُ أَنصَارُ اللَّهِ ۖ فَآمَنَت طَّائِفَةٌ مِّن بَنِي إِسْرَائِيلَ وَكَفَرَت طَّائِفَةٌ ۖ فَأَيَّدْنَا الَّذِينَ آمَنُوا عَلَىٰ عَدُوِّهِمْ فَأَصْبَحُوا ظَاهِرِينَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш Делан гIоьнчий, Марйаман кIанта Iийсас шен мутаIелимашка аьлла хиларх терра: "Муьлш бу Делан аг1оргахьа сан гIоьнчий?" МутаIелимаша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий". Исраилан кIентех цхьана тобано ийман диллира‚ /кхечу/ тобано керстаналла дира. ТIаккха Оха чIагIбира ийман диллинарш церан мостагIчунна тIехь – уьш хилира толам баьккхинарш /делилашца а, билгалонашца а/.
← 60 Ас-Сафф (61/114) 62 →
Деша Ас-Сафф сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

61الصف As-Saff 📚 14 Аят مدنية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers