PDF —
14 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ас-Сафф pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ас-Сафф pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ас-Сафф Гочдар. Сура Ас-Сафф (Medinan) 14 Аят.



14 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
61:1 Далла тасбихь дина стигалшкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
61:2 ХIай ийман диллинарш! Аш хIунда дуьйцу шаьш деш доцург ?
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
61:3 Йоккха хилла оьгIазло Далла гергахь аш āлар шаьш деш доцург.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
61:4 Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тIом беш берш, цхьа могIа бина, шаьш чIагIйина гIишло санна.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
61:5 Мусас ма элира шен къоме /ахь хьахаде иза‚ хIай Мухьаммад‚ хьайн нахе/: "ХIай сан къам‚ аш хIунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма дуй, со шуьга /ваийтина/ Делан элча вуйла". Уьш /бакъдолчух/ дIабирзича, – Дала дIадерзийра церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца до песикъ къам.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
61:6 Марйаман кIанта Iийсас ма элира‚ /ахь дагадайта иза хьайн нахе‚ хIай Мухьаммад/: "ХIай Исраилан кIентий! Баккъалла а, со шуьга /ваийтина/ Делан элча ву-кх‚ бакъдеш сол хьалха хилла Таврат а‚ кхаъ боккхуш сол тIаьхьа вогIур волчу элчанца, шен цIе Ахьмад йолуш". ТIаьхьа иза шайга веъча билгалонашца‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуунчалла ду".
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
61:7 Мила ву т1ех зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллина волчул‚ ша /Далла/ муьт1ахь хиларе (ислам дине) кхойкхуш а волуш? Дала нис ца до зуламе къам.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
61:8 Уьш лууш бу шайн баганашца Делан нур дайа. Дала кхочушдо Шен нур, цатешачарна и мел ца дезахь а.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
61:9 Иза ву вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъдолчу динца, иза толийтархьама массо а дина тIехь, мушрикашна иза мел ца дезахь а.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
61:10 ХIай ийман диллинарш! Ас нисдой шу йохка-эцарна тIе, цо шу кIелхьарадохур долуш лазош долчу Iазапах? /Иза :/
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
61:11 шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешар ду‚ аш Делан новкъахь къахьегар ду шайн бахамца а‚ синошца а. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
61:12 Цо (Дала) гечдийр ду шун къиношна‚ чудохуьйтур ду бошмашна‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ Iадн ялсаманин цIеначу гIишлошна. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
61:13 Кхин /ниIмат хир ду/, шуна ша дезаш долу – Делера гIо а‚ гергара толам а. Ахь кхаъ баккха муъма нахана.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠﰡﰢ
61:14 ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш Делан гIоьнчий, Марйаман кIанта Iийсас шен мутаIелимашка аьлла хиларх терра: "Муьлш бу Делан аг1оргахьа сан гIоьнчий?" МутаIелимаша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий". Исраилан кIентех цхьана тобано ийман диллира‚ /кхечу/ тобано керстаналла дира. ТIаккха Оха чIагIбира ийман диллинарш церан мостагIчунна тIехь – уьш хилира толам баьккхинарш /делилашца а, билгалонашца а/.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers