Аль-Жинн сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Жинн сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (28 Аят — مكية). Аль-Жинн ЛадоргӀа, Аль-Жинн Гочдар, Аль-Жинн mp3, Аль-Жинн pdf.

Аль-Жинн сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
قُلْ أُوحِيَ إِلَيَّ أَنَّهُ اسْتَمَعَ نَفَرٌ مِّنَ الْجِنِّ فَقَالُوا إِنَّا سَمِعْنَا قُرْآنًا عَجَبًا ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Ахь āла /х1ай элча, хьан къоме/: "Соьга ваьхьица хаийтина: "ЛадуьйгIира /Къуръане/ жинийн цхьана тобано ‚ тIаккха цара элира: "Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар !
يَهْدِي إِلَى الرُّشْدِ فَآمَنَّا بِهِ ۖ وَلَن نُّشْرِكَ بِرَبِّنَا أَحَدًا ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Цо (Къуръано) нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаьш кхиош-кхобуш волчу Делаца цхьа а накъост.
وَأَنَّهُ تَعَالَىٰ جَدُّ رَبِّنَا مَا اتَّخَذَ صَاحِبَةً وَلَا وَلَدًا ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Баккъалла а, лакхадели тхо кхиош-кхобуш волчу Делан возалла – ца леци Цо зуда-накъост а‚ доьзалхо а.
وَأَنَّهُ كَانَ يَقُولُ سَفِيهُنَا عَلَى اللَّهِ شَطَطًا ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Баккъалла а, хили тхан Iовдалниг олуш Далла тIехь кIорггера харцдерг.
وَأَنَّا ظَنَنَّا أَن لَّن تَقُولَ الْإِنسُ وَالْجِنُّ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Тхуна моьттура цкъа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг.
وَأَنَّهُ كَانَ رِجَالٌ مِّنَ الْإِنسِ يَعُوذُونَ بِرِجَالٍ مِّنَ الْجِنِّ فَزَادُوهُمْ رَهَقًا ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Адамийн цхьа божарий бара ларлуш жинийн божаршца (цаьргара гIо лоьцуш) – цара совбехира уьш тиларца (Делан дозанех бовларца).
وَأَنَّهُمْ ظَنُّوا كَمَا ظَنَنتُمْ أَن لَّن يَبْعَثَ اللَّهُ أَحَدًا ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Баккъалла а, царна моьттура шуна моьттуш хилларг: "Цкъа а Дала цхьа а денвийр вац"‚ – аьлла.
وَأَنَّا لَمَسْنَا السَّمَاءَ فَوَجَدْنَاهَا مُلِئَتْ حَرَسًا شَدِيدًا وَشُهُبًا ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
/Жинаша элира/: "Тхо хьакхаделира стигалах‚ тхуна иза карийра нуьцкъалчу гIаролех‚ цIе тухучу седарчех юьззина.
وَأَنَّا كُنَّا نَقْعُدُ مِنْهَا مَقَاعِدَ لِلسَّمْعِ ۖ فَمَن يَسْتَمِعِ الْآنَ يَجِدْ لَهُ شِهَابًا رَّصَدًا ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор шена кIело йина Iаш болу цIе туху седа.
وَأَنَّا لَا نَدْرِي أَشَرٌّ أُرِيدَ بِمَن فِي الْأَرْضِ أَمْ أَرَادَ بِهِمْ رَبُّهُمْ رَشَدًا ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш кхиош-кхобуш волу Дела царна нийса некъ лууш ву.
وَأَنَّا مِنَّا الصَّالِحُونَ وَمِنَّا دُونَ ذَٰلِكَ ۖ كُنَّا طَرَائِقَ قِدَدًا ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Тхох диканаш а ду‚ тхох уьш доцурш а ду‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш.
وَأَنَّا ظَنَنَّا أَن لَّن نُّعْجِزَ اللَّهَ فِي الْأَرْضِ وَلَن نُّعْجِزَهُ هَرَبًا ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Тхуна хиира: тхан цкъа а ницкъ кхочур бац Дела (-н омранах довла) лаьттахь а‚ тхан цкъа а ницкъ кхочур бац девдда кIелхьардовла а.
وَأَنَّا لَمَّا سَمِعْنَا الْهُدَىٰ آمَنَّا بِهِ ۖ فَمَن يُؤْمِن بِرَبِّهِ فَلَا يَخَافُ بَخْسًا وَلَا رَهَقًا ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Тхуна нийса некъ (Къуръан) хезча‚ тхо Цунах (Делах) тийшира. Ша кхиош-кхобуш волчу шен Делах тешаш верг – кхоьрур вац шен мела эшарх а‚ зулам хиларх а /къа сов даьлла/.
وَأَنَّا مِنَّا الْمُسْلِمُونَ وَمِنَّا الْقَاسِطُونَ ۖ فَمَنْ أَسْلَمَ فَأُولَٰئِكَ تَحَرَّوْا رَشَدًا ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Баккъалла а, тхох /Далла/ муьт1ахь дерш а ду‚ тхох /бакъдолчух/ дIадирзинарш а ду. Ткъа шаьш /Далла/ муьт1ахь хилларш – дикачунна тIе /нийсачу новкъа/ нисбелла.
وَأَمَّا الْقَاسِطُونَ فَكَانُوا لِجَهَنَّمَ حَطَبًا ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш – царах хили жоьжахатина ягориг".
وَأَن لَّوِ اسْتَقَامُوا عَلَى الطَّرِيقَةِ لَأَسْقَيْنَاهُم مَّاءً غَدَقًا ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа, Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь шортта догIа доуьйтур дара Оха царна)‚
لِّنَفْتِنَهُمْ فِيهِ ۚ وَمَن يُعْرِضْ عَن ذِكْرِ رَبِّهِ يَسْلُكْهُ عَذَابًا صَعَدًا ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Цуьнца уьш зерхьама. Ша кхиош-кхобуш волу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг – Цо вохуьйтур ву и лан хала долчу Iазапа чу.
وَأَنَّ الْمَسَاجِدَ لِلَّهِ فَلَا تَدْعُوا مَعَ اللَّهِ أَحَدًا ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Баккъалла а, маьждигаш Делан ду – аш ма кхайкха Делаца цхьа а!
وَأَنَّهُ لَمَّا قَامَ عَبْدُ اللَّهِ يَدْعُوهُ كَادُوا يَكُونُونَ عَلَيْهِ لِبَدًا ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Баккъалла а, Делан лай (Мухьаммад) д1ахIоьттича Цуьнга кхойкхуш, уьш (бусалба жинаш) дисира, тIеттIа цунна тIе гулделла /ладогIа лууш/.
قُلْ إِنَّمَا أَدْعُو رَبِّي وَلَا أُشْرِكُ بِهِ أَحَدًا ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Ахь āла /цу керстанашка, хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, ас кхойкху со кхиош-кхобуш волчу сайн Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу ас".
قُلْ إِنِّي لَا أَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا رَشَدًا ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Ахь āла: "Баккъалла а, со вац сан долахь шуна зен долуш‚ нийса некъ болуш а".
قُلْ إِنِّي لَن يُجِيرَنِي مِنَ اللَّهِ أَحَدٌ وَلَنْ أَجِدَ مِن دُونِهِ مُلْتَحَدًا ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Ахь āла /х1ай элча/: "Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург вада меттиг.
إِلَّا بَلَاغًا مِّنَ اللَّهِ وَرِسَالَاتِهِ ۚ وَمَن يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Делера дерг а‚ Цуьнан элчаналлин дерг а дIакхачор бен /нахе дац суна тIехь/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iесалла еш верг – баккъалла а, цунна жоьжахатин цIе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ.
حَتَّىٰ إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ أَضْعَفُ نَاصِرًا وَأَقَلُّ عَدَدًا ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Шайна хир ду аьлла ваIда йинарг галлалц – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вунō ледара гIоьнчий хиларца‚ вунō кIезиг ницкъ хиларца.
قُلْ إِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ مَّا تُوعَدُونَ أَمْ يَجْعَلُ لَهُ رَبِّي أَمَدًا ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Ахь āла /цу мушрикашка, х1ай элча/: "Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваIда йинарг, я со кхиош-кхобуш волчу сан Дала цунна хан тоьхна‚
عَالِمُ الْغَيْبِ فَلَا يُظْهِرُ عَلَىٰ غَيْبِهِ أَحَدًا ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тIе цхьа а,
إِلَّا مَنِ ارْتَضَىٰ مِن رَّسُولٍ فَإِنَّهُ يَسْلُكُ مِن بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ رَصَدًا ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
элчанех Ша /шена/ резахилларг воцург . Т1аккха, баккъалла а, Цо лоьлуьйту элчанна хьалхахула а‚ тIехьахула а /иза жинех а, шайт1анан васвасаллах а Iалашвеш маликийн/ тергаман тоба.
لِّيَعْلَمَ أَن قَدْ أَبْلَغُوا رِسَالَاتِ رَبِّهِمْ وَأَحَاطَ بِمَا لَدَيْهِمْ وَأَحْصَىٰ كُلَّ شَيْءٍ عَدَدًا ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Шена (элчанна) хаийта цара (хьалха хиллачу) элчанаша) дIакхачийна дуйла шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делан элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хIор хIума дагарйина Цо барамца".
← 71 Аль-Жинн (72/114) 73 →
Деша Аль-Жинн сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

72الجن Al-Jinn 📚 28 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers