PDF —
28 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Жинн pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Жинн pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Жинн Гочдар. Сура Аль-Жинн (Meccan) 28 Аят.



28 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
72:1 Ахь āла /х1ай элча, хьан къоме/: "Соьга ваьхьица хаийтина: "ЛадуьйгIира /Къуръане/ жинийн цхьана тобано ‚ тIаккха цара элира: "Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар !
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
72:2 Цо (Къуръано) нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаьш кхиош-кхобуш волчу Делаца цхьа а накъост.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
72:3 Баккъалла а, лакхадели тхо кхиош-кхобуш волчу Делан возалла – ца леци Цо зуда-накъост а‚ доьзалхо а.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
72:4 Баккъалла а, хили тхан Iовдалниг олуш Далла тIехь кIорггера харцдерг.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
72:5 Тхуна моьттура цкъа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
72:6 Адамийн цхьа божарий бара ларлуш жинийн божаршца (цаьргара гIо лоьцуш) – цара совбехира уьш тиларца (Делан дозанех бовларца).
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
72:7 Баккъалла а, царна моьттура шуна моьттуш хилларг: "Цкъа а Дала цхьа а денвийр вац"‚ – аьлла.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
72:8 /Жинаша элира/: "Тхо хьакхаделира стигалах‚ тхуна иза карийра нуьцкъалчу гIаролех‚ цIе тухучу седарчех юьззина.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
72:9 Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор шена кIело йина Iаш болу цIе туху седа.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
72:10 Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш кхиош-кхобуш волу Дела царна нийса некъ лууш ву.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
72:11 Тхох диканаш а ду‚ тхох уьш доцурш а ду‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
72:12 Тхуна хиира: тхан цкъа а ницкъ кхочур бац Дела (-н омранах довла) лаьттахь а‚ тхан цкъа а ницкъ кхочур бац девдда кIелхьардовла а.
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
72:13 Тхуна нийса некъ (Къуръан) хезча‚ тхо Цунах (Делах) тийшира. Ша кхиош-кхобуш волчу шен Делах тешаш верг – кхоьрур вац шен мела эшарх а‚ зулам хиларх а /къа сов даьлла/.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
72:14 Баккъалла а, тхох /Далла/ муьт1ахь дерш а ду‚ тхох /бакъдолчух/ дIадирзинарш а ду. Ткъа шаьш /Далла/ муьт1ахь хилларш – дикачунна тIе /нийсачу новкъа/ нисбелла.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
72:15 Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш – царах хили жоьжахатина ягориг".
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
72:16 Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа, Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь шортта догIа доуьйтур дара Оха царна)‚
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
72:17 Цуьнца уьш зерхьама. Ша кхиош-кхобуш волу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг – Цо вохуьйтур ву и лан хала долчу Iазапа чу.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
72:18 Баккъалла а, маьждигаш Делан ду – аш ма кхайкха Делаца цхьа а!
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
72:19 Баккъалла а, Делан лай (Мухьаммад) д1ахIоьттича Цуьнга кхойкхуш, уьш (бусалба жинаш) дисира, тIеттIа цунна тIе гулделла /ладогIа лууш/.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
72:20 Ахь āла /цу керстанашка, хIай Мухьаммад/: "Баккъалла а, ас кхойкху со кхиош-кхобуш волчу сайн Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу ас".
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
72:21 Ахь āла: "Баккъалла а, со вац сан долахь шуна зен долуш‚ нийса некъ болуш а".
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
72:22 Ахь āла /х1ай элча/: "Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург вада меттиг.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
72:23 Делера дерг а‚ Цуьнан элчаналлин дерг а дIакхачор бен /нахе дац суна тIехь/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iесалла еш верг – баккъалла а, цунна жоьжахатин цIе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
72:24 Шайна хир ду аьлла ваIда йинарг галлалц – тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вунō ледара гIоьнчий хиларца‚ вунō кIезиг ницкъ хиларца.
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
72:25 Ахь āла /цу мушрикашка, х1ай элча/: "Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваIда йинарг, я со кхиош-кхобуш волчу сан Дала цунна хан тоьхна‚
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
72:26 къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тIе цхьа а,
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
72:27 элчанех Ша /шена/ резахилларг воцург . Т1аккха, баккъалла а, Цо лоьлуьйту элчанна хьалхахула а‚ тIехьахула а /иза жинех а, шайт1анан васвасаллах а Iалашвеш маликийн/ тергаман тоба.
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘ
72:28 Шена (элчанна) хаийта цара (хьалха хиллачу) элчанаша) дIакхачийна дуйла шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делан элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хIор хIума дагарйина Цо барамца".

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers