PDF —
31 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Инсан pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Инсан pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Инсан Гочдар. Сура Аль-Инсан (Medinan) 31 Аят.



31 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
76:1 Еарий ткъа адамна тIе заманан цхьа киртиг , и ша хьехо хIума а йоцуш?
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
76:2 Баккъалла а, Оха кхоьллира адам ийначу тIадамах ‚ Оха иза зуьйш ву /тIе декхарш дахкарца‚ бāланаш кхиссарца/. ТIаккха хилийтира иза хезаш а‚ гуш а.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
76:3 Баккъалла а, Оха иза нисвира новкъа: я цо баркалла олуш ‚ я керстадеш.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
76:4 Баккъалла а, Оха кечйина цатешачарна зIенаш а‚ буржалш а‚/жоьжахатин/ цIе а.
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
76:5 Баккъалла /Дала бохург деш/ дика хиллачара мер ду кеда чуьра /хаза маларш/, шех кафур (хаза хьожа йогIу хIума) тоьхна долу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
76:6 Шовданан хи муьйлур ду Делан леша‚ шаьш и схьадоккхуш /шайна луучохь/ шортта схьадаккхарца.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
76:7 Уьш кхочушдеш бу /Далла Iибадат дан/ делла дош‚ уьш кхоьруш бу /къемат/ дийнах‚ шен вон чIогIа даьржина хиллачу.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
76:8 Цара даадо даар, шайна деззашехь, мискачунна а‚ боберана а‚ йийсарна а,
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
76:9 /шаьш олуш/: "Оха даадо шуна Делан юьхьана (Делан дуьхьа)‚ тхуна ца оьшу шуьгара бекхам а‚ баркалла а.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
76:10 Баккъалла а, тхо кхоьру тхан Кхиош-Кхобучуьнгара яххьаш чIогIа хебар йолчу дийнах ".
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
76:11 Дала ларийра уьш оцу дийнан вонах‚ диллира /церан яьххьаш т1е/ бослепар а‚ хазахетар а.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
76:12 Бекхам бира царна шаьш /Далла йечу Iамална тIехь/ собар дарна бешций ‚ дариций.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
76:13 Цигахь уьш Iийр бу маьнганаш тIетевжина. Царна гур бац цигахь малх а‚ шело а ‚
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
76:14 гергахь хуьлуш царна /цу бешан/ IиндагIа‚ охьакхевдина хир бу цуьнан стоьмаш охьакховдарх (аьтто хуьлуш шаьш бāха ирахIоьттина волчунна а‚ охьахиъна волчунна а‚ вижна волчунна а).
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
76:15 Царна тIехьийзор бу дато пхьегIица‚ чохь са гучу кедаца /кегий нах/ –
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
76:16 Дато, чохь са гучу кедаца (оцу тIехьийзачара хьуна мала бегIийла йолчу кепара а, барамехь а малар) дIалуш.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
76:17 Цигахь малор бу чагIаран кад‚ шех занжабил тоьхна болу.
ﯕﯖﯗﯘﯙ
76:18 Цигахь /малор ду/ шовда‚ шех салсабиль олу.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
76:19 Царна тIехьийзар бу къан ца лун кегирхой‚ хьуна уьш гича, дIасадаьржина луълуъ ду моьттуш.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
76:20 Хьо хьаьжначу хенахь‚ цигахь хьуна гур ду ниIматаш а‚ доккха /чаккхе йоцуш/ мулк (ниIмат, Дала хьуна делла долу).
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
76:21 Царна тIедуьйхина хир ду дуткъачу баьццарчу дарин духар а‚ стоммачу дарин духар а‚ уьш хазбина хир бу дато чIагаршца‚ уьш Кхиош-Кхобучо царна малор ду цIена малар а.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
76:22 "Баккъалла а, хIара хили шуна /хазачу/ бекхамна /аш йина дика Iамалш бахьанехь/‚ шун /дуьненахь/ къахьегар хили /х1инца/ баркалле ".
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
76:23 Баккъалла а, Оха доссора хьоьга Къуръан /кIез-кIеззиг/ доссорца.
ﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
76:24 Хьо собаре хила хьуо Кхиош-Кхобучун хьукманна‚ хьо муьтIахь ма хила царах къинош дечунна а‚ /дин/ керста дечунна .
ﰖﰗﰘﰙﰚﰛ
76:25 Ахь хьехае хьуо Кхиош-Кхобучун цIе Iуьйранна а‚ суьйранна а.(Ламазаш де, Iибадат де Далла).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
76:26 Буьйсанах а /цхьана декъехь/ сужуд де Цунна‚ тасбихь а де Цунна еххачу буьйсанна. (Буьйса денйе Далла Iибадат дарца).
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
76:27 Баккъалла а, хIорш дукхадезаш бу сиха чекхдаьн дерг (дуьне)‚ дуьту шайна тIехьа деза (хала) де – /къематде/.
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
76:28 Оха кхоьллина уьш‚ чIагIйина церан меженаш. Тхуна лиъча, Оха /уьш/ хуьйцур бара царах терачаьрца хийцарца.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
76:29 Баккъалла а, хIара хьехам бу‚ шена луучо т1елаьцна /иза/, ша Кхиош-Кхобучуьнга некъ бина.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
76:30 Шуна луур дац, Далла лаахь бен. Баккъалла а, Дела хили хууш верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
76:31 Цо вохуьйту Шена луург Шен къинхетамна чу. Ткъа зуламхой – царна Цо кечдина лазош долу Iазап.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers