Аль-Мурсалат сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Мурсалат сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (50 Аят — مكية). Аль-Мурсалат ЛадоргӀа, Аль-Мурсалат Гочдар, Аль-Мурсалат mp3, Аль-Мурсалат pdf.

Аль-Мурсалат сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
وَالْمُرْسَلَاتِ عُرْفًا ۝١
📖 Гочдар Аят 1
ТIеттIа дохуьйтучу мехашех /дуй боу Ас/‚
فَالْعَاصِفَاتِ عَصْفًا ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
нуьцкъала хьоькхучу мехашех /дуй боу Ас/‚
وَالنَّاشِرَاتِ نَشْرًا ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
/догIа/ даржочу мехашех /дуй боу Ас/‚ /я догIа даийта мархаш лохкучу маликех/,
فَالْفَارِقَاتِ فَرْقًا ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
/бакъдерг харцдолчух‚ хьанал дерг хьарам долчух/ къасточу /маликех/ дуй боу Ас‚
فَالْمُلْقِيَاتِ ذِكْرًا ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
хьехам /пайхамаршка/ дIалуш долчу /маликех/ /дуй боу Ас/‚
عُذْرًا أَوْ نُذْرًا ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
/Далла наха/ бехк ца биллийтарна /шайга элчанаш ца бахкийтира аьлла/ а‚ /Делера/ кхерам тасарца а /доуьйту и ваьхьий/:
إِنَّمَا تُوعَدُونَ لَوَاقِعٌ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
баккъалла а, шуна ваIда йинарг хилаза ца долу /и къематде дог1ур ду/.
فَإِذَا النُّجُومُ طُمِسَتْ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Седарчий дIадайинчу хенахь‚
وَإِذَا السَّمَاءُ فُرِجَتْ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
стигал единчу хенахь‚
وَإِذَا الْجِبَالُ نُسِفَتْ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
лаьмнаш, нисдина, дIасадаьржинчу хенахь‚
وَإِذَا الرُّسُلُ أُقِّتَتْ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
элчанаш /гулбан тешалла дан/ хан тоьхначу хенахь.
لِأَيِّ يَوْمٍ أُجِّلَتْ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Муьлхачу денна тIаьхьатеттина /элчанийн тешалла/?
لِيَوْمِ الْفَصْلِ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Къастаман денна!
وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الْفَصْلِ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Стен хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и къастаман де?
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
أَلَمْ نُهْلِكِ الْأَوَّلِينَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Оха хIаллак ца бина хьалха хилларш?
ثُمَّ نُتْبِعُهُمُ الْآخِرِينَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
ТIаккха царна тIаьхьабохуьйтур бу Оха тIаьхьахилларш.
كَذَٰلِكَ نَفْعَلُ بِالْمُجْرِمِينَ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Иштта /та1зар/ дийр ду Оха къинош леточарна.
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
أَلَمْ نَخْلُقكُّم مِّن مَّاءٍ مَّهِينٍ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Оха ца кхоьллина шу хIумма а йоцчу хих ?
فَجَعَلْنَاهُ فِي قَرَارٍ مَّكِينٍ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Т1аккха Оха дIа ма нисдира иза чIогIачу меттигехь .
إِلَىٰ قَدَرٍ مَّعْلُومٍ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Цхьа билгала хан тIекхаччалц.
فَقَدَرْنَا فَنِعْمَ الْقَادِرُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Оха дIанисдира‚ дика дIанисдийраш а ду /Тхо/.
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
أَلَمْ نَجْعَلِ الْأَرْضَ كِفَاتًا ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Оха ца хилийтира латта /шуна/ дIатардала меттиг хила,
أَحْيَاءً وَأَمْوَاتًا ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
дийна болчарна а‚ беллачарна а?
وَجَعَلْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ شَامِخَاتٍ وَأَسْقَيْنَاكُم مَّاءً فُرَاتًا ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Оха хилийтира цунна (лаьттана) тIехь лекха лаьмнаш‚ шуна малора теза хи (хаза чам болу, дег1ана томе долу хи).
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
انطَلِقُوا إِلَىٰ مَا كُنتُم بِهِ تُكَذِّبُونَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
/Эр ду маликаша/: "ДIагIо /хIинца/ шаьш ша харцдеш хиллачунна (жоьжахатин Iазапна) тIе!
انطَلِقُوا إِلَىٰ ظِلٍّ ذِي ثَلَاثِ شُعَبٍ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
ДIагIо шен кхо дāкъа долчу IиндагIе !"
لَّا ظَلِيلٍ وَلَا يُغْنِي مِنَ اللَّهَبِ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
IиндагIа а хир дац /цунах/‚ цIерах а лардийр дац цо.
إِنَّهَا تَرْمِي بِشَرَرٍ كَالْقَصْرِ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Баккъалла а, цо суйнаш кхуьссур ду, гIаланаш санна (даккхий)‚
كَأَنَّهُ جِمَالَتٌ صُفْرٌ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Шаьш можа эмкалш санна.
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
هَٰذَا يَوْمُ لَا يَنطِقُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
И ду – уьш бист хир боцу де.
وَلَا يُؤْذَنُ لَهُمْ فَيَعْتَذِرُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Царна пурба лур дац тIаккха цара бехказлонаш ян.
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
هَٰذَا يَوْمُ الْفَصْلِ ۖ جَمَعْنَاكُمْ وَالْأَوَّلِينَ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Иза къастаман де ду. Оха гулдийр ду шу а‚ хьалхарнаш а.
فَإِن كَانَ لَكُمْ كَيْدٌ فَكِيدُونِ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Шайна цхьа мекарло хиллехь‚ йе Суна /шайн/ мекарло !
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي ظِلَالٍ وَعُيُونٍ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – уьш хир бу IиндагIехь а‚ шовданашкахь а‚
وَفَوَاكِهَ مِمَّا يَشْتَهُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
шайна безначу стоьмашкахь а.
كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
ГIоза даа‚ гIоза мала, шаьш Iамал йина ма хилла!
إِنَّا كَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна!
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
كُلُوا وَتَمَتَّعُوا قَلِيلًا إِنَّكُم مُّجْرِمُونَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Даа‚ кIеззиг пайда эца /дуьненахь/: баккъалла а, шу къинош динарш ду-кх !
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ ارْكَعُوا لَا يَرْكَعُونَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Цаьрга аьлча: "Гора гIо /ламаз де/!" – уьш гора ца гIора.
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَهُ يُؤْمِنُونَ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Муьлхачу дийцарх цул тIаьхьа уьш тешар бу?
← 76 Аль-Мурсалат (77/114) 78 →
Деша Аль-Мурсалат сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

77المرسلات Al-Mursalat 📚 50 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Мурсалат сура — 50 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers