📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 496
Сура Ад-Духан

Сура Ад-Духан

44:3
إِنَّآ أَنزَلۡنَٰهُ فِي لَيۡلَةٍ مُّبَٰرَكَةٍۚ إِنَّا كُنَّا مُنذِرِينَ ٣
Баккъалла а, Оха доссийна иза беркате йолчу буса . Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/.
44:4
فِيهَا يُفۡرَقُ كُلُّ أَمۡرٍ حَكِيمٍ ٤
Цу чохь (цу беркате буса) къастадо массо а шеца хьекъалалла долу гIуллакх.
44:5
أَمۡرًا مِّنۡ عِندِنَآۚ إِنَّا كُنَّا مُرۡسِلِينَ ٥
Тхан агIорхьара /деза мел долу/ г1уллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш/Мухьаммад а, цул хьалха хилла элчанаш а/,
44:6
رَحۡمَةً مِّن رَّبِّكَۚ إِنَّهُۥ هُوَ ٱلسَّمِيعُ ٱلۡعَلِيمُ ٦
Къинхетам а хилла хьан Кхиош-Кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
44:7
رَبِّ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِ وَمَا بَيۡنَهُمَآۖ إِن كُنتُم مُّوقِنِينَ ٧
Стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /ч1ог1а/ тешаш хиллехь.
44:8
لَآ إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحۡيِۦ وَيُمِيتُۖ رَبُّكُمۡ وَرَبُّ ءَابَآئِكُمُ ٱلۡأَوَّلِينَ ٨
Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-Кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-Кхобург ву Иза.
44:10
فَٱرۡتَقِبۡ يَوۡمَ تَأۡتِي ٱلسَّمَآءُ بِدُخَانٍ مُّبِينٍ ١٠
Ахь тергалде стигло билгала кIур бахьар болу де.
44:11
يَغۡشَى ٱلنَّاسَۖ هَٰذَا عَذَابٌ أَلِيمٌ ١١
Нах д1ахьулбийр бу цо. /Цара эр ду/: "ХIара лазош долу Iазап ду".
44:12
رَّبَّنَا ٱكۡشِفۡ عَنَّا ٱلۡعَذَابَ إِنَّا مُؤۡمِنُونَ ١٢
"Тхан Кхиош-Кхобург‚ айдехьа тхуна тIера хIара Iазап, /т1аккха/ баккъалла а, оха ийман дуьллур ду-кх /Хьан элчане/".
44:13
أَنَّىٰ لَهُمُ ٱلذِّكۡرَىٰ وَقَدۡ جَآءَهُمۡ رَسُولٌ مُّبِينٌ ١٣
Муха хир бу царна хьехам ? Цаьрга веара ма-й билгала волу элча /Мухьаммад/.
44:14
ثُمَّ تَوَلَّوۡاْ عَنۡهُ وَقَالُواْ مُعَلَّمٌ مَّجۡنُونٌ ١٤
ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: "Жинийх волуш шена /наха Къуръан/ Iамийнарг ву /хIара Мухьаммад /".
44:15
إِنَّا كَاشِفُواْ ٱلۡعَذَابِ قَلِيلًاۚ إِنَّكُمۡ عَآئِدُونَ ١٥
Баккъалла а, Оха айдийр ду /шуна т1ера/ Iазап кIеззиг – /гур шуна:/ шу юха а тIедоьрзур ма ду /шайн керстаналлина/.
44:16
يَوۡمَ نَبۡطِشُ ٱلۡبَطۡشَةَ ٱلۡكُبۡرَىٰٓ إِنَّا مُنتَقِمُونَ ١٦
Оха боккхачу ницкъаца /Iазапе/ лоцур долчу дийнахь – баккъалла а, Оха чIир оьцур ю.
44:17
۞ وَلَقَدۡ فَتَنَّا قَبۡلَهُمۡ قَوۡمَ فِرۡعَوۡنَ وَجَآءَهُمۡ رَسُولٌ كَرِيمٌ ١٧
Царал хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам – цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса).
44:18
أَنۡ أَدُّوٓاْ إِلَيَّ عِبَادَ ٱللَّهِۖ إِنِّي لَكُمۡ رَسُولٌ أَمِينٌ ١٨
"ДIало соьга Делан леш /олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Sunday, August 30, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







