📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 590
Сура Аль-Бурудж

Сура Аль-Бурудж

85:3
وَشَاهِدٍ وَمَشۡهُودٍ ٣
ша тешалла дийр долчух а, шена т1ехь тешалла дийр долчух а /дуй боу Ас /.
85:7
وَهُمۡ عَلَىٰ مَا يَفۡعَلُونَ بِٱلۡمُؤۡمِنِينَ شُهُودٌ ٧
шаьш муъма нахана тIехь дечуьнга хьоьжуш.
85:8
وَمَا نَقَمُواْ مِنۡهُمۡ إِلَّآ أَن يُؤۡمِنُواْ بِٱللَّهِ ٱلۡعَزِيزِ ٱلۡحَمِيدِ ٨
Цаьргара чIир ца оьцура цара, деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен.
85:9
ٱلَّذِي لَهُۥ مُلۡكُ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضِۚ وَٱللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيۡءٍ شَهِيدٌ ٩
Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигалийн а‚ лаьттан а паччахьалла. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ма ву.
85:10
إِنَّ ٱلَّذِينَ فَتَنُواْ ٱلۡمُؤۡمِنِينَ وَٱلۡمُؤۡمِنَٰتِ ثُمَّ لَمۡ يَتُوبُواْ فَلَهُمۡ عَذَابُ جَهَنَّمَ وَلَهُمۡ عَذَابُ ٱلۡحَرِيقِ ١٠
Баккъалла а, и муъма божарий а‚ муъма зударий а бале лаьцнарш ‚ тIаккха тōба ца динарш – царна жоьжахатин Iазап ду‚ царна цIеран Iазап ду.
85:11
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ وَعَمِلُواْ ٱلصَّٰلِحَٰتِ لَهُمۡ جَنَّٰتٌ تَجۡرِي مِن تَحۡتِهَا ٱلۡأَنۡهَٰرُۚ ذَٰلِكَ ٱلۡفَوۡزُ ٱلۡكَبِيرُ ١١
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна бошмаш ю‚ шайна бухахула хиш оьхуш йолу. Иза боккха толам бу-кх!
85:12
إِنَّ بَطۡشَ رَبِّكَ لَشَدِيدٌ ١٢
Баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобуш волчун /Делан/ ницкъ чIогIа бу-кх!
85:13
إِنَّهُۥ هُوَ يُبۡدِئُ وَيُعِيدُ ١٣
Баккъалла а, Цо д1адоладо‚ Цо карладоккху /муьлха гIуллакх/. (Цо кхоьллина халкъ юхьанца, Цо дендийр ду и тIаьхьа къематдинахь)
85:14
وَهُوَ ٱلۡغَفُورُ ٱلۡوَدُودُ ١٤
Иза сов гечдийриг а ву‚ безаш верг а ву /Шена гIуллакх деш берш/.
85:20
وَٱللَّهُ مِن وَرَآئِهِم مُّحِيطُۢ ٢٠
Дела царна тIехьахула го бина ма ву (Дела царна тIехь ницкъ болуш ву).
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, September 1, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







