📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 598
Сура Аль-Къадр

Сура Аль-Баййина

Сура Аль-Къадр

97:1
إِنَّآ أَنزَلۡنَٰهُ فِي لَيۡلَةِ ٱلۡقَدۡرِ ١
Оха доссийна иза /Къуръан Лавхь махьфуз чуьра дуьненан стигала/ "Лайлат аль-къадр " олучу буса.
97:2
وَمَآ أَدۡرَىٰكَ مَا لَيۡلَةُ ٱلۡقَدۡرِ ٢
Хьоьга стен хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и хIун буьйса ю Лайлат аль-къадр?
97:3
لَيۡلَةُ ٱلۡقَدۡرِ خَيۡرٌ مِّنۡ أَلۡفِ شَهۡرٍ ٣
Лайлат аль-къадр буьйса дика ю эзар баттал .
97:4
تَنَزَّلُ ٱلۡمَلَٰٓئِكَةُ وَٱلرُّوحُ فِيهَا بِإِذۡنِ رَبِّهِم مِّن كُلِّ أَمۡرٍ ٤
Охьадуьссу маликаш а‚ Са а (Джабраил-малик) цу чохь шаьш Кхиош-Кхобучун пурбанца массо а гIуллакх эцна.
Сура Аль-Баййина

98:1
لَمۡ يَكُنِ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ مِنۡ أَهۡلِ ٱلۡكِتَٰبِ وَٱلۡمُشۡرِكِينَ مُنفَكِّينَ حَتَّىٰ تَأۡتِيَهُمُ ٱلۡبَيِّنَةُ ١
Ца хилира жайнин охIлах а‚ мушрикех а болу керстанаш д1атуьлуш /шаьш тIехь хиллачу керста динах/ шайга къегина делил далц –
98:2
رَسُولٌ مِّنَ ٱللَّهِ يَتۡلُواْ صُحُفًا مُّطَهَّرَةً ٢
Делера элча (Мухьаммад- пайхамар)‚ ша дуьйцуш /царна/ цIена долу хьарчораш .
98:4
وَمَا تَفَرَّقَ ٱلَّذِينَ أُوتُواْ ٱلۡكِتَٰبَ إِلَّا مِنۢ بَعۡدِ مَا جَآءَتۡهُمُ ٱلۡبَيِّنَةُ ٤
Шайга жайна доссийнарш бекъа ца белира шайга къегина долу делил деъначул тIаьхьа бен‚
98:5
وَمَآ أُمِرُوٓاْ إِلَّا لِيَعۡبُدُواْ ٱللَّهَ مُخۡلِصِينَ لَهُ ٱلدِّينَ حُنَفَآءَ وَيُقِيمُواْ ٱلصَّلَوٰةَ وَيُؤۡتُواْ ٱلزَّكَوٰةَۚ وَذَٰلِكَ دِينُ ٱلۡقَيِّمَةِ ٥
цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла а бен‚ шаьш Цунна дог ц1ена хуьлуш /дечу/ 1ибадатехь, бакъ долчунна (ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динна) тIе тийжаш‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин.
98:6
إِنَّ ٱلَّذِينَ كَفَرُواْ مِنۡ أَهۡلِ ٱلۡكِتَٰبِ وَٱلۡمُشۡرِكِينَ فِي نَارِ جَهَنَّمَ خَٰلِدِينَ فِيهَآۚ أُوْلَٰٓئِكَ هُمۡ شَرُّ ٱلۡبَرِيَّةِ ٦
Баккъалла а, жайнин охIлах а‚ мушрикех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх.
98:7
إِنَّ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ وَعَمِلُواْ ٱلصَّٰلِحَٰتِ أُوْلَٰٓئِكَ هُمۡ خَيۡرُ ٱلۡبَرِيَّةِ ٧
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш дика халкъ ду-кх!
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, September 1, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







