📖 0/604 аг1онаш дийцина
📄 597
Сура Ат-Тин

Сура Аль-Алакъ

Сура Ат-Тин

95:4
لَقَدۡ خَلَقۡنَا ٱلۡإِنسَٰنَ فِيٓ أَحۡسَنِ تَقۡوِيمٍ ٤
Оха кхоьллира адам уггар хазачу хьолехь.
95:5
ثُمَّ رَدَدۡنَٰهُ أَسۡفَلَ سَٰفِلِينَ ٥
ТIаккха Оха дIадерзийна иза уггар бухарчу хьоле (къанлой‚ тишлой; муъма стеган Iамал эшало, иза къона хиллачу замане хьаьжча‚ Дала цунна ял ло Шен дашца),
95:6
إِلَّا ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ وَعَمِلُواْ ٱلصَّٰلِحَٰتِ فَلَهُمۡ أَجۡرٌ غَيۡرُ مَمۡنُونٍ ٦
ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а боцурш – царна хир ю хедар йоцу ял.
95:7
فَمَا يُكَذِّبُكَ بَعۡدُ بِٱلدِّينِ ٧
Стен харцдойту хьоьга /хIай керста/ цул тIаьхьа а дин?
95:8
أَلَيۡسَ ٱللَّهُ بِأَحۡكَمِ ٱلۡحَٰكِمِينَ ٨
Ткъа Дела вац хьукма дечарах уггар /нийса/ хьукма деш верг ?
Сура Аль-Алакъ

96:1
ٱقۡرَأۡ بِٱسۡمِ رَبِّكَ ٱلَّذِي خَلَقَ ١
Деша хьо Кхиош-Кхобучун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу!
96:6
كـَلَّآ إِنَّ ٱلۡإِنسَٰنَ لَيَطۡغَىٰٓ ٦
ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/,
96:8
إِنَّ إِلَىٰ رَبِّكَ ٱلرُّجۡعَىٰٓ ٨
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучуьнга ду /массеран а/ дIадерзар.
96:9
أَرَءَيۡتَ ٱلَّذِي يَنۡهَىٰ ٩
Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло йеш верг (Абу-ДжахIал)
96:11
أَرَءَيۡتَ إِن كَانَ عَلَى ٱلۡهُدَىٰٓ ١١
Гиний хьуна, и (шена новкъарло йийриг Мухьаммад-пайхамар) нийсачу новкъахь хиллехь?
96:13
أَرَءَيۡتَ إِن كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰٓ ١٣
Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло йеш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь?
96:15
كـَلَّا لَئِن لَّمۡ يَنتَهِ لَنَسۡفَعَۢا بِٱلنَّاصِيَةِ ١٥
ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚
96:19
كـَلَّا لَا تُطِعۡهُ وَٱسۡجُدۡۤ وَٱقۡتَرِب۩ ١٩
ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахь /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужуд де‚ /Цунна/ герга гIо /Iамал ярца/.
العربيةEnglishBahasa IndonesiaTürkçeРусскийفارسیFrançaisاردوবাংলাDeutschEspañol中文हिन्दीPortuguêsItalianoภาษาไทยPolskiNederlandsShqipKiswahiliO'zbekதமிழ்MelayuBosanskiSoomaaliAzərbaycanکوردی한국어日本語SvenskaDanskNorskپښتوമലയാളംසිංහලTamazightHausaአማርኛБългарскиТоҷикӣҚазақшаFilipinoسنڌيYorùbáFulfuldeТатарчаئۇيغۇرچەКыргызчаਪੰਜਾਬੀJawaతెలుగుမြန်မာગુજરાતીOromoमराठीTiếng ViệtMalagasyНохчийнWolofދިވެހިಕನ್ನಡУкраїнськаΕλληνικάქართულიខ្មែរدریQafar afMaranaoनेपाली
Делера Куръан
Tuesday, September 1, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







