Аз-Зухруф сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аз-Зухруф сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (89 Аят — مكية). Аз-Зухруф ЛадоргӀа, Аз-Зухруф Гочдар, Аз-Зухруф mp3, Аз-Зухруф pdf.

Аз-Зухруф сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
حم ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Хьа-мūм .
وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Билгалчу жайних /дуй боу Аса/.
إِنَّا جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لَّعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Оха хилийтина цунах Iаьрбийн /маттахь/ Къуръан шу /цуьнан хьукманех/ кхетийта.
وَإِنَّهُ فِي أُمِّ الْكِتَابِ لَدَيْنَا لَعَلِيٌّ حَكِيمٌ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Баккъалла а, иза (Къуръан) жайнин нанна чохь ду Тхуна гергахь‚ лекханиг а ду /массо а кхечу жайнел/‚ шена чохь хьекъалалла долуш а ду.
أَفَنَضْرِبُ عَنكُمُ الذِّكْرَ صَفْحًا أَن كُنتُمْ قَوْمًا مُّسْرِفِينَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Ткъа Оха шух ца кхоьтуьйтуш буьтур бу хьехам , шу тIаламза къам хили аьлла?
وَكَمْ أَرْسَلْنَا مِن نَّبِيٍّ فِي الْأَوَّلِينَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Мел /дукха/ пайхамарш бахийтина Оха хьалхалерачаьргахь !
وَمَا يَأْتِيهِم مِّن نَّبِيٍّ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Цхьа а пайхамар ца веана цаьрга, цара иза сийсазвоккхуш бен.
فَأَهْلَكْنَا أَشَدَّ مِنْهُم بَطْشًا وَمَضَىٰ مَثَلُ الْأَوَّلِينَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Оха хIаллакбина царах /хьан къомал/ ницкъаца вуно чIогIа берш – дIадахана хьалхалерачеран масал.
وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ لَيَقُولُنَّ خَلَقَهُنَّ الْعَزِيزُ الْعَلِيمُ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Ахь /х1ай элча/ цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигалш а‚ латта а аьлла, цара эр ма ду: "Уьш кхоьллина Ша веза волчо‚ Ша хууш волчо (Дала)!"
الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ مَهْدًا وَجَعَلَ لَكُمْ فِيهَا سُبُلًا لَّعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь (лаьттахь) некъаш – шу нийсачу новкъахь хир дацара те.
وَالَّذِي نَزَّلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً بِقَدَرٍ فَأَنشَرْنَا بِهِ بَلْدَةً مَّيْتًا ۚ كَذَٰلِكَ تُخْرَجُونَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доуьйтуш стигалара хи (дог1а) барамехь – Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/.
وَالَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا وَجَعَلَ لَكُم مِّنَ الْفُلْكِ وَالْأَنْعَامِ مَا تَرْكَبُونَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Ишттаниг а ву Иза Ша массо а хIума шиш-шишша кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховша хIуманаш
لِتَسْتَوُوا عَلَىٰ ظُهُورِهِ ثُمَّ تَذْكُرُوا نِعْمَةَ رَبِّكُمْ إِذَا اسْتَوَيْتُمْ عَلَيْهِ وَتَقُولُوا سُبْحَانَ الَّذِي سَخَّرَ لَنَا هَٰذَا وَمَا كُنَّا لَهُ مُقْرِنِينَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Шу дIанисдалийта церан баккъаш тIехь‚ тIаккха шуьга хьехадайта шайн Кхиош-Кхобучун ниIмат, шаьш царна тIехь дIанисделча‚ шуьга āлийта: "Вонах цIена ву И, Ша тхуна хIара муьтIахь йина‚ тхан цу тIехь ницкъ кхочур ма бацара.
وَإِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا لَمُنقَلِبُونَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Баккъалла а, тхо тхайн Кхиош-Кхобучуьнга дIадоьрзур долуш ма ду (къематдийнахь) ".
وَجَعَلُوا لَهُ مِنْ عِبَادِهِ جُزْءًا ۚ إِنَّ الْإِنسَانَ لَكَفُورٌ مُّبِينٌ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Цара ма хилийти Цунна Цуьнан лех цхьа дāкъа . Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх.
أَمِ اتَّخَذَ مِمَّا يَخْلُقُ بَنَاتٍ وَأَصْفَاكُم بِالْبَنِينَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух /Шена/ мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца?
وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُم بِمَا ضَرَبَ لِلرَّحْمَٰنِ مَثَلًا ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Царах цхьанна кхаъ баьккхича, шаьш Къинхетам болчунна масал далийначуьнца – Iаржлой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /шена зудабер дуьненчу далар ца дезаш/.
أَوَمَن يُنَشَّأُ فِي الْحِلْيَةِ وَهُوَ فِي الْخِصَامِ غَيْرُ مُبِينٍ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?
وَجَعَلُوا الْمَلَائِكَةَ الَّذِينَ هُمْ عِبَادُ الرَّحْمَٰنِ إِنَاثًا ۚ أَشَهِدُوا خَلْقَهُمْ ۚ سَتُكْتَبُ شَهَادَتُهُمْ وَيُسْأَلُونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара те уьш (маликаш) кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга барт хоттур ма бу.
وَقَالُوا لَوْ شَاءَ الرَّحْمَٰنُ مَا عَبَدْنَاهُم ۗ مَّا لَهُم بِذَٰلِكَ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Цара элира: "Къинхетам болчунна лиънехьара‚ оха царна (маликашна) Iибадат дина хир дацара". Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харцлуьйш бен.
أَمْ آتَيْنَاهُمْ كِتَابًا مِّن قَبْلِهِ فَهُم بِهِ مُسْتَمْسِكُونَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Я Оха жайна делла те цаьрга цул (Къуръанал) хьалха, т1аккха уьш цуьнца чIагIбелларш а хуьлуш?
بَلْ قَالُوا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءَنَا عَلَىٰ أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَىٰ آثَارِهِم مُّهْتَدُونَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
ХIаъ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна карийна тхайн дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорах (тачанах) дIанислуш ду".
وَكَذَٰلِكَ مَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ فِي قَرْيَةٍ مِّن نَّذِيرٍ إِلَّا قَالَ مُتْرَفُوهَا إِنَّا وَجَدْنَا آبَاءَنَا عَلَىٰ أُمَّةٍ وَإِنَّا عَلَىٰ آثَارِهِم مُّقْتَدُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Иштта ца вахийтира Оха хьол хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучара олуш бен: "Баккъалла а, тхуна карийна тхайн дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорана (тачана) тIаьхьадозуш ду".
۞ قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكُم بِأَهْدَىٰ مِمَّا وَجَدتُّمْ عَلَيْهِ آبَاءَكُمْ ۖ قَالُوا إِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُم بِهِ كَافِرُونَ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Цо (Мухьаммад-пайхамара) элира: "Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул вуно нийсачуьнца‚ /тIаккха а харцво аш со/?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо шу (элчанаш) шеца даийтинчунна керста ду-кх".
فَانتَقَمْنَا مِنْهُمْ ۖ فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Оха чIир ийцира цаьргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначеран тIаьхье!
وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ إِنَّنِي بَرَاءٌ مِّمَّا تَعْبُدُونَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Хьахаде /х1ай Мухьаммад/: ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къоме а: "Баккъалла а, со цIена ву аш шена Iибадат дечух.
إِلَّا الَّذِي فَطَرَنِي فَإِنَّهُ سَيَهْدِينِ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Со кхоьллинчунна бен /дийр дац ас Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву".
وَجَعَلَهَا كَلِمَةً بَاقِيَةً فِي عَقِبِهِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош – уьш юхаберза там бара-кх .
بَلْ مَتَّعْتُ هَٰؤُلَاءِ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ جَاءَهُمُ الْحَقُّ وَرَسُولٌ مُّبِينٌ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
ХIетте а‚ Ас бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валлалц.
وَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ وَإِنَّا بِهِ كَافِرُونَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: "ХIара бозбуунчалла ду‚ баккъалла а, тхо цунна керста ду".
وَقَالُوا لَوْلَا نُزِّلَ هَٰذَا الْقُرْآنُ عَلَىٰ رَجُلٍ مِّنَ الْقَرْيَتَيْنِ عَظِيمٍ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Цара элира: "ХIара Къуръан доссийнехьара шина юьртара сийлахь-везачу стаге" .
أَهُمْ يَقْسِمُونَ رَحْمَتَ رَبِّكَ ۚ نَحْنُ قَسَمْنَا بَيْنَهُم مَّعِيشَتَهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَرَفَعْنَا بَعْضَهُمْ فَوْقَ بَعْضٍ دَرَجَاتٍ لِّيَتَّخِذَ بَعْضُهُم بَعْضًا سُخْرِيًّا ۗ وَرَحْمَتُ رَبِّكَ خَيْرٌ مِّمَّا يَجْمَعُونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Ткъа уьш бу хьан Кхиош-Кхобучун къинхетам боькъуш берш? Оха бийкъина царна юккъехь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царах цхьаберш вовшашна тIехь даржашца лакхабаьхна‚ царах цхьаболчаьрга шайна вукхаьрга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-Кхобучун къинхетам дика бу цара гулдеш долчул.
وَلَوْلَا أَن يَكُونَ النَّاسُ أُمَّةً وَاحِدَةً لَّجَعَلْنَا لِمَن يَكْفُرُ بِالرَّحْمَٰنِ لِبُيُوتِهِمْ سُقُفًا مِّن فِضَّةٍ وَمَعَارِجَ عَلَيْهَا يَظْهَرُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Нах /берриге а/ цхьа уммат ца хилахьара, Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчух цатешачарна церан цIеношна дато тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу.
وَلِبُيُوتِهِمْ أَبْوَابًا وَسُرُرًا عَلَيْهَا يَتَّكِئُونَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Церан цIеношна неIарш а‚ уьш шайна тIетовжуш болу маьнганаш а /дато хуьлуьйтура бара Оха/,
وَزُخْرُفًا ۚ وَإِن كُلُّ ذَٰلِكَ لَمَّا مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَالْآخِرَةُ عِندَ رَبِّكَ لِلْمُتَّقِينَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
/кхин/ хазаллаш а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а – дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-Кхобучунна гергахь /Делах/ кхоьручарна ду.
وَمَن يَعْشُ عَن ذِكْرِ الرَّحْمَٰنِ نُقَيِّضْ لَهُ شَيْطَانًا فَهُوَ لَهُ قَرِينٌ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Сов къинхетаме верг (Аллах1-Дела) хьехьорах гIопал хилларг – Оха тIекхуссу цунна шайтIа, и цунна ца къаьсташ накъост а хуьлуш.
وَإِنَّهُمْ لَيَصُدُّونَهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُم مُّهْتَدُونَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Баккъалла а, цара (шайтIанаша) дIатилабо уьш (шайн накъостий – адамаш Делан нийсачу) некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.
حَتَّىٰ إِذَا جَاءَنَا قَالَ يَا لَيْتَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ بُعْدَ الْمَشْرِقَيْنِ فَبِئْسَ الْقَرِينُ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Ша тхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр ду: "Дакъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна хьох, шайтIанах/".
وَلَن يَنفَعَكُمُ الْيَوْمَ إِذ ظَّلَمْتُمْ أَنَّكُمْ فِي الْعَذَابِ مُشْتَرِكُونَ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьаьна /дакъалоцуш/ хир ду .
أَفَأَنتَ تُسْمِعُ الصُّمَّ أَوْ تَهْدِي الْعُمْيَ وَمَن كَانَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Ткъа ахь /х1ай элча/ хозуьйту къораволчунна я нийсачу новкъа воккху бIаьрсадоцург а‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг а?
فَإِمَّا نَذْهَبَنَّ بِكَ فَإِنَّا مِنْهُم مُّنتَقِمُونَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Оха хьо дIакхалхийчи а – баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю .
أَوْ نُرِيَنَّكَ الَّذِي وَعَدْنَاهُمْ فَإِنَّا عَلَيْهِم مُّقْتَدِرُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Я Оха хьуна гойтур ма ду Оха царна ваIда динарг – баккъала а Тхо царна тIехь ницкъ кхочуш ма ду.
فَاسْتَمْسِكْ بِالَّذِي أُوحِيَ إِلَيْكَ ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُّسْتَقِيمٍ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Ахь /х1ай элча/ схьалаца хьайга ваьхьица делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву.
وَإِنَّهُ لَذِكْرٌ لَّكَ وَلِقَوْمِكَ ۖ وَسَوْفَ تُسْأَلُونَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу хьуна а‚ хьан къоме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуьга .
وَاسْأَلْ مَنْ أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ مِن رُّسُلِنَا أَجَعَلْنَا مِن دُونِ الرَّحْمَٰنِ آلِهَةً يُعْبَدُونَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Ахь хаттал Оха хьол хьалха элчанех баийтинчаьрга : "Оха хилийтиний те Къинхетаме верг воцург /кхин/ деланаш, шайна /наха/ Iибадат а деш ?"
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَقَالَ إِنِّي رَسُولُ رَبِّ الْعَالَمِينَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо элира: "Баккъалла а, со Iаламийн Ден элча ву".
فَلَمَّا جَاءَهُم بِآيَاتِنَا إِذَا هُم مِّنْهَا يَضْحَكُونَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Иза (Муса) шайга веъча, Тхан аяташца‚ уьш царах (аятех) боьлу.
وَمَا نُرِيهِم مِّنْ آيَةٍ إِلَّا هِيَ أَكْبَرُ مِنْ أُخْتِهَا ۖ وَأَخَذْنَاهُم بِالْعَذَابِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул доккхах долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапца – уьш юхабоьрзур бацарам те /шайн тиларх/.
وَقَالُوا يَا أَيُّهَ السَّاحِرُ ادْعُ لَنَا رَبَّكَ بِمَا عَهِدَ عِندَكَ إِنَّنَا لَمُهْتَدُونَ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Цара (Фир1авна а, цуьнан элаша а) элира: "ХIай бозбуунча! Деха тхуна хьан Кхиош-Кхобучуьнга хьуна гергахь Цуьнан ваIда хилларг – баккъалла а, тхо нислур ма ду (оха ийман дуьллур ма ду, и Iазап дIадаьккхича)".
فَلَمَّا كَشَفْنَا عَنْهُمُ الْعَذَابَ إِذَا هُمْ يَنكُثُونَ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Оха айа ма-диннехь шайна тIера Iазап – цара барт бохабо.
وَنَادَىٰ فِرْعَوْنُ فِي قَوْمِهِ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَيْسَ لِي مُلْكُ مِصْرَ وَهَٰذِهِ الْأَنْهَارُ تَجْرِي مِن تَحْتِي ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Кхийкхира ФирIавна шен къомехь, элира: "Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна (сан гIалина) бухахула лелаш долуш? Шуна ца го /сан сийлалла/?
أَمْ أَنَا خَيْرٌ مِّنْ هَٰذَا الَّذِي هُوَ مَهِينٌ وَلَا يَكَادُ يُبِينُ ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
Я со дика вац хIокхул ‚ ша заьIап волчу‚ толкха (мотт тийсалуш) волчу?
فَلَوْلَا أُلْقِيَ عَلَيْهِ أَسْوِرَةٌ مِّن ذَهَبٍ أَوْ جَاءَ مَعَهُ الْمَلَائِكَةُ مُقْتَرِنِينَ ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
Йиллинехьара цунна тIе дашо чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьаьна маликаш /цунах/ хоттаделла".
فَاسْتَخَفَّ قَوْمَهُ فَأَطَاعُوهُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
/Дукха/ дайн карийра цунна (Фир1авна) шен къам – уьш цунна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песикъ нах.
فَلَمَّا آسَفُونَا انتَقَمْنَا مِنْهُمْ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Цара Тхо оьгIаздаьхча, Оха цаьргара чIир ийцира – хина бухабахийтира уьш берриге а.
فَجَعَلْنَاهُمْ سَلَفًا وَمَثَلًا لِّلْآخِرِينَ ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Уьш хилийтира Оха хьалхабаьхна‚ масал хилла тIаьхьабогIучарна.
۞ وَلَمَّا ضُرِبَ ابْنُ مَرْيَمَ مَثَلًا إِذَا قَوْمُكَ مِنْهُ يَصِدُّونَ ۝٥٧
📖 Гочдар Аят 57
Марйаман кIантах масал далийча, хьан къомо чIогIа гIовгIа йоккху /хазахетта/.
وَقَالُوا أَآلِهَتُنَا خَيْرٌ أَمْ هُوَ ۚ مَا ضَرَبُوهُ لَكَ إِلَّا جَدَلًا ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ خَصِمُونَ ۝٥٨
📖 Гочдар Аят 58
Цара элира: "Тхан деланаш дика бу я иза ву?" И (масал) ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду.
إِنْ هُوَ إِلَّا عَبْدٌ أَنْعَمْنَا عَلَيْهِ وَجَعَلْنَاهُ مَثَلًا لِّبَنِي إِسْرَائِيلَ ۝٥٩
📖 Гочдар Аят 59
Иза-м (Марйаман кIант Iийса) веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цунна‚ Оха хилийтина цунах масал Исраилан кIенташна.
وَلَوْ نَشَاءُ لَجَعَلْنَا مِنكُم مَّلَائِكَةً فِي الْأَرْضِ يَخْلُفُونَ ۝٦٠
📖 Гочдар Аят 60
Тхуна лууш делхьара, шун метта маликаш хуьлуьйтур дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдинчул тIаьхьа/ дуьсуш.
وَإِنَّهُ لَعِلْمٌ لِّلسَّاعَةِ فَلَا تَمْتَرُنَّ بِهَا وَاتَّبِعُونِ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُّسْتَقِيمٌ ۝٦١
📖 Гочдар Аят 61
Баккъалла а, иза (Iийса- пайхамар) сахьтан (къематдийнан) Iаламат ду‚ аш янне а шеко ма йелаш цуьнгахь. /Ахь āла цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Суна тIаьхьадазалаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ."
وَلَا يَصُدَّنَّكُمُ الشَّيْطَانُ ۖ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ ۝٦٢
📖 Гочдар Аят 62
Данне а шайтIано д1а ма хьавзадойла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала мостагI ма ду.
وَلَمَّا جَاءَ عِيسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ قَالَ قَدْ جِئْتُكُم بِالْحِكْمَةِ وَلِأُبَيِّنَ لَكُم بَعْضَ الَّذِي تَخْتَلِفُونَ فِيهِ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ ۝٦٣
📖 Гочдар Аят 63
Iийса веъча билгалонашца, цо элира: "Со веана шуьга хьекъалаллица (хьекъал дахьаш)‚ шуна шеца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш.
إِنَّ اللَّهَ هُوَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُّسْتَقِيمٌ ۝٦٤
📖 Гочдар Аят 64
Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цунна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ".
فَاخْتَلَفَ الْأَحْزَابُ مِن بَيْنِهِمْ ۖ فَوَيْلٌ لِّلَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْ عَذَابِ يَوْمٍ أَلِيمٍ ۝٦٥
📖 Гочдар Аят 65
Хилпало хилира тобанашна шайна юккъехь . Ма /боккха/ бāла бу зулам диначарна лазаме долчу дийнан Iазапах.
هَلْ يَنظُرُونَ إِلَّا السَّاعَةَ أَن تَأْتِيَهُم بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ ۝٦٦
📖 Гочдар Аят 66
Уьш хьовсий те шайга цIеххьана сахьт (къематде) даре бен, и шайна хаа ца луш?
الْأَخِلَّاءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ إِلَّا الْمُتَّقِينَ ۝٦٧
📖 Гочдар Аят 67
ДоттагIий оцу /къемат/дийнахь вовшийн мостагIий хир бу, /цхьа Делах/ кхоьруш берш боцурш. /Ткъа цаьрга Дала эр ду/:
يَا عِبَادِ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمُ الْيَوْمَ وَلَا أَنتُمْ تَحْزَنُونَ ۝٦٨
📖 Гочдар Аят 68
хIай Сан леш! Кхерам бац шуна тахана‚ шу сингаттаме а хир дац:
الَّذِينَ آمَنُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا مُسْلِمِينَ ۝٦٩
📖 Гочдар Аят 69
Тхан аятех ийман диллина хилла берш‚ /Тхан хьукманна а, Тхан омранна а/ муьт1ахь хилла берш.
ادْخُلُوا الْجَنَّةَ أَنتُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ تُحْبَرُونَ ۝٧٠
📖 Гочдар Аят 70
ЧугIо ялсамани шу а‚ шун зударий а – /цигахь шуна чIогIа/ хазахоьтуьйтур ду.
يُطَافُ عَلَيْهِم بِصِحَافٍ مِّن ذَهَبٍ وَأَكْوَابٍ ۖ وَفِيهَا مَا تَشْتَهِيهِ الْأَنفُسُ وَتَلَذُّ الْأَعْيُنُ ۖ وَأَنتُمْ فِيهَا خَالِدُونَ ۝٧١
📖 Гочдар Аят 71
Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашо хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргаш мел Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду.
وَتِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝٧٢
📖 Гочдар Аят 72
Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аш йина хилла Iамалш бахьанехь.
لَكُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ كَثِيرَةٌ مِّنْهَا تَأْكُلُونَ ۝٧٣
📖 Гочдар Аят 73
Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аш царах буур а бу.
إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي عَذَابِ جَهَنَّمَ خَالِدُونَ ۝٧٤
📖 Гочдар Аят 74
Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу.
لَا يُفَتَّرُ عَنْهُمْ وَهُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ ۝٧٥
📖 Гочдар Аят 75
И царах айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу.
وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِن كَانُوا هُمُ الظَّالِمِينَ ۝٧٦
📖 Гочдар Аят 76
Оха зулам ца дина царна‚ делахь а уьш хилира шаьш /шайна/ зуламхой.
وَنَادَوْا يَا مَالِكُ لِيَقْضِ عَلَيْنَا رَبُّكَ ۖ قَالَ إِنَّكُم مَّاكِثُونَ ۝٧٧
📖 Гочдар Аят 77
Цара кхойкхура: "ХIай /жоьжахати/ долахь йерг ! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-Кхобучо" Цо элира: "Шу лаьттар ду /лийр доцуш /".
لَقَدْ جِئْنَاكُم بِالْحَقِّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَكُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ ۝٧٨
📖 Гочдар Аят 78
Тхо даьхкинера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а шух дукхахболчарна бакъдерг ца дийзира.
أَمْ أَبْرَمُوا أَمْرًا فَإِنَّا مُبْرِمُونَ ۝٧٩
📖 Гочдар Аят 79
Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара (Маккин керстанаша элчанна дуьхьал)? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш (Оха хIаллакбийр бу уьш).
أَمْ يَحْسَبُونَ أَنَّا لَا نَسْمَعُ سِرَّهُمْ وَنَجْوَاهُم ۚ بَلَىٰ وَرُسُلُنَا لَدَيْهِمْ يَكْتُبُونَ ۝٨٠
📖 Гочдар Аят 80
Я царна моьтту те Тхуна ца хеза церан къайле а‚ шабар-шибар а. Вуно а‚ Тхан элчанаш (маликаш) цаьргахь яздеш лаьтташ ду.
قُلْ إِن كَانَ لِلرَّحْمَٰنِ وَلَدٌ فَأَنَا أَوَّلُ الْعَابِدِينَ ۝٨١
📖 Гочдар Аят 81
Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/:"Сов къинхетаме волчунна (Делан) доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх /оцу доьзалхочунна/ Iибадат дечарах ".
سُبْحَانَ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ ۝٨٢
📖 Гочдар Аят 82
Вонах цIена ву стигалийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаршан Да‚ цара дечу /харц/ сибатех.
فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ ۝٨٣
📖 Гочдар Аят 83
Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/денна дуьхьалкхетталц.
وَهُوَ الَّذِي فِي السَّمَاءِ إِلَٰهٌ وَفِي الْأَرْضِ إِلَٰهٌ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ ۝٨٤
📖 Гочдар Аят 84
Иза ву стигалахь а Дела‚ лаьттахь а Дела ‚ Иза Шегахь хьекъалалла дерг а‚ хууш верг а ву.
وَتَبَارَكَ الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَعِندَهُ عِلْمُ السَّاعَةِ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ ۝٨٥
📖 Гочдар Аят 85
Декъала ву Шен стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цунна тIе дIадерзор ду шу а.
وَلَا يَمْلِكُ الَّذِينَ يَدْعُونَ مِن دُونِهِ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَن شَهِدَ بِالْحَقِّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ ۝٨٦
📖 Гочдар Аят 86
Цара, Иза а витина, шайга кхойкхучеран долахь дац шапаIат‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь бен, /и шаьш деш долу шапа1ат Делан пурбанца дуйла/ шайна хууш.
وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَهُمْ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ ۝٨٧
📖 Гочдар Аят 87
Ахь цаьрга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/!
وَقِيلِهِ يَا رَبِّ إِنَّ هَٰؤُلَاءِ قَوْمٌ لَّا يُؤْمِنُونَ ۝٨٨
📖 Гочдар Аят 88
Цуьнга (Мухьаммад-пайхамара Деле) элира: "Х1ай со Кхиош-Кхобург (веза-воккха Дела)‚ хIара къам ийман дуьллуш ма дац".
فَاصْفَحْ عَنْهُمْ وَقُلْ سَلَامٌ ۚ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ ۝٨٩
📖 Гочдар Аят 89
ДIаверза царах (уьш хьайца санна, вон ма хила цаьрца)‚ āла: "Маршалла (шуьга) !" ТIаьхьа хуур ду царна.
← 42 Аз-Зухруф (43/114) 44 →
Деша Аз-Зухруф сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

43الزخرف Az-Zukhruf 📚 89 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers