PDF —
89 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аз-Зухруф pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аз-Зухруф pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аз-Зухруф Гочдар. Сура Аз-Зухруф (Meccan) 89 Аят.

← Аш-ШураСура Аз-Зухруф Ад-Духан →


89 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮀﮁ
43:1 Хьа-мūм .
ﮂﮃﮄ
43:2 Билгалчу жайних /дуй боу Аса/.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
43:3 Оха хилийтина цунах Iаьрбийн /маттахь/ Къуръан шу /цуьнан хьукманех/ кхетийта.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
43:4 Баккъалла а, иза (Къуръан) жайнин нанна чохь ду Тхуна гергахь‚ лекханиг а ду /массо а кхечу жайнел/‚ шена чохь хьекъалалла долуш а ду.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
43:5 Ткъа Оха шух ца кхоьтуьйтуш буьтур бу хьехам , шу тIаламза къам хили аьлла?
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
43:6 Мел /дукха/ пайхамарш бахийтина Оха хьалхалерачаьргахь !
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
43:7 Цхьа а пайхамар ца веана цаьрга, цара иза сийсазвоккхуш бен.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
43:8 Оха хIаллакбина царах /хьан къомал/ ницкъаца вуно чIогIа берш – дIадахана хьалхалерачеран масал.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
43:9 Ахь /х1ай элча/ цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигалш а‚ латта а аьлла, цара эр ма ду: "Уьш кхоьллина Ша веза волчо‚ Ша хууш волчо (Дала)!"
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
43:10 Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь (лаьттахь) некъаш – шу нийсачу новкъахь хир дацара те.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
43:11 Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доуьйтуш стигалара хи (дог1а) барамехь – Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
43:12 Ишттаниг а ву Иза Ша массо а хIума шиш-шишша кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховша хIуманаш
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
43:13 Шу дIанисдалийта церан баккъаш тIехь‚ тIаккха шуьга хьехадайта шайн Кхиош-Кхобучун ниIмат, шаьш царна тIехь дIанисделча‚ шуьга āлийта: "Вонах цIена ву И, Ша тхуна хIара муьтIахь йина‚ тхан цу тIехь ницкъ кхочур ма бацара.
ﮀﮁﮂﮃﮄ
43:14 Баккъалла а, тхо тхайн Кхиош-Кхобучуьнга дIадоьрзур долуш ма ду (къематдийнахь) ".
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
43:15 Цара ма хилийти Цунна Цуьнан лех цхьа дāкъа . Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
43:16 Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух /Шена/ мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца?
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
43:17 Царах цхьанна кхаъ баьккхича, шаьш Къинхетам болчунна масал далийначуьнца – Iаржлой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /шена зудабер дуьненчу далар ца дезаш/.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
43:18 Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)?
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
43:19 Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара те уьш (маликаш) кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга барт хоттур ма бу.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
43:20 Цара элира: "Къинхетам болчунна лиънехьара‚ оха царна (маликашна) Iибадат дина хир дацара". Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харцлуьйш бен.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
43:21 Я Оха жайна делла те цаьрга цул (Къуръанал) хьалха, т1аккха уьш цуьнца чIагIбелларш а хуьлуш?
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
43:22 ХIаъ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна карийна тхайн дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорах (тачанах) дIанислуш ду".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
43:23 Иштта ца вахийтира Оха хьол хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучара олуш бен: "Баккъалла а, тхуна карийна тхайн дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лорана (тачана) тIаьхьадозуш ду".
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
43:24 Цо (Мухьаммад-пайхамара) элира: "Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул вуно нийсачуьнца‚ /тIаккха а харцво аш со/?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо шу (элчанаш) шеца даийтинчунна керста ду-кх".
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
43:25 Оха чIир ийцира цаьргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначеран тIаьхье!
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
43:26 Хьахаде /х1ай Мухьаммад/: ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къоме а: "Баккъалла а, со цIена ву аш шена Iибадат дечух.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
43:27 Со кхоьллинчунна бен /дийр дац ас Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву".
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
43:28 Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош – уьш юхаберза там бара-кх .
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
43:29 ХIетте а‚ Ас бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валлалц.
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
43:30 Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: "ХIара бозбуунчалла ду‚ баккъалла а, тхо цунна керста ду".
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
43:31 Цара элира: "ХIара Къуръан доссийнехьара шина юьртара сийлахь-везачу стаге" .
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
43:32 Ткъа уьш бу хьан Кхиош-Кхобучун къинхетам боькъуш берш? Оха бийкъина царна юккъехь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царах цхьаберш вовшашна тIехь даржашца лакхабаьхна‚ царах цхьаболчаьрга шайна вукхаьрга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-Кхобучун къинхетам дика бу цара гулдеш долчул.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇ
43:33 Нах /берриге а/ цхьа уммат ца хилахьара, Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчух цатешачарна церан цIеношна дато тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
43:34 Церан цIеношна неIарш а‚ уьш шайна тIетовжуш болу маьнганаш а /дато хуьлуьйтура бара Оха/,
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
43:35 /кхин/ хазаллаш а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а – дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-Кхобучунна гергахь /Делах/ кхоьручарна ду.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
43:36 Сов къинхетаме верг (Аллах1-Дела) хьехьорах гIопал хилларг – Оха тIекхуссу цунна шайтIа, и цунна ца къаьсташ накъост а хуьлуш.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
43:37 Баккъалла а, цара (шайтIанаша) дIатилабо уьш (шайн накъостий – адамаш Делан нийсачу) некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
43:38 Ша тхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр ду: "Дакъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна хьох, шайтIанах/".
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
43:39 Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьаьна /дакъалоцуш/ хир ду .
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
43:40 Ткъа ахь /х1ай элча/ хозуьйту къораволчунна я нийсачу новкъа воккху бIаьрсадоцург а‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг а?
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
43:41 Оха хьо дIакхалхийчи а – баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю .
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
43:42 Я Оха хьуна гойтур ма ду Оха царна ваIда динарг – баккъала а Тхо царна тIехь ницкъ кхочуш ма ду.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
43:43 Ахь /х1ай элча/ схьалаца хьайга ваьхьица делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
43:44 Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу хьуна а‚ хьан къоме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуьга .
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
43:45 Ахь хаттал Оха хьол хьалха элчанех баийтинчаьрга : "Оха хилийтиний те Къинхетаме верг воцург /кхин/ деланаш, шайна /наха/ Iибадат а деш ?"
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
43:46 Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо элира: "Баккъалла а, со Iаламийн Ден элча ву".
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
43:47 Иза (Муса) шайга веъча, Тхан аяташца‚ уьш царах (аятех) боьлу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
43:48 Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул доккхах долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапца – уьш юхабоьрзур бацарам те /шайн тиларх/.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
43:49 Цара (Фир1авна а, цуьнан элаша а) элира: "ХIай бозбуунча! Деха тхуна хьан Кхиош-Кхобучуьнга хьуна гергахь Цуьнан ваIда хилларг – баккъалла а, тхо нислур ма ду (оха ийман дуьллур ма ду, и Iазап дIадаьккхича)".
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
43:50 Оха айа ма-диннехь шайна тIера Iазап – цара барт бохабо.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
43:51 Кхийкхира ФирIавна шен къомехь, элира: "Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна (сан гIалина) бухахула лелаш долуш? Шуна ца го /сан сийлалла/?
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
43:52 Я со дика вац хIокхул ‚ ша заьIап волчу‚ толкха (мотт тийсалуш) волчу?
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
43:53 Йиллинехьара цунна тIе дашо чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьаьна маликаш /цунах/ хоттаделла".
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
43:54 /Дукха/ дайн карийра цунна (Фир1авна) шен къам – уьш цунна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песикъ нах.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
43:55 Цара Тхо оьгIаздаьхча, Оха цаьргара чIир ийцира – хина бухабахийтира уьш берриге а.
ﮯﮰﮱﯓﯔ
43:56 Уьш хилийтира Оха хьалхабаьхна‚ масал хилла тIаьхьабогIучарна.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
43:57 Марйаман кIантах масал далийча, хьан къомо чIогIа гIовгIа йоккху /хазахетта/.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
43:58 Цара элира: "Тхан деланаш дика бу я иза ву?" И (масал) ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду.
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
43:59 Иза-м (Марйаман кIант Iийса) веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цунна‚ Оха хилийтина цунах масал Исраилан кIенташна.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
43:60 Тхуна лууш делхьара, шун метта маликаш хуьлуьйтур дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдинчул тIаьхьа/ дуьсуш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
43:61 Баккъалла а, иза (Iийса- пайхамар) сахьтан (къематдийнан) Iаламат ду‚ аш янне а шеко ма йелаш цуьнгахь. /Ахь āла цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Суна тIаьхьадазалаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ."
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
43:62 Данне а шайтIано д1а ма хьавзадойла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала мостагI ма ду.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
43:63 Iийса веъча билгалонашца, цо элира: "Со веана шуьга хьекъалаллица (хьекъал дахьаш)‚ шуна шеца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
43:64 Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цунна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ".
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
43:65 Хилпало хилира тобанашна шайна юккъехь . Ма /боккха/ бāла бу зулам диначарна лазаме долчу дийнан Iазапах.
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
43:66 Уьш хьовсий те шайга цIеххьана сахьт (къематде) даре бен, и шайна хаа ца луш?
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
43:67 ДоттагIий оцу /къемат/дийнахь вовшийн мостагIий хир бу, /цхьа Делах/ кхоьруш берш боцурш. /Ткъа цаьрга Дала эр ду/:
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
43:68 хIай Сан леш! Кхерам бац шуна тахана‚ шу сингаттаме а хир дац:
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
43:69 Тхан аятех ийман диллина хилла берш‚ /Тхан хьукманна а, Тхан омранна а/ муьт1ахь хилла берш.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
43:70 ЧугIо ялсамани шу а‚ шун зударий а – /цигахь шуна чIогIа/ хазахоьтуьйтур ду.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
43:71 Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашо хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргаш мел Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
43:72 Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аш йина хилла Iамалш бахьанехь.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
43:73 Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аш царах буур а бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
43:74 Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
43:75 И царах айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
43:76 Оха зулам ца дина царна‚ делахь а уьш хилира шаьш /шайна/ зуламхой.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
43:77 Цара кхойкхура: "ХIай /жоьжахати/ долахь йерг ! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-Кхобучо" Цо элира: "Шу лаьттар ду /лийр доцуш /".
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
43:78 Тхо даьхкинера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а шух дукхахболчарна бакъдерг ца дийзира.
ﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
43:79 Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара (Маккин керстанаша элчанна дуьхьал)? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш (Оха хIаллакбийр бу уьш).
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
43:80 Я царна моьтту те Тхуна ца хеза церан къайле а‚ шабар-шибар а. Вуно а‚ Тхан элчанаш (маликаш) цаьргахь яздеш лаьтташ ду.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
43:81 Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/:"Сов къинхетаме волчунна (Делан) доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх /оцу доьзалхочунна/ Iибадат дечарах ".
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
43:82 Вонах цIена ву стигалийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаршан Да‚ цара дечу /харц/ сибатех.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
43:83 Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/денна дуьхьалкхетталц.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
43:84 Иза ву стигалахь а Дела‚ лаьттахь а Дела ‚ Иза Шегахь хьекъалалла дерг а‚ хууш верг а ву.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
43:85 Декъала ву Шен стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цунна тIе дIадерзор ду шу а.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
43:86 Цара, Иза а витина, шайга кхойкхучеран долахь дац шапаIат‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь бен, /и шаьш деш долу шапа1ат Делан пурбанца дуйла/ шайна хууш.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
43:87 Ахь цаьрга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/!
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
43:88 Цуьнга (Мухьаммад-пайхамара Деле) элира: "Х1ай со Кхиош-Кхобург (веза-воккха Дела)‚ хIара къам ийман дуьллуш ма дац".
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
43:89 ДIаверза царах (уьш хьайца санна, вон ма хила цаьрца)‚ āла: "Маршалла (шуьга) !" ТIаьхьа хуур ду царна.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers