PDF —
99 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Хьижр pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Хьижр pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Хьижр Гочдар. Сура Аль-Хьижр (Meccan) 99 Аят.

← ИбрахӀимСура Аль-Хьижр Ан-Нахль →


99 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
15:1 Алиф-лам-ра . Уьш /Делан/ жайнин а, къегинчу Къуръанан а аяташ ду.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
15:2 Ма луур ду цатешначарна шаьш бусалбанаш хилла белхьара аьлла .
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
15:3 Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро ийманах юкъахбаха а. ТIаьхьа хуур ду царна.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
15:4 Цхьа а юрт /хьалха а/ хIаллак ца йина Оха цунна /хIаллакъян/ хьалххе тоьхна билгала хан йолуш бен.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
15:5 Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалхадер ма дац‚ тIаьхьадуьсур а ма дац.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
15:6 Цара элира: "ХIай хьайга дагадаийтар доссош хилларг ! Хьо жинех ма ву!
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
15:7 Маликаш хIунда ца даладо ахь тхуна‚ хьуо бакълуьйчарах хиллехь?"
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
15:8 Маликаш ца диссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /цатешаш берш Iазапах/ тIаьахьатеттинарш хир бац.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
15:9 Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Оха и Iалашбийр а бу .
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
15:10 Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
15:11 Цхьа а элча ца веана цаьрга, цара иза сийсазвеш бен.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
15:12 Иштта дуьллу Оха иза къинош деш болчеран дегнашка.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
15:13 Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
15:14 Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьалабовлуш,
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
15:15 Цара эр ма дара: "Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуунчалла дина нах ду".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
15:16 Стиглахь гIаланаш йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
15:17 Массо а тIулгашца эккхош долчу шайтIанах и 1алаш а йина Оха.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
15:18 Ша къайлах ладугIуш доцучух – цунна а тIаьхьаболу билгал болу седа .
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
15:19 Латта а даржина Оха‚ цунна т1ехь чIогIа лаьмнаш а доьг1на, цунна т1ехь далийтина Оха хIор барам бинчу хIуманах .
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
15:20 Оха цунна т1ехь бахам хилийтина шуна а‚ аш шайна рицкъ ца луш хиллачарна а /аккхарой, олхазарш.../
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
15:21 Цхьа а хIума яц Тхоьгахь шен хазна йолуш бен‚ Оха и охьа ца йоссайо хууш болчу барамца а бен .
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
15:22 Оха дахийтина ялта хьоькъуьйту мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха – и малийна Оха шуна – шу дац и /дIадиллина/ латтош.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
15:23 Баккъалла а, Оха ден а до‚ Оха дала а долуьйту‚ Тхо ду верасаш .
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
15:24 Шух хьалха д1абевлларш а бевзина Тхуна, тIаьхьабуьсуберш а бевзина.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
15:25 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ву-кх уьш гулбийр болуш. Баккъалла а, Иза Шегахь хьекъалалла дерг а ‚ хууш верг а ву /Шен халкъехь дерг/.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
15:26 Оха адам кхоьллира бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
15:27 Жинаш кхоьллира Оха кхин а /Āдамал/ хьалха т1ех йовхачу цIарах.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
15:28 Дагадаийта: хьан Кхиош-Кхобучо маликашка аьллера: "Со воллу адам кхолла бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
15:29 Ас и нисдича‚ Сайгара сих цунна чу са а диллича, шу иэгалаш цунна сужуде".
ﯶﯷﯸﯹﯺ
15:30 Маликаша массара а сужуд дира.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
15:31 Иблис доцчо – и дуьхьалделира сужуд дечаьрца хила.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
15:32 Цо (Дала) элира: "Х1ай Иблис, хьуна хIун ду сужуд дечаьрца ца хила?"
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
15:33 Цо (Иблисо) элира: "Со ца хилла сужуд дан адамна ‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), т1едачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу».
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
15:34 Цо (Дала) элира: "Арадала цу /ялсамани/ чуьра! Хьо тIулгаш детташ эккхо дезарг ду.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
15:35 Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман де кхаччалц".
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
15:36 Цо (Иблисо) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататтахь со уьш денбийр болчу дийне кхаччалц".
ﭺﭻﭼﭽﭾ
15:37 Цо (Дала) элира: "Баккъалла а, хьо (даларх) тIаьхьатеттинчарах ду
ﭿﮀﮁﮂﮃ
15:38 Хууш йолчу хенан де тIекхаччалц".
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
15:39 Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман т1аьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а
ﮏﮐﮑﮒﮓ
15:40 царах Хьан къастийна леш боцурш".
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
15:41 Цо (Дала) элира: "ХIара бу Суна тIебог1у нийса некъ .
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
15:42 Баккъалла а, Сан леш – царна тIехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тIаьхьахIиттинчарна тIехь бен.
ﮦﮧﮨﮩﮪ
15:43 Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
15:44 Цуьнан ворхI неI ю‚ хIор неIарна царах къастийна дāкъа ду / чу баха/.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
15:45 Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу".
ﯛﯜﯝﯞ
15:46 "ЧугIо цу (ялсамани) чу саламца ‚ кхерам боцуш!"
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
15:47 Церан дегнашкахь йолу къизалла дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ меттанашна тIехь вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
15:48 Царах хьакхалур яц цу чохь хало‚ уьш цу чуьра арабохур бац.
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
15:49 Д1ахаийта Сан лешка: "Баккъалла а, Со т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
15:50 Сан Iазап – иза лазош долу Iазап ду".
ﰁﰂﰃﰄﰅ
15:51 Дийца царна ИбрахIиман хьешах /лаьцна/:
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
15:52 И волчу баьхкира уьш ‚ элира: "Маршалла" . Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду".
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
15:53 Цара элира: "Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху кхетаме хир волчу кIантаца ".
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
15:54 Цо элира: "Аш суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аш?"
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
15:55 Цара элира: "Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьоьга‚ догдиллинчарах ма хилалахь".
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
15:56 Цо элира: "Муьлш бу ткъа шайн Кхиош-Кхобучун къинхетамах дог дуьллу берш, шаьш тилабелларш бен? "
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
15:57 Элира /ИбрахIима маликашка/: "ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш ? (Х1ун г1уллакх дахьаш дахкийтина шу Дала?"
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
15:58 Цара элира: "Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе /царна 1азап дан/,
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
15:59 ЛутIин доьзал боцург – уьш берриге а Оха к1елхьарбохур болуш бу,
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
15:60 цуьнан цхьа зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухабуьсучарах (х1аллакбен болчарах хир) ю".
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
15:61 И бахкийтинарш ЛутIин нахана тIе баьхкича,
ﮞﮟﮠﮡﮢ
15:62 цо (ЛутIас) элира: "Баккъалла а, шу (суна) ца девза нах ду-кх".
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
15:63 Цара элира: "Амма, тхо хьо волчу даьхкина уьш шайн шеко хиллачуьнца.
ﮫﮬﮭﮮﮯ
15:64 Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
15:65 ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанах цхьа дакъа даьлча‚ хьо а гIуо царна тIаьххье. Цхьа а юха ма хьожийла шух /зуламхошна ден долу 1азап шайна ца гархьама и гинчунна а шена и ца хилийтархьама/‚ шайга омра динчу дIагIуо".
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
15:66 И гIуллакх (Тхан кхиэл) цунна (Лут1ина) д1ахаийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйренга бовларца (уьш берриге а х1аллакбийр болуш бу 1уьйранна).
ﯪﯫﯬﯭﯮ
15:67 ГIалара нах баьхкира баккхийбеш.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
15:68 Цо (ЛутIас) элира: "ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаза ма велаш.
ﯶﯷﯸﯹﯺ
15:69 Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш".
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
15:70 Цара элира:"Оха бехкам бина бацара хьуна массо а нахах /хийра нах т1е ма лаца, аьлла ?" .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
15:71 Цо элира: "Х1орш сан йо1арий бу шуна‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Iахь /уьш балабейш шайна, сан хьеший а битий/".
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
15:72 Хьан дахарора /хIай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бехна хиларехь дIай-схьай уьйдуш ма бу .
ﭞﭟﭠﭡ
15:73 Малх кхеташ, цIогIано схьалецира уьш (ч1ог1ачу г1овг1ано х1аллакбира уьш).
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
15:74 Цуьнан лакхенах лахе йира Оха‚ царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш /дог1а санна/ делхийтира Оха.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
15:75 Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш, хьоьжучарна.
ﭱﭲﭳﭴ
15:76 Баккъалла а, и ма ю /нийсса Маккара Шама боьдучу/ новкъахь.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
15:77 Баккъалла а, цу чохь (Лут1ин къам х1аллакдарехь) делил ма ду муъма нахана.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
15:78 Айкатан бахархой ма хилира зуламхой.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
15:79 Царна бекхам бира Оха‚ баккъалла а, и шиъ билгалчу меттигехь ма ю.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
15:80 Хьижран бахархоша а харц ма бира элчанаш.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
15:81 Оха Тхайн аяташ далийра царна‚ ткъа уьш царах дIабоьрзуш хуьлура.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
15:82 Уьш хилла, лаьмнаш огуш, цIенош деш, шаьш кхерамазаллехь а болуш /царна чохь баха/.
ﮚﮛﮜﮝ
15:83 Ц1ог1ано схьалецира уьш, Iуьйренга бовлуш.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
15:84 Шайна карадеш хиллачо уьш к1елхьара ца бехира /Делан 1азапах/.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
15:85 Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ царна юккъехь мел дерг а бакъдолчуьнца бен. Сахьт /шеко йоццуш/ догIур долуш ду. Хьо хазачу кепара къинт1еравалалахь /царна/ .
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
15:86 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ву хууш волу /дерриге а/ кхоллархо.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
15:87 Оха делира хьоьга кест-кеста далочарах ворхI /аят/ а‚ сийлахь-деза долу Къуръан а.
ﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
15:88 Хьайн бIаьргаш ма хьежабе Оха царах (керста нахах) тайп-тайпана болчарна деллачу ни1маташка‚ царна тIехь са а ма гатта де‚ хьайн /къинхетаман/ тIам т1етовжабе муъма нахана .
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
15:89 Ахь āла: "Баккъалла а, со билггал волу кхерамча ву".
ﯻﯼﯽﯾﯿ
15:90 Оха /хоьга/ доссийна /Къуръан, хIай Мухьаммад, жайнаш диссорах/ терра /дин/ доькъучаьрга .
ﭑﭒﭓﭔﭕ
15:91 Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (Къуръанах) дāкъош дина болу .
ﭖﭗﭘﭙ
15:92 Хьан кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттаза дуьтур ма дац цаьрга массаьрга а
ﭚﭛﭜﭝ
15:93 цара шаьш деш хиллачух.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
15:94 ДIакхайкхаде /хозуьйтуш/ хьайга омра динарг‚ /Делаца/ накъост лоцучарах дIаверза.
ﭥﭦﭧﭨ
15:95 Баккъалла а, Оха к1елхьарваьккхира хьо /хьох/ кхаьрдачарах ‚
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
15:96 Шаьш Делаца кхин дела а хуьлуьйтуш болчу. Кеста хуур ду царна /шаьш деш хиллачун жам1/.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
15:97 Тхо хууш ду хьан дог 1аьвдаш хилар цара /мушрикаша хьан динах лаьцна/ дуьйцучух.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
15:98 Тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастамбарца‚ сужуд дечарах хила.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
15:99 Хьайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг кхаччалц .

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers