Аз-Зарият сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Аз-Зарият сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (60 Аят — مكية). Аз-Зарият ЛадоргӀа, Аз-Зарият Гочдар, Аз-Зарият mp3, Аз-Зарият pdf.Аз-Зарият сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
وَالسَّمَاءِ ذَاتِ الْحُبُكِ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Стигалах /дуй боу Ас/, шена /седарчий дIасалела/ некъаш долчу .
يَسْأَلُونَ أَيَّانَ يَوْمُ الدِّينِ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Цара хоьтту /х1ай Мухьаммад/: "Маца хир ду бекхаман де?"
يَوْمَ هُمْ عَلَى النَّارِ يُفْتَنُونَ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Оцу дийнахь уьш цIарна тIехь питане лоьцур ма бу. /Жоьжахатехь зуьйр ма бу/.
ذُوقُوا فِتْنَتَكُمْ هَٰذَا الَّذِي كُنتُم بِهِ تَسْتَعْجِلُونَ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
"Iовша шайн питана – /олуш/. – ХIара ду и ша аш сихдеш хилларг". (Жоьжахатин Iазап).
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу
آخِذِينَ مَا آتَاهُمْ رَبُّهُمْ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَبْلَ ذَٰلِكَ مُحْسِنِينَ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
Схьаоьцуш шаьш Кхиош-Кхобучо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш.
كَانُوا قَلِيلًا مِّنَ اللَّيْلِ مَا يَهْجَعُونَ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Уьш хилира кIеззиг бен доцуш буса шаьш наб яр.
وَفِي أَمْوَالِهِمْ حَقٌّ لِّلسَّائِلِ وَالْمَحْرُومِ ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Шайн даьхнина (хьола) чохь хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицкъах/ хадийна волчунна а.
وَفِي الْأَرْضِ آيَاتٌ لِّلْمُوقِنِينَ ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Лаьттахь а делилаш ма ду /ч1ог1а Делах/ тешачарна.
وَفِي السَّمَاءِ رِزْقُكُمْ وَمَا تُوعَدُونَ ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
Стигалахь ду шун рицкъ а (догIа‚ шеца дерриг хIума кхуьу), шуна хир ду аьлларг а. (Аш йиначу Iамалашна дуьхьал бекхам).
فَوَرَبِّ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ إِنَّهُ لَحَقٌّ مِّثْلَ مَا أَنَّكُمْ تَنطِقُونَ ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
Стигал а‚ латта а Кхиош-Кхобучух /дуй боу Ас/: иза бакъ ма ду, шу хабар дуьйцуш хилар санна.
هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ الْمُكْرَمِينَ ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахIиман сийлахьчу хьешех лаьцна?
إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا ۖ قَالَ سَلَامٌ قَوْمٌ مُّنكَرُونَ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Ойла йе! Уьш чоьхьа бевлира и волчу‚ цара элира: "Салам!" Цо элира: "Салам", /шега элира цо/: "Ца бевза нах /бу-кх/".
فَرَاغَ إِلَىٰ أَهْلِهِ فَجَاءَ بِعِجْلٍ سَمِينٍ ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Иза (ИбрахIим) къайлаха вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна де/.
فَقَرَّبَهُ إِلَيْهِمْ قَالَ أَلَا تَأْكُلُونَ ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
Цо иза (эса дийна‚ цуьнан кхерзина я кхехкийна жижиг) царна гергаозийра‚ элира: "Аш ца доу?"
فَأَوْجَسَ مِنْهُمْ خِيفَةً ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ وَبَشَّرُوهُ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
Иза царах кхеравелира . Цара элира: "Ма кхера!" Цара цунна кхаъ баьккхира кхетаме хир волчу кIантаца /хьан зудчо Сарата вийр ву кхетаме, Дела дика вевзаш хир волу к1ант Исхьакъ аьлла/.
فَأَقْبَلَتِ امْرَأَتُهُ فِي صَرَّةٍ فَصَكَّتْ وَجْهَهَا وَقَالَتْ عَجُوزٌ عَقِيمٌ ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
Дуьхьалъеара цуьнан зуда , чIогIа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тIара деттара‚ ōлура: "Бер ца хуьлу къена зуда яй ша-м!"
قَالُوا كَذَٰلِكِ قَالَ رَبُّكِ ۖ إِنَّهُ هُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
Цара элира: "Иштта аьлла хьо Кхиош-Кхобучо. Баккъалла а, Иза Шегахь хьекъалалла долуш верг а ву‚ хууш верг а ву".
۞ قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Цо (ИбрахIима) элира: "Шун хIун гIуллакх ду‚ хIай дахкийтинарш?"
قَالُوا إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمٍ مُّجْرِمِينَ ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
Цара элира: "Тхо дахкийтина /Лут1ан къоман/ къинош дечу нахана тIе.
مُّسَوَّمَةً عِندَ رَبِّكَ لِلْمُسْرِفِينَ ٣٤
📖 Гочдар
Аят 34
хьо Кхиош-Кхобуш волчунна (Далла) гергахь тIаламза болчарна билгалдина хилла долу".
فَأَخْرَجْنَا مَن كَانَ فِيهَا مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
Оха арабехира цу чохь хилла болу муъма нах.
فَمَا وَجَدْنَا فِيهَا غَيْرَ بَيْتٍ مِّنَ الْمُسْلِمِينَ ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтIахь болчарах цхьа цIа бен.
وَتَرَكْنَا فِيهَا آيَةً لِّلَّذِينَ يَخَافُونَ الْعَذَابَ الْأَلِيمَ ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Оха дитира цу чохь делил лазош долчу Iазапах кхоьруш болчарна.
وَفِي مُوسَىٰ إِذْ أَرْسَلْنَاهُ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
Мусагахь а /делил дитира Оха/, Оха вахийтича иза ФирIавнна тIе билгалчу бакъонца.
فَتَوَلَّىٰ بِرُكْنِهِ وَقَالَ سَاحِرٌ أَوْ مَجْنُونٌ ٣٩
📖 Гочдар
Аят 39
Иза (ФирIавн) юхахьаравелира шен бIанца /Мусан дин тIе ца лоцуш/‚ элира: "Бозбуунча ву‚ я жинех ву".
فَأَخَذْنَاهُ وَجُنُودَهُ فَنَبَذْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ وَهُوَ مُلِيمٌ ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хIорда чу‚ иза (ФирIавн) шен бехк баккха хьакъ долуш ву /ша элчане ийман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/.
وَفِي عَادٍ إِذْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الرِّيحَ الْعَقِيمَ ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
Iадашкахь а /делил ду шуна/. Оха бахийтира царна шайн тIаьхье хадош болу мох. (Шеца догIа доцу, беркат доцу мох).
مَا تَذَرُ مِن شَيْءٍ أَتَتْ عَلَيْهِ إِلَّا جَعَلَتْهُ كَالرَّمِيمِ ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Ца юьтуш ша тIе кхаьчна йолу хIума яхкаелла хIума йой бен.
وَفِي ثَمُودَ إِذْ قِيلَ لَهُمْ تَمَتَّعُوا حَتَّىٰ حِينٍ ٤٣
📖 Гочдар
Аят 43
Самудашкахь а /ду делилаш/. Цаьрга элира: "/Дуьненца зовкх хьоьгуш/ дāха /шаьш х1аллакдаран/ хан тIекхаччалц".
فَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ وَهُمْ يَنظُرُونَ ٤٤
📖 Гочдар
Аят 44
Шаьш Кхиош-Кхобучун гIуллакхах дIабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохо, шаьш хьоьжуш лаьтташ.
فَمَا اسْتَطَاعُوا مِن قِيَامٍ وَمَا كَانُوا مُنتَصِرِينَ ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
Царна ца мегира гIовтта а‚ шайна гIо деш а ца хилира уьш.
وَقَوْمَ نُوحٍ مِّن قَبْلُ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ ٤٦
📖 Гочдар
Аят 46
Нухьан къомах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песикъ къам.
وَالسَّمَاءَ بَنَيْنَاهَا بِأَيْدٍ وَإِنَّا لَمُوسِعُونَ ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
Стигал Оха юьйгIира нуьцкъаллица. Баккъалла а, Тхо ницкъ кхочуш ду.
وَالْأَرْضَ فَرَشْنَاهَا فَنِعْمَ الْمَاهِدُونَ ٤٨
📖 Гочдар
Аят 48
Латта даржийра Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду.
وَمِن كُلِّ شَيْءٍ خَلَقْنَا زَوْجَيْنِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
Массо а хIуманах Оха кхоьллира шишша‚ аш ойла йийр яцара те.
فَفِرُّوا إِلَى اللَّهِ ۖ إِنِّي لَكُم مِّنْهُ نَذِيرٌ مُّبِينٌ ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
/Элира Нухьас/: "Д1адовда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву.
وَلَا تَجْعَلُوا مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۖ إِنِّي لَكُم مِّنْهُ نَذِيرٌ مُّبِينٌ ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
Ма хилийта Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву".
كَذَٰلِكَ مَا أَتَى الَّذِينَ مِن قَبْلِهِم مِّن رَّسُولٍ إِلَّا قَالُوا سَاحِرٌ أَوْ مَجْنُونٌ ٥٢
📖 Гочдар
Аят 52
Иштта ца веана царал хьалха хиллачаьрга а цхьā а элча‚ цара олуш бен: "Бозбуунча ву, я жинех ву".
أَتَوَاصَوْا بِهِ ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ ٥٣
📖 Гочдар
Аят 53
Цара вовшашна цуьнца весет дора те? ХIетте а! Уьш дозанех даьлла къам ду-кх.
فَتَوَلَّ عَنْهُمْ فَمَا أَنتَ بِمَلُومٍ ٥٤
📖 Гочдар
Аят 54
Юхавала царах (бита уьш, х1ай элча)‚ хьуна бехк буьллур бац.
وَذَكِّرْ فَإِنَّ الذِّكْرَىٰ تَنفَعُ الْمُؤْمِنِينَ ٥٥
📖 Гочдар
Аят 55
Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъма нахана.
وَمَا خَلَقْتُ الْجِنَّ وَالْإِنسَ إِلَّا لِيَعْبُدُونِ ٥٦
📖 Гочдар
Аят 56
Ас ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадат дан бен.
مَا أُرِيدُ مِنْهُم مِّن رِّزْقٍ وَمَا أُرِيدُ أَن يُطْعِمُونِ ٥٧
📖 Гочдар
Аят 57
Суна ца деза цаьргара цхьа а рицкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар.
إِنَّ اللَّهَ هُوَ الرَّزَّاقُ ذُو الْقُوَّةِ الْمَتِينُ ٥٨
📖 Гочдар
Аят 58
Баккъалла а, Дела ву тIеттIа рицкъ луш верг а‚ ницкъ берг‚ чIогIа верг а.
فَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذَنُوبًا مِّثْلَ ذَنُوبِ أَصْحَابِهِمْ فَلَا يَسْتَعْجِلُونِ ٥٩
📖 Гочдар
Аят 59
Баккъалла а, зулам диначарна /Iазапах/ дāкъа ду, шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн декъах терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссо/.
فَوَيْلٌ لِّلَّذِينَ كَفَرُوا مِن يَوْمِهِمُ الَّذِي يُوعَدُونَ ٦٠
📖 Гочдар
Аят 60
Бāла бу цатешначарна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера .
Деша Аз-Зарият сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

