PDF —
60 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аз-Зарият pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аз-Зарият pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аз-Зарият Гочдар. Сура Аз-Зарият (Meccan) 60 Аят.

← КъафСура Аз-Зарият Ат-Тур →


60 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﯤﯥﯦ
51:1 Даржош долчех /дуй боу Ас/ даржорах тера.
ﯧﯨﯩ
51:2 Мохь д1асалелош долчарах /дуй боу Ас/.
ﯪﯫﯬ
51:3 Лелаш долчарах атта /дуй боу Ас/.
ﯭﯮﯯ
51:4 ГIуллакх доькъуш долчарах а /дуй боу Ас/ :
ﯰﯱﯲﯳ
51:5 шуна йеш йолу ваIда бакъъерг ма ю.
ﯴﯵﯶﯷ
51:6 Бекхам д1ахIуттур болуш ма бу.
ﭑﭒﭓﭔ
51:7 Стигалах /дуй боу Ас/, шена /седарчий дIасалела/ некъаш долчу .
ﭕﭖﭗﭘﭙ
51:8 Баккъалла а, шу тайп-тайпанчу дашехь ма ду.
ﭚﭛﭜﭝﭞ
51:9 Iехо цунах ша Iехвелларг /шайтIано Iехийнарг/.
ﭟﭠﭡ
51:10 Х1аллакхила т1ех харцлуьйш берш!
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
51:11 Шаьш жехIаллина чохь гIопал берш.
ﭨﭩﭪﭫﭬ
51:12 Цара хоьтту /х1ай Мухьаммад/: "Маца хир ду бекхаман де?"
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
51:13 Оцу дийнахь уьш цIарна тIехь питане лоьцур ма бу. /Жоьжахатехь зуьйр ма бу/.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
51:14 "Iовша шайн питана – /олуш/. – ХIара ду и ша аш сихдеш хилларг". (Жоьжахатин Iазап).
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
51:15 Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
51:16 Схьаоьцуш шаьш Кхиош-Кхобучо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
51:17 Уьш хилира кIеззиг бен доцуш буса шаьш наб яр.
ﮓﮔﮕﮖ
51:18 ТIаьххьа буса шайна /Деле/ гечдар доьхуш.
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
51:19 Шайн даьхнина (хьола) чохь хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицкъах/ хадийна волчунна а.
ﮝﮞﮟﮠﮡ
51:20 Лаьттахь а делилаш ма ду /ч1ог1а Делах/ тешачарна.
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
51:21 Шу шаьшкахь а /делилш ду/‚ шуна ца го?
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
51:22 Стигалахь ду шун рицкъ а (догIа‚ шеца дерриг хIума кхуьу), шуна хир ду аьлларг а. (Аш йиначу Iамалашна дуьхьал бекхам).
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
51:23 Стигал а‚ латта а Кхиош-Кхобучух /дуй боу Ас/: иза бакъ ма ду, шу хабар дуьйцуш хилар санна.
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
51:24 Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахIиман сийлахьчу хьешех лаьцна?
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
51:25 Ойла йе! Уьш чоьхьа бевлира и волчу‚ цара элира: "Салам!" Цо элира: "Салам", /шега элира цо/: "Ца бевза нах /бу-кх/".
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
51:26 Иза (ИбрахIим) къайлаха вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна де/.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
51:27 Цо иза (эса дийна‚ цуьнан кхерзина я кхехкийна жижиг) царна гергаозийра‚ элира: "Аш ца доу?"
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
51:28 Иза царах кхеравелира . Цара элира: "Ма кхера!" Цара цунна кхаъ баьккхира кхетаме хир волчу кIантаца /хьан зудчо Сарата вийр ву кхетаме, Дела дика вевзаш хир волу к1ант Исхьакъ аьлла/.
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
51:29 Дуьхьалъеара цуьнан зуда , чIогIа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тIара деттара‚ ōлура: "Бер ца хуьлу къена зуда яй ша-м!"
ﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
51:30 Цара элира: "Иштта аьлла хьо Кхиош-Кхобучо. Баккъалла а, Иза Шегахь хьекъалалла долуш верг а ву‚ хууш верг а ву".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
51:31 Цо (ИбрахIима) элира: "Шун хIун гIуллакх ду‚ хIай дахкийтинарш?"
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
51:32 Цара элира: "Тхо дахкийтина /Лут1ан къоман/ къинош дечу нахана тIе.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
51:33 Царна даийта поппаран тIулгаш,
ﭥﭦﭧﭨﭩ
51:34 хьо Кхиош-Кхобуш волчунна (Далла) гергахь тIаламза болчарна билгалдина хилла долу".
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
51:35 Оха арабехира цу чохь хилла болу муъма нах.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
51:36 Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтIахь болчарах цхьа цIа бен.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
51:37 Оха дитира цу чохь делил лазош долчу Iазапах кхоьруш болчарна.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
51:38 Мусагахь а /делил дитира Оха/, Оха вахийтича иза ФирIавнна тIе билгалчу бакъонца.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
51:39 Иза (ФирIавн) юхахьаравелира шен бIанца /Мусан дин тIе ца лоцуш/‚ элира: "Бозбуунча ву‚ я жинех ву".
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
51:40 Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хIорда чу‚ иза (ФирIавн) шен бехк баккха хьакъ долуш ву /ша элчане ийман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
51:41 Iадашкахь а /делил ду шуна/. Оха бахийтира царна шайн тIаьхье хадош болу мох. (Шеца догIа доцу, беркат доцу мох).
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
51:42 Ца юьтуш ша тIе кхаьчна йолу хIума яхкаелла хIума йой бен.
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
51:43 Самудашкахь а /ду делилаш/. Цаьрга элира: "/Дуьненца зовкх хьоьгуш/ дāха /шаьш х1аллакдаран/ хан тIекхаччалц".
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
51:44 Шаьш Кхиош-Кхобучун гIуллакхах дIабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохо, шаьш хьоьжуш лаьтташ.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
51:45 Царна ца мегира гIовтта а‚ шайна гIо деш а ца хилира уьш.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
51:46 Нухьан къомах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песикъ къам.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
51:47 Стигал Оха юьйгIира нуьцкъаллица. Баккъалла а, Тхо ницкъ кхочуш ду.
ﯶﯷﯸﯹﯺ
51:48 Латта даржийра Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
51:49 Массо а хIуманах Оха кхоьллира шишша‚ аш ойла йийр яцара те.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
51:50 /Элира Нухьас/: "Д1адовда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву.
ﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙ
51:51 Ма хилийта Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
51:52 Иштта ца веана царал хьалха хиллачаьрга а цхьā а элча‚ цара олуш бен: "Бозбуунча ву, я жинех ву".
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
51:53 Цара вовшашна цуьнца весет дора те? ХIетте а! Уьш дозанех даьлла къам ду-кх.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
51:54 Юхавала царах (бита уьш, х1ай элча)‚ хьуна бехк буьллур бац.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
51:55 Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъма нахана.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
51:56 Ас ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадат дан бен.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
51:57 Суна ца деза цаьргара цхьа а рицкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар.
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
51:58 Баккъалла а, Дела ву тIеттIа рицкъ луш верг а‚ ницкъ берг‚ чIогIа верг а.
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
51:59 Баккъалла а, зулам диначарна /Iазапах/ дāкъа ду, шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн декъах терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссо/.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
51:60 Бāла бу цатешначарна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера .

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers