Ат-Тур сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Ат-Тур сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (49 Аят — مكية). Ат-Тур ЛадоргӀа, Ат-Тур Гочдар, Ат-Тур mp3, Ат-Тур pdf.

Ат-Тур сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
وَالطُّورِ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Ламанах /дуй боу Ас/.
وَكِتَابٍ مَّسْطُورٍ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
МогIанашца яздинчу жайних а /дуй боу Ас/,
فِي رَقٍّ مَّنشُورٍ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
ша даржийначу анний тIехь /яздина/ хилла долчу.
وَالْبَيْتِ الْمَعْمُورِ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Шена зиярат дечу цIийнах а /дуй боу Ас/.
وَالسَّقْفِ الْمَرْفُوعِ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Айбина хилла болчу тхевнах (стигалах) а /дуй боу Ас/,
وَالْبَحْرِ الْمَسْجُورِ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
/къематдийнахь цIарах/ буьззина хир болчу хIордах а:
إِنَّ عَذَابَ رَبِّكَ لَوَاقِعٌ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобучун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду).
مَّا لَهُ مِن دَافِعٍ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Ма дац цунна ша духатухург.
يَوْمَ تَمُورُ السَّمَاءُ مَوْرًا ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
/Оцу къемат/дийнахь стигал дIатохалур ю тохаяларца,
وَتَسِيرُ الْجِبَالُ سَيْرًا ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
лаьмнаш а дIадолалур ду дIадоладаларца.
فَوَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харцдечарна,
الَّذِينَ هُمْ فِي خَوْضٍ يَلْعَبُونَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
шайна даьсса хабаршца самукъадохуш болчу.
يَوْمَ يُدَعُّونَ إِلَىٰ نَارِ جَهَنَّمَ دَعًّا ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Оцу дийнахь уьш кхуьссур бу жоьжахатин цIерга нуьцкъала кхоссарца.
هَٰذِهِ النَّارُ الَّتِي كُنتُم بِهَا تُكَذِّبُونَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
/Эр ду цаьрга/: "ХIара ю и цIе‚ шу ша харцъеш хилла йолу.
أَفَسِحْرٌ هَٰذَا أَمْ أَنتُمْ لَا تُبْصِرُونَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Бозбуунчалла ду хIара я шу ца гуш ду?
اصْلَوْهَا فَاصْبِرُوا أَوْ لَا تَصْبِرُوا سَوَاءٌ عَلَيْكُمْ ۖ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Дāга цу чохь‚ собар де я ма де – цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу аш йеш хиллачу Iамалшца".
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَنَعِيمٍ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – /ялсаманин/ бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а хир бу,
فَاكِهِينَ بِمَا آتَاهُمْ رَبُّهُمْ وَوَقَاهُمْ رَبُّهُمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-Кхобучо шайна деллачуьнца. Шаьш Кхиош-Кхобучо жоьжахатин Iазапах ларбина уьш.
كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ г1оза мала шайна шаьш йеш хилла Iамалш бахьанехь".
مُتَّكِئِينَ عَلَىٰ سُرُرٍ مَّصْفُوفَةٍ ۖ وَزَوَّجْنَاهُم بِحُورٍ عِينٍ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганашна тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха бāлор бу царна хьурал Iинаш .
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَاتَّبَعَتْهُمْ ذُرِّيَّتُهُم بِإِيمَانٍ أَلْحَقْنَا بِهِمْ ذُرِّيَّتَهُمْ وَمَا أَلَتْنَاهُم مِّنْ عَمَلِهِم مِّن شَيْءٍ ۚ كُلُّ امْرِئٍ بِمَا كَسَبَ رَهِينٌ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Шаьш ийман диллина хилла берш‚ шайн зуьррет а ийманца шайна тIаьхьахIиттийна хилларш – царна тIекхиор ду Оха церан зуьррет а. Церан Iамалех хIумма а эшор а яц Оха. Массо а стаг а ша /дуьненахь/ карадинчуьнца закъалт ву .
وَأَمْدَدْنَاهُم بِفَاكِهَةٍ وَلَحْمٍ مِّمَّا يَشْتَهُونَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Оха /хан мел ели/ латтор бу царна стоьмаш а‚ жижиг а царна дезаш хиллачух.
يَتَنَازَعُونَ فِيهَا كَأْسًا لَّا لَغْوٌ فِيهَا وَلَا تَأْثِيمٌ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Цара вовшашка кхийдор бу чагIаран кад‚ шеца /и молуш/ даьсса къамелаш доцуш‚ къа а доцуш болу.
۞ وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ غِلْمَانٌ لَّهُمْ كَأَنَّهُمْ لُؤْلُؤٌ مَّكْنُونٌ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу кIентий-ялхой‚ шаьш Iалашдеш долу луълуъ санна болу.
وَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ يَتَسَاءَلُونَ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Царах цхьаберш вукхарна тIебоьрзур бу, хоьттуш.
قَالُوا إِنَّا كُنَّا قَبْلُ فِي أَهْلِنَا مُشْفِقِينَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Цара эр ду: "Баккъалла а, тхо ма дара хьалха тхан доьзалх кхоьруш (уьш хIаллакхиларна).
فَمَنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا وَوَقَانَا عَذَابَ السَّمُومِ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Дала къинхетам бина тхох. Цо кIелхьардаьхна тхо самýман Iазапах.
إِنَّا كُنَّا مِن قَبْلُ نَدْعُوهُ ۖ إِنَّهُ هُوَ الْبَرُّ الرَّحِيمُ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Баккъалла а, тхо дара хьалха /дуьненахь/ Цуьнга доIанаш деш. Баккъалла а, Иза ву диканиг а‚ кхинхетаме верг а".
فَذَكِّرْ فَمَا أَنتَ بِنِعْمَتِ رَبِّكَ بِكَاهِنٍ وَلَا مَجْنُونٍ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
/Керстанашна/ кхерам тасарна тIехь дāим латта! Хьан Делан ниIматаца хьо вац бозбуунча а‚ жинийх верг а.
أَمْ يَقُولُونَ شَاعِرٌ نَّتَرَبَّصُ بِهِ رَيْبَ الْمَنُونِ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Я цара олу: "Илланча ву. Хьовсур вай – замано дIалуьстур ву иза".
قُلْ تَرَبَّصُوا فَإِنِّي مَعَكُم مِّنَ الْمُتَرَبِّصِينَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Хьовса шу. Со а шуьца цхьаьна хьовсачарах ву".
أَمْ تَأْمُرُهُمْ أَحْلَامُهُم بِهَٰذَا ۚ أَمْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Я церан набаран гIенаша хьоьхуш ду те и царна‚ я иза дозанах даьлла къам ду те?
أَمْ يَقُولُونَ تَقَوَّلَهُ ۚ بَل لَّا يُؤْمِنُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Я цара олу: "Цо кхоьллина иза ?" ХIаъ‚ уьш ца теша-кх!
فَلْيَأْتُوا بِحَدِيثٍ مِّثْلِهِ إِن كَانُوا صَادِقِينَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Цунах тера дийцар дахьийла цара, шаьш бакълуьйш белахь.
أَمْ خُلِقُوا مِنْ غَيْرِ شَيْءٍ أَمْ هُمُ الْخَالِقُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Я уьш хIумма йоцчу хIуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш?
أَمْ خَلَقُوا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ ۚ بَل لَّا يُوقِنُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Я цара кхоьллина стигалаш а‚ латта а? ХIетте, ма онда тешаш бац уьш.
أَمْ عِندَهُمْ خَزَائِنُ رَبِّكَ أَمْ هُمُ الْمُصَيْطِرُونَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш?
أَمْ لَهُمْ سُلَّمٌ يَسْتَمِعُونَ فِيهِ ۖ فَلْيَأْتِ مُسْتَمِعُهُم بِسُلْطَانٍ مُّبِينٍ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Iарша тIе бовлуш/, ладугIуш цу чохь /дуьйцучуьнга/? Схьадаладойла церан ладугIучо билгала делил!
أَمْ لَهُ الْبَنَاتُ وَلَكُمُ الْبَنُونَ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Я Цуьнан мехкарий бу ‚ шуна кIентий бу?
أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُم مِّن مَّغْرَمٍ مُّثْقَلُونَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?
أَمْ عِندَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Я цаьргахь къайле ю‚ цара дIаяздеш?
أَمْ يُرِيدُونَ كَيْدًا ۖ فَالَّذِينَ كَفَرُوا هُمُ الْمَكِيدُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Я мекарло езаш бу уьш? Ца тешаш хилларш – царна йина мекарло!
أَمْ لَهُمْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Я церан АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) воцург кхин дела ву? ЦIена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх!
وَإِن يَرَوْا كِسْفًا مِّنَ السَّمَاءِ سَاقِطًا يَقُولُوا سَحَابٌ مَّرْكُومٌ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Царна стигалара охьайогIуш кийсакаш гича а‚ цара эр ма дара: "ТIеттIа йолу марха ю".
فَذَرْهُمْ حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي فِيهِ يُصْعَقُونَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Бита уьш‚ шегахь ткъес йолчу шайн денна дуьхьалкхетталц.
يَوْمَ لَا يُغْنِي عَنْهُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Оцу дийнахь церан мекарлоно цхьанна а хIуманах кIелхьарбохур бац уьш‚ царна гIо хир дац!
وَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا عَذَابًا دُونَ ذَٰلِكَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Баккъалла а, зулам диначарна цул совнаха Iазап хир ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
وَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ فَإِنَّكَ بِأَعْيُنِنَا ۖ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ حِينَ تَقُومُ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Хьайн Делан хьукманна собаре хила /х1ай элча/. Хьо Тхан бIаьргашна хьалха ву (Оха ларвеш ву хьо). Ахь, хьан Далла хастам беш, тасбихь де, хьуо хьалагIоттуш.
وَمِنَ اللَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَإِدْبَارَ النُّجُومِ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Буса а тасбихь де Цунна‚ седарчий дIатуьлуш а /де тасбихь/.
← 51 Ат-Тур (52/114) 53 →
Деша Ат-Тур сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

52الطور At-Tur 📚 49 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers