Аль-Анъам · 143/165
Гочдар Дешар — Аль-Анъам
ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۖ مِّنَ الضَّأْنِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْمَعْزِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنثَيَيْنِ ۖ نَبِّئُونِي بِعِلْمٍ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝١٤٣
Samaaniyata azwaaj minad daanis naini wa minal ma`zis nain; qul `aazzaka raini harrama amil unsaiyayni ammash tamalat `alaihi arhaamul unsayaini nabbi `oonee bi`ilmin in kuntum saadiqeen
📖 Нохчийн маьӀна
/Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех а шишша. Āлал (хаттал цаьрга): "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь".
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 141-145 — Аль-Анъам

141۞ وَهُوَ الَّذِي أَنشَأَ جَنَّاتٍ مَّعْرُوشَاتٍ وَغَيْرَ مَعْرُوشَاتٍ وَالنَّخْلَ وَالزَّرْعَ مُخْتَلِفًا أُكُلُهُ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُتَشَابِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ ۚ كُلُوا مِن ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَآتُوا حَقَّهُ يَوْمَ حَصَادِهِ ۖ وَلَا تُسْرِفُوا ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ
И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозуш йолу а ‚ кхозуш йоцу а‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар а – тера йолу а‚ тера йоцу а. Баа церан стоьмаш, уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. Кхоам ца беш ма дайа /шайгахь дерг/. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан кхоам ца беш берш.
142وَمِنَ الْأَنْعَامِ حَمُولَةً وَفَرْشًا ۚ كُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ма ду.
143ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۖ مِّنَ الضَّأْنِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْمَعْزِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنثَيَيْنِ ۖ نَبِّئُونِي بِعِلْمٍ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
/Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех а шишша. Āлал (хаттал цаьрга): "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь".
144وَمِنَ الْإِبِلِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْبَقَرِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنثَيَيْنِ ۖ أَمْ كُنتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ وَصَّاكُمُ اللَّهُ بِهَٰذَا ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا لِّيُضِلَّ النَّاسَ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Эмкалех шиъ‚ бежнех шиъ – āлал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стēниг дина‚ я шиннан а стēчийн кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш (дāкъа лоцуш) Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь? Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.
145قُل لَّا أَجِدُ فِي مَا أُوحِيَ إِلَيَّ مُحَرَّمًا عَلَىٰ طَاعِمٍ يَطْعَمُهُ إِلَّا أَن يَكُونَ مَيْتَةً أَوْ دَمًا مَّسْفُوحًا أَوْ لَحْمَ خِنزِيرٍ فَإِنَّهُ رِجْسٌ أَوْ فِسْقًا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۚ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ رَبَّكَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Суна ца карадо сайга даийтинчу ваьхьийшкахь дуучунна даа хьарам динарг къеделларг доцург‚ я Iенаш долу цIий доцург, я хьакхин жижиг доцург‚ – тIаккха и рижс ю, – я шена тIехь /урс хьокхуш/ Дела воцчун цIе яьккхина цIена йоцу хIума йоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанех а ца волуш – /яа мега цунна хьарамниг мацалла ца валлал/. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург гечдеш верг ма ву‚ къинхетаме верг а ма ву /ишттачунна/.
Аль-АнъамКуръан индекс
165Аят
MeccanRevelation
143Аят

Гочдар — Аль-Анъам 143

Сура Аль-Анъам Аят 143 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : /Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех…

Сура Аят 143/165 — Аль-Анъам الأنعام (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Анъам ЛадоргӀа, Аль-Анъам Гочдар, Аль-Анъам mp3, Аль-Анъам pdf. Аят 141–145. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers