Аль-Анъам · 142/165
Гочдар Дешар — Аль-Анъам
وَمِنَ الْأَنْعَامِ حَمُولَةً وَفَرْشًا ۚ كُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ ۝١٤٢
Wa minal an`aami hamoolatanw wa farshaa; kuloo mimmaa razaqakumul laahu wa laa tattabi`oo khutuwaatish Shaitaan; innahoo lakum `aduwwum mubeen
📖 Нохчийн маьӀна
Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ма ду.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 140-144 — Аль-Анъам

140قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ قَتَلُوا أَوْلَادَهُمْ سَفَهًا بِغَيْرِ عِلْمٍ وَحَرَّمُوا مَا رَزَقَهُمُ اللَّهُ افْتِرَاءً عَلَى اللَّهِ ۚ قَدْ ضَلُّوا وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ
Эшаллехь биси Iовдаллалица‚ хууш хIума а доцуш‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъ шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш.
141۞ وَهُوَ الَّذِي أَنشَأَ جَنَّاتٍ مَّعْرُوشَاتٍ وَغَيْرَ مَعْرُوشَاتٍ وَالنَّخْلَ وَالزَّرْعَ مُخْتَلِفًا أُكُلُهُ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُتَشَابِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ ۚ كُلُوا مِن ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَآتُوا حَقَّهُ يَوْمَ حَصَادِهِ ۖ وَلَا تُسْرِفُوا ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ
И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозуш йолу а ‚ кхозуш йоцу а‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар а – тера йолу а‚ тера йоцу а. Баа церан стоьмаш, уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. Кхоам ца беш ма дайа /шайгахь дерг/. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан кхоам ца беш берш.
142وَمِنَ الْأَنْعَامِ حَمُولَةً وَفَرْشًا ۚ كُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُّبِينٌ
Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ма ду.
143ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۖ مِّنَ الضَّأْنِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْمَعْزِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنثَيَيْنِ ۖ نَبِّئُونِي بِعِلْمٍ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ
/Схьаэца/ бархI боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагIех а шишша‚ гезарех а шишша. Āлал (хаттал цаьрга): "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь".
144وَمِنَ الْإِبِلِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْبَقَرِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنثَيَيْنِ ۖ أَمْ كُنتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ وَصَّاكُمُ اللَّهُ بِهَٰذَا ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا لِّيُضِلَّ النَّاسَ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Эмкалех шиъ‚ бежнех шиъ – āлал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стēниг дина‚ я шиннан а стēчийн кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш (дāкъа лоцуш) Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь? Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.
Аль-АнъамКуръан индекс
165Аят
MeccanRevelation
142Аят

Гочдар — Аль-Анъам 142

Сура Аль-Анъам Аят 142 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт…

Сура Аят 142/165 — Аль-Анъам الأنعام (Meccan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Анъам ЛадоргӀа, Аль-Анъам Гочдар, Аль-Анъам mp3, Аль-Анъам pdf. Аят 140–144. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers