PDF —
18 Аят Medinan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ат-Тагъабун pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ат-Тагъабун pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ат-Тагъабун Гочдар. Сура Ат-Тагъабун (Medinan) 18 Аят.



18 Аят · Medinan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
64:1 Далла тасбихь деш ду стигалшкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цунна ду паччахьалла‚ Цунна бу хастам а. Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
64:2 Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву ца тешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш дийриг гуш верг ву.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
64:3 Цо кхоьллира стигалш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хIоттийра шун куц‚ тIаккха хаздира шун куьцаш. Цунна тIе ду /чаккхенан/ дIадерзар.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
64:4 Цунна хаьа стигалшкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цунна хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дIахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
64:5 Шуьга ца деара хьалха ца тешаш хиллачеран хабар? Цара Iаьвшира шайн гIуллакхийн бāла‚ царна лазош долу Iазап а хир ду /эхартахь/.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
64:6 Иза ду цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тIаккха цара олуш хиларна: "/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?" Цара керстадира /уьш Дала бахкийтар/‚ уьш дIабирзира /оцу элчанех а‚ бакъдолчу ийманах а/. Дела /церан Iибадат/ ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
64:7 /Делах/ цатешначарна моьттина шаьш дендийр дац. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "ХIаъ‚ со Кхиош-Кхобучу сан Делах дуй боу ас: дендийр ма ду шу‚ тIаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду".
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
64:8 Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссийнчу нуьрах а (Къуръанах). Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву.
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
64:9 Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/дийне. Иза ду вовшашна зенаш хиларан а, кхиамаш хиларан а де . Милла велахь Делах тешаш а, дика Iамалш йеш а, Оха цIанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмаш чу‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу, цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
64:10 Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а – уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
64:11 Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца бен. Милла велахь Делах тешаш – Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо а хIума хууш верг ву.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
64:12 МуьтIахь хила Далла а‚ муьтIахь хила элчанна а. Шу дIадерзахь /ийманах/ – Тхан элчанна тIехь-м билгала дIакхачор бен дац.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
64:13 АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тIе тевжийла муъма нах.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
64:14 ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалах а шуна мостагIий берш а бу‚ царах ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь – /и дика ду шуна/, баккъалла а, Дела т1ех гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
64:15 Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питана ду. Ткъа Дела – Цунна гергахь сийлахь-йоккха ял ю!
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
64:16 Шу Делах кхералаш шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш /шайга Дала дечу омране/‚ шу муьтIахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш йе /Делан новкъахь/ шуна шайна дика хилийтархьама. Шайн синойн бIаьрмецигаллах Iалаш хилларш – уьш бу баккхийбийр берш.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
64:17 Аш /юхалург/ Далла лахь хаза декхар, – Цо маситтазза алсамдаьккхина юхадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву (Шех тешначарна оьгIазе воцуш).
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
64:18 Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers