Аль-Къалам сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Къалам сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (52 Аят — مكية). Аль-Къалам ЛадоргӀа, Аль-Къалам Гочдар, Аль-Къалам mp3, Аль-Къалам pdf.

Аль-Къалам сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
ن ۚ وَالْقَلَمِ وَمَا يَسْطُرُونَ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Нỳн . Дуй боу Ас къоламах а‚ цара /наха/ яздеш долчух а:
مَا أَنتَ بِنِعْمَةِ رَبِّكَ بِمَجْنُونٍ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Хьо ма вац /хIай Мухьаммад/ хьо Кхиош–Кхобучун (Делан) къинхетамца жинийх.
وَإِنَّ لَكَ لَأَجْرًا غَيْرَ مَمْنُونٍ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял.
وَإِنَّكَ لَعَلَىٰ خُلُقٍ عَظِيمٍ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккха (хаза) гIиллакх хьайгахь долуш.
فَسَتُبْصِرُ وَيُبْصِرُونَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚
بِأَييِّكُمُ الْمَفْتُونُ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
мила ву шух питане лаьцнарг .
إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَن ضَلَّ عَن سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – Цунна дика вевза Шен некъах тилавелларг а‚ Цунна дика бевза нийсачу новкъахь берш а.
فَلَا تُطِعِ الْمُكَذِّبِينَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Хьо /хIай Мухьаммад/ муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчарна.
وَدُّوا لَوْ تُدْهِنُ فَيُدْهِنُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Уьш лууш бара хьо кIеда хила – тIаккха шаьш кIеда хир бара .
وَلَا تُطِعْ كُلَّ حَلَّافٍ مَّهِينٍ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Хьо муьтIахь ма хилалахь х1ор /харц/ дуйнаш дукха боуш сийсаз- волчунна‚
هَمَّازٍ مَّشَّاءٍ بِنَمِيمٍ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
/х1ор/ луьйш волчунна /нахана юьхь дуьхьал/‚ /царна юккъехь/ меттанаш дIасакхоьхьуш волчунна‚
مَّنَّاعٍ لِّلْخَيْرِ مُعْتَدٍ أَثِيمٍ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
дикачу /хIуманна/ новкъарло йеш волчунна‚ къинош деш дозанех ваьлла волчунна‚
عُتُلٍّ بَعْدَ ذَٰلِكَ زَنِيمٍ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьненчу валар шеконехь долчунна (да мила ву ца хууш, боьха леларца вевзаш волчу).
أَن كَانَ ذَا مَالٍ وَبَنِينَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Шен даьхни а, к1ентий а хиларца /Делан дозанех а ваьлла, кура а ваьлла и/.
إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ آيَاتُنَا قَالَ أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
Шена Тхан аяташ дешча, цо элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш".
سَنَسِمُهُ عَلَى الْخُرْطُومِ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Оха цуьнан мера тIе васт дуьллур ду.
إِنَّا بَلَوْنَاهُمْ كَمَا بَلَوْنَا أَصْحَابَ الْجَنَّةِ إِذْ أَقْسَمُوا لَيَصْرِمُنَّهَا مُصْبِحِينَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Баккъалла а, Оха зийра уьш‚ Оха цхьана бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш /бешара/ стоьмаш бохур бу Iуьйранна аьлла‚
وَلَا يَسْتَثْنُونَ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
шаьш /х1умма а/ т1е ца тухуш ("Дала мукъалахь" ца олуш).
فَطَافَ عَلَيْهَا طَائِفٌ مِّن رَّبِّكَ وَهُمْ نَائِمُونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
ТIаккха цунна (бешана) го тесира хьан Кхиош-Кхобучуьнгара го тосуш долчо ‚ уьш наб йеш болуш.
فَأَصْبَحَتْ كَالصَّرِيمِ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
/Ягна/ Iаржъелларг санна Iуьйренга елира и /церан беш/.
فَتَنَادَوْا مُصْبِحِينَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Iуьйренга бевлча, вовшашка кхайкхира цара:
أَنِ اغْدُوا عَلَىٰ حَرْثِكُمْ إِن كُنتُمْ صَارِمِينَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
"Шайн беша чу гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь"‚ – аьлла.
فَانطَلَقُوا وَهُمْ يَتَخَافَتُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Уьш буьйлабелира, меллаша вовшашка а луьйш:
أَن لَّا يَدْخُلَنَّهَا الْيَوْمَ عَلَيْكُم مِّسْكِينٌ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
"Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш боьхуш/".
وَغَدَوْا عَلَىٰ حَرْدٍ قَادِرِينَ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Iуьйранна новкъа бевлира уьш, шайн дагахь /мисканиг/ духатоха ницкъ болуш.
فَلَمَّا رَأَوْهَا قَالُوا إِنَّا لَضَالُّونَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Иза шайна /ягна/ гича‚ цара элира: "Баккъалла а, вай тиладелла.
بَلْ نَحْنُ مَحْرُومُونَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина".
قَالَ أَوْسَطُهُمْ أَلَمْ أَقُل لَّكُمْ لَوْلَا تُسَبِّحُونَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Царах кхечарал Iедале (веза) волчо элира: "Ас ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара"‚ – аьлла?
قَالُوا سُبْحَانَ رَبِّنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Цара элира: "Вонах цIена ву-кх и вай кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой".
فَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ يَتَلَاوَمُونَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Уьш вовшашна бехкаш бохуш, дуьхьалбирзира.
قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا طَاغِينَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Цара элира: "Ма бала бу вайна: вай хилира /Делан дозанех/ тIехдовлурш.
عَسَىٰ رَبُّنَا أَن يُبْدِلَنَا خَيْرًا مِّنْهَا إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا رَاغِبُونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Вай кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца /и беш/ хийца а тарло. Баккъалла а, вай кхиош-кхобуш волчу вайн Делан /дикане/ дог дохуш ду-кх".
كَذَٰلِكَ الْعَذَابُ ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вунō доккха ду, уьш хууш хиллехь.
إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ عِندَ رَبِّهِمْ جَنَّاتِ النَّعِيمِ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна шаьш кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю.
أَفَنَجْعَلُ الْمُسْلِمِينَ كَالْمُجْرِمِينَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ муьт1ахь болу нах къинош дечарах тера?
مَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Шуна хIун хилла /иштта ойла ял/? Аш муха хьукма до?
أَمْ لَكُمْ كِتَابٌ فِيهِ تَدْرُسُونَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Я шуна жайна ду‚ аш шена чохь доьшуш /и хьукма/?
إِنَّ لَكُمْ فِيهِ لَمَا تَخَيَّرُونَ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Баккъалла а, шуна цу /жайни/ чохь долуш аш мел хоржург?
أَمْ لَكُمْ أَيْمَانٌ عَلَيْنَا بَالِغَةٌ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۙ إِنَّ لَكُمْ لَمَا تَحْكُمُونَ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Я шун Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукма хир долуш?
سَلْهُمْ أَيُّهُم بِذَٰلِكَ زَعِيمٌ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Хатта цаьрга /хIай Мухьаммад/‚ мила ву царах /цу т1ера/ дош лур дерг.
أَمْ لَهُمْ شُرَكَاءُ فَلْيَأْتُوا بِشُرَكَائِهِمْ إِن كَانُوا صَادِقِينَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Я церан накъостий бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий, шаьш бакълуьйш хиллехь.
يَوْمَ يُكْشَفُ عَن سَاقٍ وَيُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю ‚ уьш кхойкхур бу сужуде – царна мегар дац‚ –
خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۖ وَقَدْ كَانُوا يُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ وَهُمْ سَالِمُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
бIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга сужуде кхойкхуш дара уьш могуш болуш .
فَذَرْنِي وَمَن يُكَذِّبُ بِهَٰذَا الْحَدِيثِ ۖ سَنَسْتَدْرِجُهُم مِّنْ حَيْثُ لَا يَعْلَمُونَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Вита Со-суо хIара хабар харцдеш болчарца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг /хIаллакбарца/ царна ца хуучухула.
وَأُمْلِي لَهُمْ ۚ إِنَّ كَيْدِي مَتِينٌ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Ас хан лур ю царна . /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх.
أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُم مِّن مَّغْرَمٍ مُّثْقَلُونَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Я ахь цаьрга мах боьху /х1ай Мухьаммад/, уьш декхарша базбина болуш?
أَمْ عِندَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду, цара дIаяздеш?
فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تَكُن كَصَاحِبِ الْحُوتِ إِذْ نَادَىٰ وَهُوَ مَكْظُومٌ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Собар де хьуо кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукманна‚ ма хилалахь чIеран накъостах тера: цо /Деле/ кхайкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш.
لَّوْلَا أَن تَدَارَكَهُ نِعْمَةٌ مِّن رَّبِّهِ لَنُبِذَ بِالْعَرَاءِ وَهُوَ مَذْمُومٌ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Ша Кхиош-Кхобучун ниIмат шех ца кхиънехьара, иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара, сийсаз а хилла.
فَاجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَجَعَلَهُ مِنَ الصَّالِحِينَ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Ша Кхиош-Кхобучо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарах.
وَإِن يَكَادُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَيُزْلِقُونَكَ بِأَبْصَارِهِمْ لَمَّا سَمِعُوا الذِّكْرَ وَيَقُولُونَ إِنَّهُ لَمَجْنُونٌ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Цатешнарша маь11аргона шайн бIаьргашца хьо хIаллаквийр ма вара шайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: "Баккъалла а, иза жинийх ву-кх".
وَمَا هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِّلْعَالَمِينَ ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
Иза-м дац массо а Iаламна хьехам бен.
← 67 Аль-Къалам (68/114) 69 →
Деша Аль-Къалам сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

68القلم Al-Qalam 📚 52 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Къалам сура — 52 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers