PDF —
30 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Мульк pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Мульк pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Мульк Гочдар. Сура Аль-Мульк (Meccan) 30 Аят.



30 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
67:1 Беркате (хастаме) хили Иза (Дела)‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
67:2 Иза ву Ша кхоьллина далар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вунō диканиг Iамал ярца. Иза ву веза верг а‚ т1ех гечдийриг а.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
67:3 Иза ву Ша кхоьллина ворхI стигал тIеттIа. Хьуна /х1ай адам/ гур ма яц сов Къинхетаме волчо кхоьллинчунгахь цхьа а вовшашца ца йогIу хIума. Тохал бIаьрг: гой хьуна цхьа а яьдда меттиг?
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
67:4 ТIаккха юх-юха а тохал бIаьрг – хьоьга духадоьрзур ду бIаьргтохар кIелдисна‚ ша гIелделла долуш (Дала кхоьллинчу х1уманашкахь цхьа а цхьаьнацадар ца карош).
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
67:5 Оха хазйина дуьненан стигал чиркхашца (седарчашца)‚ Оха хилийтина уьш шайтIанашна кхоссарш . Оха кечдина царна (шайтIанашна) егачу цIеран Iазап.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
67:6 Шаьш Кхиош-Кхобучух (Делах) цатешначарна а жоьжахатин Iазап ду. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
67:7 Шаьш цу чу кхиссича, царна хезар ду цуьнан угIарш‚ и ша кхехкаш йолуш,
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
67:8 Ша оьгIазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош диначеран/ толгIа (тоба) моссаза кхоьссича а, цуьнан гIаролаша цаьрга хоттур ду: "Кхерамча (Делан элча) ца веара шуьга?" – аьлла.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
67:9 Цара эр ду: "ХIаъ‚ веара тхоьга кхерамча – оха иза харцвира‚ оха элира: "Дала хIумма а ца доссора‚ шу ма ду доккхачу тиларчохь".
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
67:10 Цара эр ду: "Тхо хиллехьара ладугIуш а‚ ойла йеш а – тхо хир ма дацара егачу цIеран дайшлахь".
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
67:11 Уьш къера хилира шайн къинна. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цIеран дай!
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
67:12 Баккъалла а, шайна гуш воццушехь, шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш – царна ду гечдар а‚ йоккха ял.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
67:13 Къайладаккха шайн дош, я гучудаккха иза – баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
67:14 Ткъа ца хаьа Цунна‚ ша кхоьллинчунна? Иза ву сов дика кхетаме верг а‚ сов дика хууш верг а.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
67:15 Иза ву шуна латта кIеда /лела атта/ динарг – лела /шу, хIай нах/ цуьнан агIонашкахула, даа цуьнан рицкъанах (Дала лаьттахь делла ниIматаш хьанал къахьегарца). – Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гIовттар.
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
67:16 Шу тешна дуй /хIай Далла инкарло йеш берш/ стигалахь Волчух, Цо шаьш лаьттах худор дац аьлла, т1аккха и /латта/ детталуш?
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
67:17 Я шу тешна дуй стигалахь Волчух, Цо шайна боуьйтур бац аьлла тIулгех /буьзна/ чIогIа мох? ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муха бу Сан кхерам.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
67:18 Харц ма бира /элчанаш/ царал хьалха хиллачара а – муха хилира /царна/ Сан инкарло! (Ма ирча хилира Сан Iазап!).
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
67:19 Царна ца гира олхазарш , шайна тIехула лелаш долу – /шайн тIемаш/ даржадеш‚ тIаккха тIегулдеш? Уьш сацадеш верг-м Сов Къинхетаме волу Дела бен вац. Баккъалла а, Иза ву-кх массо а хIума гуш верг.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
67:20 Мила ву, и шуна бIо хилла, гIо дийр дерг ша сов къинхетаме волчу Делан Iазап духатоха? Цатешнарш ма бац Iехабаларгахь бен.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨ
67:21 Мила ву иза шуна рицкъ лун дерг, Цо Шен рицкъ сацадича? ХIетте а‚ ма /Далла/ дуьхьалбевлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ генабевлла уьш!
ﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
67:22 Ткъа шен юьхьа тIехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нийсса лелаш верг ву?
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
67:23 Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Иза ву шу кхиийнарг а‚ шуна лерса а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КIеззиг ду-кх аш баркалла олург!"
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
67:24 Ахь āла: "Иза ву шу лаьттахь даржийнарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу".
ﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
67:25 Цара олу: "Маца хир ду и аш бохург, шу бакълуьйш хиллехь?"
ﰕﰖﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞ
67:26 Ахь āла /х1ай элча/: "Iилма Далла гергахь ду‚ ткъа со билгала волу кхерамча ву".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
67:27 Иза шайна гича гергахь‚ цатешначеран яххьаш эрчаевлира‚ /цаьрга/ элира /маликаша, бехк боккхуш/: "ХIара ду иза аш /дуьненахь долуш/ ша лоьхуш хилларг!"
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
67:28 Ахь āла: "Гой шуна‚ со Дала хIаллаквича‚ соьца берш а‚ я Цо тхох къинхетам бича‚ хьан кIелхьарбохур бу цатешнарш лазош долчу Iазапах?"
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
67:29 Ахь āла: "Иза ву сов къинхетаме волу Дела‚ Цуьнга ийман диллина оха‚ Цунна тIе а тевжина. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ мила ву ган а гуш долчу тиларчохь".
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
67:30 Ахь āла: "Гой шуна‚ и шун хи 1уьйренца лекъча‚ хьан лур ду шуна оьхуш долу хьастан хи?"

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers