Аль-Анбияъ сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Анбияъ сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (112 Аят — مكية). Аль-Анбияъ ЛадоргӀа, Аль-Анбияъ Гочдар, Аль-Анбияъ mp3, Аль-Анбияъ pdf.

Аль-Анбияъ сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
اقْتَرَبَ لِلنَّاسِ حِسَابُهُمْ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ مُّعْرِضُونَ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Гергадеана нахана шайца хьесап дар , амма уьш, терго а ца еш (бен ца хеташ)‚ /эхартан Iамал ярх/ дIабирзина ма бу.
مَا يَأْتِيهِم مِّن ذِكْرٍ مِّن رَّبِّهِم مُّحْدَثٍ إِلَّا اسْتَمَعُوهُ وَهُمْ يَلْعَبُونَ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Цаьрга ца богIу шайн Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам цара цуьнга ловзучу хьолехь (цабашарца) ладугIуш бен. (Шайга баьхкинчу керлачу хьехамашка цара ладуг1у, баша а ца бешаш),
لَاهِيَةً قُلُوبُهُمْ ۗ وَأَسَرُّوا النَّجْوَى الَّذِينَ ظَلَمُوا هَلْ هَٰذَا إِلَّا بَشَرٌ مِّثْلُكُمْ ۖ أَفَتَأْتُونَ السِّحْرَ وَأَنتُمْ تُبْصِرُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Шайн дегнаша /хьехаман маь1на/ тидаме а ца оьцуш, къайлах хабарш дуьйцура зуламаш деш болчара: "Шу санна адам дац хIара а? Бозбуунчалла къобалдо аш‚ шайна гуш а долуш /и бозбуунчалла дуйла/? "
قَالَ رَبِّي يَعْلَمُ الْقَوْلَ فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Цо (пайхамара) элира: "Сан Кхиош-Кхобучунна хаьа стиглахь а‚ лаьттахь а /деш долу/ къамел. Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву".
بَلْ قَالُوا أَضْغَاثُ أَحْلَامٍ بَلِ افْتَرَاهُ بَلْ هُوَ شَاعِرٌ فَلْيَأْتِنَا بِآيَةٍ كَمَا أُرْسِلَ الْأَوَّلُونَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
ХIаъ‚ цара элира: "(Уьш) вовшах иэделла(цхьа а маь1на доцу) гIенаш ду . ХIаъ‚ цо ша кхоьллина уьш. ХIаъ‚ иза илланча ву. Вайна цхьана делилца вог1ийла и‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра" .
مَا آمَنَتْ قَبْلَهُم مِّن قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا ۖ أَفَهُمْ يُؤْمِنُونَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Ийман ца диллира царал хьалха а Оха хIаллакйинчу цхьана а юьрто. ХIокхара дуьллур дара ийман?
وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ إِلَّا رِجَالًا نُّوحِي إِلَيْهِمْ ۖ فَاسْأَلُوا أَهْلَ الذِّكْرِ إِن كُنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Оха ца бахкийтира хьол хьалха а божарий (элчанаш) бен‚ Оха цаьрга ваьхьий а луш. Хаттал хьехаме болчу нахе‚ шаьш ца хууш делахь.
وَمَا جَعَلْنَاهُمْ جَسَدًا لَّا يَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَمَا كَانُوا خَالِدِينَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Оха ца кхоьллира царах (элчанех) кхача ца боу догIмаш‚ уьш даима а буьсур бацара (дуьненахь).
ثُمَّ صَدَقْنَاهُمُ الْوَعْدَ فَأَنجَيْنَاهُمْ وَمَن نَّشَاءُ وَأَهْلَكْنَا الْمُسْرِفِينَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
ТIаккха Оха бакъхилийтира (кхочушйира) цаьрца (элчанашца хилла) ваIда. Оха к1елхьарабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хIаллакбира /Делан дозанел/ т1ехбевлларш (элчанаш харцбинарш).
لَقَدْ أَنزَلْنَا إِلَيْكُمْ كِتَابًا فِيهِ ذِكْرُكُمْ ۖ أَفَلَا تَعْقِلُونَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Оха доссийна шуьга жайна /хIай Iаьрбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь а долуш/‚ шу хьекъале ца хуьлу (шу кхетаме ца дог1у)?
وَكَمْ قَصَمْنَا مِن قَرْيَةٍ كَانَتْ ظَالِمَةً وَأَنشَأْنَا بَعْدَهَا قَوْمًا آخَرِينَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Мел йохийна Оха зуламе хилла йолу ярташ! Кхиийра Оха царал тIаьхьа кхин къаьмнаш.
فَلَمَّا أَحَسُّوا بَأْسَنَا إِذَا هُم مِّنْهَا يَرْكُضُونَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цигара (ярташкара) сиха бовду.
لَا تَرْكُضُوا وَارْجِعُوا إِلَىٰ مَا أُتْرِفْتُمْ فِيهِ وَمَسَاكِنِكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْأَلُونَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
"Ма довда! Юхадерза шу шена чохь /хьалха/ ниIмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хIусамашка - шуьга дехарш дан (наха цхьацца х1уманаш еха) тарло" .
قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Цара элира : "Ма бала бу-кх тхоьгахь! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!"
فَمَا زَالَت تِّلْكَ دَعْوَاهُمْ حَتَّىٰ جَعَلْنَاهُمْ حَصِيدًا خَامِدِينَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
И церан тийжамаш (кхайкхамаш) ца севцира Оха шаьш хьаькхна ялтин аре санна хилийтталц‚ шаьш дIабайна а (меттахъхьер а, бистхилар а доцуш) бисна.
وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а бегашийна.
لَوْ أَرَدْنَا أَن نَّتَّخِذَ لَهْوًا لَّاتَّخَذْنَاهُ مِن لَّدُنَّا إِن كُنَّا فَاعِلِينَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зударшца а, доьзалшца а/‚ Оха схьаоьцур бара и Тхаьшкара (Тхаьшна гергахь болчу х1уьрла1анан мехкаршкара а, маликашкара а, шуьгара ца оьцуш)‚ нагахь санна Оха и дийриг хилча.
بَلْ نَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَى الْبَاطِلِ فَيَدْمَغُهُ فَإِذَا هُوَ زَاهِقٌ ۚ وَلَكُمُ الْوَيْلُ مِمَّا تَصِفُونَ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
ХIаъ‚ Оха бакъдерг туху харцдолчунна – цо и дайа‚ и (харцдерг) хIаллакьхуьлу. Бāла хир бу шуна шаьш /Тхуна / кхуллуш долчу /харц/ сибатех.
وَلَهُ مَن فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَنْ عِندَهُ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَلَا يَسْتَحْسِرُونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура а ца бовлу Цунна Iибадат дан‚ кIад а ца ло.
يُسَبِّحُونَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لَا يَفْتُرُونَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Цара тасбихь до буса а‚ дийнахь а‚ шьаьш г1ел ца луш.
أَمِ اتَّخَذُوا آلِهَةً مِّنَ الْأَرْضِ هُمْ يُنشِرُونَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Ткъа цара бина-те деланаш лаьттах, цара (цу деланаша белларш) ден а беш?
لَوْ كَانَ فِيهِمَا آلِهَةٌ إِلَّا اللَّهُ لَفَسَدَتَا ۚ فَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Цу шиннахьа а АллахI воцург /кхин/ деланаш хиллехьара – уьш ший а хIаллакьхилла хир яра. ЦIена ву и Дела‚ Iаьршан Да‚ цара /Шена т1е/ кхуллучу харц сибатех.
لَا يُسْأَلُ عَمَّا يَفْعَلُ وَهُمْ يُسْأَلُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Цуьнга (Деле) хоттур дац Цо дешдолчух‚ цаьрга (Дала мел кхоьллинчу х1умане) хоттур ду /цара дуьненахь диначух лаьцна/.
أَمِ اتَّخَذُوا مِن دُونِهِ آلِهَةً ۖ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ ۖ هَٰذَا ذِكْرُ مَن مَّعِيَ وَذِكْرُ مَن قَبْلِي ۗ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ الْحَقَّ ۖ فَهُم مُّعْرِضُونَ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Ткъа цара лецна И воцург /кхин/ деланаш? Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Дāладе шайн тешаллаш! ХIара (Къуръан) хьехам бу соьца болчарна а‚ сол хьалха хиллачарна а (Таврат а, Инжил а, кхин жайнаш а – царна чохь массанхьа а Дела цхьаъхилар чIагъдеш ду, Къуръана чохь санна). ХIаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла".
وَمَا أَرْسَلْنَا مِن قَبْلِكَ مِن رَّسُولٍ إِلَّا نُوحِي إِلَيْهِ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدُونِ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча‚ Оха шега ваьхьица хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Iибадат дейша‚ аьлла.
وَقَالُوا اتَّخَذَ الرَّحْمَٰنُ وَلَدًا ۗ سُبْحَانَهُ ۚ بَلْ عِبَادٌ مُّكْرَمُونَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Цара элира: "Лаьцна Къинхетам болчо доьзалхо". Вонах цIена ву Иза! Уьш-м сийлахь болу леш бай!
لَا يَسْبِقُونَهُ بِالْقَوْلِ وَهُم بِأَمْرِهِ يَعْمَلُونَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Уьш (пайхамараш) Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца 1амал еш бу.
يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يَشْفَعُونَ إِلَّا لِمَنِ ارْتَضَىٰ وَهُم مِّنْ خَشْيَتِهِ مُشْفِقُونَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тIехьахь дерг а, цара шапаIат дийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхоьруш, эгош бу.
۞ وَمَن يَقُلْ مِنْهُمْ إِنِّي إِلَٰهٌ مِّن دُونِهِ فَذَٰلِكَ نَجْزِيهِ جَهَنَّمَ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Милла велахь а‚ царах олуш: "Со ву дела‚ Иза а воцуш"‚– цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна.
أَوَلَمْ يَرَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ كَانَتَا رَتْقًا فَفَتَقْنَاهُمَا ۖ وَجَعَلْنَا مِنَ الْمَاءِ كُلَّ شَيْءٍ حَيٍّ ۖ أَفَلَا يُؤْمِنُونَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшаххоттаделла? Оха уьш къастийра! Оха кхоьллира хих массо а дийна (са долу) хIума. Уьш ца теша-те?
وَجَعَلْنَا فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَن تَمِيدَ بِهِمْ وَجَعَلْنَا فِيهَا فِجَاجًا سُبُلًا لَّعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чIагIдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогIин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх.
وَجَعَلْنَا السَّمَاءَ سَقْفًا مَّحْفُوظًا ۖ وَهُمْ عَنْ آيَاتِهَا مُعْرِضُونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Оха хилийтира стигалах ша Iалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан (стиглан) аятех д1абоьрзуш бу /ойла ца еш/.
وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ كُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Иза ву Ша буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а кхоьллинарг. Массо а (уьш) шен меттехь нека деш ю .
وَمَا جَعَلْنَا لِبَشَرٍ مِّن قَبْلِكَ الْخُلْدَ ۖ أَفَإِن مِّتَّ فَهُمُ الْخَالِدُونَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Оха ца хилийтина адамна хьол хьалха а абаде . Ткъа хьо велча, уьш гуттаренна а буьсур болуш бу-те?
كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۗ وَنَبْلُوكُم بِالشَّرِّ وَالْخَيْرِ فِتْنَةً ۖ وَإِلَيْنَا تُرْجَعُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Массо а сино Iовшур ду далар . Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питанна . Тхуна тIе юхадерзор долуш а ду шу.
وَإِذَا رَآكَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِن يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا الَّذِي يَذْكُرُ آلِهَتَكُمْ وَهُم بِذِكْرِ الرَّحْمَٰنِ هُمْ كَافِرُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Цатешачарна хьо гича /х1ай Мухьаммад/‚ хьо сийсазвеш бен тIе ца лоцу цара: "ХIара ву шун деланаш хьехош верг?" Ткъа уьш Къинхетамениг хьехорна керстанаш бу.
خُلِقَ الْإِنسَانُ مِنْ عَجَلٍ ۚ سَأُرِيكُمْ آيَاتِي فَلَا تَسْتَعْجِلُونِ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Адам кхоьллина сихонах (х1уманна т1ехь сихлуш). Гойтур ду Ас шуна Сайн делилаш‚ аш Со сих ма ве!
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Цара олу: "Маца хир ю и ваIда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш хиллехь?"
لَوْ يَعْلَمُ الَّذِينَ كَفَرُوا حِينَ لَا يَكُفُّونَ عَن وُجُوهِهِمُ النَّارَ وَلَا عَن ظُهُورِهِمْ وَلَا هُمْ يُنصَرُونَ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна а, шайн баккъашна а тIера цIе дIатетталур йоцу а‚ шайна гIо хир доцу а хан! /Ма сих дийр дацара цара тIаккха и Делан Iазап/!
بَلْ تَأْتِيهِم بَغْتَةً فَتَبْهَتُهُمْ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ رَدَّهَا وَلَا هُمْ يُنظَرُونَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
ХIаъ‚ царна тIе догIур ду и /къематде/ цIеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ церан ницкъ кхочур бац и духатоха‚ уьш /цунах/ тIаьхьатоттур а бац.
وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِّن قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُم مَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Сийсазбина элчанаш хьол хьалха а. Царах (элчанех) ца бēшаш хиллачарах шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг.
قُلْ مَن يَكْلَؤُكُم بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ مِنَ الرَّحْمَٰنِ ۗ بَلْ هُمْ عَن ذِكْرِ رَبِّهِم مُّعْرِضُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: "Хьан лардийр ду шу буса а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делан Iазапах/?" ХIаъ‚ уьш шайн Кхиош-Кхобург хьехорах д1абоьрзуш ма бу.
أَمْ لَهُمْ آلِهَةٌ تَمْنَعُهُم مِّن دُونِنَا ۚ لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَ أَنفُسِهِمْ وَلَا هُم مِّنَّا يُصْحَبُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Я церан /кхин/ деланаш бу-те, шаьш уьш 1алашбийр болуш Тхох /Тхан Iазапах/? Церан (делийн) ницкъ кхочур бац шайна гIо дан а‚ уьш Тхох /Тхан Iазапах/ ларбийр а ма бац.
بَلْ مَتَّعْنَا هَٰؤُلَاءِ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ طَالَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ ۗ أَفَلَا يَرَوْنَ أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ أَفَهُمُ الْغَالِبُونَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
ХIаъ‚ Оха ниIматаш деллера хIокхарна (Маккарчу керстанашна) а‚ церан дайшна а, церан дахаран хан ях а йеш. Царна ца го-те, Оха латта эша- деш шен йисташкахула ? Уьш бу ткъа тоьлларш?
قُلْ إِنَّمَا أُنذِرُكُم بِالْوَحْيِ ۚ وَلَا يَسْمَعُ الصُّمُّ الدُّعَاءَ إِذَا مَا يُنذَرُونَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Ахь āла: "Баккъалла а, ас шу лардо ваьхьица (Дала даг чу тосучу хаамца). Ца хеза-кх къорачарна кхайкхам, (цуьнца) шаьш (кхерамах) лардеш доллушехь".
وَلَئِن مَّسَّتْهُمْ نَفْحَةٌ مِّنْ عَذَابِ رَبِّكَ لَيَقُولُنَّ يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Хьан Кхиош-Кхобучун Iазапан хIо шайх хьакхаделча, цара алаза дуьтур ма дац: "Ма /боккха/ бāла бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!"
وَنَضَعُ الْمَوَازِينَ الْقِسْطَ لِيَوْمِ الْقِيَامَةِ فَلَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا ۖ وَإِن كَانَ مِثْقَالَ حَبَّةٍ مِّنْ خَرْدَلٍ أَتَيْنَا بِهَا ۗ وَكَفَىٰ بِنَا حَاسِبِينَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
Оха хIоттор ду къематденна нийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац синна /цхьана а/ хIуманца (ахь ца дина вониг хьуна кхуллур дац). КIоллан буьртиган барамехь ерг а дIалур ю Оха (мел жима диканиг динехь а, иза а тидаме оьцур ду). Кхачаме ду хьесап дийраш Тхо хилар.
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَىٰ وَهَارُونَ الْفُرْقَانَ وَضِيَاءً وَذِكْرًا لِّلْمُتَّقِينَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Оха белира Мусага а‚ ХIаруне а къастам а ‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна.
الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُم بِالْغَيْبِ وَهُم مِّنَ السَّاعَةِ مُشْفِقُونَ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-Кхобучух‚ И /дуьненахь шайна/ гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах бегабеш /кхоьруш/.
وَهَٰذَا ذِكْرٌ مُّبَارَكٌ أَنزَلْنَاهُ ۚ أَفَأَنتُمْ لَهُ مُنكِرُونَ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
ХIара /Къуръан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аш цунна инкарло йо?
۞ وَلَقَدْ آتَيْنَا إِبْرَاهِيمَ رُشْدَهُ مِن قَبْلُ وَكُنَّا بِهِ عَالِمِينَ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Оха кхин хьалха ИбрахIиме а белира цуьнан нийсачу новкъе болу кхетам‚ Тхо и вевзаш дара.
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَا هَٰذِهِ التَّمَاثِيلُ الَّتِي أَنتُمْ لَهَا عَاكِفُونَ ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
Хьахаде! Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: "ХIорш хIун дина суьрташ ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?"
قَالُوا وَجَدْنَا آبَاءَنَا لَهَا عَابِدِينَ ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
Цара элира: "Тхуна карийна тхайн дай царна Iибадат деш".
قَالَ لَقَدْ كُنتُمْ أَنتُمْ وَآبَاؤُكُمْ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
Цо (Ибрах1има) элира: "Шу а‚ шун дай а хилла-кх ган а гучу тилар чохь".
قَالُوا أَجِئْتَنَا بِالْحَقِّ أَمْ أَنتَ مِنَ اللَّاعِبِينَ ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Цара элира: "Хьо тхуна веана-те бакъдолчуьнца‚ я хьо /тхо/ ловзочарах ву-те?!"
قَالَ بَل رَّبُّكُمْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ الَّذِي فَطَرَهُنَّ وَأَنَا عَلَىٰ ذَٰلِكُم مِّنَ الشَّاهِدِينَ ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Цо элира: "ХIаъ‚ шун Кхиош-Кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-Кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хIумма йоцчу хIуманах/‚ со оцунна тIехь тешалла дечарах ву-кх.
وَتَاللَّهِ لَأَكِيدَنَّ أَصْنَامَكُم بَعْدَ أَن تُوَلُّوا مُدْبِرِينَ ۝٥٧
📖 Гочдар Аят 57
/Ибрах1има ша-шега элира/: Делах дуй буу ас, шун цIушна (жа1аршна) мекарло янза юьтур ма яц ас, шу /царах/ баккъаш берзийна, генадевллачул тIаьхьа ".
فَجَعَلَهُمْ جُذَاذًا إِلَّا كَبِيرًا لَّهُمْ لَعَلَّهُمْ إِلَيْهِ يَرْجِعُونَ ۝٥٨
📖 Гочдар Аят 58
ТIаккха цо царах кескаш йира ‚ церан коьртаниг йоцчех – уьш цунна тIе берза мегара.
قَالُوا مَن فَعَلَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا إِنَّهُ لَمِنَ الظَّالِمِينَ ۝٥٩
📖 Гочдар Аят 59
Цара /шаьш юхабаькича, уьш аьтта гича/ элира: "Хьан дина хIара вайн делех? Баккъалла а, и зулам диначарах ву-кх!"
قَالُوا سَمِعْنَا فَتًى يَذْكُرُهُمْ يُقَالُ لَهُ إِبْرَاهِيمُ ۝٦٠
📖 Гочдар Аят 60
Элира /царах Ибрах1има аьлларг хезначара/: "Тхуна хезира цхьа кIант уьш (вай деланаш) хьехош‚ цунах ИбрахIим олура".
قَالُوا فَأْتُوا بِهِ عَلَىٰ أَعْيُنِ النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَشْهَدُونَ ۝٦١
📖 Гочдар Аят 61
Элира /паччахьа Намруза а, цуьнан хьолдайша а/: "Схьавалаве иза нехан бIаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара".
قَالُوا أَأَنتَ فَعَلْتَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا يَا إِبْرَاهِيمُ ۝٦٢
📖 Гочдар Аят 62
Цара элира: "Ахь дина хIара тхан делашна т1ехь‚ хIай ИбрахIим?"
قَالَ بَلْ فَعَلَهُ كَبِيرُهُمْ هَٰذَا فَاسْأَلُوهُمْ إِن كَانُوا يَنطِقُونَ ۝٦٣
📖 Гочдар Аят 63
Цо элира: "ХIан-хIа. И дина хIокху царах воккхучо. Аш цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!"
فَرَجَعُوا إِلَىٰ أَنفُسِهِمْ فَقَالُوا إِنَّكُمْ أَنتُمُ الظَّالِمُونَ ۝٦٤
📖 Гочдар Аят 64
Уьш шаьш шайна тIебирзира ‚ цара элира: "Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!"
ثُمَّ نُكِسُوا عَلَىٰ رُءُوسِهِمْ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا هَٰؤُلَاءِ يَنطِقُونَ ۝٦٥
📖 Гочдар Аят 65
Т1аккха церан кортош охьабахийтира /эхьхетаро/, /олуш/: "Хьуна ма хаьий х1орш бист ца хуьлий".
قَالَ أَفَتَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنفَعُكُمْ شَيْئًا وَلَا يَضُرُّكُمْ ۝٦٦
📖 Гочдар Аят 66
Цо (ИбрахIима) элира: "Ткъа аш Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хIумма а пайда а ца бечунна‚ зен а ца дечунна?
أُفٍّ لَّكُمْ وَلِمَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ ۖ أَفَلَا تَعْقِلُونَ ۝٦٧
📖 Гочдар Аят 67
Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аш Iибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?"
قَالُوا حَرِّقُوهُ وَانصُرُوا آلِهَتَكُمْ إِن كُنتُمْ فَاعِلِينَ ۝٦٨
📖 Гочдар Аят 68
Цара элира: "Вāгаве и (ИбрахIим)‚ гIо де шайн делашна‚ шаьш /гIуллакх/ деш хиллехь!"
قُلْنَا يَا نَارُ كُونِي بَرْدًا وَسَلَامًا عَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ ۝٦٩
📖 Гочдар Аят 69
Оха элира: "ХIай цIе! Хьох хилалахь ИбрахIимна шело а‚ маршо а".
وَأَرَادُوا بِهِ كَيْدًا فَجَعَلْنَاهُمُ الْأَخْسَرِينَ ۝٧٠
📖 Гочдар Аят 70
Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло – Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарах.
وَنَجَّيْنَاهُ وَلُوطًا إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا لِلْعَالَمِينَ ۝٧١
📖 Гочдар Аят 71
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ ЛутI а‚ Оха ша Iаламашна беркате динчу латта т1е /Шама д1ахьажийра/.
وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ نَافِلَةً ۖ وَكُلًّا جَعَلْنَا صَالِحِينَ ۝٧٢
📖 Гочдар Аят 72
Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгIатана ЙаIкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш.
وَجَعَلْنَاهُمْ أَئِمَّةً يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا وَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِمْ فِعْلَ الْخَيْرَاتِ وَإِقَامَ الصَّلَاةِ وَإِيتَاءَ الزَّكَاةِ ۖ وَكَانُوا لَنَا عَابِدِينَ ۝٧٣
📖 Гочдар Аят 73
Оха царах хилийтира тхьамданаш, Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш. Оха цаьрга хаийтира диканаш дар а‚ ламаз хIоттадар а‚ закат далар а. Уьш хилира Тхуна Iибадат деш.
وَلُوطًا آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْقَرْيَةِ الَّتِي كَانَت تَّعْمَلُ الْخَبَائِثَ ۗ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَاسِقِينَ ۝٧٤
📖 Гочдар Аят 74
ЛутIана а делира Оха хьукма а‚ Iилма а. Оха и кIелхьарваьккхира ша боьханаш деш хилла йолчу юьртара. Баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш.
وَأَدْخَلْنَاهُ فِي رَحْمَتِنَا ۖ إِنَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ ۝٧٥
📖 Гочдар Аят 75
Оха иза (ЛутI-пайхамар) воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарах ву.
وَنُوحًا إِذْ نَادَىٰ مِن قَبْلُ فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ ۝٧٦
📖 Гочдар Аят 76
Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха. Оха цунна жоп делира: кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу бāланах.
وَنَصَرْنَاهُ مِنَ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ ۝٧٧
📖 Гочдар Аят 77
Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хIуманан нах‚ Оха уьш берриге а /хина/ бухабахийтира.
وَدَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ إِذْ يَحْكُمَانِ فِي الْحَرْثِ إِذْ نَفَشَتْ فِيهِ غَنَمُ الْقَوْمِ وَكُنَّا لِحُكْمِهِمْ شَاهِدِينَ ۝٧٨
📖 Гочдар Аят 78
Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукма дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагIаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукманан тешаш.
فَفَهَّمْنَاهَا سُلَيْمَانَ ۚ وَكُلًّا آتَيْنَا حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَسَخَّرْنَا مَعَ دَاوُودَ الْجِبَالَ يُسَبِّحْنَ وَالطَّيْرَ ۚ وَكُنَّا فَاعِلِينَ ۝٧٩
📖 Гочдар Аят 79
Оха цунах (хьукманах ) кхетийтира Сулейман а. /Цу шиннах/ х1оранна а Оха делира хьукма а‚ Iилма а. Оха муьтIахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбихь а деш, олхазарш а /дира Оха цунна муьт1ахь/‚ тхо хилира /гIуллакх/ дийраш.
وَعَلَّمْنَاهُ صَنْعَةَ لَبُوسٍ لَّكُمْ لِتُحْصِنَكُم مِّن بَأْسِكُمْ ۖ فَهَلْ أَنتُمْ شَاكِرُونَ ۝٨٠
📖 Гочдар Аят 80
Оха цунна Iамийра шуна бедарш яр‚ цара шу Iалашдархьама шун /мостаг1ийн/ ницкъах. Аш баркалла ца олу?
وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ عَاصِفَةً تَجْرِي بِأَمْرِهِ إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا ۚ وَكُنَّا بِكُلِّ شَيْءٍ عَالِمِينَ ۝٨١
📖 Гочдар Аят 81
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ нуьцкъала мох - дIасалелаш Тхан омраца Оха ша беркате дина хиллачу лаьттахула. Тхо хилла массо а хIума хууш дерш.
وَمِنَ الشَّيَاطِينِ مَن يَغُوصُونَ لَهُ وَيَعْمَلُونَ عَمَلًا دُونَ ذَٰلِكَ ۖ وَكُنَّا لَهُمْ حَافِظِينَ ۝٨٢
📖 Гочдар Аят 82
ШайтIанех а хилла цунна /хIорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Iалашдийраш .
۞ وَأَيُّوبَ إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الضُّرُّ وَأَنتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ ۝٨٣
📖 Гочдар Аят 83
Аййуб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга: "Со бāлано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарах а уггар къинхетаме верг ву-кх".
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَكَشَفْنَا مَا بِهِ مِن ضُرٍّ ۖ وَآتَيْنَاهُ أَهْلَهُ وَمِثْلَهُم مَّعَهُمْ رَحْمَةً مِّنْ عِندِنَا وَذِكْرَىٰ لِلْعَابِدِينَ ۝٨٤
📖 Гочдар Аят 84
Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бāла‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьаьна кхин ишттал‚ Тхан гергара къинхетам а хилла‚ Iибадат дечарна хьехам а хилла.
وَإِسْمَاعِيلَ وَإِدْرِيسَ وَذَا الْكِفْلِ ۖ كُلٌّ مِّنَ الصَّابِرِينَ ۝٨٥
📖 Гочдар Аят 85
/Хьахаве/ ИсмаIил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифл а‚ массо а собаре хиллачарах бу.
وَأَدْخَلْنَاهُمْ فِي رَحْمَتِنَا ۖ إِنَّهُم مِّنَ الصَّالِحِينَ ۝٨٦
📖 Гочдар Аят 86
Тхан къинхетам чу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарах бу.
وَذَا النُّونِ إِذ ذَّهَبَ مُغَاضِبًا فَظَنَّ أَن لَّن نَّقْدِرَ عَلَيْهِ فَنَادَىٰ فِي الظُّلُمَاتِ أَن لَّا إِلَٰهَ إِلَّا أَنتَ سُبْحَانَكَ إِنِّي كُنتُ مِنَ الظَّالِمِينَ ۝٨٧
📖 Гочдар Аят 87
Зун-Нун а‚ дIавахара иза оьгIазвахана ‚ цунна хаалора Оха ша гатвийр воцийла та1зар дарца . ТIаккха цо кхайкхира боданехь : "Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цIена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам дечарах".
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْغَمِّ ۚ وَكَذَٰلِكَ نُنجِي الْمُؤْمِنِينَ ۝٨٨
📖 Гочдар Аят 88
Оха цунна жоп делира‚ и кIелхьарваьккхира сингаттамах. Иштта кIелхьарбоху Оха муъма нах.
وَزَكَرِيَّا إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ رَبِّ لَا تَذَرْنِي فَرْدًا وَأَنتَ خَيْرُ الْوَارِثِينَ ۝٨٩
📖 Гочдар Аят 89
Закариййа /хьахаве/, цо кхайкхира шен Кхиош-Кхобучуьнга: "Со Кхиош-Кхобург‚ ма витахь со цхьа‚ Хьо ирс лучарах уггар диканиг ма вара!"
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَوَهَبْنَا لَهُ يَحْيَىٰ وَأَصْلَحْنَا لَهُ زَوْجَهُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَيَدْعُونَنَا رَغَبًا وَرَهَبًا ۖ وَكَانُوا لَنَا خَاشِعِينَ ۝٩٠
📖 Гочдар Аят 90
Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кIант/ Йахьйа‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда . Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура, дог дохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Iазапах/. Уьш хилира Тхох кхоьруш.
وَالَّتِي أَحْصَنَتْ فَرْجَهَا فَنَفَخْنَا فِيهَا مِن رُّوحِنَا وَجَعَلْنَاهَا وَابْنَهَا آيَةً لِّلْعَالَمِينَ ۝٩١
📖 Гочдар Аят 91
И шен йо1стагалла Iалашдинарг а /хьехайе/‚ Оха цунна Тхан сих са чудиллира . Цунах а‚ цуьнан кIантах а /массо а/ Iаламна делил хилийтира Оха.
إِنَّ هَٰذِهِ أُمَّتُكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَأَنَا رَبُّكُمْ فَاعْبُدُونِ ۝٩٢
📖 Гочдар Аят 92
Баккъалла а, хIара (массо а пайхамарашка Дала делла дин) - шун дин (ислам) ду, ша (массо а пайхамарийн) цхьа дин хилла долу‚ Со шун Кхиош-Кхобург а ву‚ Суна Iибадат дейша.
وَتَقَطَّعُوا أَمْرَهُم بَيْنَهُمْ ۖ كُلٌّ إِلَيْنَا رَاجِعُونَ ۝٩٣
📖 Гочдар Аят 93
Цара (тIаьхьабогIучара) дийкъира шайн гIуллакх вовшашна юккъехь. Массо а Тхуна тIе юхабоьрзу.
فَمَن يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَا كُفْرَانَ لِسَعْيِهِ وَإِنَّا لَهُ كَاتِبُونَ ۝٩٤
📖 Гочдар Аят 94
Диканаш деш верг‚ ша муъма волуш – хир яц цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, Тхо цунна яздеш ду .
وَحَرَامٌ عَلَىٰ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا أَنَّهُمْ لَا يَرْجِعُونَ ۝٩٥
📖 Гочдар Аят 95
Хьарам ду Оха ша хIаллакйинчу юьрта (-н дай) юхаберза
حَتَّىٰ إِذَا فُتِحَتْ يَأْجُوجُ وَمَأْجُوجُ وَهُم مِّن كُلِّ حَدَبٍ يَنسِلُونَ ۝٩٦
📖 Гочдар Аят 96
Йаъжуж а‚ Маъжуж а гучубовллалц. Уьш массо а аг1орхьара, лакхарчу меттигашкара охьахецалур бу.
وَاقْتَرَبَ الْوَعْدُ الْحَقُّ فَإِذَا هِيَ شَاخِصَةٌ أَبْصَارُ الَّذِينَ كَفَرُوا يَا وَيْلَنَا قَدْ كُنَّا فِي غَفْلَةٍ مِّنْ هَٰذَا بَلْ كُنَّا ظَالِمِينَ ۝٩٧
📖 Гочдар Аят 97
Гергаеана бакъйолу ваIда‚ ца тешаш хиллачеран бIаьргаш тIебаьлла: "Ма бāла бу-кх вайна‚ вай дара-кх хIара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш"/эр ду цара/.
إِنَّكُمْ وَمَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ حَصَبُ جَهَنَّمَ أَنتُمْ لَهَا وَارِدُونَ ۝٩٨
📖 Гочдар Аят 98
Баккъалла а, шу а‚ Дела а витина‚ аш шайна Iибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гIур долуш а ду.
لَوْ كَانَ هَٰؤُلَاءِ آلِهَةً مَّا وَرَدُوهَا ۖ وَكُلٌّ فِيهَا خَالِدُونَ ۝٩٩
📖 Гочдар Аят 99
Уьш деланаш хиллехьара, – цу чу гIур бацара. Массо а /царах/ цу чохь гуттар лаьттар ву.
لَهُمْ فِيهَا زَفِيرٌ وَهُمْ فِيهَا لَا يَسْمَعُونَ ۝١٠٠
📖 Гочдар Аят 100
Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац.
إِنَّ الَّذِينَ سَبَقَتْ لَهُم مِّنَّا الْحُسْنَىٰ أُولَٰئِكَ عَنْهَا مُبْعَدُونَ ۝١٠١
📖 Гочдар Аят 101
Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цунна (жоьжахатина) генахь хир бу.
لَا يَسْمَعُونَ حَسِيسَهَا ۖ وَهُمْ فِي مَا اشْتَهَتْ أَنفُسُهُمْ خَالِدُونَ ۝١٠٢
📖 Гочдар Аят 102
Царна хезар дац цуьнан (жоьжахатин) шах-ших а‚ уьш шайн синошна дезначохь гуттар лаьттар бу .
لَا يَحْزُنُهُمُ الْفَزَعُ الْأَكْبَرُ وَتَتَلَقَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ هَٰذَا يَوْمُكُمُ الَّذِي كُنتُمْ تُوعَدُونَ ۝١٠٣
📖 Гочдар Аят 103
Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: "ХIара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг".
يَوْمَ نَطْوِي السَّمَاءَ كَطَيِّ السِّجِلِّ لِلْكُتُبِ ۚ كَمَا بَدَأْنَا أَوَّلَ خَلْقٍ نُّعِيدُهُ ۚ وَعْدًا عَلَيْنَا ۚ إِنَّا كُنَّا فَاعِلِينَ ۝١٠٤
📖 Гочдар Аят 104
Оцу дийнахь Оха тIегулйийр ю стигал‚ жайнин кехаташ тIегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккху Тхуна тIехь хилла йолчу ваIдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гIуллакх/ деш дерш.
وَلَقَدْ كَتَبْنَا فِي الزَّبُورِ مِن بَعْدِ الذِّكْرِ أَنَّ الْأَرْضَ يَرِثُهَا عِبَادِيَ الصَّالِحُونَ ۝١٠٥
📖 Гочдар Аят 105
Оха яздинера Забура чохь хьехамал тIаьхьа: "Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша" .
إِنَّ فِي هَٰذَا لَبَلَاغًا لِّقَوْمٍ عَابِدِينَ ۝١٠٦
📖 Гочдар Аят 106
Баккъалла а, хIокху чохь кхоччуш кхетам бу Iибадат дечу нахана.
وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا رَحْمَةً لِّلْعَالَمِينَ ۝١٠٧
📖 Гочдар Аят 107
Оха ца вахийтина хьо /хIай Мухьаммад/ массо а Iаламашна къинхетам хилла а бен.
قُلْ إِنَّمَا يُوحَىٰ إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ فَهَلْ أَنتُم مُّسْلِمُونَ ۝١٠٨
📖 Гочдар Аят 108
Ахь āла: "Суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла. Шу муьтIахь хуьлий?"
فَإِن تَوَلَّوْا فَقُلْ آذَنتُكُمْ عَلَىٰ سَوَاءٍ ۖ وَإِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ أَم بَعِيدٌ مَّا تُوعَدُونَ ۝١٠٩
📖 Гочдар Аят 109
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: "Ас дIакхайкхийна шуьга цхьатерра‚ суна ца хаьа, герга ду я гена ду шуна ваIда йинарг.
إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ مِنَ الْقَوْلِ وَيَعْلَمُ مَا تَكْتُمُونَ ۝١١٠
📖 Гочдар Аят 110
Баккъалла а, Цунна (Далла) хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а.
وَإِنْ أَدْرِي لَعَلَّهُ فِتْنَةٌ لَّكُمْ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ ۝١١١
📖 Гочдар Аят 111
Суна ца хаьа и /шуна таIзар ца деш тIаьхьататтар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ цхьа хан яллалц бахам а".
قَالَ رَبِّ احْكُم بِالْحَقِّ ۗ وَرَبُّنَا الرَّحْمَٰنُ الْمُسْتَعَانُ عَلَىٰ مَا تَصِفُونَ ۝١١٢
📖 Гочдар Аят 112
Элира /Мухьаммад-пайхамаро/: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь де-кх бакъонца хьукма /суна а, х1ара дин харцдечарна а юккъехь/. Тхан Кхиош-Кхобург ву сов къинхетаме верг а‚ аш сибат дечунна тIехь Шегара гIо эца дезаш верг а ".
← 20 Аль-Анбияъ (21/114) 22 →
Деша Аль-Анбияъ сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

21الأنبياء Al-Anbiya 📚 112 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Анбияъ сура — 112 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers