PDF —
83 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Йа Син pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Йа Син pdf Нохчийн — Дахьа Сура Йа Син Гочдар. Сура Йа Син (Meccan) 83 Аят.



83 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭬﭭ
36:1 Йа сūн .
ﭮﭯﭰ
36:2 Шена чохь /дерриг/ хьекъалалла долчу Къуръанах дуй боу Ас:
ﭱﭲﭳﭴ
36:3 баккъалла а, хьо ма ву бахкийтинчарах (цхьа элча)
ﭵﭶﭷﭸ
36:4 нийсачу новкъахь.
ﭹﭺﭻﭼ
36:5 Ша веза а‚ къинхетаме а волчуьнгара доссийна ду иза (Къуръан)‚
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
36:6 хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла – уьш тидамбоцуш хилла (Делан дин ца девзаш).
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
36:7 Царах дукхахболчарна тIехь дош бакъхилла – цара /ахь деъначуьнга, х1ай Мухьаммад/ ийман дуьллур дац.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
36:8 Церан логех Оха буржалш -г1оматаш тоьхна‚ уьш чIенигех кхаьчна, – церан кортош ирх айабелла .
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
36:9 Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргашна хьалха кирхьа диллина Оха – уьш гуш ма бац.
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
36:10 Царна цхьатерра ду: ахь хьехам бича а‚ ца бича а – уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
36:11 Баккъалла а, ахь хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух (Делах) кхоьруш волчунна. Ахь цуьнга кхаъ баккха цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
36:12 Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIаяз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо а хIума дIанис ма дина Оха билгалчу жайни чохь.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
36:13 Балабе царна масална цхьана юьртан дай: цига баьхкира элчанаш.
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
36:14 Оха вахийтинера цаьрга шиъ – цара и шиъ ший а харцвира. ТIаккха Оха уьш чIагIбира кхоалгIачуьнца ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо шуьга /дахкийтина/ элчанаш ма ду".
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
36:15 Цара (юьртарчу наха) элира: "Шу ма дац тхо санна адамаш бен. Цхьанна хIуманца Къинхетаме волчо дахкийтина ма дац шу – шу харцлуьйш ма ду".
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
36:16 Цара (элчанаша) элира: "Вайн Кхиош-Кхобучунна хаьа-кх тхо шуьга дахкийтина элчанаш дуйла.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
36:17 Тхуна тIехь-м дац билгалдерг дIакхачор бен".
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
36:18 Цара (юьртарчу наха) элира: "Шу бахьанехь вон билгалонаш хааелла тхуна‚ шу ца совцахь‚ оха шуна тIулгаш деттар ма ду‚ тхоьгара лазош долчу Iазапо схьалоьцур ма ду шу".
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
36:19 Цара элира: "Шун вон билгалонаш шуьца шайца ю. Ткъа шуна хьехам бина дела /ю шун вон билгалонаш; цундела до аш тхуна Iазап?/ ХIаъ‚ шу ду-кх тIаламза къам (дуккха кIоргадахна шу къинош дарехь)".
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
36:20 ГIалина йистера ведда цхьа стаг схьакхечира‚ цо элира: "ХIай сан къам! ТIаьхьахIитта оцу элчанашна.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
36:21 ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчарна – уьш нийсачу новкъахь ма бу.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
36:22 Ас хIунда ца до Iибадат суо Кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
36:23 Иза а вуьтий‚ кхин деланаш тIелоцу ткъа ас? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьарвоккхур ма вацара /Делан Iазапах/.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
36:24 Ган а гуш долчу тиларчохь хир ма вара со тIаккха.
ﯰﯱﯲﯳﯴ
36:25 Баккъалла а, ас ийман дилли шун Кхиош-Кхобучуьнга, соьга ладогIа…"
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
36:26 /Маликаша/ элира: "Ялсамане гIо". Цо элира /шен са долуш/: "ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
36:27 суна сайн Кхиош-Кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахь болчарах хилийтар а".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
36:28 Цул тIаьхьа цуьнан къомана тIе стигалара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьйтурш ца хилира Тхо .
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
36:29 Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира – уьш /чим хилла/ дIатийна бисира.
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
36:30 Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веана-кх цаьрга, и цара хьийзавеш бен.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
36:31 Царна ца гина техьа: мел дукха т1аьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ уьш царна тIе юхабоьрзур ма бац.
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
36:32 Массо а цхьаьна Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
36:33 Билгала делил ма дуй царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цунах Оха буьртигаш а схьадаьхна – царах цара кхача боу.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
36:34 Цунна тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттийна. Цунах Оха шовданаш а даьхна –
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
36:35 цаьрга цуьнан стоьмаш баийта – церан куьйгаша ца дина иза. Баркалла хIунда ца олу цара?
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
36:36 Ц1ена ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Ша массо а хIума боьрша а‚ стен а кхоьллина волу: лаьтто схьадолуьйтуш дерг а‚ уьш шаьш а‚ царна цахуург а.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
36:37 Билгала делил ду царна буьйса: цунах де схьадоккху Оха‚ т1аккха уьш боданехь буьсуш.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
36:38 Малх а дIалела шена хIоттийначу меттиге – Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза.
ﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
36:39 Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь – дIабоьрзуш хурманан ширчу гаьннах тарлой.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
36:40 Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу – массо а шен-шен меттехь нека деш ю .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
36:41 Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу /Нухьан/ кеманна тIехь д1асалелийна хилар .
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
36:42 Цунах тера кхоьллира Оха царна тIехаа хIуманаш а.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
36:43 Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ – ма хир дацара царна орца‚ ма кIелхьарбохур бацара уьш
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
36:44 Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
36:45 Цаьрга аьлча: "Шу кхералаш шул хьалха хиллачух а‚ шул тIаьхьа хир долчух а – шух къинхетам бан там бара" /уьш дIабоьрзу/.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
36:46 Делан аятех цхьа а аят ца догIу цаьрга‚ уьш цунах /ца тешаш/ дIабоьрзуш бен.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
36:47 Цаьрга аьлча: "Саг1а ло /мискачарна / Дала шайна деллачу рицкъанах," цатешачара олу ийман диллинчарах: "Оха хIунда кхобу уьш? Дала, Шена лаахь, Ша кхобур бу‚ ган а гуш тиларчохь ду-кх шу" .
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
36:48 /ТIаккха/ цара олу: "Маца хир ду аш дуьйцург, шу бакълуьйш хиллехь?"
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
36:49 Хьоьжуш лаьттар бац уьш – беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоцур бу уьш, шаьш лаьтташехь къуьйсуш.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
36:50 Весет дан а ницкъ кхочур бац церан‚ шайн нахана тIе юхабоьрзур а бац уьш.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
36:51 Сур локхур ю – уьш кешнашкара шайн Кхиош-Кхобучунна тIе сихлур бу.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
36:52 Цара аьр ду : "Ма боккха бала беана вайна! Хьан гIовттийна те вай‚ дийшина Iохкучуьра?!" /Маликаша я муъма наха эр ду/: "ХIара ду шуна Къинхетам болчо хир ду аьлларг. Бакълийна элчанаш".
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
36:53 Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла – уьш берриге а Тхуна хьалха дIатарбелла.
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
36:54 Тахана синна цхьанна а хIуманца зулам дийр ма дац‚ аш йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
36:55 Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
36:56 Уьш а‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна т1ехь д1атевжина хир ма бу.
ﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
36:57 Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
36:58 "Салам!" – олуш, маршалла хир ду къинхетаме волчу Делера.
ﭮﭯﭰﭱﭲ
36:59 Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш!
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
36:60 Ас шуьга ца аьллера ткъа: "ХIай Āдаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш – иза шуна билгала мостагI ма дуй?
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
36:61 Суна Iибадат дейша – хIара бу нийса некъ!"
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
36:62 Шух йоккха тоба тилийна даьлла и! – Шу ца хили-кх хьекъале?!
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
36:63 ХIара ю и жоьжахате‚ хир ю шуна аьлла, хьехийнарг!
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
36:64 Iовша цуьнан йовхо тахана – шаьш ца тешаш хиларна!
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
36:65 Тахана Оха церан баганашна мухIар тухур ма ду ‚ церан куьйгаша Тхоьга дуьйцур ма ду‚ цара /дуьненахь/ карадеш хиллачунна когаша тешалла дийр ма ду.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
36:66 Тхуна лиънехьара, бIаьрса дехьна уьш буьтур бара‚ новкъах тилла бисинчу, царна мичара гур дара?
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
36:67 Я Тхуна лиънехьара, шайн меттигехь куьцаш хуьйцур ма дара церан – дIабахалур ма бацара уьш‚ юхабоьрзур а ма бацара уьш.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
36:68 Оха вāха витинарг къаналле д1аверзаво, уьш хьекъале ца хуьлу те?!
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
36:69 Ца Iамийна Оха цунна (Мухьаммад-пайхамарна) байташ – и дан цо там а ма бацара: иза хьехам а, /хIуманаш/ билгалдоху Къуръан а ма ду‚
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
36:70 шеца кхерам таса дийнаволчунна‚ цатешначарна тIехь /царна Iазап хир ду аьлла/ дош бакъхилийта.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
36:71 Царна ца гина техьа Оха шайна Тхан куьйгаша динчух даьхни кхоьллина хилар‚ уьш царна тIехь дай а бина?
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
36:72 Оха уьш царна муьтIахь дина : царах уьш тIехуьйшурш а ду‚ царах цара даа а доу.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
36:73 Царна цаьргахь пайданаш а‚ маларш а ду – баркалла хIунда ца олу цара?!
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
36:74 АллахI-Дела а витина, кхин деланаш лаьцна – шайна гIо хир ду моьттуш.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼ
36:75 Хир дац царна цаьргахула гIо – ма бу уьш царна дIахIоттийна бIо !
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
36:76 Церан дашо сингаттаме ма войла хьо. Тхо хууш ду хьуна цара къайладоккхург а‚ цара дIахьедийриг а.
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
36:77 Адамна ца гина те Оха ша кхоьллина хилар тIадамах ? – билгала мостагI хили-кх цунах !
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
36:78 Тхуна масал а далийна‚ ша кхоллар диц а дина‚ аьллера: "Хьан денйийр ю даьIахкаш, уьш яхкаелча?"
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
36:79 Ахь āла /цаьрга, х1ай элча/: "Денйийр ю уьш шаьш дуьххьара кхоьллинчо – Иза массо а хIума кхолла Ша хууш ма ву.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
36:80 Иза ву шуна сийначу диттах цIе хилийтина‚ аш цунах лата а йеш".
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
36:81 Ткъа стигалш а‚ латта а Ша кхоллинчунна ницкъ ца кхочу и саннарг юхакхолла?! Кхочу!!! И ша хууш волу сов дика Кхоллархо ма ву!
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
36:82 Цуьнан гIуллакх ду, Шена цхьа хIума лиъча, цуьнга "Хила!" āлар – т1аккха иза хуьлу.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
36:83 Ц1ена ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу‚ шу а Шена тIе дIадерзор долу.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers