Аль-Къамар сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Аль-Къамар сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (55 Аят — مكية). Аль-Къамар ЛадоргӀа, Аль-Къамар Гочдар, Аль-Къамар mp3, Аль-Къамар pdf.Аль-Къамар сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
اقْتَرَبَتِ السَّاعَةُ وَانشَقَّ الْقَمَرُ ١
📖 Гочдар
Аят 1
Гергадеана сахьт (къематде)‚ бутт ахбаьллера .
وَإِن يَرَوْا آيَةً يُعْرِضُوا وَيَقُولُوا سِحْرٌ مُّسْتَمِرٌّ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
Шайна делил (муIжизат) гича а, уьш (цатешарш) юхабовлу /ийманах/‚ цара олу: "Дахделла бозбуунчалла ду".
وَكَذَّبُوا وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءَهُمْ ۚ وَكُلُّ أَمْرٍ مُّسْتَقِرٌّ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Цара харцдира /пайхамар ваийтар/‚ уьш тIаьхьабезира шайн дезаршна. Массо а гIуллакх /диканиг а‚ вониг а/ чIагIделла ду /шен тоьхна хан йолуш/.
وَلَقَدْ جَاءَهُم مِّنَ الْأَنبَاءِ مَا فِيهِ مُزْدَجَرٌ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Цаьрга деара май хабарш /хьалхалера Делах ца тешаш хилла болу нах хIаллакбарх лаьцна долу/‚ шайна чохь /уьш къинах/ юхаозар а долуш.
حِكْمَةٌ بَالِغَةٌ ۖ فَمَا تُغْنِ النُّذُرُ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
КIорггера хьикмат (хьекъалалла) а /деара цаьрга/. Пайда ца бора кхерамаша (хьехамаша).
فَتَوَلَّ عَنْهُمْ ۘ يَوْمَ يَدْعُ الدَّاعِ إِلَىٰ شَيْءٍ نُّكُرٍ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Генавала царах /х1ай Мухьаммад‚ бита уьш/. Оцу /къемат/дийнахь кхойкхучо ца дезачу хIумане /бартхаттаре дерриг халкъ/ кхойкхур ду,
خُشَّعًا أَبْصَارُهُمْ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ كَأَنَّهُمْ جَرَادٌ مُّنتَشِرٌ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
бIаьргаш хьетIабаьлла /дукха кхерабаларна/, арабовлур бу уьш кешнашкара, даьржина цIоз санна,
مُّهْطِعِينَ إِلَى الدَّاعِ ۖ يَقُولُ الْكَافِرُونَ هَٰذَا يَوْمٌ عَسِرٌ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
/шайга/ кхойкхуш волчунна /тIекхача/ сихбелла. /Эццахь/ цатешачара эр ду: "Ма хала де ду-кх хIара!"
۞ كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ فَكَذَّبُوا عَبْدَنَا وَقَالُوا مَجْنُونٌ وَازْدُجِرَ ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Харцдира /дин/ царал (къурайшал) хьалха Нухьан къомо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: "Жинех ву иза"‚ цунна кхерамаш а тийсира (т1улгаш деттар ду, бохуш).
فَدَعَا رَبَّهُ أَنِّي مَغْلُوبٌ فَانتَصِرْ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
ТIаккха цо кхийкхира ша Кхиош-Кхобучуьнга: "Баккъалла а, со эшийна (царна дуьхьало ян ницкъ ца кхочу сан). Ахь гIо дехьа суна!"
فَفَتَحْنَا أَبْوَابَ السَّمَاءِ بِمَاءٍ مُّنْهَمِرٍ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
ТIаккха Оха дIайиллира стигалан неIарш дIакхуьссуш долчу хица .
وَفَجَّرْنَا الْأَرْضَ عُيُونًا فَالْتَقَى الْمَاءُ عَلَىٰ أَمْرٍ قَدْ قُدِرَ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Лаьттах схьадехира Оха хьосташ, хи вовшахкхийтира (стиглара охьадог1ург а, лаьттах схьадолург а) ша язделла хилла долчу омранна тIехь (Делан омраца).
وَحَمَلْنَاهُ عَلَىٰ ذَاتِ أَلْوَاحٍ وَدُسُرٍ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Оха дIаваьхьира иза (Нухь кемана тIехь) аннаш а‚ хьостамаш а долчу.
تَجْرِي بِأَعْيُنِنَا جَزَاءً لِّمَن كَانَ كُفِرَ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
Иза (кема) дIаихира Тхан бIаьргашна хьалха ша харцвина хиллачеран бекхамна.
وَلَقَد تَّرَكْنَاهَا آيَةً فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Оха дитира иза делил хилла‚ вуй цхьа а иза тергал деш верг?
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Оха атта дира Къуръан дагалаца . Вуй цхьа а дагалоцург? /1амаде и, ойла йе цунах!/
كَذَّبَتْ عَادٌ فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Харцдира /дин/ Iадаша а. Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي يَوْمِ نَحْسٍ مُّسْتَمِرٍّ ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь.
تَنزِعُ النَّاسَ كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ مُّنقَعِرٍ ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Цо схьабохура нах /шаьш болчуьра/, уьш буьсуш /лаьттах/ схьадохуш долу хурманан диттийн орамаш санна.
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?
فَقَالُوا أَبَشَرًا مِّنَّا وَاحِدًا نَّتَّبِعُهُ إِنَّا إِذًا لَّفِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Цара (самудаша) элира: "Тхайх цхьана адамна тIаьхьадезар ду тхо? ТIаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ жинех а (хьекъал чуьра деввла).
أَأُلْقِيَ الذِّكْرُ عَلَيْهِ مِن بَيْنِنَا بَلْ هُوَ كَذَّابٌ أَشِرٌ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
/Цара элира/:"Вайна юккъера /деккъа/ цуьнга доссийна ваьхьий? ХIа-хIа! Иза ву-кх кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг".
سَيَعْلَمُونَ غَدًا مَّنِ الْكَذَّابُ الْأَشِرُ ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Хуур ду царна кхана‚ мила ву кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг.
إِنَّا مُرْسِلُو النَّاقَةِ فِتْنَةً لَّهُمْ فَارْتَقِبْهُمْ وَاصْطَبِرْ ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
Оха йохуьйтур эмкал, царна питана хилла. Хьо хьажал цаьрга /хIай Салихь/‚ собаре а хилла.
وَنَبِّئْهُمْ أَنَّ الْمَاءَ قِسْمَةٌ بَيْنَهُمْ ۖ كُلُّ شِرْبٍ مُّحْتَضَرٌ ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
Д1ахаийта цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юкъахь: хIоранна а шен малар хир ду /цхьана хенахь оцу эмкална малор ду, кхечу хенахь – шайн эмкалшна/.
فَنَادَوْا صَاحِبَهُمْ فَتَعَاطَىٰ فَعَقَرَ ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
Цара кхайкхира шайн накъосте ‚ цо /шен куьйга/ схьаийцира /урс/‚ /эмкална и/ хьаькхира /т1аккха уьш х1аллакбира/.
إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ صَيْحَةً وَاحِدَةً فَكَانُوا كَهَشِيمِ الْمُحْتَظِرِ ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Оха бахийтира царна тIе цхьа /чIогIа/ мохь – уьш /белла/ бисира, /шен бежнашна/ керт йинчун якъаелла /дечиган/ юьхкаш санна .
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?
إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ حَاصِبًا إِلَّا آلَ لُوطٍ ۖ نَّجَّيْنَاهُم بِسَحَرٍ ٣٤
📖 Гочдар
Аят 34
Оха бахийтира царна тIе тIулгаш хьош болу мох‚ ЛутIан доьзал юкъара- боккхуш. Уьш кIелхьарбаьхира Оха сатосуш
نِّعْمَةً مِّنْ عِندِنَا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي مَن شَكَرَ ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукур дечунна.
وَلَقَدْ أَنذَرَهُم بَطْشَتَنَا فَتَمَارَوْا بِالنُّذُرِ ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
Цо (ЛутIас) кхерам тесира царна Тхан ницкъаца – цара шеко йира кхерам тасарх.
وَلَقَدْ رَاوَدُوهُ عَن ضَيْفِهِ فَطَمَسْنَا أَعْيُنَهُمْ فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Цуьнгара (ЛутIера) цуьнан хьеший схьабаха хьаьвсира уьш – Оха бIаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: "ХIинца Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а".
وَلَقَدْ صَبَّحَهُم بُكْرَةً عَذَابٌ مُّسْتَقِرٌّ ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
Схьалецира уьш Iуьйранна чIагIделлачу Iазапо.
فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ ٣٩
📖 Гочдар
Аят 39
"Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а!" (Эр ду цаьрга Дала).
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
Оха атта дира Къуръан дагалаца‚ вуй цхьа а дагалоцург?
وَلَقَدْ جَاءَ آلَ فِرْعَوْنَ النُّذُرُ ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
ФирIавнан охIлана тIе а баьхкира кхерамчаш.
كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كُلِّهَا فَأَخَذْنَاهُمْ أَخْذَ عَزِيزٍ مُّقْتَدِرٍ ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Цара харцдира Тхан аяташ дерриге а – Оха схьалецира уьш Веза волчун‚ ницкъ Болчун схьалацарца.
أَكُفَّارُكُمْ خَيْرٌ مِّنْ أُولَٰئِكُمْ أَمْ لَكُم بَرَاءَةٌ فِي الزُّبُرِ ٤٣
📖 Гочдар
Аят 43
Шун цатешарш дика бу царал /хIай къурайшаш/ я шу цIена хиларан бакъо ю Зубурий чохь?
أَمْ يَقُولُونَ نَحْنُ جَمِيعٌ مُّنتَصِرٌ ٤٤
📖 Гочдар
Аят 44
Я цара (Абу ДжахIла и санначара) олу: "Вай дерриг /цхьаьна хилча/, тоьлур ду /Мухьаммадал/".
سَيُهْزَمُ الْجَمْعُ وَيُوَلُّونَ الدُّبُرَ ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
Берриг /уьш/ эшор бу – бовдур бу уьш .
بَلِ السَّاعَةُ مَوْعِدُهُمْ وَالسَّاعَةُ أَدْهَىٰ وَأَمَرُّ ٤٦
📖 Гочдар
Аят 46
ХIетте а‚ сахьт (къематде) ду царна тоьхна хан. И сахьт вунō ирча а ду‚ вунō къаьхьа а ду.
إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
Баккъалла а, къинош динарш /дуьненахь/ хьере а‚ /эхартахь/ жоьжахатин цIергахь богур болуш ма бу .
يَوْمَ يُسْحَبُونَ فِي النَّارِ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ ذُوقُوا مَسَّ سَقَرَ ٤٨
📖 Гочдар
Аят 48
Оцу дийнахь уьш такхор ма бу шайн яххьаш тIехь цIерга. /Эр ду/: "Iовша шайна сакъарах хьакхадалар!"
إِنَّا كُلَّ شَيْءٍ خَلَقْنَاهُ بِقَدَرٍ ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
Оха массо а хIума кхоьллина шен барамехь.
وَمَا أَمْرُنَا إِلَّا وَاحِدَةٌ كَلَمْحٍ بِالْبَصَرِ ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
Тхан омра-м цхьа /дош/ бен дац, бIаьрг- негIар тохар санна.
وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا أَشْيَاعَكُمْ فَهَلْ مِن مُّدَّكِرٍ ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
Оха хIаллакйира шух тера тобанаш – вуй цхьа а дагалоцург?
وَكُلُّ شَيْءٍ فَعَلُوهُ فِي الزُّبُرِ ٥٢
📖 Гочдар
Аят 52
Массо а цара дина долу хIума Зубурий (маликаша д1аяздинчу жайний) чохь ду.
وَكُلُّ صَغِيرٍ وَكَبِيرٍ مُّسْتَطَرٌ ٥٣
📖 Гочдар
Аят 53
Массо а жиманиг‚ массо а доккханиг дIаязделла ду.
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَنَهَرٍ ٥٤
📖 Гочдар
Аят 54
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш бошмашна чохь а‚ хишкахь а хир бу,
فِي مَقْعَدِ صِدْقٍ عِندَ مَلِيكٍ مُّقْتَدِرٍ ٥٥
📖 Гочдар
Аят 55
бакъдерг долчахь‚ Ницкъ болчу Паччахьан (Делан) гергахь /хир бу уьш/.
Деша Аль-Къамар сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

