PDF —
55 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Къамар pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Къамар pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Къамар Гочдар. Сура Аль-Къамар (Meccan) 55 Аят.

← Ан-НаджмСура Аль-Къамар Ар-Рахьман →


55 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮬﮭﮮﮯﮰ
54:1 Гергадеана сахьт (къематде)‚ бутт ахбаьллера .
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
54:2 Шайна делил (муIжизат) гича а, уьш (цатешарш) юхабовлу /ийманах/‚ цара олу: "Дахделла бозбуунчалла ду".
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
54:3 Цара харцдира /пайхамар ваийтар/‚ уьш тIаьхьабезира шайн дезаршна. Массо а гIуллакх /диканиг а‚ вониг а/ чIагIделла ду /шен тоьхна хан йолуш/.
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
54:4 Цаьрга деара май хабарш /хьалхалера Делах ца тешаш хилла болу нах хIаллакбарх лаьцна долу/‚ шайна чохь /уьш къинах/ юхаозар а долуш.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
54:5 КIорггера хьикмат (хьекъалалла) а /деара цаьрга/. Пайда ца бора кхерамаша (хьехамаша).
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
54:6 Генавала царах /х1ай Мухьаммад‚ бита уьш/. Оцу /къемат/дийнахь кхойкхучо ца дезачу хIумане /бартхаттаре дерриг халкъ/ кхойкхур ду,
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
54:7 бIаьргаш хьетIабаьлла /дукха кхерабаларна/, арабовлур бу уьш кешнашкара, даьржина цIоз санна,
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
54:8 /шайга/ кхойкхуш волчунна /тIекхача/ сихбелла. /Эццахь/ цатешачара эр ду: "Ма хала де ду-кх хIара!"
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮ
54:9 Харцдира /дин/ царал (къурайшал) хьалха Нухьан къомо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: "Жинех ву иза"‚ цунна кхерамаш а тийсира (т1улгаш деттар ду, бохуш).
ﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
54:10 ТIаккха цо кхийкхира ша Кхиош-Кхобучуьнга: "Баккъалла а, со эшийна (царна дуьхьало ян ницкъ ца кхочу сан). Ахь гIо дехьа суна!"
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
54:11 ТIаккха Оха дIайиллира стигалан неIарш дIакхуьссуш долчу хица .
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
54:12 Лаьттах схьадехира Оха хьосташ, хи вовшахкхийтира (стиглара охьадог1ург а, лаьттах схьадолург а) ша язделла хилла долчу омранна тIехь (Делан омраца).
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
54:13 Оха дIаваьхьира иза (Нухь кемана тIехь) аннаш а‚ хьостамаш а долчу.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
54:14 Иза (кема) дIаихира Тхан бIаьргашна хьалха ша харцвина хиллачеран бекхамна.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
54:15 Оха дитира иза делил хилла‚ вуй цхьа а иза тергал деш верг?
ﮙﮚﮛﮜﮝ
54:16 Муха дара Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
54:17 Оха атта дира Къуръан дагалаца . Вуй цхьа а дагалоцург? /1амаде и, ойла йе цунах!/
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
54:18 Харцдира /дин/ Iадаша а. Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
54:19 Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
54:20 Цо схьабохура нах /шаьш болчуьра/, уьш буьсуш /лаьттах/ схьадохуш долу хурманан диттийн орамаш санна.
ﯟﯠﯡﯢﯣ
54:21 Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
54:22 Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?
ﯬﯭﯮﯯ
54:23 Харцбира самудаша а кхерамаш (хьехамаш).
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
54:24 Цара (самудаша) элира: "Тхайх цхьана адамна тIаьхьадезар ду тхо? ТIаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ жинех а (хьекъал чуьра деввла).
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
54:25 /Цара элира/:"Вайна юккъера /деккъа/ цуьнга доссийна ваьхьий? ХIа-хIа! Иза ву-кх кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг".
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
54:26 Хуур ду царна кхана‚ мила ву кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг.
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒ
54:27 Оха йохуьйтур эмкал, царна питана хилла. Хьо хьажал цаьрга /хIай Салихь/‚ собаре а хилла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
54:28 Д1ахаийта цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юкъахь: хIоранна а шен малар хир ду /цхьана хенахь оцу эмкална малор ду, кхечу хенахь – шайн эмкалшна/.
ﭛﭜﭝﭞﭟ
54:29 Цара кхайкхира шайн накъосте ‚ цо /шен куьйга/ схьаийцира /урс/‚ /эмкална и/ хьаькхира /т1аккха уьш х1аллакбира/.
ﭠﭡﭢﭣﭤ
54:30 Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
54:31 Оха бахийтира царна тIе цхьа /чIогIа/ мохь – уьш /белла/ бисира, /шен бежнашна/ керт йинчун якъаелла /дечиган/ юьхкаш санна .
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
54:32 Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?
ﭶﭷﭸﭹﭺ
54:33 Харцбира ЛутIан къомо кхерамаш (хьехамаш).
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
54:34 Оха бахийтира царна тIе тIулгаш хьош болу мох‚ ЛутIан доьзал юкъара- боккхуш. Уьш кIелхьарбаьхира Оха сатосуш
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
54:35 Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукур дечунна.
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
54:36 Цо (ЛутIас) кхерам тесира царна Тхан ницкъаца – цара шеко йира кхерам тасарх.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
54:37 Цуьнгара (ЛутIера) цуьнан хьеший схьабаха хьаьвсира уьш – Оха бIаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: "ХIинца Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а".
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
54:38 Схьалецира уьш Iуьйранна чIагIделлачу Iазапо.
ﮥﮦﮧﮨ
54:39 "Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а!" (Эр ду цаьрга Дала).
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
54:40 Оха атта дира Къуръан дагалаца‚ вуй цхьа а дагалоцург?
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
54:41 ФирIавнан охIлана тIе а баьхкира кхерамчаш.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
54:42 Цара харцдира Тхан аяташ дерриге а – Оха схьалецира уьш Веза волчун‚ ницкъ Болчун схьалацарца.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯦﯧﯨﯩﯪ
54:43 Шун цатешарш дика бу царал /хIай къурайшаш/ я шу цIена хиларан бакъо ю Зубурий чохь?
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
54:44 Я цара (Абу ДжахIла и санначара) олу: "Вай дерриг /цхьаьна хилча/, тоьлур ду /Мухьаммадал/".
ﯱﯲﯳﯴﯵ
54:45 Берриг /уьш/ эшор бу – бовдур бу уьш .
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
54:46 ХIетте а‚ сахьт (къематде) ду царна тоьхна хан. И сахьт вунō ирча а ду‚ вунō къаьхьа а ду.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
54:47 Баккъалла а, къинош динарш /дуьненахь/ хьере а‚ /эхартахь/ жоьжахатин цIергахь богур болуш ма бу .
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
54:48 Оцу дийнахь уьш такхор ма бу шайн яххьаш тIехь цIерга. /Эр ду/: "Iовша шайна сакъарах хьакхадалар!"
ﰍﰎﰏﰐﰑﰒ
54:49 Оха массо а хIума кхоьллина шен барамехь.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
54:50 Тхан омра-м цхьа /дош/ бен дац, бIаьрг- негIар тохар санна.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
54:51 Оха хIаллакйира шух тера тобанаш – вуй цхьа а дагалоцург?
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
54:52 Массо а цара дина долу хIума Зубурий (маликаша д1аяздинчу жайний) чохь ду.
ﭥﭦﭧﭨﭩ
54:53 Массо а жиманиг‚ массо а доккханиг дIаязделла ду.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
54:54 Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш бошмашна чохь а‚ хишкахь а хир бу,
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
54:55 бакъдерг долчахь‚ Ницкъ болчу Паччахьан (Делан) гергахь /хир бу уьш/.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers