PDF —
52 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Къалам pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Къалам pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Къалам Гочдар. Сура Аль-Къалам (Meccan) 52 Аят.



52 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
68:1 Нỳн . Дуй боу Ас къоламах а‚ цара /наха/ яздеш долчух а:
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
68:2 Хьо ма вац /хIай Мухьаммад/ хьо Кхиош–Кхобучун (Делан) къинхетамца жинийх.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
68:3 Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял.
ﮛﮜﮝﮞﮟ
68:4 Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккха (хаза) гIиллакх хьайгахь долуш.
ﮠﮡﮢ
68:5 ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚
ﮣﮤﮥ
68:6 мила ву шух питане лаьцнарг .
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
68:7 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – Цунна дика вевза Шен некъах тилавелларг а‚ Цунна дика бевза нийсачу новкъахь берш а.
ﯓﯔﯕﯖ
68:8 Хьо /хIай Мухьаммад/ муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчарна.
ﯗﯘﯙﯚﯛ
68:9 Уьш лууш бара хьо кIеда хила – тIаккха шаьш кIеда хир бара .
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
68:10 Хьо муьтIахь ма хилалахь х1ор /харц/ дуйнаш дукха боуш сийсаз- волчунна‚
ﯢﯣﯤﯥ
68:11 /х1ор/ луьйш волчунна /нахана юьхь дуьхьал/‚ /царна юккъехь/ меттанаш дIасакхоьхьуш волчунна‚
ﯦﯧﯨﯩﯪ
68:12 дикачу /хIуманна/ новкъарло йеш волчунна‚ къинош деш дозанех ваьлла волчунна‚
ﯫﯬﯭﯮﯯ
68:13 къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьненчу валар шеконехь долчунна (да мила ву ца хууш, боьха леларца вевзаш волчу).
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵ
68:14 Шен даьхни а, к1ентий а хиларца /Делан дозанех а ваьлла, кура а ваьлла и/.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
68:15 Шена Тхан аяташ дешча, цо элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш".
ﯾﯿﰀﰁ
68:16 Оха цуьнан мера тIе васт дуьллур ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
68:17 Баккъалла а, Оха зийра уьш‚ Оха цхьана бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш /бешара/ стоьмаш бохур бу Iуьйранна аьлла‚
ﭜﭝﭞ
68:18 шаьш /х1умма а/ т1е ца тухуш ("Дала мукъалахь" ца олуш).
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
68:19 ТIаккха цунна (бешана) го тесира хьан Кхиош-Кхобучуьнгара го тосуш долчо ‚ уьш наб йеш болуш.
ﭧﭨﭩ
68:20 /Ягна/ Iаржъелларг санна Iуьйренга елира и /церан беш/.
ﭪﭫﭬ
68:21 Iуьйренга бевлча, вовшашка кхайкхира цара:
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
68:22 "Шайн беша чу гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь"‚ – аьлла.
ﭵﭶﭷﭸ
68:23 Уьш буьйлабелира, меллаша вовшашка а луьйш:
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
68:24 "Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш боьхуш/".
ﮀﮁﮂﮃﮄ
68:25 Iуьйранна новкъа бевлира уьш, шайн дагахь /мисканиг/ духатоха ницкъ болуш.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
68:26 Иза шайна /ягна/ гича‚ цара элира: "Баккъалла а, вай тиладелла.
ﮋﮌﮍﮎ
68:27 ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина".
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖ
68:28 Царах кхечарал Iедале (веза) волчо элира: "Ас ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара"‚ – аьлла?
ﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
68:29 Цара элира: "Вонах цIена ву-кх и вай кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой".
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
68:30 Уьш вовшашна бехкаш бохуш, дуьхьалбирзира.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩ
68:31 Цара элира: "Ма бала бу вайна: вай хилира /Делан дозанех/ тIехдовлурш.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
68:32 Вай кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца /и беш/ хийца а тарло. Баккъалла а, вай кхиош-кхобуш волчу вайн Делан /дикане/ дог дохуш ду-кх".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
68:33 Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вунō доккха ду, уьш хууш хиллехь.
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
68:34 Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна шаьш кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю.
ﯨﯩﯪﯫ
68:35 Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ муьт1ахь болу нах къинош дечарах тера?
ﯬﯭﯮﯯﯰ
68:36 Шуна хIун хилла /иштта ойла ял/? Аш муха хьукма до?
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶ
68:37 Я шуна жайна ду‚ аш шена чохь доьшуш /и хьукма/?
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
68:38 Баккъалла а, шуна цу /жайни/ чохь долуш аш мел хоржург?
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
68:39 Я шун Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукма хир долуш?
ﰊﰋﰌﰍﰎ
68:40 Хатта цаьрга /хIай Мухьаммад/‚ мила ву царах /цу т1ера/ дош лур дерг.
ﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
68:41 Я церан накъостий бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий, шаьш бакълуьйш хиллехь.
ﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠﰡ
68:42 Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю ‚ уьш кхойкхур бу сужуде – царна мегар дац‚ –
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
68:43 бIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга сужуде кхойкхуш дара уьш могуш болуш .
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
68:44 Вита Со-суо хIара хабар харцдеш болчарца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг /хIаллакбарца/ царна ца хуучухула.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
68:45 Ас хан лур ю царна . /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
68:46 Я ахь цаьрга мах боьху /х1ай Мухьаммад/, уьш декхарша базбина болуш?
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
68:47 Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду, цара дIаяздеш?
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
68:48 Собар де хьуо кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукманна‚ ма хилалахь чIеран накъостах тера: цо /Деле/ кхайкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
68:49 Ша Кхиош-Кхобучун ниIмат шех ца кхиънехьара, иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара, сийсаз а хилла.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
68:50 Ша Кхиош-Кхобучо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарах.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
68:51 Цатешнарша маь11аргона шайн бIаьргашца хьо хIаллаквийр ма вара шайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: "Баккъалла а, иза жинийх ву-кх".
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
68:52 Иза-м дац массо а Iаламна хьехам бен.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers