Аль-МаӀариж сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-МаӀариж сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (44 Аят — مكية). Аль-МаӀариж ЛадоргӀа, Аль-МаӀариж Гочдар, Аль-МаӀариж mp3, Аль-МаӀариж pdf.

Аль-МаӀариж сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
سَأَلَ سَائِلٌ بِعَذَابٍ وَاقِعٍ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Дийхира цхьана доьхучо дог1ур долу Iазап .
لِّلْكَافِرِينَ لَيْسَ لَهُ دَافِعٌ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
Цатешачарна яц цунна ян дуьхьало.
مِّنَ اللَّهِ ذِي الْمَعَارِجِ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна хьаладовла/ кензаш йолчу.
تَعْرُجُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ إِلَيْهِ فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ خَمْسِينَ أَلْفَ سَنَةٍ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Хьаладовлу маликаш а‚ Са (Джибрил-малик) а Иза волчу‚ шен барам /нахана гергахь/ шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь.
فَاصْبِرْ صَبْرًا جَمِيلًا ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Ахь хазачу собарца собар делахь /хIай Мухьаммад, цу керстанаша, хьо сийсазван гIерташ, дуьйцучунна т1ехь/.
إِنَّهُمْ يَرَوْنَهُ بَعِيدًا ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Баккъалла а, царна иза (Делан Iазап) гуш ду генахь‚
وَنَرَاهُ قَرِيبًا ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Тхуна иза гуш ду гергахь.
يَوْمَ تَكُونُ السَّمَاءُ كَالْمُهْلِ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Оцу дийнахь стигал хир ю, лалийна цIеста санна.
وَتَكُونُ الْجِبَالُ كَالْعِهْنِ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
Лаьмнаш хир ду /бежнашна тIера схьаяьккхина/, цIока санна.
وَلَا يَسْأَلُ حَمِيمٌ حَمِيمًا ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
/Оцу дийнахь/ доттагIчо доттагIчух хоттур ма дац /шен бāла совбаларна/–
يُبَصَّرُونَهُمْ ۚ يَوَدُّ الْمُجْرِمُ لَوْ يَفْتَدِي مِنْ عَذَابِ يَوْمِئِذٍ بِبَنِيهِ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хIетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош динчунна оцу дийнахь Iазапах кIелхьарвала, шен кIентий дIабелла а‚
وَصَاحِبَتِهِ وَأَخِيهِ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
шен зуда а‚ шен ваша а /дIавелла а/‚
وَفَصِيلَتِهِ الَّتِي تُؤْوِيهِ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
ша тIелаьцна хилла долу шен тайпа а /дIаделла а/‚
وَمَن فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ثُمَّ يُنجِيهِ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
массо а лаьттахь мел верг а /дIавелла а/, тIаккха кIелхьарвала /луур дара цунна/.
كَلَّا ۖ إِنَّهَا لَظَىٰ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза (жоьжахати) āлу лепа цIе ю.
نَزَّاعَةً لِّلشَّوَىٰ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Схьаозор долуш ду цо коьртан чкъор.
تَدْعُو مَنْ أَدْبَرَ وَتَوَلَّىٰ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
ТIекхойкхур ву цо ша /Дела цхьаъ варх/ юхаваьлларг а‚ /ийманах/ дIаведдарг а,
وَجَمَعَ فَأَوْعَىٰ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
гулдинарг /дуьненахь даьхни, хьанал-хьарам ца къестош/, т1аккха и д1адиллинарг а /Делан а, нехан а хьакъ д1а ца луш/.
۞ إِنَّ الْإِنسَانَ خُلِقَ هَلُوعًا ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Адам кхоьлина ду /бāла беъча/ собар доцуш, /Делан ниIматашна/ шукур доцуш.
إِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ جَزُوعًا ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Шех цадезарг (пекъаралла, цамгар, кхерам) 1оттаделча, нуьцкъала собарх долуш (массо а диканах дог дуьллуш),
وَإِذَا مَسَّهُ الْخَيْرُ مَنُوعًا ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
шех диканиг 1оттаделча , нуьцкъала пис хуьлуш /сагIа далар‚ дикачу агIор харж яр а ца дезаш/,
إِلَّا الْمُصَلِّينَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
ламазаш деш берш боцурш,
الَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ دَائِمُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
шаьш шайн ламазашкахь гуттар болуш;
وَالَّذِينَ فِي أَمْوَالِهِمْ حَقٌّ مَّعْلُومٌ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
шайн /хьолехь/ билгала хьакъ долуш
لِّلسَّائِلِ وَالْمَحْرُومِ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
/сагIа/ доьхучунна а‚ шегахь хIумма а доцчунна а (сагIа ца доьхучунна а);
وَالَّذِينَ يُصَدِّقُونَ بِيَوْمِ الدِّينِ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
шаьш декхаран де бакъдеш берш;
وَالَّذِينَ هُم مِّنْ عَذَابِ رَبِّهِم مُّشْفِقُونَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Шаьш Кхиош-Кхобучун Iазапах кхоьруш берш -
إِنَّ عَذَابَ رَبِّهِمْ غَيْرُ مَأْمُونٍ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
баккъалла а, уьш Кхиош-Кхобуш волчу церан Делан Iазап тешаме дац /муьлхачу хенахь дан тарло/ -
وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
шаьш шайн эхье меженаш ларъеш берш
إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
шайн зударий боцучарах а‚ шайн аьтту куьйго доладина зударий боцучарах а. Оцаьргахь уьш бехке бац.
فَمَنِ ابْتَغَىٰ وَرَاءَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْعَادُونَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Цул тIехбевлларш – уьш /Делан/ дозанех бевлларш бу.
وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Шаьш шайна бина тешам а‚ шаьш йина ваIда а кхочушъеш берш;
وَالَّذِينَ هُم بِشَهَادَاتِهِمْ قَائِمُونَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
шаьш шайн тешаллина тIехь лаьтташ берш ;
وَالَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
шаьш шайн ламазаш Iалашдеш берш –
أُولَٰئِكَ فِي جَنَّاتٍ مُّكْرَمُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
уьш /ялсаманин/ бошмашкахь хир бу, шайх сийдина.
فَمَالِ الَّذِينَ كَفَرُوا قِبَلَكَ مُهْطِعِينَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
ХIун хилла цатешначарна – хьуна (х1ай Мухьаммад) хьалха дIасауьдуш болчарна‚
عَنِ الْيَمِينِ وَعَنِ الشِّمَالِ عِزِينَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
/хьуна/ аьтту агIорхьа‚ аьрру агIорхьа а тобанаш еш болчу /бусалбанех ца бешаш, вовшашка дуьйцуш болчу: хIорш ялсамане гIахь‚ вай царал хьалха гIур ду/?
أَيَطْمَعُ كُلُّ امْرِئٍ مِّنْهُمْ أَن يُدْخَلَ جَنَّةَ نَعِيمٍ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Лууш вуй те царах х1ор стаг ша ниIматийн ялсамане вахийта?
كَلَّا ۖ إِنَّا خَلَقْنَاهُم مِّمَّا يَعْلَمُونَ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
ХIан-хIа! Баккъалла а, Оха уьш кхоьллира царна хуучух /тIадамах, курабовла ца оьшура царна/.
فَلَا أُقْسِمُ بِرَبِّ الْمَشَارِقِ وَالْمَغَارِبِ إِنَّا لَقَادِرُونَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
ХIан-хIа! Ас дуй боу малхбалийн а‚ малхбузийн а кхиош-кхобучу Делах: баккъалла а, Тхо ницкъ болуш ду-кх
عَلَىٰ أَن نُّبَدِّلَ خَيْرًا مِّنْهُمْ وَمَا نَحْنُ بِمَسْبُوقِينَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
/уьш/ хийца царал дикачаьрца‚ /цу тIехь/ тхол хьалхавер вац /цхьа а/.
فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Бита уьш /шайн тиларчохь/ дIасаида а‚ ловза а, шайн ваIда йина йолчу /къемат/ денна дуьхьалкхетталц.
يَوْمَ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ سِرَاعًا كَأَنَّهُمْ إِلَىٰ نُصُبٍ يُوفِضُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Оцу дийнахь уьш арабевр бу кешнаш чуьра, сихбевлла, шаьш /хьалха шаьш Iибадат деш хилла болу/ тIулгашна тIе бовдуш санна‚
خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۚ ذَٰلِكَ الْيَوْمُ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
шайн бIаьргаш охьатоьхна. Сийсазалла кхуьур ю царах. И де ду-кх, царна хир ду аьлла, ваIда йина хилларг!
← 69 Аль-МаӀариж (70/114) 71 →
Деша Аль-МаӀариж сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

70المعارج Al-Ma'arij 📚 44 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-МаӀариж сура — 44 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers