PDF —
44 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-МаӀариж pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-МаӀариж pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-МаӀариж Гочдар. Сура Аль-МаӀариж (Meccan) 44 Аят.

← Аль-ХьаккъаСура Аль-МаӀариж Нухь →


44 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮮﮯﮰﮱﯓ
70:1 Дийхира цхьана доьхучо дог1ур долу Iазап .
ﯔﯕﯖﯗﯘ
70:2 Цатешачарна яц цунна ян дуьхьало.
ﯙﯚﯛﯜﯝ
70:3 Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна хьаладовла/ кензаш йолчу.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
70:4 Хьаладовлу маликаш а‚ Са (Джибрил-малик) а Иза волчу‚ шен барам /нахана гергахь/ шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь.
ﯪﯫﯬﯭ
70:5 Ахь хазачу собарца собар делахь /хIай Мухьаммад, цу керстанаша, хьо сийсазван гIерташ, дуьйцучунна т1ехь/.
ﯮﯯﯰﯱ
70:6 Баккъалла а, царна иза (Делан Iазап) гуш ду генахь‚
ﯲﯳﯴ
70:7 Тхуна иза гуш ду гергахь.
ﯵﯶﯷﯸﯹ
70:8 Оцу дийнахь стигал хир ю, лалийна цIеста санна.
ﯺﯻﯼﯽ
70:9 Лаьмнаш хир ду /бежнашна тIера схьаяьккхина/, цIока санна.
ﯾﯿﰀﰁﰂ
70:10 /Оцу дийнахь/ доттагIчо доттагIчух хоттур ма дац /шен бāла совбаларна/–
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
70:11 Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хIетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош динчунна оцу дийнахь Iазапах кIелхьарвала, шен кIентий дIабелла а‚
ﭜﭝﭞ
70:12 шен зуда а‚ шен ваша а /дIавелла а/‚
ﭟﭠﭡﭢ
70:13 ша тIелаьцна хилла долу шен тайпа а /дIаделла а/‚
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
70:14 массо а лаьттахь мел верг а /дIавелла а/, тIаккха кIелхьарвала /луур дара цунна/.
ﭪﭫﭬﭭﭮ
70:15 ХIан-хIа! Баккъалла а, иза (жоьжахати) āлу лепа цIе ю.
ﭯﭰﭱ
70:16 Схьаозор долуш ду цо коьртан чкъор.
ﭲﭳﭴﭵﭶ
70:17 ТIекхойкхур ву цо ша /Дела цхьаъ варх/ юхаваьлларг а‚ /ийманах/ дIаведдарг а,
ﭷﭸﭹ
70:18 гулдинарг /дуьненахь даьхни, хьанал-хьарам ца къестош/, т1аккха и д1адиллинарг а /Делан а, нехан а хьакъ д1а ца луш/.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
70:19 Адам кхоьлина ду /бāла беъча/ собар доцуш, /Делан ниIматашна/ шукур доцуш.
ﮀﮁﮂﮃﮄ
70:20 Шех цадезарг (пекъаралла, цамгар, кхерам) 1оттаделча, нуьцкъала собарх долуш (массо а диканах дог дуьллуш),
ﮅﮆﮇﮈﮉ
70:21 шех диканиг 1оттаделча , нуьцкъала пис хуьлуш /сагIа далар‚ дикачу агIор харж яр а ца дезаш/,
ﮊﮋﮌ
70:22 ламазаш деш берш боцурш,
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
70:23 шаьш шайн ламазашкахь гуттар болуш;
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘ
70:24 шайн /хьолехь/ билгала хьакъ долуш
ﮙﮚﮛ
70:25 /сагIа/ доьхучунна а‚ шегахь хIумма а доцчунна а (сагIа ца доьхучунна а);
ﮜﮝﮞﮟﮠ
70:26 шаьш декхаран де бакъдеш берш;
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
70:27 Шаьш Кхиош-Кхобучун Iазапах кхоьруш берш -
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
70:28 баккъалла а, уьш Кхиош-Кхобуш волчу церан Делан Iазап тешаме дац /муьлхачу хенахь дан тарло/ -
ﮮﮯﮰﮱﯓ
70:29 шаьш шайн эхье меженаш ларъеш берш
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞ
70:30 шайн зударий боцучарах а‚ шайн аьтту куьйго доладина зударий боцучарах а. Оцаьргахь уьш бехке бац.
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
70:31 Цул тIехбевлларш – уьш /Делан/ дозанех бевлларш бу.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
70:32 Шаьш шайна бина тешам а‚ шаьш йина ваIда а кхочушъеш берш;
ﯭﯮﯯﯰﯱ
70:33 шаьш шайн тешаллина тIехь лаьтташ берш ;
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
70:34 шаьш шайн ламазаш Iалашдеш берш –
ﯸﯹﯺﯻﯼ
70:35 уьш /ялсаманин/ бошмашкахь хир бу, шайх сийдина.
ﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
70:36 ХIун хилла цатешначарна – хьуна (х1ай Мухьаммад) хьалха дIасауьдуш болчарна‚
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
70:37 /хьуна/ аьтту агIорхьа‚ аьрру агIорхьа а тобанаш еш болчу /бусалбанех ца бешаш, вовшашка дуьйцуш болчу: хIорш ялсамане гIахь‚ вай царал хьалха гIур ду/?
ﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑ
70:38 Лууш вуй те царах х1ор стаг ша ниIматийн ялсамане вахийта?
ﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘ
70:39 ХIан-хIа! Баккъалла а, Оха уьш кхоьллира царна хуучух /тIадамах, курабовла ца оьшура царна/.
ﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠ
70:40 ХIан-хIа! Ас дуй боу малхбалийн а‚ малхбузийн а кхиош-кхобучу Делах: баккъалла а, Тхо ницкъ болуш ду-кх
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
70:41 /уьш/ хийца царал дикачаьрца‚ /цу тIехь/ тхол хьалхавер вац /цхьа а/.
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
70:42 Бита уьш /шайн тиларчохь/ дIасаида а‚ ловза а, шайн ваIда йина йолчу /къемат/ денна дуьхьалкхетталц.
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
70:43 Оцу дийнахь уьш арабевр бу кешнаш чуьра, сихбевлла, шаьш /хьалха шаьш Iибадат деш хилла болу/ тIулгашна тIе бовдуш санна‚
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
70:44 шайн бIаьргаш охьатоьхна. Сийсазалла кхуьур ю царах. И де ду-кх, царна хир ду аьлла, ваIда йина хилларг!

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers