PDF —
227 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аш-Шуъараъ pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аш-Шуъараъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аш-Шуъараъ Гочдар. Сура Аш-Шуъараъ (Meccan) 227 Аят.

← Аль-ФуркъанСура Аш-Шуъараъ Ан-Намль →


227 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒ
26:1 ТIа-сūн-мūм .
ﭓﭔﭕﭖﭗ
26:2 ХIорш билгала долчу жайнин (Къуръанан) аяташ ду.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
26:3 Ахь хьуо хIаллаквеш хила мега (г1айг1ане а хилла) уьш ца тешаш хиларна .
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
26:4 Тхайна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна (Делан аятана‚ делилна) муьтIахь хилла.
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
26:5 Ца бог1у цаьрга Къинхетам- болчуьнгара цхьа а керла хьехам, уьш цунах дIабоьрзуш бен .
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
26:6 Харцдира цара (мушрикаша) и (Къуръан) - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаамаш‚ уьш шайх ца бешаш хилла болу.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
26:7 Царна ца гора-те латта: мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цунна т1ехь шиш-шишша !
ﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
26:8 Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш тешаш.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
26:9 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх, шеко йоццуш, веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
26:10 Хьахаде (х1ай Мухьаммад)! Кхайкхам бира хьан Кхиош-Кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламечу къома тIе,
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
26:11 ФирIавнан къома тIе. Уьш кхоьрур бацара-те (Делан та1зарах)?”
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
26:12 Цо (Мусас) элира: “Сан Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна (со Хьан элча хиларах цатешарна).
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
26:13 Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунна тIе дахийтахь /Джибрил и соьца ваийта/.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
26:14 Церан суна тIехь къа ду (ч1ир ю) - со кхоьру цара со верна”.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
26:15 Цо (Дала) элира: “ХIан-хIа (вуьйр вац)! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду, ладугIуш.
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
26:16 Шу ший а гIо ФирIавна тIе‚ аш шиммо дIаала: “Тхойшиннах х1ор а Iаламийн Ден элча ву.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺ
26:17 ДIабахкийта тхоьца Исраилан кIентий ”.
ﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
26:18 Цо (ФирIавна) элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь бер долуш дуьйна‚ хьо ца 1ийра тхуна юккъехь хьайн дахаран шерашкахь?
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
26:19 Ахь ма дира хьайн гIуллакх‚ айхьа дина долу (тхох цхьа стаг вийр ахь – доккха къа латийра) - баркалла ца олучарах ву-кх хьо”.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
26:20 Цо (Мусас) элира: “И дира ас суо тилабеллачарах волчу хенахь.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
26:21 Со ведира шух (Мадйане)‚ суо шух кхеравелча /аш верна/. ТIаккха делира суна сан Кхиош-Кхобучо хьекъалалла (пайхамаралла а, 1илма а)‚ Цо хилийтира со элчанех.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
26:22 ХIара ниIмат (беркат) ду-кх ахь суна тIехдетташ, айхьа Исраилан кIентех, леш бина, бацорна”
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
26:23 ФирIавна элира: “Х1ун ду Iаламийн да бохург? ”
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
26:24 Цо (Мусас) элира: “Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь мел долчун а Да ву-кх ‚ шу /бакъдолчух/ тешаш делахь”.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
26:25 Цо (ФирIавна) элира шена гонахь болчаьрга: “Шу ладугIуш дац?”
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
26:26 Цо (Мусас) элира: “Шун Дела а ву И‚ шун хьалхарчу дайн а Дела а ву”.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
26:27 Цо (ФирIавна) элира: “Баккъалла а, /хIара/ шун элча‚ шуьга ваийтина волу‚ жинех ма ву”.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
26:28 Цо (Мусас) элира: “Малхбален а‚ малхбузен а цу шинна юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу кхетаме делахь”.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥ
26:29 Цо (ФирIавна) элира: “Ахь со воцург /кхин/ дела лацахь‚ ас хьо набахти чохь болчаьрца валлора ма ву”. (“Ас хьо набахти чу вуллур ма ву”).
ﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
26:30 Цо (Мусас) элира: “Со хьуна цхьа билгала долуш дерг дахьаш веънеххьий?”
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
26:31 Элира /ФирIавна/: “Схьало и /айхьа деънарг/, хьуо хиллехь бакълуьйчарах”.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
26:32 ТIаккха цо (Мусас) шен Iаса кхоьссира - цунах къегна лаьхьа хилира.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
26:33 Цо арадаьккхира шен куьг /чоьхьара/ - иза шурул кIайн хилира хьоьжучарна.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
26:34 Цо (ФирIавна) элира шен гонахь болчу элашка: “Баккъалла а, хIара говза волу бозбуунча ву.
ﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
26:35 Лууш ву и шу арадаха шун лаьттара шен бозбуунчаллца - аш хIун омра до?”
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
26:36 Цара элира: “Хан ло цунна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гIаланашка /нах/ гулбийраш.
ﯼﯽﯾﯿﰀ
26:37 Хьуна тIе богIийла уьш массо а говза волчу бозбуунчица”.
ﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
26:38 ТIаккха гулбийра бозбуунчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь.
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
26:39 Элира нахе: “Шу гулделлий?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
26:40 Вай тIехьадаза мега бозбуунчашна , нагахь уьш хилахь тоьлларш”.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
26:41 Бозбуунчаш баьхкича‚ цара элира ФирIавне: “Тхуна, баккъалла а, мах хир буй, тхо хилахь тоьлларш?”
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
26:42 Цо (ФирIавнас) элира: “ХIаъ‚ баккъалла а, шу тIаккха /суна/ герга- далийначарах хир ду”.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
26:43 Элира цаьрга Мусас: “Кхисса шаьш кхуьссуш ерг”.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
26:44 Цара кхиссира шайн мушаш а‚ Iáсанаш а‚ элира: “ФирIавнан воззалица‚ баккъалла а, вай тоьлур ма ду”.
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
26:45 ТIаккха кхоьссира Мусас шен Iáса - цо юду (кхоллу) цара мел кхуллург .
ﮈﮉﮊﮋ
26:46 Охьабигира бозбуунчаш, сужуд деш.
ﮌﮍﮎﮏﮐ
26:47 Цара элира: “Оха ийман диллина Iаламийн Кхиош-Кхобучуьнга‚
ﮑﮒﮓﮔ
26:48 Мусан а‚ ХIарунан Кхиош-Кхобучуьнга”.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
26:49 Цо (ФирIавнас) элира: “Ийман дилли аш ас шайна пурба а далале? Баккъалла а, иза (Муса) шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг‚ тIаьхьа хуур ду шуна. Ас хаддане а д1ахадор ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирхъухкур ма ду шу дерриге а”.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
26:50 Цара элира: “Бохаме дац. Баккъалла а, тхо тхайн Кхиош-Кхобучуьнга дIадоьрзур ду.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
26:51 Баккъалла а, тхо /чIогIа/ лууш ду тхаьш Кхиош–Кхобучо (Дала) тхуна гечдан тхан гIалаташна тхо хиларна хьалха ийман диллинарш”.
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
26:52 Оха Мусага хаам бира ваьхьица: “Сан лешца буьйсана аравала‚ аьлла‚ баккъалла а, /ФирIавнан нах/ шуна тIаьхьбевр болуш ма бу” .
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
26:53 Бахийтира ФирIавна гIалашкахула гуламчаш .
ﯳﯴﯵﯶﯷ
26:54 /Олуш/: “ХIорш-м (Исраилан кIентий) кIеззиг йолу цхьа ледара тоба ю.
ﯸﯹﯺﯻ
26:55 Баккъалла а, цара вай оьг1аздахийтина.
ﯼﯽﯾﯿ
26:56 Баккъалла а, вай дерриге а сема хила дезаш ма ду”.
ﰀﰁﰂﰃﰄ
26:57 Оха арабехира уьш (Фир1авн а, цуьнан эскар а) бошмашкара а‚ шовданашкара а.
ﰅﰆﰇﰈ
26:58 Хазнашкара а‚ сийлахьчу меттигера а.
ﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
26:59 Иштта Оха и (бахамаш) ирсана белира Исраилан кIенташна.
ﰏﰐﰑ
26:60 Уьш (Фир1авн а, цуьнан эскар а) царна тIаьхьабевлира малх кхеташ (малх кхетачу хенахь).
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
26:61 Шина тобанна вовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирIавнан эскар/ вайна тIаьхьакхуьуш ду”.
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
26:62 Цо (Мусас) элира: “ХIан-хIа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-Кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со” .
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
26:63 Оха ваьхьица хаийтира Мусага хьайн Iаса тоха хIордах‚ аьлла. ТIаккха иза бекъабелира ‚ хилира хIор дāкъа боккхачу ламанах тера.
ﭱﭲﭳﭴ
26:64 Оха гергабалира цига (х1ордана герга) вуьйш а .
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
26:65 Оха кIелхьарваьккхира Муса а‚ цуьнца берш а – берриге а.
ﭻﭼﭽﭾ
26:66 ТIаккъа Оха /хIорда/ бухабахийтира важа берш .
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈ
26:67 Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах (Фир1вна т1аьхьх1иттинчарах) дукхахберш ийман диллина.
ﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
26:68 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﮏﮐﮑﮒﮓ
26:69 Дийца царна ИбрахIиман хабар.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
26:70 Цо ма аьллера шен дега а‚ шен къоме а: “Стенна Iибадат деш ду шу?”
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ
26:71 Цара элира: “Тхо Iибадат деш ду тхайн цIушна , церан даима сий деш 1а тхо".
ﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
26:72 Цо (Ибрах1има) элира: “Царна (ц1ушна) хезий аш шайга кхойкхуш?
ﮨﮩﮪﮫﮬ
26:73 Я шуна пайда бо цара‚ я зен до?”
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
26:74 Цара элира: “Делахь а, тхуна карийра тхан дай иштта /гIуллакх/ деш”.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
26:75 Цо (Ибрах1има) элира: “Шуна ца гина‚ шаьш стенна Iибадат деш хилла‚
ﯛﯜﯝﯞ
26:76 аш а шун хьалхалера дайша а?
ﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
26:77 Баккъалла а, уьш (шун деланаш) мостагIий бу-кх суна‚ Iаламийн Да воцург,
ﯦﯧﯨﯩﯪ
26:78 Ша со кхоьллина волу‚ Цо со нийсачу новкъа а вуьгу.
ﯫﯬﯭﯮﯯ
26:79 Иза ву суна даа а‚ мала а луш верг.
ﯰﯱﯲﯳﯴ
26:80 Со цомгуш хилча‚ Цо суна дарба до.
ﯵﯶﯷﯸﯹ
26:81 Цо со волуьйтур ву‚ тIаккха денвийр ву.
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
26:82 Иза ву, суна чIогIа лууш верг, Цо сан гIалаташна гечдойла бекхаман дийнахь .
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
26:83 Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ ло суна хьекъалалла (пайхамаралла а, кхетам а)‚ тоха со бакъона т1ехь болчарах.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
26:84 Со бакъдолчунна т1ехь хьехавар хилийталахь тIаьхьабог1учаьргахь.
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
26:85 Со хилийталахь ниIматийн ялсаманин ирсоьцучарах.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
26:86 Ахь гечделахь сан дена ‚ баккъалла а, иза хилла-кх тилабеллачарах.
ﭥﭦﭧﭨﭩ
26:87 Сийсаза ма велахь со /Хьан та1зарца/ уьш (нах) денбийр болчу дийнахь,
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
26:88 хьоло а‚ кIенташа (доьзало) а пайда бийр боцчу дийнахь
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
26:89 ша цIенчу дагца Далла тIе веънарг воцучунна”.
ﭸﭹﭺﭻ
26:90 Ялсамане герга ялор ю /Делах/ кхоьручарна.
ﭼﭽﭾﭿ
26:91 Жоьжахати гойтур ю тилабеллачарна.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
26:92 Эр ду цаьрга: “Мичахь ю уьш шу шена Iибадат деш хилларш‚
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
26:93 Дела витина? Шуна гIо дой цара? Я шайна гIо дой цара?”
ﮏﮐﮑﮒﮓ
26:94 Кхуьссур бу уьш цу (жоьжахати) чу, уьш а‚ тилабаьлларш а‚
ﮔﮕﮖﮗ
26:95 Иблисан эскар а – берриге а (жоьжахате баха хьакъ мел берш).
ﮘﮙﮚﮛﮜ
26:96 Эр ду цара‚ шаьш цу чохь къийсамехь а болуш:
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
26:97 “ТаллахIи‚ тхо ма хилла билгалчу тилар чохь‚
ﮤﮥﮦﮧﮨ
26:98 оха шу нисдечу хенахь Iаламийн Деца.
ﮩﮪﮫﮬﮭ
26:99 Тхо тила ма ца дина къинош диначара бен.
ﮮﮯﮰﮱﯓ
26:100 Ма вац тхуна шапа1ат дечарах цхьа а,
ﯔﯕﯖﯗ
26:101 дог цIена доттагI а.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
26:102 Тхо юха /дуьнен чу/ довлуьйтуш хилча - тхо хир ма дара ийман диллинчарах”.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
26:103 Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Царах дукхахберш ца хилира муъма нах (тешаш берш).
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
26:104 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﯰﯱﯲﯳﯴ
26:105 Харцбира Нухьан къомо а элчанаш.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼ
26:106 Церан вашас Нухьас ма аьллера цаьрга: “Шу ца кхоьру /Делах/?
ﯽﯾﯿﰀﰁ
26:107 Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ тешаме элча ма ву.
ﰂﰃﰄﰅ
26:108 Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒ
26:109 Ас шуьга цунах мах ца боьху. Суна мах балар Iаламийн Дегахь бен дац.
ﰓﰔﰕﰖ
26:110 Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила!”
ﰗﰘﰙﰚﰛﰜﰝ
26:111 Цара элира: “Тхо муха тешар ду хьох‚ хьуна тIаьхьахIиттина /тхох/ уггаре а ледарнаш хилча”.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
26:112 Цо элира: “Суна хаац, уьш хIун лелош хилла .
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
26:113 Церан (цара лелош хиллачун) хьесап (дар) сан Кхиош-Кхобучуьнгахь ду‚ шу кхеташ делахь.
ﭡﭢﭣﭤﭥ
26:114 Ас д1акъехкор бац муъма нах.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
26:115 Со (Делера) кхераме дерг кхетош д1ахоуьйтург бен вац”.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
26:116 Цара элира: “Хьо ца сацахь (айхьа бечу кхайкхамах)‚ хIай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна /оха/ тIулгаш диттинчарах ”.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
26:117 Цо элира /Деле до1а деш/: “Сан Кхиош-Кхобург‚ сан къомо со харц ма вина.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
26:118 Ахь кхиэл ехьа суна а‚ царна а юккъехь‚ кIелхьарваккхалахь со а‚ тешаш болчарах соьца мел верг а”.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋ
26:119 Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг а дуьззинчу кеманахь.
ﮌﮍﮎﮏﮐ
26:120 ТIаккха Оха /хIорда/ буха- бахийтира биснарш (ца тешаш хилларш).
ﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
26:121 Баккъалла а, цу чохь (Нухьах лаьцна дийцарехь) делил ма ду. Ца хили-кх царах (оцу дийцарах ладуг1уш болчарах) дукхахболчех муъма нах.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
26:122 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ма ву Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﮡﮢﮣﮤ
26:123 Харцбира Iадаша а элчанаш.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
26:124 Цаьрга ма элира церан вашас ХIудас: “Шу ца кхоьру /Делах/?
ﮭﮮﮯﮰﮱ
26:125 Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
ﯓﯔﯕﯖ
26:126 Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
26:127 Ас ца боьху шуьга цунах мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
26:128 Шу беш ду хIор айеллачу меттигехь эрна гIирс /дозаллина, кураллина билгало хуьлу/?
ﯪﯫﯬﯭﯮ
26:129 Шу йеш ду /якхий/ г1аланаш а, ч1аг1онаш а , шаьш (дуьненахь) даиманна дуьсур ду моьттуш.
ﯯﯰﯱﯲﯳ
26:130 Шаьш (нахана) та1зар деш, аш та1зар до, къинхетамза болчара санна.
ﯴﯵﯶﯷ
26:131 Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила.
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
26:132 Шу кхера Ша шуна хууш дерг (рицкъ а, ницкъ а) шортта деллачух.
ﯾﯿﰀﰁ
26:133 Цо шуна дуккха даьхни а делла‚ кIентий (доьзалш) а белла,
ﰂﰃﰄ
26:134 бошмаш а‚ шовданаш а.
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋ
26:135 Баккъалла а, со кхоьру шуна Дезачу дийнан Iазапах”.
ﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕ
26:136 Цара (Х1удин къоман цатешачара) элира: “Цхьабосса ду тхуна, ахь хьехам бича а‚ я хьо хьехам бечарах ца хилча а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
26:137 ХIара (оха лелош дерг) хьалхалерачийн гIиллакх бен дац.
ﭗﭘﭙﭚ
26:138 Тхуна Iазап дийр долуш дац”.
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
26:139 Цара иза (Х1уд) харцвира‚ тIаккха Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах, дукхах берш, муъма нах.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
26:140 Баккъалла а, хьан КхиошКхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﭮﭯﭰﭱ
26:141 Харцбира Самудаша а элчанаш.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
26:142 Церан вашас Салихьа ма элира цаьрга: “Шу ца кхоьру?
ﭺﭻﭼﭽﭾ
26:143 Баккъалла а, со шуна (ваийтина) тешаме элча ву.
ﭿﮀﮁﮂ
26:144 Кхера Делах а‚ суна муьтIахь а хила.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
26:145 Ас ца боьху шуьга цунах мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
26:146 Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь, шаьш долччохь (х1окху дуьненахь гуттар ни1маташкахь), кхерам а боцуш,
ﮖﮗﮘﮙ
26:147 бошмашкахь а‚ шовданашкахь а,
ﮚﮛﮜﮝﮞ
26:148 ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а - шен стом к1еда-мерза болчу?
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
26:149 Аш лаьмнаш а огуш г1ишлош йо, кура а довлуш .
ﮥﮦﮧﮨ
26:150 Кхералаш Делах‚ суна муьтIахь а хилалаш!
ﮩﮪﮫﮬﮭ
26:151 Шу муьтIахь ма хилалаш /Делан дозанех/ т1ехбуьйлучеран омрана,
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕ
26:152 шаьш лаьтта т1ехь боьханиг даржош болчу - цхьа а диканиг деш бац уьш".
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛ
26:153 Цара (Самудаша шайн пайхамаре Салихье) элира: “Баккъалла а, хьо хьайна нуьцкъала бозбуунчалла динчарах ву-кх.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
26:154 Хьо ма дац тхо санна адам а бен. Дāладе делил , хьуо велахь бакълуьйчарах (цхьаъ)”.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
26:155 Цо (Салихь-пайхамара) элира: “ХIара стен эмкал ю (аш ехна йолу). Цунна хи малар (хир) ду‚ шуна а хи малар (хир) ду билгалдинчу дийнахь .
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹ
26:156 Ма хьакхалолаш цунах (эмкалах) вониг дарца, (аш цунна вониг дахь), Сийлахь - деза долчу дийнан Iазапо схьалоьцур ду шу”.
ﯺﯻﯼﯽ
26:157 Цара цунна урс хьаькхира – уьш, дохко а бевлла, Iуьйранга бевлира.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
26:158 Iазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилла-кх царах дукхахберш муъма нах.
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
26:159 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﭑﭒﭓﭔﭕ
26:160 Харцбира ЛутIин къомо элчанаш.
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
26:161 Церан вашас Лут1ас ма элира цаьрга: “Шу ца кхоьру?
ﭞﭟﭠﭡﭢ
26:162 Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
ﭣﭤﭥﭦ
26:163 Шу кхералаш Делах‚ суна муьтIахь а хилалаш.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
26:164 Ас ца боьху шуьга цунах цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
ﭴﭵﭶﭷﭸ
26:165 Шу лела ткъа божаршна тIе дерриге а Iаламашкара?
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
26:166 Аш дIатесна дуьту и шаьш Кхиош-Кхобучо шуна шайн зударшца кхоьллинарг? ХIаъ‚ шу ду-кх (Делан) дозанех т1ехдаьлла къам”.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
26:167 Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай ЛутI‚ хьо хир ма ву арабаьхначарах (цхьаъ)”. (“Оха махках воккхур ву хьо”.)
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
26:168 Цо элира: “Баккъалла а, со аш лелош дерг чIогIа йемалдечарах ву-кх.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
26:169 Со Кхиош-Кхобург‚ кIелхIарваккхахь со а‚ сан доьзал а цара дечух”.
ﮛﮜﮝﮞ
26:170 Оха кIелхьарбаьхира иза а, цуьнан доьзал а – уьш берриге а,
ﮟﮠﮡﮢﮣ
26:171 цхьа къена (Лут1ин) зуда йоцург бухабисинчарах йолу .
ﮤﮥﮦﮧ
26:172 ТIаккха х1аллакбийра Оха биснарш.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
26:173 Оха делхира царна тIе (т1улгийн) догIа. Ма вон хилира шайна кхерам тесначарна и догIа!
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
26:174 Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах дукхах берш муъма нах.
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
26:175 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх ша веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﯡﯢﯣﯤﯥ
26:176 Харцбира Айкатин дайша а элчанаш.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
26:177 Элира ткъа цаьрга ШуIайба (пайхамара): “Шу ца кхоьру?
ﯭﯮﯯﯰﯱ
26:178 Баккъалла а, со шуна (ваийтина) тешаме элча ма ву.
ﯲﯳﯴﯵ
26:179 Шу кхералаш Делах‚ суна а муьтIахь хилалаш.
ﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂ
26:180 Ас ца боьху шуьга цунах (и бакъдерг шуьга д1акхачорах) цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац.
ﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
26:181 Нийса хилийталаш /терзан/ барам‚ шу ма хилалаш /терза/ эшочарах.
ﰋﰌﰍﰎ
26:182 Озалаш нийсачу терзанца.
ﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘ
26:183 Аш ма эшаелаш нахана церан хIуманаш‚ ма лелалаш лаьтта тIехь, боьханиг даржадеш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
26:184 Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ /шул/ хьалхалерачийн умматаш а кхоьллинчух".
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜ
26:185 Цара (Шу1айбан къомо) элира: “Хьо хьайна бозбуунчалла диначарах (цхьаъ) ву-кх.
ﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
26:186 Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарах ву аьлла.
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
26:187 Ахь эгае тхуна кескаш стиглара‚ хьо хиллехь бакълуьйчарах”.
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
26:188 Цо элира: “Сан Кхиош-Кхобург дика хууш ву-кх аш дийриг”.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
26:189 Цара иза (Шу1айб) харцвира‚ тIаккха уьш схьалецира боданан дийнан Iазапо. Баккъалла а, иза хилира деза – доккхачу дийнан Iазап.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
26:190 Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царах дукхах берш муъма нах.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
26:191 Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а.
ﮓﮔﮕﮖﮗ
26:192 Баккъалла а, иза (Къуръан) - Iаламийн Дегара доссар ду.
ﮘﮙﮚﮛﮜ
26:193 Охьадоссийра иза (Къуръан) Тешамечу Сино
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
26:194 Хьан даг чу хьо хилийтархьама кхерам тосучарах .
ﮣﮤﮥﮦ
26:195 Билгалчу Iаьрбийн маттахь (доссийна и).
ﮧﮨﮩﮪﮫ
26:196 Баккъалла а, иза хьалха хиллачеран жайнийн (Таврат, Забур, Инжил…) чохь а ду.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
26:197 Царна ца хилла-те делил и (Къуръан Делан жайна хилар а, Мухьаммад Цуьнан элча хилар а) хууш хилар Исраилан кIентийн Iеламнахана?
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
26:198 Оха иза /Къуръан/ доссийна хиллехьара кхечу къаьмнийн цхьаболчаьрга ‚
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
26:199 Цара (1аьрбий боцучара) иза царна (къурайшашна) доьшура дара - хир бацара уьш цунах (Къуръанах) а тешаш.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
26:200 Иштта диллина Оха и (Къуръан харцдар) къиношдечеран дегнашка.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
26:201 Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галлац.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
26:202 Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шайна хаа ца луш.
ﯸﯹﯺﯻﯼ
26:203 Цара тIаккха эр ду: “Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?”
ﯽﯾﯿ
26:204 Тхан Iазапаца сихло уьш? (Оха 1азап сихдар доьху цара?)
ﰀﰁﰂﰃﰄ
26:205 Хьуна ца хаьа, Оха уьш шерашкахь /дуьненан ни1маташкахь/ бāхийтича а,
ﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
26:206 тIаккха цаьрга деъча цаьрга доуьйтур ду аьлларг ,
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
26:207 кIелхьарбохур ма бац уьш /Делан Iазапах/ царна белла хиллачу бахамо .
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
26:208 Оха хIаллак ца йира цхьа а юрт шена кхерамчаш боцуш
ﭠﭡﭢﭣﭤ
26:209 /царна/ хаам бан (шайна, пайхамар харцвича, 1азап хирг хилар). Тхо ца хилира зуламхой (хаам ца беш нах х1аллакбеш).
ﭥﭦﭧﭨﭩ
26:210 Ца диссира цуьнца (Къуръанца Мухьаммаде) шайтIанаш (цхьаболчу керстанаша ма бохху).
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
26:211 Тарлуш дац царна (шайтIанашна бакъдерг дахьаш дахка)‚ церан ницкъ ца кхочу (и дан).
ﭰﭱﭲﭳﭴ
26:212 Уьш /шайтIанаш/ (Къуръане стиглахь) ладогIарах херадаьхна ду.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
26:213 Ма кхайкха /х1ай Мухьаммад/ Аллах1-Делаца кхечу деле - тIаккха хьо хир ву хьайна Iазап дийрдолчарах.
ﭿﮀﮁﮂ
26:214 Ахь ларбе (Делан та1зарх) хьайн юххера гергара нах.
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
26:215 Хьайн тIам охьабахийта муъма нахах хьайна тIехьахIиттинчарна (кIеда-мерза хила цаьрца).
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
26:216 Цара хьайна Iесалла яхь‚ ахь āла: “Со цIена ву-кх аш дечух”.
ﮒﮓﮔﮕﮖ
26:217 Хьо тIетовжа Ша Веза волчунна а‚ Къинхетаме волчунна а,
ﮗﮘﮙﮚﮛ
26:218 Шена хьо гуш волчунна хьо (буьйсанан ламазашна) хIуттучу хенахь а,
ﮜﮝﮞﮟ
26:219 сужуд дечеран юккъехь ахь ламаз техь лелош дерг а.
ﮠﮡﮢﮣﮤ
26:220 Баккъалла а, Иза ву-кх хезаш верг а‚ хууш верг а.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
26:221 Ас дийций шуна /хIай Маккин керстанаш/‚ шена тIе шайтIанаш дуьссучух?
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
26:222 Уьш дуьссу хIор харцлуьчунна а‚ къинош дечунна а тIе.
ﯓﯔﯕﯖﯗ
26:223 Цара /шайтIанаша стиглахь шайна/ хезнарг /бозбуунчашка/ кхуьссу‚ царах (бозбуунчех) дукхах берш харцлуьйш бу .
ﯘﯙﯚﯛ
26:224 Ткъа назманчаш – царна (назманчашна) тIаьхьахIуьтту тилабелларш.
ﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
26:225 Хьуна ца гина уьш массо а тог1енашкахула кхерсташ (д1аса - уьдуш)? /Муьлххачу а х1уманах лаьцна байташ йоху цара/.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
26:226 Цара дуьйцу шаьш ца дийриг.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
26:227 Ийман диллина‚ дика Iамалш йина‚ дуккха Дела хьехийна (шайн байташкахь), шайна зуламаш дина хилла болчу (бусалбанашна) г1о дина берш боцурш (уьш бац цу харц назманчех). ТIаьхьа хуур ду зулам диначарна‚ стенга шаьш кхочур ду.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers