Аль-Анкабут сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь
Аль-Анкабут сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (69 Аят — مكية). Аль-Анкабут ЛадоргӀа, Аль-Анкабут Гочдар, Аль-Анкабут mp3, Аль-Анкабут pdf.Аль-Анкабут сура деша а, ладоргӀа а
🎧 Аят
M
Mishary Rashid Alafasy
✓
Mishary Rashid Alafasy
✓
M
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
Mahmoud Khalil Al-Husary
✓
A
Abdurrahman As-Sudais
✓
Abdurrahman As-Sudais
✓
M
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
Mohamed Siddiq Al-Minshawi
✓
A
Abdul Basit Abdul Samad
✓
Abdul Basit Abdul Samad
✓
A
Ali Al-Hudhaify
✓
Ali Al-Hudhaify
✓
A
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
Ahmed ibn Ali al-Ajamy
✓
A
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
Abu Bakr Ash-Shaatree
✓
M
Muhammad Ayyoub
✓
Muhammad Ayyoub
✓
A
Abdullah Basfar
✓
Abdullah Basfar
✓
A
Abdullah Al-Juhani
✓
Abdullah Al-Juhani
✓
M
Maher Al Muaiqly
✓
Maher Al Muaiqly
✓
—
x1
أَحَسِبَ النَّاسُ أَن يُتْرَكُوا أَن يَقُولُوا آمَنَّا وَهُمْ لَا يُفْتَنُونَ ٢
📖 Гочдар
Аят 2
Нахана моьттина-те, шаьш "Оха ийман диллина" аьлчахьана‚ зен а ца зуьйш, дуьтур ду аьлла?
وَلَقَدْ فَتَنَّا الَّذِينَ مِن قَبْلِهِمْ ۖ فَلَيَعْلَمَنَّ اللَّهُ الَّذِينَ صَدَقُوا وَلَيَعْلَمَنَّ الْكَاذِبِينَ ٣
📖 Гочдар
Аят 3
Оха зен ма зийна царал хьалха хилларш а. Далла хууш ма бу хьуна бакълина хилларш а‚ Цунна хууш ма бу хьуна харцлуьйш берш а (Дала къастор бу ийманца бакъхилларш харцхиллачарал).
أَمْ حَسِبَ الَّذِينَ يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ أَن يَسْبِقُونَا ۚ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ ٤
📖 Гочдар
Аят 4
Вониг деш берш моьттуш бара-те шаьш Тхол хьалхадевр ду (Тхан 1азапах к1елхьарадевр ду)? Ма вон хьукма деш бу-кх уьш!
مَن كَانَ يَرْجُو لِقَاءَ اللَّهِ فَإِنَّ أَجَلَ اللَّهِ لَآتٍ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ ٥
📖 Гочдар
Аят 5
Милла хиллехь Далла дуьхьалкхетаре дог дохуш – Дала тоьхна хан (шеко йоццуш) йогIур йолуш ма ю! Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ма ву!
وَمَن جَاهَدَ فَإِنَّمَا يُجَاهِدُ لِنَفْسِهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَغَنِيٌّ عَنِ الْعَالَمِينَ ٦
📖 Гочдар
Аят 6
Милла велахь а /Делан некъа т1ехь/ къахьоьгуш – цо къахьоьгу шена. Баккъалла а, Дела ма вац Шена хьашташ долуш Iаламашкахь (Шена цхьа а х1ума оьшуш вац Иза).
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُكَفِّرَنَّ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَحْسَنَ الَّذِي كَانُوا يَعْمَلُونَ ٧
📖 Гочдар
Аят 7
Ийман диллина берш а‚ дика Iамал йинарш а – царах д1адохур ма ду Оха церан вонаш‚ лур ду (совг1атна) царна шаьш деш хиллачул а дикох дерг.
وَوَصَّيْنَا الْإِنسَانَ بِوَالِدَيْهِ حُسْنًا ۖ وَإِن جَاهَدَاكَ لِتُشْرِكَ بِي مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ فَلَا تُطِعْهُمَا ۚ إِلَيَّ مَرْجِعُكُمْ فَأُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ٨
📖 Гочдар
Аят 8
Оха весет дина адамна шен деца-ненаца дика хилар. Нагахь санна и шиъ хьоьга Соьца накъост лацийта г1ертахь‚ цунах хьоьгахь цхьа а хаар доцуш‚ – тIаккха ахь цу шинга ла ма догIалахь ! Суна тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Ас шуьга дуьйцур ду аш деш хилларг.
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُدْخِلَنَّهُمْ فِي الصَّالِحِينَ ٩
📖 Гочдар
Аят 9
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – уьш бохуьйтур бу Оха дикачарна юкъа (ялсамане).
وَمِنَ النَّاسِ مَن يَقُولُ آمَنَّا بِاللَّهِ فَإِذَا أُوذِيَ فِي اللَّهِ جَعَلَ فِتْنَةَ النَّاسِ كَعَذَابِ اللَّهِ وَلَئِن جَاءَ نَصْرٌ مِّن رَّبِّكَ لَيَقُولُنَّ إِنَّا كُنَّا مَعَكُمْ ۚ أَوَلَيْسَ اللَّهُ بِأَعْلَمَ بِمَا فِي صُدُورِ الْعَالَمِينَ ١٠
📖 Гочдар
Аят 10
Адамашна юкъахь бу, шаьш олуш берш /багахула/: "Оха ийман диллина Деле". Т1аккха Деле ийман диллар бахьанехь шайна /цхьана нахера/ бохам хилча, цара лору нехан питна (нахера шайна хилла цатам) Делера Iазапах тера. Хьан Кхиош-Кхобучуьнгара толам беъча, цара олу: "Баккъалла а, тхо шуьца ма дара". Ткъа Дела вац дика хууш 1аламийн дегнашкахь дерг ?
وَلَيَعْلَمَنَّ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَلَيَعْلَمَنَّ الْمُنَافِقِينَ ١١
📖 Гочдар
Аят 11
Бевзар ма бу хьуна Далла ийман диллинарш а‚ бевзар ма бу хьуна Цунна мунепикъаш а (Дала гучудоккхур ду нахана шина а тобанан хьелаш).
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا اتَّبِعُوا سَبِيلَنَا وَلْنَحْمِلْ خَطَايَاكُمْ وَمَا هُم بِحَامِلِينَ مِنْ خَطَايَاهُم مِّن شَيْءٍ ۖ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ ١٢
📖 Гочдар
Аят 12
Цатешначара элира ийман диллинчаьрга: "Тхан новкъа довла‚ оха д1ахьур ду шун къинош". Д1ахьур ма дац цара церан къинойх цхьа а хIума. Баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу!
وَلَيَحْمِلُنَّ أَثْقَالَهُمْ وَأَثْقَالًا مَّعَ أَثْقَالِهِمْ ۖ وَلَيُسْأَلُنَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَمَّا كَانُوا يَفْتَرُونَ ١٣
📖 Гочдар
Аят 13
Цара хьур ма бу шайн мохь а‚ шайн маьхьца /кхин/ мохь а. Цаьрга хоттур ма ду къематдийнахь цара /харц/ кхуллуш хиллачух (Делах лаьцна цара харц мел дийцинчух) .
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ فَلَبِثَ فِيهِمْ أَلْفَ سَنَةٍ إِلَّا خَمْسِينَ عَامًا فَأَخَذَهُمُ الطُّوفَانُ وَهُمْ ظَالِمُونَ ١٤
📖 Гочдар
Аят 14
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Иза лаьттира царна юккъехь эзар шарахь, шовзткъе итт шо т1етоьхча . Уьш схьалецира тIовфано , шаьш зуламхой а хуьлуш!
فَأَنجَيْنَاهُ وَأَصْحَابَ السَّفِينَةِ وَجَعَلْنَاهَا آيَةً لِّلْعَالَمِينَ ١٥
📖 Гочдар
Аят 15
Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ кеманна т1ехь хилларш а‚ хилийтира цунах (кеманах) Iаламашна (адамашна) делил.
وَإِبْرَاهِيمَ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاتَّقُوهُ ۖ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَّكُمْ إِن كُنتُمْ تَعْلَمُونَ ١٦
📖 Гочдар
Аят 16
ИбрахIима /дагаваийта/‚ цо ма элира шен къоме: "Далла Iибидат де‚ Цунах кхера. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь.
إِنَّمَا تَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ أَوْثَانًا وَتَخْلُقُونَ إِفْكًا ۚ إِنَّ الَّذِينَ تَعْبُدُونَ مِن دُونِ اللَّهِ لَا يَمْلِكُونَ لَكُمْ رِزْقًا فَابْتَغُوا عِندَ اللَّهِ الرِّزْقَ وَاعْبُدُوهُ وَاشْكُرُوا لَهُ ۖ إِلَيْهِ تُرْجَعُونَ ١٧
📖 Гочдар
Аят 17
Баккъалла а, шу Iибадат деш ду-кх, Дела а витина, жа1аршна‚ кхуллуш ду эладита. Баккъалла а, и Дела а витина, аш Iибадат дечеран долахь ма дац шун рицкъ. Аш лаха Делера рицкъ‚ Цунна Iибадат де‚ Цунна баркалла а āла. Цунна тIе юхадерзор ду шу".
وَإِن تُكَذِّبُوا فَقَدْ كَذَّبَ أُمَمٌ مِّن قَبْلِكُمْ ۖ وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ ١٨
📖 Гочдар
Аят 18
Аш и харцдахь – (шуна хаийла) шул хьалха хиллачу умматаша а харц ма динера иза. Элчанна тIехь-м ма дац билгала дIакхачор бен.
أَوَلَمْ يَرَوْا كَيْفَ يُبْدِئُ اللَّهُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ ١٩
📖 Гочдар
Аят 19
Царна ца хиъна-те‚ муха доладо Дала (юьхьанца) кхоллар‚ тIаккха карладоккху иза. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду.
قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانظُرُوا كَيْفَ بَدَأَ الْخَلْقَ ۚ ثُمَّ اللَّهُ يُنشِئُ النَّشْأَةَ الْآخِرَةَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ ٢٠
📖 Гочдар
Аят 20
Ахь āла /х1ай элча/: "Лела лаьттахула‚ хьажа‚ муха долийна Цо /юьхьанца/ кхоллар‚ тIаккха Дала кхуллур ду тIаьххьара кхоллар (къематдийнахь халкъ юхадендийр ду). Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
يُعَذِّبُ مَن يَشَاءُ وَيَرْحَمُ مَن يَشَاءُ ۖ وَإِلَيْهِ تُقْلَبُونَ ٢١
📖 Гочдар
Аят 21
Iазап до Цо Шена луучунна‚ къинхетам а бо Шена луучух‚ Цунна тIе дIадерзор долуш ду шу а.
وَمَا أَنتُم بِمُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ ۖ وَمَا لَكُم مِّن دُونِ اللَّهِ مِن وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ ٢٢
📖 Гочдар
Аят 22
Шу ма дац гIорасиз валур волуш /Дела, Цуьнан кхелах к1елхьарадовлалур долуш/ лаьттахь а‚ стиглахь а . Ма вац шуна Дела воцург /цхьа а/ доладийриг а‚ гIоьнча а."
وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ وَلِقَائِهِ أُولَٰئِكَ يَئِسُوا مِن رَّحْمَتِي وَأُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ ٢٣
📖 Гочдар
Аят 23
Делан аятех а‚ Цунна дуьхьалкхетарх а цатешнарш – цара дог диллина Сан къинхетамах‚ уьш бу шайна лазош долу Iазап хир дерш.
فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَن قَالُوا اقْتُلُوهُ أَوْ حَرِّقُوهُ فَأَنجَاهُ اللَّهُ مِنَ النَّارِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِّقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ ٢٤
📖 Гочдар
Аят 24
Ца хилира цуьнан къоман жоп цара алар бен: "Ве иза‚ я вагаве иза!" Оха кIелхьарваьккхира /ИбрахIим/ цIарах. Баккъалла а, цу чохь аяташ (делилаш) ма ду тешаш болчу нахана.
وَقَالَ إِنَّمَا اتَّخَذْتُم مِّن دُونِ اللَّهِ أَوْثَانًا مَّوَدَّةَ بَيْنِكُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ ثُمَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكْفُرُ بَعْضُكُم بِبَعْضٍ وَيَلْعَنُ بَعْضُكُم بَعْضًا وَمَأْوَاكُمُ النَّارُ وَمَا لَكُم مِّن نَّاصِرِينَ ٢٥
📖 Гочдар
Аят 25
Цо (ИбрахIима) элира: "Баккъалла а, аш леци-кх, Дела а витина, жа1арш (цIуш) безам хилла вовший юккъехь дуьненан дахарехь . ТIаьхьа къематдийнахь шух цхьаболчара вукхарна керстадийр ма ду‚ цхьаболчара вукхарна неIалт эр ма ду‚ шун чугIойла (жоьжахатин) цIе ма ю. Ма бац шуна цхьа а гIоьнчий".
۞ فَآمَنَ لَهُ لُوطٌ ۘ وَقَالَ إِنِّي مُهَاجِرٌ إِلَىٰ رَبِّي ۖ إِنَّهُ هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ٢٦
📖 Гочдар
Аят 26
Цунах тийшира ЛутI. Цо элира: "Со дIакхелха сан Кхиош-Кхобучуьнга‚ баккъалла а, Иза ву веза верг а‚ Шегахь хьекъалалла дерг а".
وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ وَجَعَلْنَا فِي ذُرِّيَّتِهِ النُّبُوَّةَ وَالْكِتَابَ وَآتَيْنَاهُ أَجْرَهُ فِي الدُّنْيَا ۖ وَإِنَّهُ فِي الْآخِرَةِ لَمِنَ الصَّالِحِينَ ٢٧
📖 Гочдар
Аят 27
Оха велира цунна (ИбрахIимна) Исхьакъ а‚ /к1ентан к1ант/ ЙаIкъуб а‚ хилийтира цуьнан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а, елира цунна шен ял дуьненахь. Баккъалла а, иза эхартахь а дикачарах ма ву.
وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُم بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِّنَ الْعَالَمِينَ ٢٨
📖 Гочдар
Аят 28
ЛутI а /хьахаве/‚ цо ма элира шен къоме: "Баккъалла а, аш дахьаш ма ду боьханиг‚ шеца Iаламашкара цхьа а шул хьалха ца ваьлларг.
أَئِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ وَتَقْطَعُونَ السَّبِيلَ وَتَأْتُونَ فِي نَادِيكُمُ الْمُنكَرَ ۖ فَمَا كَانَ جَوَابَ قَوْمِهِ إِلَّا أَن قَالُوا ائْتِنَا بِعَذَابِ اللَّهِ إِن كُنتَ مِنَ الصَّادِقِينَ ٢٩
📖 Гочдар
Аят 29
Шу оьху ткъа божаршна тIе ‚ аш къуьлу ткъа некъаш ? Аш леладо шайн гуламашкахь ирчаниг." Ца хилира цуьнан къоман кхин жоп, шаьш āлар бен: "Даийта тхуна Делан Iазап‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь".
قَالَ رَبِّ انصُرْنِي عَلَى الْقَوْمِ الْمُفْسِدِينَ ٣٠
📖 Гочдар
Аят 30
Цо элира /Деле доьхуш/: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь гIо делахь суна пасад хIума лелочу къомана тIехь".
وَلَمَّا جَاءَتْ رُسُلُنَا إِبْرَاهِيمَ بِالْبُشْرَىٰ قَالُوا إِنَّا مُهْلِكُو أَهْلِ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ ۖ إِنَّ أَهْلَهَا كَانُوا ظَالِمِينَ ٣١
📖 Гочдар
Аят 31
Тхан элчанаш (маликаш)баьхкича ИбрахIимна тIе (хазачу) кхоъца‚ цара элира: "Баккъалла а, тхо ду хIокху юьртара адамаш хIаллакдан дохкуш. Баккъалла а, цигара адамаш хили зуламхой".
قَالَ إِنَّ فِيهَا لُوطًا ۚ قَالُوا نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَن فِيهَا ۖ لَنُنَجِّيَنَّهُ وَأَهْلَهُ إِلَّا امْرَأَتَهُ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ ٣٢
📖 Гочдар
Аят 32
Цо (ИбрахIим-пайхамара) элира: "Ткъа царна юккъехь ЛутI ма ву"! Цара элира: "Тхуна дика хаьа, цу чохь мила ву! Оха кIелхьарвоккхур ма ву иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан зуда йоцург – иза хили /халлакхилла/ байначарах".
وَلَمَّا أَن جَاءَتْ رُسُلُنَا لُوطًا سِيءَ بِهِمْ وَضَاقَ بِهِمْ ذَرْعًا وَقَالُوا لَا تَخَفْ وَلَا تَحْزَنْ ۖ إِنَّا مُنَجُّوكَ وَأَهْلَكَ إِلَّا امْرَأَتَكَ كَانَتْ مِنَ الْغَابِرِينَ ٣٣
📖 Гочдар
Аят 33
Тхан элчанаш (геланчаш-маликаш) баьхкича ЛутI волчу, уьш бахьанехь г1айг1ане хилира иза‚ дог гатделира /кийрахь – уьш шен къомо лелочу боьхачу хIуманах ларбалур бац шега моттаделла/. Цара /шаьш Делан элчий дуй хаийтина/ элира: "Хьо ма кхера‚ ахь са ма гаттаде. Баккъалла а, тхо ду хьо а, хьан доьзал а кIелхьарбохур дерш‚ хьан зуда йоцург – иза хили /хIаллакхилла/ байначарах.
إِنَّا مُنزِلُونَ عَلَىٰ أَهْلِ هَٰذِهِ الْقَرْيَةِ رِجْزًا مِّنَ السَّمَاءِ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ ٣٤
📖 Гочдар
Аят 34
Баккъалла а, Оха доссор ду хIокху юьртарчу нахана тIе стиглара Iазап уьш /Далла/ 1еса хиларна".
وَلَقَد تَّرَكْنَا مِنْهَا آيَةً بَيِّنَةً لِّقَوْمٍ يَعْقِلُونَ ٣٥
📖 Гочдар
Аят 35
Оха дитира цунах (Лут1 къоман аьттачу яртех) къеггина билгало хьекъалечу нахана.
وَإِلَىٰ مَدْيَنَ أَخَاهُمْ شُعَيْبًا فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَارْجُوا الْيَوْمَ الْآخِرَ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ ٣٦
📖 Гочдар
Аят 36
Мадйане (Мадйанерчу бахархошка) /Оха вахийтира/ церан ваша ШуIайб. Цо элира: "ХIай сан къам‚ Далла Iибадат де‚ дог даха эхарчу дийне‚ ма даржаде лаьттахь телхина дерг".
فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ ٣٧
📖 Гочдар
Аят 37
Цара иза харцвира. Уьш схьалецира мохкбегаро – тIаккха уьш Iуьйранга бевлира шайн х1усамашкахь берталъэгна (бала а белла).
وَعَادًا وَثَمُودَ وَقَد تَّبَيَّنَ لَكُم مِّن مَّسَاكِنِهِمْ ۖ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ السَّبِيلِ وَكَانُوا مُسْتَبْصِرِينَ ٣٨
📖 Гочдар
Аят 38
Iадаш а‚ Самудаш а /хIаллакбира Оха/. Шуна билгалделира иза церан х1усамашкахула. Хазйира царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо галабехира уьш /нийсачу/ некъах‚ уьш хиллехь а кхетам болуш.
وَقَارُونَ وَفِرْعَوْنَ وَهَامَانَ ۖ وَلَقَدْ جَاءَهُم مُّوسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ وَمَا كَانُوا سَابِقِينَ ٣٩
📖 Гочдар
Аят 39
Къарун а‚ ФирIавн а‚ ХIаман а /хIаллакбира Оха/. Веара цаьрга Муса билгалонашца‚ куралла йира цара лаьтта т1ехь‚ уьш ца хилира хьалхабевлларш /Тхан Iазапах/.
فَكُلًّا أَخَذْنَا بِذَنبِهِ ۖ فَمِنْهُم مَّنْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِ حَاصِبًا وَمِنْهُم مَّنْ أَخَذَتْهُ الصَّيْحَةُ وَمِنْهُم مَّنْ خَسَفْنَا بِهِ الْأَرْضَ وَمِنْهُم مَّنْ أَغْرَقْنَا ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِن كَانُوا أَنفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ ٤٠
📖 Гочдар
Аят 40
(Царах) х1ор а схьалецира Оха шен къа бахьанехь . Царах бу Оха шайна тIе /т1улгашца цхьаьна/ дарц хьавзийтинарш а‚ царах бу ц1ог1а тохаро схьалецнарш а‚ царах бу Оха шаьш лаьтта бухабахийтинарш а‚ царах бу Оха шаьш хина бухабахийтинарш а. Ца хилира Дела царна зулам деш‚ делахь а, шаьш хилира уьш шайна зулам деш.
مَثَلُ الَّذِينَ اتَّخَذُوا مِن دُونِ اللَّهِ أَوْلِيَاءَ كَمَثَلِ الْعَنكَبُوتِ اتَّخَذَتْ بَيْتًا ۖ وَإِنَّ أَوْهَنَ الْبُيُوتِ لَبَيْتُ الْعَنكَبُوتِ ۖ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ ٤١
📖 Гочдар
Аят 41
Дела воцург /кхин/ гIоьнчий лецначеран масал /шена/ маша бузуш гезго йинчу х1усамах тера ду. Баккъалла а, уггар ледара х1усам гезган х1усам ю-кх, уьш хууш хиллехь.
إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يَدْعُونَ مِن دُونِهِ مِن شَيْءٍ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ ٤٢
📖 Гочдар
Аят 42
Баккъалла а, Далла хаьа цара (мушрикаша), Ша а витина, шайга кхойкху хIуманаш (цхьанна а пайдане йоцу х1уманаш юйла). Иза веза верг а ву‚ Шегахь хьекъалалла дерг а ву.
وَتِلْكَ الْأَمْثَالُ نَضْرِبُهَا لِلنَّاسِ ۖ وَمَا يَعْقِلُهَا إِلَّا الْعَالِمُونَ ٤٣
📖 Гочдар
Аят 43
ХIара масалш Оха даладо нахана. Церан ойла-м ца йо Iеламнаха бен.
خَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِّلْمُؤْمِنِينَ ٤٤
📖 Гочдар
Аят 44
Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъонца. Баккъалла а, цу чохь делил ду муъма (тешаш болчу) нахана.
اتْلُ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِنَ الْكِتَابِ وَأَقِمِ الصَّلَاةَ ۖ إِنَّ الصَّلَاةَ تَنْهَىٰ عَنِ الْفَحْشَاءِ وَالْمُنكَرِ ۗ وَلَذِكْرُ اللَّهِ أَكْبَرُ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَصْنَعُونَ ٤٥
📖 Гочдар
Аят 45
Ахь деша хьайга ваьхьица (Делан хаамца) даийтинчу жайни т1ера‚ ламаз х1оттаде. Баккъалла а, ламазо духатуху боьханиг а‚ ирчаниг а. Дела хьехор вуно доккха ду. Дела хууш ву аш дийриг.
۞ وَلَا تُجَادِلُوا أَهْلَ الْكِتَابِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ إِلَّا الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ ۖ وَقُولُوا آمَنَّا بِالَّذِي أُنزِلَ إِلَيْنَا وَأُنزِلَ إِلَيْكُمْ وَإِلَٰهُنَا وَإِلَٰهُكُمْ وَاحِدٌ وَنَحْنُ لَهُ مُسْلِمُونَ ٤٦
📖 Гочдар
Аят 46
Аш (х1ай ийман диллинарш) ма къийса жайнин охIланца , уггаре дикачу аг1ор бен, царах зулам динарш боцучаьрца (бусалба динна а, бусалбанашна а зуламаш деш болчаьрца къийса ма-торру луьра). Аш āла: "Оха ийман дилли тхоьга доссинчуьнга а (Къуръане)‚ шуьга доссинчуьнга а (Таврате а, Инжиле а)‚ Тхан Дела а‚ шун Дела а цхьаъ ву‚ тхо Цунна муьтIахь ду".
وَكَذَٰلِكَ أَنزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ ۚ فَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَمِنْ هَٰؤُلَاءِ مَن يُؤْمِنُ بِهِ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا الْكَافِرُونَ ٤٧
📖 Гочдар
Аят 47
Иштта Оха доссийра хьоьга /х1ай Мухьаммад/ жайна (Къуръан). Оха шайга /хьалха/ жайна (Таврат) делларш (царах цхьаберш) цунах (Къуръанах) тешаш бу. ХIокхарах а (Iаьрбех) цунах тешаш берш бу. Тхан аятех ца тешаш бац керстанаш бен.
وَمَا كُنتَ تَتْلُو مِن قَبْلِهِ مِن كِتَابٍ وَلَا تَخُطُّهُ بِيَمِينِكَ ۖ إِذًا لَّارْتَابَ الْمُبْطِلُونَ ٤٨
📖 Гочдар
Аят 48
Хьо а ма вацара /хIай Мухьаммад/ цул хьалха (Къуръан доссале) цхьа а жайна доьшуш а‚ яздеш а хьан /аьтту/ куьйга – (хьо доьшуш а, яздеш а) хиллехьара, цу харцболчара шеко йийр ма яра .
بَلْ هُوَ آيَاتٌ بَيِّنَاتٌ فِي صُدُورِ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ ۚ وَمَا يَجْحَدُ بِآيَاتِنَا إِلَّا الظَّالِمُونَ ٤٩
📖 Гочдар
Аят 49
ХIаъ‚ уьш – кхеташ долу аяташ ду шайна Iилма деллачеран дегнашкахь долу. Тхан аятех ца тешаш бац зуламхой бен.
وَقَالُوا لَوْلَا أُنزِلَ عَلَيْهِ آيَاتٌ مِّن رَّبِّهِ ۖ قُلْ إِنَّمَا الْآيَاتُ عِندَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُّبِينٌ ٥٠
📖 Гочдар
Аят 50
Цара элира: "Х1унда ца диссийнера цуьнга делилаш шен Кхиош-Кхобучуьнгара?" Ахь āла: "Делилаш Делан ду‚ со билгала волу (кхерамца) д1ахоуьйтург ву".
أَوَلَمْ يَكْفِهِمْ أَنَّا أَنزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَرَحْمَةً وَذِكْرَىٰ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ ٥١
📖 Гочдар
Аят 51
Царна кхачо ца йо-те Оха хьоьга шайна доьшуш долу жайна доссийна хиларо? Баккъалла а, цу чохь къинхетам а‚ хьехам а ма бу тешаш болчу нахана.
قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ شَهِيدًا ۖ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَالَّذِينَ آمَنُوا بِالْبَاطِلِ وَكَفَرُوا بِاللَّهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ ٥٢
📖 Гочдар
Аят 52
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "Кхачо йо суний шуний юккъехь Дела теш хиларо. Цунна хаьа стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Харцдолчух тешнарш‚ Далла керстаналла динарш – уьш бу эшнарш".
وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ ۚ وَلَوْلَا أَجَلٌ مُّسَمًّى لَّجَاءَهُمُ الْعَذَابُ وَلَيَأْتِيَنَّهُم بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ ٥٣
📖 Гочдар
Аят 53
Хьо сихво цара Iазап даийтарехь. Тоьхна хан ца хиллехьара, цаьрга догIур дара и Iазап‚ цаьрга ца дог1уш дуьсур дац иза цIеххьана, царна хаа ца луш.
يَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌ بِالْكَافِرِينَ ٥٤
📖 Гочдар
Аят 54
Хьо сихво цара Iазап даийтарехь – амма жоьжахати го бийр болуш ма ю цатешачарна.
يَوْمَ يَغْشَاهُمُ الْعَذَابُ مِن فَوْقِهِمْ وَمِن تَحْتِ أَرْجُلِهِمْ وَيَقُولُ ذُوقُوا مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ ٥٥
📖 Гочдар
Аят 55
Оцу (къемат)дийнахь Iазапо хьулбийр бу уьш шайна тIехула а‚ шайн когий бухахула а. Цо(Дала) эр ду: "Iовша шаьш (дуьненан дахарехь) деш хилларг!"
يَا عِبَادِيَ الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ أَرْضِي وَاسِعَةٌ فَإِيَّايَ فَاعْبُدُونِ ٥٦
📖 Гочдар
Аят 56
ХIай Сан ийман диллина леш! Сан латта шортта ду‚ /деккъа/ Суна Iибадат дейша.
كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۖ ثُمَّ إِلَيْنَا تُرْجَعُونَ ٥٧
📖 Гочдар
Аят 57
Х1ор сино (адамо, са мел долчу х1умано) валар Iовшур ду. ТIаккха Тхуна тIе шу юхадерзор ду (къематдийнахь барт хаьттина, д1анисдан ялсамане я жоьжахате).
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُبَوِّئَنَّهُم مِّنَ الْجَنَّةِ غُرَفًا تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ نِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ ٥٨
📖 Гочдар
Аят 58
Ийман диллинарш‚ дика Iамалаш йинарш – уьш Оха ялсаманерачу х1усамашка бохуьйтур бу‚ шайна бухахула хиш оьхуш йолчу. Цу чохь уьш даима а хир бу – дика ял ю иза Iамал йиначеран‚
الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ ٥٩
📖 Гочдар
Аят 59
шаьш собаре а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тIетевжаш а хиллачу!
وَكَأَيِّن مِّن دَابَّةٍ لَّا تَحْمِلُ رِزْقَهَا اللَّهُ يَرْزُقُهَا وَإِيَّاكُمْ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ ٦٠
📖 Гочдар
Аят 60
Мел дийнат ду шен рицкъ ца кхоьхьуш – Дала рицкъ ло царна а‚ шуна а! Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ ٦١
📖 Гочдар
Аят 61
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ хьан болх бойту малхе а‚ батте а‚ аьлла‚ цара аланза дуьтур дац хьуна: "Дала". Ткъа муха Iехийна /дIахьовзийна/ уьш /бакъдолчух/!
اللَّهُ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ ٦٢
📖 Гочдар
Аят 62
Дала шортта ло рицкъ Шен лех Шена луъчунна‚ Цо цхьана барамехь а ло цунна (Шех лех Шена луъчунна). Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву.
وَلَئِن سَأَلْتَهُم مَّن نَّزَّلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ مِن بَعْدِ مَوْتِهَا لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۚ قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ ٦٣
📖 Гочдар
Аят 63
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан доссадо стиглара хи‚ цуьнца латта а дендо и деллачул тIаьхьа, аьлла‚ цара аланза дуьтур дац хьуна: "Дала". Ахь āла: "Хастам бу Далла". ХIаъ‚ царах дукхахберш кхеташ бац.
وَمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَهْوٌ وَلَعِبٌ ۚ وَإِنَّ الدَّارَ الْآخِرَةَ لَهِيَ الْحَيَوَانُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ ٦٤
📖 Гочдар
Аят 64
ХIара дуьненан дахар-м дац эрна хан яйар а‚ ловзар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа (дахар) – иза ду дахар, уьш хууш хиллехь!
فَإِذَا رَكِبُوا فِي الْفُلْكِ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ فَلَمَّا نَجَّاهُمْ إِلَى الْبَرِّ إِذَا هُمْ يُشْرِكُونَ ٦٥
📖 Гочдар
Аят 65
Шаьш кемана тIе хевшича, уьш Деле кхойкху, шаьш Цунна дин цIандеш (веккъа и Дела цхьаъ веш). Цо уьш лаьтта т1е кIелхьарбаьхча , цара /Цуьнца/ накъост лоцу
لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ وَلِيَتَمَتَّعُوا ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ ٦٦
📖 Гочдар
Аят 66
Оха шайн деллачунна инкарло ярхьама а‚ (дуьненан) ни1матех пайда эцархьама а. ТIаьхьа хуур ду царна!
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا جَعَلْنَا حَرَمًا آمِنًا وَيُتَخَطَّفُ النَّاسُ مِنْ حَوْلِهِمْ ۚ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَةِ اللَّهِ يَكْفُرُونَ ٦٧
📖 Гочдар
Аят 67
Царна ца гина-те‚ Оха ма йина Хьарам кхерам боцуш (тешаме)‚ ткъа царна (Маккин бахархойн) гонахь /йолчу кхечу ярташкахь/ нах лоьцуш (зуламаш деш)? Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIмат харцдо?!
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُ ۚ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِّلْكَافِرِينَ ٦٨
📖 Гочдар
Аят 68
Мила ву вуно зуламе Далла тIехь харцдерг кхуллучул‚ я бакъдерг, шега и деъначул тIаьхьа, харцдеш волчул? Ткъа жоьжахати чохь /Iан/ меттиг яц керстанашна?!
وَالَّذِينَ جَاهَدُوا فِينَا لَنَهْدِيَنَّهُمْ سُبُلَنَا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَمَعَ الْمُحْسِنِينَ ٦٩
📖 Гочдар
Аят 69
Тхан дуьхьа къахьоьгуш берш – уьш нисбийр бу Оха Тхайн некъа тIе. Баккъалла а, Дела ву-кх дикачаьрца.
Деша Аль-Анкабут сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers

