Аль-Къасас сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Къасас сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (88 Аят — مكية). Аль-Къасас ЛадоргӀа, Аль-Къасас Гочдар, Аль-Къасас mp3, Аль-Къасас pdf.

Аль-Къасас сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
طسم ۝١
📖 Гочдар Аят 1
ТIа-сūн-мūм .
تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
ХIорш ду /хIуманаш/ билгалдохучу жайнин аяташ.
نَتْلُو عَلَيْكَ مِن نَّبَإِ مُوسَىٰ وَفِرْعَوْنَ بِالْحَقِّ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Оха дуьйцур ду хьуна Мусан а‚ ФирIавнан а хабарех цхьадерш бакъ ма-дду тешачу нахана /пайдане хилийта/.
إِنَّ فِرْعَوْنَ عَلَا فِي الْأَرْضِ وَجَعَلَ أَهْلَهَا شِيَعًا يَسْتَضْعِفُ طَائِفَةً مِّنْهُمْ يُذَبِّحُ أَبْنَاءَهُمْ وَيَسْتَحْيِي نِسَاءَهُمْ ۚ إِنَّهُ كَانَ مِنَ الْمُفْسِدِينَ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Баккъалла а, ФирIавн куравелира /Мисран/ лаьттахь‚ цуьнан нахах тобанаш йира цо‚ царах цхьа тоба гIел а йеш. Цо бойура церан (Исраилан к1ентех) кIентий‚ дийна буьтура церан зударий. Баккъалла а, иза хилира телхина мел дерг лелочарах.
وَنُرِيدُ أَن نَّمُنَّ عَلَى الَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا فِي الْأَرْضِ وَنَجْعَلَهُمْ أَئِمَّةً وَنَجْعَلَهُمُ الْوَارِثِينَ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Тхуна лиира шаьш /Мисран/ лаьттахь гIелбина хиллачарах (Исраилан к1ентех) къинхетам бан а‚ царах имамаш бан а‚ уьш ирс оьцурш бан а,
وَنُمَكِّنَ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَنُرِيَ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا مِنْهُم مَّا كَانُوا يَحْذَرُونَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
уьш чIагIбан а лаьттахь, ФирIавнна а‚ ХIаманна а‚ цу шиннан эскарна а гайта а уьш кхоьруш хилларг .
وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ أُمِّ مُوسَىٰ أَنْ أَرْضِعِيهِ ۖ فَإِذَا خِفْتِ عَلَيْهِ فَأَلْقِيهِ فِي الْيَمِّ وَلَا تَخَافِي وَلَا تَحْزَنِي ۖ إِنَّا رَادُّوهُ إِلَيْكِ وَجَاعِلُوهُ مِنَ الْمُرْسَلِينَ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Оха хаам бира Мусан нене - вакхаве иза ‚ аьлла. Нагахь хьо кхерахь цунах (Мусана бохам хиларах)‚ ахь кхосса иза хIорда чу – кхера ма кхера‚ са ма гатде – Оха юхаверзор ву иза хьоьга‚ хуьлуьйтур ву иза элчанех.
فَالْتَقَطَهُ آلُ فِرْعَوْنَ لِيَكُونَ لَهُمْ عَدُوًّا وَحَزَنًا ۗ إِنَّ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَجُنُودَهُمَا كَانُوا خَاطِئِينَ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Иза схьаваьккхира /Нил хи чуьра/ ФирIавнан доьзало (цуьнан гоно) цунах шайна мостагI а‚ сингаттам а хилийта . Баккъалла а, ФирIавн а‚ ХIаман а‚ цу шиннан эскар а хилира г1алатбевларш.
وَقَالَتِ امْرَأَتُ فِرْعَوْنَ قُرَّتُ عَيْنٍ لِّي وَلَكَ ۖ لَا تَقْتُلُوهُ عَسَىٰ أَن يَنفَعَنَا أَوْ نَتَّخِذَهُ وَلَدًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
ФирIавнан зудчо элира: "Суна а‚ хьуна а бIаьргийн марзо ю-кх ! Ма ве иза‚ вайна пайда бан мега цо‚ я вай доьзалхо лоцур цунах" – царна хаалуш дацара…/оцунах хиндерг/.
وَأَصْبَحَ فُؤَادُ أُمِّ مُوسَىٰ فَارِغًا ۖ إِن كَادَتْ لَتُبْدِي بِهِ لَوْلَا أَن رَّبَطْنَا عَلَىٰ قَلْبِهَا لِتَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Мусан ненан дог дасделира . Иза гергаяра цуьнца гучуяла Оха цуьнан дог чIагIдина ца хиллехьара иза (Мусан нана) хилийтархьама /Делан ваIдих/ тешачарах.
وَقَالَتْ لِأُخْتِهِ قُصِّيهِ ۖ فَبَصُرَتْ بِهِ عَن جُنُبٍ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Цо элира цуьнан йишига: "Хьада‚ цунна(Мусана) тIаьхьа гIо". Иза хьоьжура цуьнга генара‚ царна хаа ца луш (и Муса тергалвеш хилар).
۞ وَحَرَّمْنَا عَلَيْهِ الْمَرَاضِعَ مِن قَبْلُ فَقَالَتْ هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ أَهْلِ بَيْتٍ يَكْفُلُونَهُ لَكُمْ وَهُمْ لَهُ نَاصِحُونَ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Оха хьарам бира цунна (Мусана) и вакхон зударий (цхьанна а зудчух векхаш вацара иза) хьалха (иза шен нанна т1евалавале). ТIаккха цо элира: "Ас т1ехьажадей шу цхьана ц1ийнан доьзална, шуна иза кхобур волчу‚ шаьш цунна диканиг хила а лууш".
فَرَدَدْنَاهُ إِلَىٰ أُمِّهِ كَيْ تَقَرَّ عَيْنُهَا وَلَا تَحْزَنَ وَلِتَعْلَمَ أَنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
ТIаккха Оха юхаверзира иза (Муса) шен нене‚ цуьнан (Мусан ненан) бIаьрг синтеме хилийта а‚ и сингаттаме ца хилийта а, цунна хаийта а Делан ваIда бакъ хилар а‚ делахь а, царах (мушрикех) дукхахболчарна ца хаьа-кх.
وَلَمَّا بَلَغَ أَشُدَّهُ وَاسْتَوَىٰ آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُحْسِنِينَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Иза (Муса) г1еметтах1оьттича‚ нисвелча ‚ Оха цунна делира хьекъалалла а‚ Iилма а. Иштта (совг1атца) бекхам бо Оха диканиг дечарна.
وَدَخَلَ الْمَدِينَةَ عَلَىٰ حِينِ غَفْلَةٍ مِّنْ أَهْلِهَا فَوَجَدَ فِيهَا رَجُلَيْنِ يَقْتَتِلَانِ هَٰذَا مِن شِيعَتِهِ وَهَٰذَا مِنْ عَدُوِّهِ ۖ فَاسْتَغَاثَهُ الَّذِي مِن شِيعَتِهِ عَلَى الَّذِي مِنْ عَدُوِّهِ فَوَكَزَهُ مُوسَىٰ فَقَضَىٰ عَلَيْهِ ۖ قَالَ هَٰذَا مِنْ عَمَلِ الشَّيْطَانِ ۖ إِنَّهُ عَدُوٌّ مُّضِلٌّ مُّبِينٌ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
(Мисран) г1алин чоьхьавелира иза (Муса) цуьнан бахархой тергаме (самоне) боцчу хенахь. Цунна карийра цу чохь ши стаг вовшах леташ: хIара (цхьаъ) шен тобанах‚ ткъа важа – шен мостагIех (Фир1авнан нахах). Цуьнга (Мусага) гIо дийхира цуьнан тобанех волчо цуьнан мостагIех волчунна дуьхьал. Мусас цунна буй туьйхира – цо иза (вийна) д1аваьккхира . Цо (Мусас) элира: "ХIара (и стаг вер) шайтIанан гIуллакхех ду. Баккъалла а, иза билгала (нах нийсачу некъах) тилабеш мостагI ду".
قَالَ رَبِّ إِنِّي ظَلَمْتُ نَفْسِي فَاغْفِرْ لِي فَغَفَرَ لَهُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
Цо (Мусас, хьаставелла Деле) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ ас айса сайна зулам ма дина‚ гечдехьа суна". Цо цунна гечдира. Баккъалла а, Иза т1ех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.
قَالَ رَبِّ بِمَا أَنْعَمْتَ عَلَيَّ فَلَنْ أَكُونَ ظَهِيرًا لِّلْمُجْرِمِينَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Цо (Мусас) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь суна ни1мат даларца (суна ницкъ а белла, суна геч а дина) сох цкъа а хир ма вац къиношдечарна гIоьнча (накъост)".
فَأَصْبَحَ فِي الْمَدِينَةِ خَائِفًا يَتَرَقَّبُ فَإِذَا الَّذِي اسْتَنصَرَهُ بِالْأَمْسِ يَسْتَصْرِخُهُ ۚ قَالَ لَهُ مُوسَىٰ إِنَّكَ لَغَوِيٌّ مُّبِينٌ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Иза г1алахь Iуьйранга велира, кхоьруш а‚ само а йеш. Ц1еххьана селхана цуьнга (Мусага) гIо доьхуш хилларг (тахана) юха а цуьнга мохь бетташ, г1о доьхуш ву. Мусас цуьнга элира: "Баккъалла а, ма кхоччуш тилавелларг ву-кх хьо!"
فَلَمَّا أَنْ أَرَادَ أَن يَبْطِشَ بِالَّذِي هُوَ عَدُوٌّ لَّهُمَا قَالَ يَا مُوسَىٰ أَتُرِيدُ أَن تَقْتُلَنِي كَمَا قَتَلْتَ نَفْسًا بِالْأَمْسِ ۖ إِن تُرِيدُ إِلَّا أَن تَكُونَ جَبَّارًا فِي الْأَرْضِ وَمَا تُرِيدُ أَن تَكُونَ مِنَ الْمُصْلِحِينَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
ТIаккха шаьшшиннан мостагI волчунна тоха цунна (Мусана) лиъча‚ цо элира: "ХIай Муса‚ со вēн лууш ву-кх хьо‚ айхьа селхана стаг вēрах терра‚ хьо лууш ма вац лаьттахь ницкъ беш верг хилла /1ен / бен‚ хьо лууш ма вац /нахана юккъехь/ маслахьат дечарах хила".
وَجَاءَ رَجُلٌ مِّنْ أَقْصَى الْمَدِينَةِ يَسْعَىٰ قَالَ يَا مُوسَىٰ إِنَّ الْمَلَأَ يَأْتَمِرُونَ بِكَ لِيَقْتُلُوكَ فَاخْرُجْ إِنِّي لَكَ مِنَ النَّاصِحِينَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
Цхьа стаг веара гIалин йистера ведда‚ цо элира: "ХIай Муса! /ГIалин/ дай барт беш бу хьо вēн‚ аравалалахь /хIокху махкара/. Баккъалла а, со хьуна дика хьехам беш болчарах ву".
فَخَرَجَ مِنْهَا خَائِفًا يَتَرَقَّبُ ۖ قَالَ رَبِّ نَجِّنِي مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Иза цигара (Фир1авнан махкара) аравелира кхерамца‚ само а йеш (шена т1ехьа бог1уш буй а хьоьжуш). Цо элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ кIелхьарваккхахь со зуламе болчу нахах".
وَلَمَّا تَوَجَّهَ تِلْقَاءَ مَدْيَنَ قَالَ عَسَىٰ رَبِّي أَن يَهْدِيَنِي سَوَاءَ السَّبِيلِ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Ша Мадйанан агIорхьа дIаволавелча‚ цо элира: "Сан Кхиош-Кхобучо со нийсачу новкъа ваккха тарло".
وَلَمَّا وَرَدَ مَاءَ مَدْيَنَ وَجَدَ عَلَيْهِ أُمَّةً مِّنَ النَّاسِ يَسْقُونَ وَوَجَدَ مِن دُونِهِمُ امْرَأَتَيْنِ تَذُودَانِ ۖ قَالَ مَا خَطْبُكُمَا ۖ قَالَتَا لَا نَسْقِي حَتَّىٰ يُصْدِرَ الرِّعَاءُ ۖ وَأَبُونَا شَيْخٌ كَبِيرٌ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
Мадйанарчу хина коьрте д1акхаьчча‚ цунна цигахь цхьа нах карийра (шайн дохнана) хи малош. Цунна (Мусана) карийра царна тIехьахь лаьтташ ши зуда /шайн уьстагIий/ дIалоьхкуш /хина тIе ца дохуьйтуш/. Цо элира: "ХIун г1уллакх ду шушиннан (и уьстаг1ий д1алехка)?" Цу шиммо элира: "Оха ца маладо (тхешан уьстаг1ашна хи) цу жа1уша (шайн уьстаг1ий, царна хи а малийна, хина гонахьара) д1алахккалц‚ ткъа тхан да воккха стаг ву (и ца лелало)".
فَسَقَىٰ لَهُمَا ثُمَّ تَوَلَّىٰ إِلَى الظِّلِّ فَقَالَ رَبِّ إِنِّي لِمَا أَنزَلْتَ إِلَيَّ مِنْ خَيْرٍ فَقِيرٌ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Цо (Мусас) хи малийра цу шинна (цу шиннан уьстаг1ашна)‚ цул т1аьхьа дIавирзира IиндагIе‚ т1аккха элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ со Ахь суна доссийна муьлхха а ни1мат оьшуш ма ву (меца ву)".
فَجَاءَتْهُ إِحْدَاهُمَا تَمْشِي عَلَى اسْتِحْيَاءٍ قَالَتْ إِنَّ أَبِي يَدْعُوكَ لِيَجْزِيَكَ أَجْرَ مَا سَقَيْتَ لَنَا ۚ فَلَمَّا جَاءَهُ وَقَصَّ عَلَيْهِ الْقَصَصَ قَالَ لَا تَخَفْ ۖ نَجَوْتَ مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Цу шиннах цхьаъ цунна тIе еара эхь хетачу боларца‚ цо элира: "Сан дас кхойкху хьоьга хьуна мах бала, ахь тхуна (тхан уьстаг1ашна) хи малорна". Иза (Муса) цунна тIе веъча‚ цуьнга хабар (шен хьал) а дийцича‚ цо (Шу1айба) элира: "Хьо ма кхера! Хьо кIелхьарваьлла оцу зуламечу нахах".
قَالَتْ إِحْدَاهُمَا يَا أَبَتِ اسْتَأْجِرْهُ ۖ إِنَّ خَيْرَ مَنِ اسْتَأْجَرْتَ الْقَوِيُّ الْأَمِينُ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Цу шиннах (шина йо1ах) цхьаммо элира: "Дада‚ мехах болх бан лацахь иза‚ ахь мехах болх бан лоцу болчех уггаре диканиг ву иза – ницкъ болуш а‚ тешаме а ву".
قَالَ إِنِّي أُرِيدُ أَنْ أُنكِحَكَ إِحْدَى ابْنَتَيَّ هَاتَيْنِ عَلَىٰ أَن تَأْجُرَنِي ثَمَانِيَ حِجَجٍ ۖ فَإِنْ أَتْمَمْتَ عَشْرًا فَمِنْ عِندِكَ ۖ وَمَا أُرِيدُ أَنْ أَشُقَّ عَلَيْكَ ۚ سَتَجِدُنِي إِن شَاءَ اللَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Цо (ШуIайба) элира: "Суна лаьа хIокху сайн шина йоIах цхьаъ хьоьга маре яла ахь суна борхI шарахь болх бийриг. Хьо итт шаренга валахь (и болх беш) – и хьоьгахьара хир ду‚ хьуна хало ян лууш вац со. Хьуна карор ву со‚ Далла лаахь‚ дикачарах".
قَالَ ذَٰلِكَ بَيْنِي وَبَيْنَكَ ۖ أَيَّمَا الْأَجَلَيْنِ قَضَيْتُ فَلَا عُدْوَانَ عَلَيَّ ۖ وَاللَّهُ عَلَىٰ مَا نَقُولُ وَكِيلٌ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Цо (Мусас) элира: "ХIара суна а‚ хьуна а юкъахь ду. Цу шиннах муьлхха а хан ас кхочушъяхь‚ г1ело йийр яц суна. И Дела вай дуьйцучунна тIехь векал (теш) ма ву".
۞ فَلَمَّا قَضَىٰ مُوسَى الْأَجَلَ وَسَارَ بِأَهْلِهِ آنَسَ مِن جَانِبِ الطُّورِ نَارًا قَالَ لِأَهْلِهِ امْكُثُوا إِنِّي آنَسْتُ نَارًا لَّعَلِّي آتِيكُم مِّنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ جَذْوَةٍ مِّنَ النَّارِ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Муса шен хан (итт шо) чекх а яьккхина, шен доьзалца дIавоьдуш ‚ цунна хааелира Т1ýр ламанан агIорхьара цIе. Цо элира шен доьзале: "Шу /кхузахь/ совца‚ суна цIе хааелла‚ ас шуна цигара цхьа хаам бан а‚ я цIерах цхьа догуш долу хаьштиг дан а мега‚ шу дохдалийта ".
فَلَمَّا أَتَاهَا نُودِيَ مِن شَاطِئِ الْوَادِ الْأَيْمَنِ فِي الْبُقْعَةِ الْمُبَارَكَةِ مِنَ الشَّجَرَةِ أَن يَا مُوسَىٰ إِنِّي أَنَا اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Иза цунна (цIарна) тIе веъча, цуьнга кхайкхам беара тогIин аьтту агIорхьара беркате йолчу меттигехь долчу дитт долчуьра: "Ва Муса! Баккъалла а, Со Дела ву‚ Iаламийн Да.
وَأَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّىٰ مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَا مُوسَىٰ أَقْبِلْ وَلَا تَخَفْ ۖ إِنَّكَ مِنَ الْآمِنِينَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Охьакхосса хьайн Iаса!" Цунна иза гича сетташ, текхарг санна‚ иза дIаведира, юха а ца хьожуш. (Дала элира цуьнга) "Ва Муса! Гергавола‚ ма кхера! Баккъалла а, хьо кхерам боцучарах ву.
اسْلُكْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ وَاضْمُمْ إِلَيْكَ جَنَاحَكَ مِنَ الرَّهْبِ ۖ فَذَانِكَ بُرْهَانَانِ مِن رَّبِّكَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Хьайн куьг че долла‚ /т1аккха схьадаккха и/ - схьадер ду кIайн хилла цхьа а зен доцуш. ТIетаIаде /хьайн аьтту куьг/ хьан /дагна/ т1е – д1адер ду хьан /текхаргах/ кхерар. И ши билгало ю хьуна хьан Кхиош-Кхобучуьнгара ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а. Баккъалла а, уьш хили-кх тешаш боцу (дакъазабевлла) нах".
قَالَ رَبِّ إِنِّي قَتَلْتُ مِنْهُمْ نَفْسًا فَأَخَافُ أَن يَقْتُلُونِ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Цо (Мусас) элира: "Сан Кхиош-Кхобург‚ ас царах стаг ма вийна‚ со кхоьру-кх цара суо виэрна.
وَأَخِي هَارُونُ هُوَ أَفْصَحُ مِنِّي لِسَانًا فَأَرْسِلْهُ مَعِيَ رِدْءًا يُصَدِّقُنِي ۖ إِنِّي أَخَافُ أَن يُكَذِّبُونِ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
И сан ваша ХIарун‚ иза сол мелхо а говза ма ву маттаца‚ ваийтахь иза соьца, гIоьнча а хилла‚ со бакъхилар чIагIдийр дара цо. Баккъалла а, со кхоьру цара со харцварна".
قَالَ سَنَشُدُّ عَضُدَكَ بِأَخِيكَ وَنَجْعَلُ لَكُمَا سُلْطَانًا فَلَا يَصِلُونَ إِلَيْكُمَا ۚ بِآيَاتِنَا أَنتُمَا وَمَنِ اتَّبَعَكُمَا الْغَالِبُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Цо (Дала) элира: "Оха чIагIвийр ву хьо хьан вешица‚ Оха хуьлуьйтур ю шуна шинна бакъо‚ шуна шинна тIекхочур бац уьш. Тхан аяташца шу шиъ а‚ шуна шинна тIаьхьа мел ваьзнарг тоьлур ву".
فَلَمَّا جَاءَهُم مُّوسَىٰ بِآيَاتِنَا بَيِّنَاتٍ قَالُوا مَا هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُّفْتَرًى وَمَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي آبَائِنَا الْأَوَّلِينَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
Шайга веъча Муса Тхан билгалчу аяташца‚ цара элира: "ХIара ма дац /наха/ кхоьллина бозбуунчалла бен‚ тхуна-м ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь".
وَقَالَ مُوسَىٰ رَبِّي أَعْلَمُ بِمَن جَاءَ بِالْهُدَىٰ مِنْ عِندِهِ وَمَن تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدَّارِ ۖ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Элира ткъа Мусас: "Сан Кхиош-Кхобург ву-кх дика хууш Шегара нийсачу некъаца мила веана а‚ /дахаран/ хIусаман тIаьхье хьенан хир ю а. Баккъалла а, зуламхой баккхийбийр ма бац".
وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ مَا عَلِمْتُ لَكُم مِّنْ إِلَٰهٍ غَيْرِي فَأَوْقِدْ لِي يَا هَامَانُ عَلَى الطِّينِ فَاجْعَل لِّي صَرْحًا لَّعَلِّي أَطَّلِعُ إِلَىٰ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ مِنَ الْكَاذِبِينَ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
ФирIавнас элира: "ХIай элий! Суна ца хиънера шуна со воцург /кхин/ дела. ЦIе латае суна‚ хIай ХIаман, поппарах (кибарчигаш йотта), тIаккха /лекха/ гIала йе суна, со мега Мусан Далла тIекхача. Баккъалла а, суна иза хеташ ву харцлуьйчарах".
وَاسْتَكْبَرَ هُوَ وَجُنُودُهُ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ إِلَيْنَا لَا يُرْجَعُونَ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
Куравелира иза а‚ цуьнан эскар а лаьттахь курабовла хьакъ боцуш‚ царна меттара шаьш Тхуна тIе юхадерзор а дац.
فَأَخَذْنَاهُ وَجُنُودَهُ فَنَبَذْنَاهُمْ فِي الْيَمِّ ۖ فَانظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الظَّالِمِينَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ тIаккха Оха кхоьссира уьш хIорда чу. Хьажал хьо‚ муха хилла зуламхойн тIаьхье!
وَجَعَلْنَاهُمْ أَئِمَّةً يَدْعُونَ إِلَى النَّارِ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ لَا يُنصَرُونَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Оха хилийтира царах /нах/ цIерга кхойкхуш имамаш . Къематдийнахь царна гIо дийр дац.
وَأَتْبَعْنَاهُمْ فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا لَعْنَةً ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ هُم مِّنَ الْمَقْبُوحِينَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Царна тIаьхьахьажийра Оха хIокху дуьненахь а неIалт‚ къематдийнахь уьш ма бу /Делан къинхетамах/лелхош генабаьхначарах.
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ مِن بَعْدِ مَا أَهْلَكْنَا الْقُرُونَ الْأُولَىٰ بَصَائِرَ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَرَحْمَةً لَّعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Хьалхалера тIаьхьенаш хIаллакйинчул тIаьхьа Оха делира Мусага жайна, ша нахана гайтаме долу делилаш а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долу‚ царна дагадаийта.
وَمَا كُنتَ بِجَانِبِ الْغَرْبِيِّ إِذْ قَضَيْنَا إِلَىٰ مُوسَى الْأَمْرَ وَمَا كُنتَ مِنَ الشَّاهِدِينَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
Хьо вацара /х1ай Мухьаммад/ малхбузен агIонгахь Оха Мусаца сацам бечу хенахь ‚ хьо вацара /цигахь/ хиллачарах.
وَلَٰكِنَّا أَنشَأْنَا قُرُونًا فَتَطَاوَلَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ ۚ وَمَا كُنتَ ثَاوِيًا فِي أَهْلِ مَدْيَنَ تَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا وَلَٰكِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Делахь а, Оха кхиира тIаьхьенаш‚ яхъелира царна оьмар. Хьо вацара Мадйанан бахархошна юкъахь царна Тхан аяташ а доьшуш‚ делахь а, Тхо дара бохкуьйтурш /элчанаш/.
وَمَا كُنتَ بِجَانِبِ الطُّورِ إِذْ نَادَيْنَا وَلَٰكِن رَّحْمَةً مِّن رَّبِّكَ لِتُنذِرَ قَوْمًا مَّا أَتَاهُم مِّن نَّذِيرٍ مِّن قَبْلِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
Хьо вацара Т1ýр ламанан агIонгахь Оха /Мусага/ кхайкхам бича‚ делахь а, хьан Кхиош-Кхобучун къинхетамца /вахийтина хьо, х1ай Мухьаммад/ ахь кхерам таса къомана‚ шена тIе хьол хьалха /цхьа а/ кхерамча ца веана долчу‚ цаьрга ойла яйта.
وَلَوْلَا أَن تُصِيبَهُم مُّصِيبَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَيَقُولُوا رَبَّنَا لَوْلَا أَرْسَلْتَ إِلَيْنَا رَسُولًا فَنَتَّبِعَ آيَاتِكَ وَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
/Оха къурайшашка элча ца вахийтинехьара/ шайна бохам хилча шайн куьйгаша хьалха кечдийнарг бахьанехь‚ цара эр ма дара: "Тхан Кхиош-Кхобург! Ахь ваийтина хиллехьара тхоьга элча‚ тхо тIаьхьахIуттур ма дара Хьан аяташна‚ тхо хир ма дара (Хьох) тешачарах".
فَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِندِنَا قَالُوا لَوْلَا أُوتِيَ مِثْلَ مَا أُوتِيَ مُوسَىٰ ۚ أَوَلَمْ يَكْفُرُوا بِمَا أُوتِيَ مُوسَىٰ مِن قَبْلُ ۖ قَالُوا سِحْرَانِ تَظَاهَرَا وَقَالُوا إِنَّا بِكُلٍّ كَافِرُونَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Шайга Тхоьгара бакъдерг деъча‚ цара элира: "Цуьнга (Мухьаммад- пайхамаре) делла хиллехьара Мусага делларг". Ткъа цара харц ца дира Мусага делларг хьалха? Цара ма элира: "Ши бозбуунчалла (Къуръан а‚ Таврат а) ду, вовшашна гIо а деш". Ма элира цара: "(Цу) дерригенах а ца теша /тхо/".
قُلْ فَأْتُوا بِكِتَابٍ مِّنْ عِندِ اللَّهِ هُوَ أَهْدَىٰ مِنْهُمَا أَتَّبِعْهُ إِن كُنتُمْ صَادِقِينَ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Схьало Делера жайна, ша цу шиннал (Къуръанал а‚ Тавратал а) нийса а долуш‚ со цунна тIаьхьахIуттур ву, шу бакълуьйш хиллехь".
فَإِن لَّمْ يَسْتَجِيبُوا لَكَ فَاعْلَمْ أَنَّمَا يَتَّبِعُونَ أَهْوَاءَهُمْ ۚ وَمَنْ أَضَلُّ مِمَّنِ اتَّبَعَ هَوَاهُ بِغَيْرِ هُدًى مِّنَ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Цара хьуна жоп ца лахь‚ хьуна хаалахь уьш деккъа шайн дезаршна тIаьхьабевла буйла. Мила ву ткъа тиламе, Делера нийса некъ а боцуш, шен дезарна тIаьхьаваьллачул? Баккъалла а, Дала нис ца до зуламе къам.
۞ وَلَقَدْ وَصَّلْنَا لَهُمُ الْقَوْلَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
Оха д1акхачийра цаьрга дош шайга ойла яйтархьама.
الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ مِن قَبْلِهِ هُم بِهِ يُؤْمِنُونَ ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
Оха шайна цул (Къуръанал) хьалха жайна (Таврат, Инжил…) делларш – уьш цунах (Къуръанах) тешаш бу .
وَإِذَا يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ قَالُوا آمَنَّا بِهِ إِنَّهُ الْحَقُّ مِن رَّبِّنَا إِنَّا كُنَّا مِن قَبْلِهِ مُسْلِمِينَ ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
Иза шайна дешча, цара элира: "Тхо цунах тешна‚ баккъалла а, иза бакъдерг ду вайн Кхиош-Кхобучунгара‚ тхо хилира цул хьалха бусалбанаш ."
أُولَٰئِكَ يُؤْتَوْنَ أَجْرَهُم مَّرَّتَيْنِ بِمَا صَبَرُوا وَيَدْرَءُونَ بِالْحَسَنَةِ السَّيِّئَةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنفِقُونَ ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
Уьш бу уьш – шайна лур болуш шалха мах шаьш собар дарна а‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш хиларна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех шаьш /диканна т1ехь/ харжаш ярна а.
وَإِذَا سَمِعُوا اللَّغْوَ أَعْرَضُوا عَنْهُ وَقَالُوا لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ لَا نَبْتَغِي الْجَاهِلِينَ ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Шайна даьсса хабар хезча‚ цунах дIабоьрзу уьш‚ олуш: "Тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шайн Iамалш ю‚ салам хуьлда шуна‚ тхо ца гIерта жехIал нахана тIе".
إِنَّكَ لَا تَهْدِي مَنْ أَحْبَبْتَ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَن يَشَاءُ ۚ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Баккъалла а, ахь нисвийр вац хьайна везнарг‚ делахь а, Дала нисво Шена луург. Иза дика бевзаш ву нисбелларш .
وَقَالُوا إِن نَّتَّبِعِ الْهُدَىٰ مَعَكَ نُتَخَطَّفْ مِنْ أَرْضِنَا ۚ أَوَلَمْ نُمَكِّن لَّهُمْ حَرَمًا آمِنًا يُجْبَىٰ إِلَيْهِ ثَمَرَاتُ كُلِّ شَيْءٍ رِّزْقًا مِّن لَّدُنَّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ ۝٥٧
📖 Гочдар Аят 57
Цара (Маккара мушрикаша-дукха деланех тешачара) элира: "Тхо нийсачу некъана тIаьхьахIиттича хьоьца цхьаьна‚ тхо тхешан лаьттара (Маккара) аракхуьссур ма ду /кхечу Iаьрбаша/". Оха чIагI ца йира ткъа царна тешаме Хьарам ‚ цига массо а хIуманан стоьмаш кхоьхьуш Тхоьгара рицкъ хилла долу? Делахь а, царах дукхах болчарна ца хаьа-кх (иза).
وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِن قَرْيَةٍ بَطِرَتْ مَعِيشَتَهَا ۖ فَتِلْكَ مَسَاكِنُهُمْ لَمْ تُسْكَن مِّن بَعْدِهِمْ إِلَّا قَلِيلًا ۖ وَكُنَّا نَحْنُ الْوَارِثِينَ ۝٥٨
📖 Гочдар Аят 58
Маса юрт хIаллакйира Оха шайн дахарца куралла йина хилла йолу! ХIорш ю церан гIишлош‚ /шайна чохь/ цхьа кIеззиг берш бен 1аш боцу царал т1аьхьа. Тхо хилира ирс оьцурш (царах диснарг Тхуна кхечира).
وَمَا كَانَ رَبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَىٰ حَتَّىٰ يَبْعَثَ فِي أُمِّهَا رَسُولًا يَتْلُو عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا ۚ وَمَا كُنَّا مُهْلِكِي الْقُرَىٰ إِلَّا وَأَهْلُهَا ظَالِمُونَ ۝٥٩
📖 Гочдар Аят 59
Хьан Кхиош-Кхобург ца хилира ярташ хIаллакйеш церан бахархошка элча ца вохуьйтуш‚ цо царна Тхан аяташ а доьшуш. Тхо ца хилира ярташ хIаллакйеш‚ церан бахархой зулам деш болуш бен.
وَمَا أُوتِيتُم مِّن شَيْءٍ فَمَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَزِينَتُهَا ۚ وَمَا عِندَ اللَّهِ خَيْرٌ وَأَبْقَىٰ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ ۝٦٠
📖 Гочдар Аят 60
Шуна делла хIума – иза дуьненан дахаран /к1еззиг/ х1ума а ду‚ цуьнан хазалла а ю /чекхдер долуш а ду и дерриге а/. Далла гергахь дерг – дикахо а‚ /заманахь/ дехо а ду. Шу хьекъале ца хуьлу /и диканиг а, бухадуьсург а харжа/?
أَفَمَن وَعَدْنَاهُ وَعْدًا حَسَنًا فَهُوَ لَاقِيهِ كَمَن مَّتَّعْنَاهُ مَتَاعَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ثُمَّ هُوَ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مِنَ الْمُحْضَرِينَ ۝٦١
📖 Гочдар Аят 61
Оха шена /ялсамане гIур ву аьлла/ хаза ваIда йинарг, иза цунна т1екхуьхьур а волуш, тера вуй ткъа Оха шена дуьненан дахаран хьал делла, тIаьхьа ша къематдийнахь /жоьжахате/ бахийтинчарах хир волчух?
وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ ۝٦٢
📖 Гочдар Аят 62
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхайкхор ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш хилла болу?"
قَالَ الَّذِينَ حَقَّ عَلَيْهِمُ الْقَوْلُ رَبَّنَا هَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَغْوَيْنَا أَغْوَيْنَاهُمْ كَمَا غَوَيْنَا ۖ تَبَرَّأْنَا إِلَيْكَ ۖ مَا كَانُوا إِيَّانَا يَعْبُدُونَ ۝٦٣
📖 Гочдар Аят 63
Эр ду шайна тIехь /жоьжахате гIур бу аьлла/ дош бакъхиллачара (цатешачара шайна деланаш бина лецначара): "Тхо Кхиош-Кхобург‚ хIорш бу оха тилинарш‚ оха уьш тилира тхаьш тиладаларх терра. Тхо цIандели /царах/ Хьоьга /дерзарца/. Уьш ца хилла тхуна Iибадат деш (уьш бара шайн лаамашна т1аьхьабаьзнарш)".
وَقِيلَ ادْعُوا شُرَكَاءَكُمْ فَدَعَوْهُمْ فَلَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُمْ وَرَأَوُا الْعَذَابَ ۚ لَوْ أَنَّهُمْ كَانُوا يَهْتَدُونَ ۝٦٤
📖 Гочдар Аят 64
Эр ду (цаьрга): "Схьакхайкха шайн накъостий /шайна гIо дан/". Уьш кхойкхур бу цаьрга, амма цара жоп лур дац царна. Царна гур ду Iазап. Нийсачу новкъахь хиллехьара уьш (т1аккха хир ма дацара царна 1азап)!
وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ مَاذَا أَجَبْتُمُ الْمُرْسَلِينَ ۝٦٥
📖 Гочдар Аят 65
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхайкхам беш, эр ду: "ХIун жоп делира аш (Ас бахкийтинчу) элчанашка?"
فَعَمِيَتْ عَلَيْهِمُ الْأَنبَاءُ يَوْمَئِذٍ فَهُمْ لَا يَتَسَاءَلُونَ ۝٦٦
📖 Гочдар Аят 66
Кхоьлина (къайлабаьхна) хир бу царна хаамаш оцу дийнахь‚ цара вовшашка хоьттур а дац.
فَأَمَّا مَن تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَعَسَىٰ أَن يَكُونَ مِنَ الْمُفْلِحِينَ ۝٦٧
📖 Гочдар Аят 67
Амма тōба динарг (дохковаьлларг) а‚ ийман диллинарг а‚ дика Iамал йинарг а – иза хила тарло декъалхиллачарах.
وَرَبُّكَ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ وَيَخْتَارُ ۗ مَا كَانَ لَهُمُ الْخِيَرَةُ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ ۝٦٨
📖 Гочдар Аят 68
Хьан Кхиош-Кхобучо кхуллу Шена луург‚ харжа а хоржу. Царна-м дацара харжар. ЦIена ву Дела /массо а кхачамбацарех/‚ лекха ву Иза цара /Шеца/ накъост лацарх.
وَرَبُّكَ يَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ ۝٦٩
📖 Гочдар Аят 69
Хьан Кхиош-Кхобучунна хаьа‚ хIун дIахьулдина церан дегнаша‚ хIун цара гучудоккхуш ду.
وَهُوَ اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ لَهُ الْحَمْدُ فِي الْأُولَىٰ وَالْآخِرَةِ ۖ وَلَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ ۝٧٠
📖 Гочдар Аят 70
Иза АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Цунна хастам бу хьалхарчохь(дуьненан дахарехь) а‚ тIаьхьарчохь(эхартахь) а. Цуьнан бу сацам а‚ Цуьнга дIадерзор ду шу а.
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِن جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ اللَّيْلَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُم بِضِيَاءٍ ۖ أَفَلَا تَسْمَعُونَ ۝٧١
📖 Гочдар Аят 71
Ахь āла (х1ай пайхамар): "Х1ун хета шуна‚ Дала шуна буьйса хилийтинехьара гуттаренна а, къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцчу муьлхачу дала шуна серло йоуьйтур яра? Шуна ца хеза-те?"
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِن جَعَلَ اللَّهُ عَلَيْكُمُ النَّهَارَ سَرْمَدًا إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ يَأْتِيكُم بِلَيْلٍ تَسْكُنُونَ فِيهِ ۖ أَفَلَا تُبْصِرُونَ ۝٧٢
📖 Гочдар Аят 72
Ахь āла: "Х1ун хета шуна‚ Дала шуна де хилийтинехьара гуттаренна а, къематде кхаччалц‚ АллахI-Дела воцчу муьлхачу дала шуна буьйса йоуьйтур яра‚ аш шена чохь садоIуш? Шуна ца го-те?"
وَمِن رَّحْمَتِهِ جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا مِن فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ ۝٧٣
📖 Гочдар Аят 73
Цуьнан къинхетамах ду-кх Цо шуна буьйса а‚ де а хилийтар аш шена чохь (буса) садаIа а‚ Цуьнан ниIмат лаха а (дийнахь, къахьоьгуш) – шу баркалла олуш хир дацара техьа (Цо деллачу ни1маташна)".
وَيَوْمَ يُنَادِيهِمْ فَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنتُمْ تَزْعُمُونَ ۝٧٤
📖 Гочдар Аят 74
Оцу дийнахь Цо цаьрга кхайкхор ду‚ олуш: "Мичахь бу Сан накъостий‚ шуна /шаьш Соьца/ хилла моьттуш болу?"
وَنَزَعْنَا مِن كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا فَقُلْنَا هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ فَعَلِمُوا أَنَّ الْحَقَّ لِلَّهِ وَضَلَّ عَنْهُم مَّا كَانُوا يَفْتَرُونَ ۝٧٥
📖 Гочдар Аят 75
Оха схьавалор ву (къематдийнахь кхелана) хIор умматах теш (цаьрга вахийтина хилла волу пайхамар)‚ Оха эр ду: "Схьадаладе шайн делилш". Царна хиира бакъдерг Делан дуйла. Царах дIатилира цара /Цунна тIехь харц/ кхоьллина хилларг.
۞ إِنَّ قَارُونَ كَانَ مِن قَوْمِ مُوسَىٰ فَبَغَىٰ عَلَيْهِمْ ۖ وَآتَيْنَاهُ مِنَ الْكُنُوزِ مَا إِنَّ مَفَاتِحَهُ لَتَنُوءُ بِالْعُصْبَةِ أُولِي الْقُوَّةِ إِذْ قَالَ لَهُ قَوْمُهُ لَا تَفْرَحْ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْفَرِحِينَ ۝٧٦
📖 Гочдар Аят 76
Баккъалла а, Къāрýн вара Мусан къомах, царна (нахана) г1ело йора цо. Оха еллера цунна оццул дукха хазнаш (бахамаш)‚ церан догIанаш ницкъ болчу нехан тобанна а (д1асхьалело) хала хилла йолу. Цуьнга ма элира цуьнан къомо: "Хьо воккха ма ве (кура ма вала). Баккъалла а, Далла ца беза баккхийбеш берш (куралла еш берш).
وَابْتَغِ فِيمَا آتَاكَ اللَّهُ الدَّارَ الْآخِرَةَ ۖ وَلَا تَنسَ نَصِيبَكَ مِنَ الدُّنْيَا ۖ وَأَحْسِن كَمَا أَحْسَنَ اللَّهُ إِلَيْكَ ۖ وَلَا تَبْغِ الْفَسَادَ فِي الْأَرْضِ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ ۝٧٧
📖 Гочдар Аят 77
Ахь лаха Дала хьайна деллачуьнца гуттаренан х1усам (ялсамани)‚ диц ма де дуьненах хьайн дāкъа а! Диканиг де‚ Дала хьайна диканиг ма дарра. Ма гIерта лаьттахь телхина хIуманаш (къепе доцу) даржо. Баккъалла а, Далла ца беза телхина хIуманаш даржош берш".
قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَىٰ عِلْمٍ عِندِي ۚ أَوَلَمْ يَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ قَدْ أَهْلَكَ مِن قَبْلِهِ مِنَ الْقُرُونِ مَنْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُ قُوَّةً وَأَكْثَرُ جَمْعًا ۚ وَلَا يُسْأَلُ عَن ذُنُوبِهِمُ الْمُجْرِمُونَ ۝٧٨
📖 Гочдар Аят 78
Цо (Къāрýна) элира: "Иза (хьал‚ даьхни) суна делла соьгара Iилма бахьанехь". Цунна ца хаьа-те Дала хIинцале мел /дуккха/ тIаьхьенаш хIаллакйина цул хьалха‚ цул ницкъаца вуно чIогIа а йолуш‚ гулдарца (хьал‚ даьхни) алсам а йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга (Далла и дика хаьа дела).
فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِ فِي زِينَتِهِ ۖ قَالَ الَّذِينَ يُرِيدُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا يَا لَيْتَ لَنَا مِثْلَ مَا أُوتِيَ قَارُونُ إِنَّهُ لَذُو حَظٍّ عَظِيمٍ ۝٧٩
📖 Гочдар Аят 79
Иза (Къāрýн) араваьлира шен къомана тIе шен хазаллехь(хазачу духаршца). Дуьненан дахар дезачара элира: "ЭхI! Тхуна а деллехьара Къāрýнна делларг! Баккъалла а, ма деза-доккха дāкъа долуш ву-кх иза!"
وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَيْلَكُمْ ثَوَابُ اللَّهِ خَيْرٌ لِّمَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا وَلَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الصَّابِرُونَ ۝٨٠
📖 Гочдар Аят 80
Шайна Iилма деллачара элира: "Дакъаза ма довла шу! Делера ял г1оле ю ийман диллинчунна а‚ дика Iамал йиначунна а. Иза кхочур ма яц собар диничарна а бен" /и хаза ял/.
فَخَسَفْنَا بِهِ وَبِدَارِهِ الْأَرْضَ فَمَا كَانَ لَهُ مِن فِئَةٍ يَنصُرُونَهُ مِن دُونِ اللَّهِ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُنتَصِرِينَ ۝٨١
📖 Гочдар Аят 81
Оха латте худавайтира иза а, цуьнан х1усам а. Ца хилира цунна цхьа а гIо деш тоба Делан меттана‚ и ша ца хилира шена гIодечарах.
وَأَصْبَحَ الَّذِينَ تَمَنَّوْا مَكَانَهُ بِالْأَمْسِ يَقُولُونَ وَيْكَأَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَن يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ ۖ لَوْلَا أَن مَّنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا لَخَسَفَ بِنَا ۖ وَيْكَأَنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْكَافِرُونَ ۝٨٢
📖 Гочдар Аят 82
Селхана цуьнан меттехь шаьш хила лууш хилларш 1уьйренга бевлира, олуш: "ОхI! Дала рицкъ даржош (шортта луш) ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ латте худадайтина хир дара вай а. ЭхI! Баккхий ца биэ /Делах/ цатешарш".
تِلْكَ الدَّارُ الْآخِرَةُ نَجْعَلُهَا لِلَّذِينَ لَا يُرِيدُونَ عُلُوًّا فِي الْأَرْضِ وَلَا فَسَادًا ۚ وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ ۝٨٣
📖 Гочдар Аят 83
И эхартан хIусам Оха хуьлуьйтур ю лаьттахь лакхалла а‚ телхина х1уманаш даржор а ца дезачарна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю.
مَن جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِّنْهَا ۖ وَمَن جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَى الَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ ۝٨٤
📖 Гочдар Аят 84
Дикачуьнца веънарг, милла а велахь а – цунна цул а диканиг хир ду. Вочуьнца веънарг, милла велахь а – вонаш диначарна бекхам хир бац шаьш деш хиллачарал бен.
إِنَّ الَّذِي فَرَضَ عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لَرَادُّكَ إِلَىٰ مَعَادٍ ۚ قُل رَّبِّي أَعْلَمُ مَن جَاءَ بِالْهُدَىٰ وَمَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُّبِينٍ ۝٨٥
📖 Гочдар Аят 85
Баккъалла а, хьуна Къуръан тIе диллинчо (Дала) хьо юхаверзор ма ву юхавоьрзучу меттиге . Ахь āла: "Сан Кхиош-Кхобучунна хаьа-кх нисчу новкъа веънарг а‚ гушдолчу тиларчохь верг а".
وَمَا كُنتَ تَرْجُو أَن يُلْقَىٰ إِلَيْكَ الْكِتَابُ إِلَّا رَحْمَةً مِّن رَّبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ ظَهِيرًا لِّلْكَافِرِينَ ۝٨٦
📖 Гочдар Аят 86
Хьо ма вацара, /х1ай элча/, сатесна хьайга Жайна даларе хьан Кхиош-Кхобучуьнгара къинхетам хилла а бен. Хьо хиллане а ма хилалахь /Делах/ цатешачарна гIоьнча.
وَلَا يَصُدُّنَّكَ عَنْ آيَاتِ اللَّهِ بَعْدَ إِذْ أُنزِلَتْ إِلَيْكَ ۖ وَادْعُ إِلَىٰ رَبِّكَ ۖ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ ۝٨٧
📖 Гочдар Аят 87
Хьо юха ма воккхийла (оцу мушрикаша) Делан аятех уьш хьоьга диссийтаначул тIаьхьа. Хьайн Кхиош-Кхобучуьнга кхайкха! Хьо хиллане а ма хилалахь /Делаца/ накъост лоцучарах (мушрикех)!
وَلَا تَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۘ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ كُلُّ شَيْءٍ هَالِكٌ إِلَّا وَجْهَهُ ۚ لَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ ۝٨٨
📖 Гочдар Аят 88
Ахь ма кхайкхалахь Делаца кхечу деле, кхин дела вац хьуна Иза бен! Массо а хIума хIаллакъхир ю хьуна, Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан бу сацам‚ Цунна тIе юхадерзор долуш ду шу а.
← 27 Аль-Къасас (28/114) 29 →
Деша Аль-Къасас сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

28القصص Al-Qasas 📚 88 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Къасас сура — 88 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers