PDF —
59 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ад-Духан pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ад-Духан pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ад-Духан Гочдар. Сура Ад-Духан (Meccan) 59 Аят.



59 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒ
44:1 Хьа-мūм .
ﭓﭔﭕ
44:2 /Хьарам-хьанал/ билгалдоккхучу жайних (Къуръанах) дуй боу Ас.
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟ
44:3 Баккъалла а, Оха доссийна иза беркате йолчу буса . Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/.
ﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
44:4 Цу чохь (цу беркате буса) къастадо массо а шеца хьекъалалла долу гIуллакх.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
44:5 Тхан агIорхьара /деза мел долу/ г1уллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш/Мухьаммад а, цул хьалха хилла элчанаш а/,
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
44:6 Къинхетам а хилла хьан Кхиош-Кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
44:7 Стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /ч1ог1а/ тешаш хиллехь.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
44:8 Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-Кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-Кхобург ву Иза.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
44:9 ХIетте а‚ уьш (керстанаш) шекончохь ловзуш ма бу.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
44:10 Ахь тергалде стигло билгала кIур бахьар болу де.
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
44:11 Нах д1ахьулбийр бу цо. /Цара эр ду/: "ХIара лазош долу Iазап ду".
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
44:12 "Тхан Кхиош-Кхобург‚ айдехьа тхуна тIера хIара Iазап, /т1аккха/ баккъалла а, оха ийман дуьллур ду-кх /Хьан элчане/".
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
44:13 Муха хир бу царна хьехам ? Цаьрга веара ма-й билгала волу элча /Мухьаммад/.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
44:14 ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: "Жинийх волуш шена /наха Къуръан/ Iамийнарг ву /хIара Мухьаммад /".
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
44:15 Баккъалла а, Оха айдийр ду /шуна т1ера/ Iазап кIеззиг – /гур шуна:/ шу юха а тIедоьрзур ма ду /шайн керстаналлина/.
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦ
44:16 Оха боккхачу ницкъаца /Iазапе/ лоцур долчу дийнахь – баккъалла а, Оха чIир оьцур ю.
ﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
44:17 Царал хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам – цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса).
ﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
44:18 "ДIало соьга Делан леш /олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
44:19 Хьаладовла (курадовла) ма гIерта Далла‚ баккъалла а, ас лур ду шуна билгала долу делил.
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
44:20 Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-Кхобучуьнца‚ шун Кхиош-Кхобучуьнца аш суна тIулгаш деттарх (аш со верах).
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
44:21 Шу сох ца тешахь‚ со вита /бохам ца беш/".
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
44:22 /ТIаккха/ цо (Мусас) шен Кхиош-Кхобучуьнга кхийкхира: "ХIара къам къинош деш ма ду"‚ /аьлла/.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
44:23 /ТIаккха элира Дала/: "ДIагIо сан лешца (Исраилан кIенташца) буса‚ баккъалла а, шуна т1аьхьабевр бу хьуна /Фир1авн а, цуьнан эскар а/.
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
44:24 ХIорд бекъабеллачохь бита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ бухагIур долу эскар ма ду".
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
44:25 Мел /дукха/ бухадити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚
ﮄﮅﮆﮇ
44:26 йалташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚
ﮈﮉﮊﮋﮌ
44:27 шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а!
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
44:28 Иштта /хилира церан чаккхе/. Оха уьш ирсана дIаделира кхечу къомана.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛ
44:29 Стигал а, латта а ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца теттира уьш /Iазапах/.
ﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
44:30 Оха кIелхьарбехира Исраилан кIентий сийсазчу Iазапах‚
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
44:31 ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарах.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔ
44:32 Оха уьш (Исраилан кIентий) хаьржира Iилманца /массо а/ Iаламел.
ﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
44:33 Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бāла берш а.
ﯝﯞﯟﯠ
44:34 Баккъалла а, хIорш (къурайшаш) олуш ма бу:
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
44:35 "вайн цхьа дуьххьарлера далар бен дац‚ вай гIиттор дац /деллачул тIаьхьа/.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
44:36 Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь".
ﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
44:37 Уьш дика бу, я ТуббаIан къам а‚ царал хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хIаллакбира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
44:38 Оха ловзуш /долчу хьолехь/ ца кхоьллина стигалш а‚ латта а‚ цу шинна юккъехь мел дерг а.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎ
44:39 Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
44:40 Баккъалла а, къасторан де – царна массарна а хан тоьхна ма ду.
ﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
44:41 Оцу дийнахь гергарчо духатухур дац гергарчух /1азапах/ хIумма а‚ царна гIо дийр ма дац
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
44:42 Дала шех къинхетам биначунна бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
ﭫﭬﭭﭮ
44:43 Баккъалла а, и Заккъум олу дитт -
ﭯﭰﭱ
44:44 къинош дечун кхача хир бу.
ﭲﭳﭴﭵﭶ
44:45 Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь ‚
ﭷﭸﭹ
44:46 ц1ийдина хи кхехкарх терра.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿ
44:47 /Мохь хир бу/: "Схьалаца иза ‚ дIакхосса иза жоьжахатина юккъе.
ﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇ
44:48 ДIадотта цуьнан коьртана тIехула ц1ийдинчу хин Iазап".
ﮈﮉﮊﮋﮌﮍ
44:49 "Iовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хIай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/.
ﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
44:50 Баккъалла а, хIара ду аш шегахь шеко йеш хилларг" .
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
44:51 Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – тешамечу меттигехь хир бу.
ﮛﮜﮝﮞ
44:52 Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.
ﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
44:53 ТIедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а, вовшийн дуьхь-дуьхьал хIуьттуш.
ﮥﮦﮧﮨﮩ
44:54 Иштта Оха бāлор бу царна хаза бIаьргаш берш.
ﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
44:55 Кхойкхур ду цара хIора стоьме , /уьш кхачалур цахиларх, массо а халонех/ тешаме а болуш.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
44:56 Цу чохь валар Iовшур дац цара дуьххьарлера /дуьненахь хилла/ валар доцург – Цо ларбира уьш жоьжахатин Iазапах
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
44:57 Хьан Кхиош – Кхобучуьнгара комаьршаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
44:58 Баккъалла а, Оха атта дина иза /Къуръан/ – хьан маттахь а долуш – уьш кхетар бацаре те.
ﯬﯭﯮﯯ
44:59 Хьо хьажа /хIай Мухьаммад, царах хIун кхиар ду/, уьш а хьовсуш бу /хьо хIаллакхиларе - тIаьхьа хуур ду, хьан хир ду гIо дуьненахь а эхартахь а/.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers