PDF —
49 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ат-Тур pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ат-Тур pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ат-Тур Гочдар. Сура Ат-Тур (Meccan) 49 Аят.



49 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮞﮟ
52:1 Ламанах /дуй боу Ас/.
ﮠﮡﮢ
52:2 МогIанашца яздинчу жайних а /дуй боу Ас/,
ﮣﮤﮥﮦ
52:3 ша даржийначу анний тIехь /яздина/ хилла долчу.
ﮧﮨﮩ
52:4 Шена зиярат дечу цIийнах а /дуй боу Ас/.
ﮪﮫﮬ
52:5 Айбина хилла болчу тхевнах (стигалах) а /дуй боу Ас/,
ﮭﮮﮯ
52:6 /къематдийнахь цIарах/ буьззина хир болчу хIордах а:
ﮰﮱﯓﯔﯕ
52:7 баккъалла а, хьо Кхиош-Кхобучун Iазап доьжна ма ду (догIур долуш ма ду).
ﯖﯗﯘﯙﯚ
52:8 Ма дац цунна ша духатухург.
ﯛﯜﯝﯞﯟ
52:9 /Оцу къемат/дийнахь стигал дIатохалур ю тохаяларца,
ﯠﯡﯢﯣ
52:10 лаьмнаш а дIадолалур ду дIадоладаларца.
ﯤﯥﯦﯧ
52:11 Бала бу-кх оцу дийнахь /дин/ харцдечарна,
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
52:12 шайна даьсса хабаршца самукъадохуш болчу.
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴ
52:13 Оцу дийнахь уьш кхуьссур бу жоьжахатин цIерга нуьцкъала кхоссарца.
ﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
52:14 /Эр ду цаьрга/: "ХIара ю и цIе‚ шу ша харцъеш хилла йолу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
52:15 Бозбуунчалла ду хIара я шу ца гуш ду?
ﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
52:16 Дāга цу чохь‚ собар де я ма де – цхьатерра ду шуна. Шуна бекхам беш бу аш йеш хиллачу Iамалшца".
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
52:17 Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – /ялсаманин/ бошмашкахь а‚ ниIматашкахь а хир бу,
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
52:18 зовкх хьоьгуш шаьш Кхиош-Кхобучо шайна деллачуьнца. Шаьш Кхиош-Кхобучо жоьжахатин Iазапах ларбина уьш.
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
52:19 /Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ г1оза мала шайна шаьш йеш хилла Iамалш бахьанехь".
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
52:20 Вовшашца могIаршца лаьттачу маьнганашна тIе тевжина /хир бу уьш/. Оха бāлор бу царна хьурал Iинаш .
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙ
52:21 Шаьш ийман диллина хилла берш‚ шайн зуьррет а ийманца шайна тIаьхьахIиттийна хилларш – царна тIекхиор ду Оха церан зуьррет а. Церан Iамалех хIумма а эшор а яц Оха. Массо а стаг а ша /дуьненахь/ карадинчуьнца закъалт ву .
ﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
52:22 Оха /хан мел ели/ латтор бу царна стоьмаш а‚ жижиг а царна дезаш хиллачух.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
52:23 Цара вовшашка кхийдор бу чагIаран кад‚ шеца /и молуш/ даьсса къамелаш доцуш‚ къа а доцуш болу.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
52:24 Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу кIентий-ялхой‚ шаьш Iалашдеш долу луълуъ санна болу.
ﯓﯔﯕﯖﯗﯘ
52:25 Царах цхьаберш вукхарна тIебоьрзур бу, хоьттуш.
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠ
52:26 Цара эр ду: "Баккъалла а, тхо ма дара хьалха тхан доьзалх кхоьруш (уьш хIаллакхиларна).
ﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
52:27 Дала къинхетам бина тхох. Цо кIелхьардаьхна тхо самýман Iазапах.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
52:28 Баккъалла а, тхо дара хьалха /дуьненахь/ Цуьнга доIанаш деш. Баккъалла а, Иза ву диканиг а‚ кхинхетаме верг а".
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
52:29 /Керстанашна/ кхерам тасарна тIехь дāим латта! Хьан Делан ниIматаца хьо вац бозбуунча а‚ жинийх верг а.
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
52:30 Я цара олу: "Илланча ву. Хьовсур вай – замано дIалуьстур ву иза".
ﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
52:31 Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Хьовса шу. Со а шуьца цхьаьна хьовсачарах ву".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚ
52:32 Я церан набаран гIенаша хьоьхуш ду те и царна‚ я иза дозанах даьлла къам ду те?
ﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
52:33 Я цара олу: "Цо кхоьллина иза ?" ХIаъ‚ уьш ца теша-кх!
ﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩ
52:34 Цунах тера дийцар дахьийла цара, шаьш бакълуьйш белахь.
ﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
52:35 Я уьш хIумма йоцчу хIуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш?
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
52:36 Я цара кхоьллина стигалаш а‚ латта а? ХIетте, ма онда тешаш бац уьш.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃ
52:37 Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш?
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎ
52:38 Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Iарша тIе бовлуш/, ладугIуш цу чохь /дуьйцучуьнга/? Схьадаладойла церан ладугIучо билгала делил!
ﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
52:39 Я Цуьнан мехкарий бу ‚ шуна кIентий бу?
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
52:40 Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢ
52:41 Я цаьргахь къайле ю‚ цара дIаяздеш?
ﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫ
52:42 Я мекарло езаш бу уьш? Ца тешаш хилларш – царна йина мекарло!
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
52:43 Я церан АллахI (ц1е йолу цхьа Дела) воцург кхин дела ву? ЦIена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх!
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡ
52:44 Царна стигалара охьайогIуш кийсакаш гича а‚ цара эр ма дара: "ТIеттIа йолу марха ю".
ﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
52:45 Бита уьш‚ шегахь ткъес йолчу шайн денна дуьхьалкхетталц.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
52:46 Оцу дийнахь церан мекарлоно цхьанна а хIуманах кIелхьарбохур бац уьш‚ царна гIо хир дац!
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
52:47 Баккъалла а, зулам диначарна цул совнаха Iазап хир ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх.
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
52:48 Хьайн Делан хьукманна собаре хила /х1ай элча/. Хьо Тхан бIаьргашна хьалха ву (Оха ларвеш ву хьо). Ахь, хьан Далла хастам беш, тасбихь де, хьуо хьалагIоттуш.
ﰋﰌﰍﰎﰏﰐ
52:49 Буса а тасбихь де Цунна‚ седарчий дIатуьлуш а /де тасбихь/.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers