Аль-Муддассир сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Муддассир сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (56 Аят — مكية). Аль-Муддассир ЛадоргӀа, Аль-Муддассир Гочдар, Аль-Муддассир mp3, Аль-Муддассир pdf.

Аль-Муддассир сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
يَا أَيُّهَا الْمُدَّثِّرُ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг !
قُمْ فَأَنذِرْ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
ХьалагIатта‚ кхерам таса!
وَرَبَّكَ فَكَبِّرْ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Хьуо Кхиош-Кхобург воккхаве!
وَثِيَابَكَ فَطَهِّرْ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Хьайн бедар цIанъе!
وَالرُّجْزَ فَاهْجُرْ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Боьху хIуманаш дIатаса !
وَلَا تَمْنُن تَسْتَكْثِرُ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Ма ло хIума, хьайна /цунах/ алссам тIекхиар лоьхуш .
وَلِرَبِّكَ فَاصْبِرْ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Хьо Кхиош-Кхобучун /гIуллакхна/ собаре хила.
فَإِذَا نُقِرَ فِي النَّاقُورِ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Сур лекхначу хенахь (шолгIа локху сур) –
فَذَٰلِكَ يَوْمَئِذٍ يَوْمٌ عَسِيرٌ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
иза де - хала де ду.
عَلَى الْكَافِرِينَ غَيْرُ يَسِيرٍ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
/Делах/ тешаш боцучарна атта доцуш.
ذَرْنِي وَمَنْ خَلَقْتُ وَحِيدًا ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
Вита Со а и Ас кхоьллинарг а тхаьш.
وَجَعَلْتُ لَهُ مَالًا مَّمْدُودًا ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Ас хилийтира цунна шортта даьхни а‚
وَبَنِينَ شُهُودًا ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
КIентий а, шаьш цуьнца цхьаьна /гуттар/ лаьтташ.
وَمَهَّدتُّ لَهُ تَمْهِيدًا ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Ас аьтто бира цунна /хаза/ аьтто барца.
ثُمَّ يَطْمَعُ أَنْ أَزِيدَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
ТIаккха а лиира цунна Ас совдаккха /шен хьал/.
كَلَّا ۖ إِنَّهُ كَانَ لِآيَاتِنَا عَنِيدًا ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал.
سَأُرْهِقُهُ صَعُودًا ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
Ас тIеюьллур ю цунна ирхо (Iазапан мохь).
إِنَّهُ فَكَّرَ وَقَدَّرَ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Баккъалла а, цо ойла йора‚ хьесап а дора.
فَقُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
ХIаллакхиларг ! Муха дора цо хьесап?
ثُمَّ قُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
ТIаккха а хIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?
ثُمَّ نَظَرَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
ТIаккха иза хьаьжира.
ثُمَّ عَبَسَ وَبَسَرَ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
ТIаккха юьхь хабийра‚ вусавелира.
ثُمَّ أَدْبَرَ وَاسْتَكْبَرَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
ТIаккха иза юхавелира /Къуръанах/‚ куравелира.
فَقَالَ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ يُؤْثَرُ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Цо элира: "ХIара (Мухьаммада дуьйцург) деккъа бозбуунчалла ду /хьалха дуьйна дайшкара/ схьадогIуш долу.
إِنْ هَٰذَا إِلَّا قَوْلُ الْبَشَرِ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
ХIара деккъа адаман дош ду".
سَأُصْلِيهِ سَقَرَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
Ас вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь.
وَمَا أَدْرَاكَ مَا سَقَرُ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Хьан хаийтина хьуна /х1ай Мухьаммад/‚ хIун ю и сакъар?
لَا تُبْقِي وَلَا تَذَرُ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
Буха а ца вуьту цо‚ дIа а ца тосу,
لَوَّاحَةٌ لِّلْبَشَرِ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
чкъор (нуьцкъала) дагадеш ерг ю иза.
عَلَيْهَا تِسْعَةَ عَشَرَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
Цунна тIехIоьттина ткъаесна /малик/ ду.
وَمَا جَعَلْنَا أَصْحَابَ النَّارِ إِلَّا مَلَائِكَةً ۙ وَمَا جَعَلْنَا عِدَّتَهُمْ إِلَّا فِتْنَةً لِّلَّذِينَ كَفَرُوا لِيَسْتَيْقِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَيَزْدَادَ الَّذِينَ آمَنُوا إِيمَانًا ۙ وَلَا يَرْتَابَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ وَالْمُؤْمِنُونَ ۙ وَلِيَقُولَ الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِم مَّرَضٌ وَالْكَافِرُونَ مَاذَا أَرَادَ اللَّهُ بِهَٰذَا مَثَلًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَن يَشَاءُ وَيَهْدِي مَن يَشَاءُ ۚ وَمَا يَعْلَمُ جُنُودَ رَبِّكَ إِلَّا هُوَ ۚ وَمَا هِيَ إِلَّا ذِكْرَىٰ لِلْبَشَرِ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питанна бен а‚ жайнин охIлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнин охIлане а‚ муъма нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: "ХIун лиъна техьа Далла, хIокхуьнца масал а далийна?" Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьан Кхиош-Кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна.
كَلَّا وَالْقَمَرِ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
ХIан-хIа! Баттах дуй боу Ас;
وَاللَّيْلِ إِذْ أَدْبَرَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
буьйсанах дуй боу, и тIаьхьаяханчу хенахь;
وَالصُّبْحِ إِذَا أَسْفَرَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
сатасарх дуй боу, и гучудаьллачу хенахь:
إِنَّهَا لَإِحْدَى الْكُبَرِ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
баккъалла а, иза (сакъар олу жоьжахати) уггар баккхийчарах цхьа бала бу,
نَذِيرًا لِّلْبَشَرِ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
кхерамча а хилла адамашна.
لِمَن شَاءَ مِنكُمْ أَن يَتَقَدَّمَ أَوْ يَتَأَخَّرَ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Шух шен луучунна /диканна/ хьалхавала а‚ /вочунна/ тIаьхьависа а .
كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ رَهِينَةٌ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Массо а са ша карадинчуьнца закъалт ду
إِلَّا أَصْحَابَ الْيَمِينِ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
аьтту куьйган дай боцурш.
فِي جَنَّاتٍ يَتَسَاءَلُونَ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу
عَنِ الْمُجْرِمِينَ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
къинош диначарах:
مَا سَلَكَكُمْ فِي سَقَرَ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
"Хьан дигина шу сакъара чу?"
قَالُوا لَمْ نَكُ مِنَ الْمُصَلِّينَ ۝٤٣
📖 Гочдар Аят 43
Цара (цу жоьжахате баханчара) эр ду: "Тхо ца хилира ламазаш дечарах,
وَلَمْ نَكُ نُطْعِمُ الْمِسْكِينَ ۝٤٤
📖 Гочдар Аят 44
тхо ца хилира, мискачарна хIума даош.
وَكُنَّا نَخُوضُ مَعَ الْخَائِضِينَ ۝٤٥
📖 Гочдар Аят 45
Даьсса хабарш дуьйцучаьрца /даьсса/ хабарш дуьйцуш хилира тхо‚
وَكُنَّا نُكَذِّبُ بِيَوْمِ الدِّينِ ۝٤٦
📖 Гочдар Аят 46
бекхаман де харцдеш хилира тхо
حَتَّىٰ أَتَانَا الْيَقِينُ ۝٤٧
📖 Гочдар Аят 47
тхайга бакъдерг даллалц".
فَمَا تَنفَعُهُمْ شَفَاعَةُ الشَّافِعِينَ ۝٤٨
📖 Гочдар Аят 48
Пайда бийр бац царна шапаIат дечеран шапаIато.
فَمَا لَهُمْ عَنِ التَّذْكِرَةِ مُعْرِضِينَ ۝٤٩
📖 Гочдар Аят 49
ХIун ду царна уьш хьехамах дIаберза?
كَأَنَّهُمْ حُمُرٌ مُّسْتَنفِرَةٌ ۝٥٠
📖 Гочдар Аят 50
Шаьш акхаевлла варраш санна‚
فَرَّتْ مِن قَسْوَرَةٍ ۝٥١
📖 Гочдар Аят 51
/кхераелла/ йовдуш ломах?
بَلْ يُرِيدُ كُلُّ امْرِئٍ مِّنْهُمْ أَن يُؤْتَىٰ صُحُفًا مُّنَشَّرَةً ۝٥٢
📖 Гочдар Аят 52
ХIетте а, царах массо а ву лууш шега лойла схьадиллина жайнаш .
كَلَّا ۖ بَل لَّا يَخَافُونَ الْآخِرَةَ ۝٥٣
📖 Гочдар Аят 53
ХIан-хIа! Уьш ца кхоьру эхартах.
كَلَّا إِنَّهُ تَذْكِرَةٌ ۝٥٤
📖 Гочдар Аят 54
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /Къуръан/ хьехам бу,
فَمَن شَاءَ ذَكَرَهُ ۝٥٥
📖 Гочдар Аят 55
Шена /нисвала/ луучо т1елоцур бу и.
وَمَا يَذْكُرُونَ إِلَّا أَن يَشَاءَ اللَّهُ ۚ هُوَ أَهْلُ التَّقْوَىٰ وَأَهْلُ الْمَغْفِرَةِ ۝٥٦
📖 Гочдар Аят 56
Далла лаахь бен, цара т1елоцур-м бац. Иза ву /Шех/ кхераран охIла‚ Иза ву /Ша/ гечдаран охIла.
← 73 Аль-Муддассир (74/114) 75 →
Деша Аль-Муддассир сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

74المدثر Al-Muddaththir 📚 56 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Муддассир сура — 56 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers