PDF —
56 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Муддассир pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Муддассир pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Муддассир Гочдар. Сура Аль-Муддассир (Meccan) 56 Аят.

← Аль-МуззаммильСура Аль-Муддассир Аль-Къияма →


56 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮪﮫﮬ
74:1 ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг !
ﮭﮮﮯ
74:2 ХьалагIатта‚ кхерам таса!
ﮰﮱﯓ
74:3 Хьуо Кхиош-Кхобург воккхаве!
ﯔﯕﯖ
74:4 Хьайн бедар цIанъе!
ﯗﯘﯙ
74:5 Боьху хIуманаш дIатаса !
ﯚﯛﯜﯝ
74:6 Ма ло хIума, хьайна /цунах/ алссам тIекхиар лоьхуш .
ﯞﯟﯠ
74:7 Хьо Кхиош-Кхобучун /гIуллакхна/ собаре хила.
ﯡﯢﯣﯤﯥ
74:8 Сур лекхначу хенахь (шолгIа локху сур) –
ﯦﯧﯨﯩﯪ
74:9 иза де - хала де ду.
ﯫﯬﯭﯮﯯ
74:10 /Делах/ тешаш боцучарна атта доцуш.
ﯰﯱﯲﯳﯴ
74:11 Вита Со а и Ас кхоьллинарг а тхаьш.
ﯵﯶﯷﯸﯹ
74:12 Ас хилийтира цунна шортта даьхни а‚
ﯺﯻﯼ
74:13 КIентий а, шаьш цуьнца цхьаьна /гуттар/ лаьтташ.
ﯽﯾﯿﰀ
74:14 Ас аьтто бира цунна /хаза/ аьтто барца.
ﰁﰂﰃﰄﰅ
74:15 ТIаккха а лиира цунна Ас совдаккха /шен хьал/.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
74:16 ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал.
ﰍﰎﰏ
74:17 Ас тIеюьллур ю цунна ирхо (Iазапан мохь).
ﰐﰑﰒﰓ
74:18 Баккъалла а, цо ойла йора‚ хьесап а дора.
ﭑﭒﭓﭔ
74:19 ХIаллакхиларг ! Муха дора цо хьесап?
ﭕﭖﭗﭘﭙ
74:20 ТIаккха а хIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?
ﭚﭛﭜ
74:21 ТIаккха иза хьаьжира.
ﭝﭞﭟﭠ
74:22 ТIаккха юьхь хабийра‚ вусавелира.
ﭡﭢﭣﭤ
74:23 ТIаккха иза юхавелира /Къуръанах/‚ куравелира.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
74:24 Цо элира: "ХIара (Мухьаммада дуьйцург) деккъа бозбуунчалла ду /хьалха дуьйна дайшкара/ схьадогIуш долу.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
74:25 ХIара деккъа адаман дош ду".
ﭲﭳﭴ
74:26 Ас вагор ву иза сакъаран /жоьжахати/ чохь.
ﭵﭶﭷﭸﭹ
74:27 Хьан хаийтина хьуна /х1ай Мухьаммад/‚ хIун ю и сакъар?
ﭺﭻﭼﭽﭾ
74:28 Буха а ца вуьту цо‚ дIа а ца тосу,
ﭿﮀﮁ
74:29 чкъор (нуьцкъала) дагадеш ерг ю иза.
ﮂﮃﮄﮅ
74:30 Цунна тIехIоьттина ткъаесна /малик/ ду.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤ
74:31 Жоьжахатина тIехIоьттина берш Оха маликаш бен ца хилийтина. Церан дагардар ца хилийтина Оха деккъа цатешачарна питанна бен а‚ жайнин охIлана и бакъ дуйла хаийтархьама а‚ /Делах/ тешаш берш ийманца совбахархьама а‚ шеко ца яйтархьама жайнин охIлане а‚ муъма нахе а; шайн дегнашкахь цамгар йолчаьрга а‚ цатешачаьрга а алийтархьама: "ХIун лиъна техьа Далла, хIокхуьнца масал а далийна?" Иштта тилавала вуьту Дала Шена луург‚ нисво Шена луург. Хьан Кхиош-Кхобучун эскар хуур дац Цунна Шена бен. Иза беккъа хьехам бу-кх адамашна.
ﯥﯦﯧ
74:32 ХIан-хIа! Баттах дуй боу Ас;
ﯨﯩﯪﯫ
74:33 буьйсанах дуй боу, и тIаьхьаяханчу хенахь;
ﯬﯭﯮﯯ
74:34 сатасарх дуй боу, и гучудаьллачу хенахь:
ﯰﯱﯲﯳ
74:35 баккъалла а, иза (сакъар олу жоьжахати) уггар баккхийчарах цхьа бала бу,
ﯴﯵﯶ
74:36 кхерамча а хилла адамашна.
ﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
74:37 Шух шен луучунна /диканна/ хьалхавала а‚ /вочунна/ тIаьхьависа а .
ﯿﰀﰁﰂﰃﰄ
74:38 Массо а са ша карадинчуьнца закъалт ду
ﰅﰆﰇﰈ
74:39 аьтту куьйган дай боцурш.
ﰉﰊﰋﰌ
74:40 Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу
ﰍﰎﰏ
74:41 къинош диначарах:
ﰐﰑﰒﰓﰔ
74:42 "Хьан дигина шу сакъара чу?"
ﰕﰖﰗﰘﰙﰚ
74:43 Цара (цу жоьжахате баханчара) эр ду: "Тхо ца хилира ламазаш дечарах,
ﰛﰜﰝﰞﰟ
74:44 тхо ца хилира, мискачарна хIума даош.
ﰠﰡﰢﰣﰤ
74:45 Даьсса хабарш дуьйцучаьрца /даьсса/ хабарш дуьйцуш хилира тхо‚
ﰥﰦﰧﰨﰩ
74:46 бекхаман де харцдеш хилира тхо
ﰪﰫﰬﰭ
74:47 тхайга бакъдерг даллалц".
ﭑﭒﭓﭔﭕ
74:48 Пайда бийр бац царна шапаIат дечеран шапаIато.
ﭖﭗﭘﭙﭚﭛ
74:49 ХIун ду царна уьш хьехамах дIаберза?
ﭜﭝﭞﭟ
74:50 Шаьш акхаевлла варраш санна‚
ﭠﭡﭢﭣ
74:51 /кхераелла/ йовдуш ломах?
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
74:52 ХIетте а, царах массо а ву лууш шега лойла схьадиллина жайнаш .
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
74:53 ХIан-хIа! Уьш ца кхоьру эхартах.
ﭵﭶﭷﭸ
74:54 ХIан-хIа! Баккъалла а, иза /Къуръан/ хьехам бу,
ﭹﭺﭻﭼ
74:55 Шена /нисвала/ луучо т1елоцур бу и.
ﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
74:56 Далла лаахь бен, цара т1елоцур-м бац. Иза ву /Шех/ кхераран охIла‚ Иза ву /Ша/ гечдаран охIла.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers