Аль-Мутаффифин сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Аль-Мутаффифин сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (36 Аят — مكية). Аль-Мутаффифин ЛадоргӀа, Аль-Мутаффифин Гочдар, Аль-Мутаффифин mp3, Аль-Мутаффифин pdf.

Аль-Мутаффифин сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
وَيْلٌ لِّلْمُطَفِّفِينَ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Боккха бāла бу /йохка-эцар йеш дустуш-узуш/ эшош болчарна‚
الَّذِينَ إِذَا اكْتَالُوا عَلَى النَّاسِ يَسْتَوْفُونَ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
ишттанаш бу уьш шаьш нахера дустуш оьцуш /терза/, нисйойтуш‚
وَإِذَا كَالُوهُمْ أَو وَّزَنُوهُمْ يُخْسِرُونَ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
ткъа шаьш царна дустуш а‚ узуш а – эшаеш.
أَلَا يَظُنُّ أُولَٰئِكَ أَنَّهُم مَّبْعُوثُونَ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Царна ца хета-те шаьш /деллачул тIаьхьа/ дендийр дуйла
لِيَوْمٍ عَظِيمٍ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
сийлахь-доккхачу денна !
يَوْمَ يَقُومُ النَّاسُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
Оцу дийнахь нах д1ахIуттур бу Iаламийн Дена /Далла/ хьалха.
كَلَّا إِنَّ كِتَابَ الْفُجَّارِ لَفِي سِجِّينٍ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
ХIан-хIа! Баккъалла а, къинош диначеран тептар Сижжūна чохь хир ду!
وَمَا أَدْرَاكَ مَا سِجِّينٌ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Хьуна стен хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и Сижжūн хIун ю?
كِتَابٌ مَّرْقُومٌ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
МухIар тоьхна тептар /ду иза/.
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِّلْمُكَذِّبِينَ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна,
الَّذِينَ يُكَذِّبُونَ بِيَوْمِ الدِّينِ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
шаьш бекхаман де харцдеш болчу!
وَمَا يُكَذِّبُ بِهِ إِلَّا كُلُّ مُعْتَدٍ أَثِيمٍ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Иза харцдийр ма дац массо а дозанах ваьлла‚ къинош деш волчо бен.
إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ آيَاتُنَا قَالَ أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Шена тIехь Тхан аяташ дешча‚ цо олура: "Хьалхалерчийн туьйранаш /ду хIорш/".
كَلَّا ۖ بَلْ ۜ رَانَ عَلَىٰ قُلُوبِهِم مَّا كَانُوا يَكْسِبُونَ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
ХIан-хIа! ХIаъ! Цара карадеш долчо мēкха лацийтина церан дегнашка .
كَلَّا إِنَّهُمْ عَن رَّبِّهِمْ يَوْمَئِذٍ لَّمَحْجُوبُونَ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
ХIан-хIа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-Кхобучух дIахьулбина хир бу (царна и Дела гур вац).
ثُمَّ إِنَّهُمْ لَصَالُو الْجَحِيمِ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
ТIаккха уьш чугIур бу (багийна, д1а а ца бохуш, багор болчу) жоьжахатина.
ثُمَّ يُقَالُ هَٰذَا الَّذِي كُنتُم بِهِ تُكَذِّبُونَ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
ТIаккха эр ду (цаьрга): "ХIара ду аш харцдеш хилларг".
كَلَّا إِنَّ كِتَابَ الْأَبْرَارِ لَفِي عِلِّيِّينَ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
ХIан-хIа! Баккъалла а, дикачеран тептар Iиллиййȳнан чохь хир ду.
وَمَا أَدْرَاكَ مَا عِلِّيُّونَ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
Хьуна стен хаийтина /х1ай Мухьаммад/‚ и хIун Iиллиййȳн ю?
كِتَابٌ مَّرْقُومٌ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
МухIар тоьхна тептар /ду иза/.
يَشْهَدُهُ الْمُقَرَّبُونَ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
Цунна тешалла дийр ду /Далла/ гергахь долчу /маликаша/.
إِنَّ الْأَبْرَارَ لَفِي نَعِيمٍ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
Баккъалла а, диканиг динарш /ялсаманехь/ ни1маташкахь хир бу‚
عَلَى الْأَرَائِكِ يَنظُرُونَ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
маьнганаш тIехь хьоьжуш.
تَعْرِفُ فِي وُجُوهِهِمْ نَضْرَةَ النَّعِيمِ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
Хьуна девзар ду церан яххьашкахь ниIматийн лепар!
يُسْقَوْنَ مِن رَّحِيقٍ مَّخْتُومٍ ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Малор ду царна мухIар тоьхначу уггар цIеначу чагIарх‚
خِتَامُهُ مِسْكٌ ۚ وَفِي ذَٰلِكَ فَلْيَتَنَافَسِ الْمُتَنَافِسُونَ ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
цуьнан чаккхе миск хир ю . Оцунна т1ехь йохье бовлийла шаьш йохье бовлурш!
وَمِزَاجُهُ مِن تَسْنِيمٍ ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Цунах (чагIарх) тоьхнарг таснимах хир ду‚
عَيْنًا يَشْرَبُ بِهَا الْمُقَرَّبُونَ ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
шовда ду иза‚ шена чуьра мер долуш /Далла/ гергаболчара.
إِنَّ الَّذِينَ أَجْرَمُوا كَانُوا مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا يَضْحَكُونَ ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
Баккъалла а, къинош динарш бара ийман диллинчарах боьлуш‚
وَإِذَا مَرُّوا بِهِمْ يَتَغَامَزُونَ ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
царна тIехбовлуш, вовшашка муьшкаш йеш‚
وَإِذَا انقَلَبُوا إِلَىٰ أَهْلِهِمُ انقَلَبُوا فَكِهِينَ ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
шайн доьзална тIебоьрзуш, тIебоьрзура забарш йеш‚
وَإِذَا رَأَوْهُمْ قَالُوا إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَضَالُّونَ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
и /муъма нах/ шайна гича‚ цара олура: "Баккъалла а, хIорш тилабелларш бу-кх!"
وَمَا أُرْسِلُوا عَلَيْهِمْ حَافِظِينَ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Ца бахийтина уьш царна (бусалбанашна) тIе, тергамхой хилла.
فَالْيَوْمَ الَّذِينَ آمَنُوا مِنَ الْكُفَّارِ يَضْحَكُونَ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Тахана ийман диллина хилларш /Делах/ цатешачарах боьлур бу!
عَلَى الْأَرَائِكِ يَنظُرُونَ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
Маьнганаш тIехь хьоьжуш хир бу!
هَلْ ثُوِّبَ الْكُفَّارُ مَا كَانُوا يَفْعَلُونَ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
/Нийсса/ бекхам биний /Делах/ цатешачарна цара деш хиллачуьнца? /Х1аъ, бина, Делора!/
← 82 Аль-Мутаффифин (83/114) 84 →
Деша Аль-Мутаффифин сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

83المطففين Al-Mutaffifin 📚 36 Аят مكية

Аят-аяташ – Аль-Мутаффифин сура — 36 Аят




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers