PDF —
36 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Мутаффифин pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Мутаффифин pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Мутаффифин Гочдар. Сура Аль-Мутаффифин (Meccan) 36 Аят.

← Аль-ИнфитарСура Аль-Мутаффифин Аль-Иншикъакъ →


36 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﯖﯗﯘ
83:1 Боккха бāла бу /йохка-эцар йеш дустуш-узуш/ эшош болчарна‚
ﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
83:2 ишттанаш бу уьш шаьш нахера дустуш оьцуш /терза/, нисйойтуш‚
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
83:3 ткъа шаьш царна дустуш а‚ узуш а – эшаеш.
ﯦﯧﯨﯩﯪﯫ
83:4 Царна ца хета-те шаьш /деллачул тIаьхьа/ дендийр дуйла
ﭑﭒﭓ
83:5 сийлахь-доккхачу денна !
ﭔﭕﭖﭗﭘﭙ
83:6 Оцу дийнахь нах д1ахIуттур бу Iаламийн Дена /Далла/ хьалха.
ﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠ
83:7 ХIан-хIа! Баккъалла а, къинош диначеран тептар Сижжūна чохь хир ду!
ﭡﭢﭣﭤﭥ
83:8 Хьуна стен хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и Сижжūн хIун ю?
ﭦﭧﭨ
83:9 МухIар тоьхна тептар /ду иза/.
ﭩﭪﭫﭬ
83:10 Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна,
ﭭﭮﭯﭰﭱ
83:11 шаьш бекхаман де харцдеш болчу!
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
83:12 Иза харцдийр ма дац массо а дозанах ваьлла‚ къинош деш волчо бен.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁ
83:13 Шена тIехь Тхан аяташ дешча‚ цо олура: "Хьалхалерчийн туьйранаш /ду хIорш/".
ﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
83:14 ХIан-хIа! ХIаъ! Цара карадеш долчо мēкха лацийтина церан дегнашка .
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
83:15 ХIан-хIа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-Кхобучух дIахьулбина хир бу (царна и Дела гур вац).
ﮔﮕﮖﮗﮘ
83:16 ТIаккха уьш чугIур бу (багийна, д1а а ца бохуш, багор болчу) жоьжахатина.
ﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠ
83:17 ТIаккха эр ду (цаьрга): "ХIара ду аш харцдеш хилларг".
ﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
83:18 ХIан-хIа! Баккъалла а, дикачеран тептар Iиллиййȳнан чохь хир ду.
ﮨﮩﮪﮫﮬ
83:19 Хьуна стен хаийтина /х1ай Мухьаммад/‚ и хIун Iиллиййȳн ю?
ﮭﮮﮯ
83:20 МухIар тоьхна тептар /ду иза/.
ﮰﮱﯓ
83:21 Цунна тешалла дийр ду /Далла/ гергахь долчу /маликаша/.
ﯔﯕﯖﯗﯘ
83:22 Баккъалла а, диканиг динарш /ялсаманехь/ ни1маташкахь хир бу‚
ﯙﯚﯛﯜ
83:23 маьнганаш тIехь хьоьжуш.
ﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
83:24 Хьуна девзар ду церан яххьашкахь ниIматийн лепар!
ﯣﯤﯥﯦﯧ
83:25 Малор ду царна мухIар тоьхначу уггар цIеначу чагIарх‚
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯ
83:26 цуьнан чаккхе миск хир ю . Оцунна т1ехь йохье бовлийла шаьш йохье бовлурш!
ﯰﯱﯲﯳ
83:27 Цунах (чагIарх) тоьхнарг таснимах хир ду‚
ﯴﯵﯶﯷﯸ
83:28 шовда ду иза‚ шена чуьра мер долуш /Далла/ гергаболчара.
ﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
83:29 Баккъалла а, къинош динарш бара ийман диллинчарах боьлуш‚
ﰂﰃﰄﰅﰆ
83:30 царна тIехбовлуш, вовшашка муьшкаш йеш‚
ﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍ
83:31 шайн доьзална тIебоьрзуш, тIебоьрзура забарш йеш‚
ﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔ
83:32 и /муъма нах/ шайна гича‚ цара олура: "Баккъалла а, хIорш тилабелларш бу-кх!"
ﰕﰖﰗﰘﰙ
83:33 Ца бахийтина уьш царна (бусалбанашна) тIе, тергамхой хилла.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗ
83:34 Тахана ийман диллина хилларш /Делах/ цатешачарах боьлур бу!
ﭘﭙﭚﭛ
83:35 Маьнганаш тIехь хьоьжуш хир бу!
ﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢ
83:36 /Нийсса/ бекхам биний /Делах/ цатешачарна цара деш хиллачуьнца? /Х1аъ, бина, Делора!/

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers