PDF —
40 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ан-Набаъ pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ан-Набаъ pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ан-Набаъ Гочдар. Сура Ан-Набаъ (Meccan) 40 Аят.



40 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓ
78:1 Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?
ﭔﭕﭖﭗ
78:2 Сийлахь-доккхачу хабарх!
ﭘﭙﭚﭛﭜ
78:3 Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу.
ﭝﭞﭟ
78:4 ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
ﭠﭡﭢﭣ
78:5 ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!
ﭤﭥﭦﭧﭨ
78:6 Оха ца дина латта, мотт хилла ?
ﭩﭪﭫ
78:7 Лаьмнаш, хьостамий хилла?
ﭬﭭﭮ
78:8 Оха кхоьллина шу шишша (боьрша а‚ стен а).
ﭯﭰﭱﭲ
78:9 Оха хилийтина шун наб, садаIар хилла.
ﭳﭴﭵﭶ
78:10 Оха хилийтина буьйса, духар хилла.
ﭷﭸﭹﭺ
78:11 Оха хилийтина де, дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/
ﭻﭼﭽﭾﭿ
78:12 Оха йоьг1на шуна тIехула ворхI чIогIа /стигал/‚
ﮀﮁﮂﮃ
78:13 Оха бина т1ех лепаш чиркх (малх).
ﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
78:14 Оха даийтина Iаьвдаш йолчу мархашна юккъера дуттуш долу хи (догIа).
ﮊﮋﮌﮍﮎ
78:15 Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚
ﮏﮐﮑ
78:16 луьста бошмаш а.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
78:17 Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞ
78:18 Оцу дийнахь сур (Исрафил-малико зурма) локхур ю – шу догIур ду тобанашца.
ﮟﮠﮡﮢﮣ
78:19 ДIаеллира стигал – цунах хилира неIарш.
ﮤﮥﮦﮧﮨ
78:20 ДIадихьира лаьмнаш – /царах/ дисира шаьш хилла сурт .
ﮩﮪﮫﮬﮭ
78:21 Баккъалла а, жоьжахати хилира кIелонна йоьгIна (керстанаш чубахкаре хьоьжуш)‚
ﮮﮯﮰ
78:22 /Делан дозанех/ тIехбевллачарна чугIойла хилла.
ﮱﯓﯔﯕ
78:23 Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха а хенашкахь.
ﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜ
78:24 Iовшур дац цара цу чохь, шело а‚ малар а,
ﯝﯞﯟﯠ
78:25 лалийна хи а‚ наткъарш бен.
ﯡﯢﯣ
78:26 /Царна/ нийсса богIуш бекхам бу /иза/.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
78:27 Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш диначун/ хьесапе.
ﯪﯫﯬﯭ
78:28 Цара харцдора Тхан аяташ т1ех харцдарца.
ﯮﯯﯰﯱﯲ
78:29 Массо а хIума дIатергалдина Оха жайница !
ﯳﯴﯵﯶﯷﯸ
78:30 Iовша шайна! Совдоккхур дац Оха шуна Iазап бен.
ﭑﭒﭓﭔ
78:31 Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/.
ﭕﭖﭗ
78:32 Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/.
ﭘﭙﭚ
78:33 /Царна/ накхош горга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/.
ﭛﭜﭝ
78:34 Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤ
78:35 Царна хезар дац цу чохь даьсса хабар а‚ харцдерг а.
ﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
78:36 Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-Кхобучуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла,
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶ
78:37 Стигалийн а‚ лаьттан а царна юккъехь мел долчун а Кхиош-Кхобучуьнгара, Ша сов къинхетаме волчуьнгара. Цуьнгара хабар дийцаран доладийр дац цара.
ﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆ
78:38 Оцу дийнахь д1ахIуттур ду Са а‚ маликаш а могIарехь. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен – цо а эр ду бакъдерг.
ﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
78:39 40. Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна гергахь долчу Iазапца – оцу дийнахь адам хьожур ду шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга ‚ эр ду керстано : "Эх1! Сох хилла белхьара поппар /-ан чан/! "
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡ

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers