Ӏабаса сура ӀаӀаражйи, нохчийн маттахь

Ӏабаса сура а, и нохчийн маттахь гочдар а, дашо дешар а йоцуш еша. Аят-аяташна гочдар. (42 Аят — مكية). Ӏабаса ЛадоргӀа, Ӏабаса Гочдар, Ӏабаса mp3, Ӏабаса pdf.

Ӏабаса сура деша а, ладоргӀа а

🎧 Аят
M Mishary Rashid Alafasy
M Mahmoud Khalil Al-Husary
A Abdurrahman As-Sudais
M Mohamed Siddiq Al-Minshawi
A Abdul Basit Abdul Samad
A Ali Al-Hudhaify
A Ahmed ibn Ali al-Ajamy
A Abu Bakr Ash-Shaatree
M Muhammad Ayyoub
A Abdullah Basfar
A Abdullah Al-Juhani
M Maher Al Muaiqly
x1
عَبَسَ وَتَوَلَّىٰ ۝١
📖 Гочдар Аят 1
Юьхь хабийна, дIавирзи
أَن جَاءَهُ الْأَعْمَىٰ ۝٢
📖 Гочдар Аят 2
шена тIе бIаьргашбоцург вогIу‚ аьлла.
وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّهُ يَزَّكَّىٰ ۝٣
📖 Гочдар Аят 3
Стен хоуьйту хьоьга /х1ай элча/‚ иза-м цIанвала а мегий?
أَوْ يَذَّكَّرُ فَتَنفَعَهُ الذِّكْرَىٰ ۝٤
📖 Гочдар Аят 4
Я цо терго йийр ю /хьехамах/ – цу хьехамо цунна пайда бийр бу.
أَمَّا مَنِ اسْتَغْنَىٰ ۝٥
📖 Гочдар Аят 5
Амма хьал долуш верг –
فَأَنتَ لَهُ تَصَدَّىٰ ۝٦
📖 Гочдар Аят 6
хьо цунна тIе чIогIа воьрзу.
وَمَا عَلَيْكَ أَلَّا يَزَّكَّىٰ ۝٧
📖 Гочдар Аят 7
Хьуна тIехь ма дац /къа/, иза цIан ца велча а.
وَأَمَّا مَن جَاءَكَ يَسْعَىٰ ۝٨
📖 Гочдар Аят 8
Амма хьуна тIе веъча, сихвелла,
وَهُوَ يَخْشَىٰ ۝٩
📖 Гочдар Аят 9
и ша /Делах/ кхоьруш верг –
فَأَنتَ عَنْهُ تَلَهَّىٰ ۝١٠
📖 Гочдар Аят 10
ахь иза тергал а ца во.
كَلَّا إِنَّهَا تَذْكِرَةٌ ۝١١
📖 Гочдар Аят 11
ХIан-хIа! /Ма леладе иза/ баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу!
فَمَن شَاءَ ذَكَرَهُ ۝١٢
📖 Гочдар Аят 12
Шена луучо и т1елоцу.
فِي صُحُفٍ مُّكَرَّمَةٍ ۝١٣
📖 Гочдар Аят 13
Сийлахь долчу жайнашкахь бу иза (Лавхь махьфуза чохь).
مَّرْفُوعَةٍ مُّطَهَّرَةٍ ۝١٤
📖 Гочдар Аят 14
Шаьш айдина хилла долчу /Далла гергахь/‚ цIандина хилла долчу /жайнашкахь/‚
بِأَيْدِي سَفَرَةٍ ۝١٥
📖 Гочдар Аят 15
/Делан а, Цуьнан элчанийн а юккъехь/ элчанаш хилла долчу маликийн куьйгашца /яздина долчу/‚
كِرَامٍ بَرَرَةٍ ۝١٦
📖 Гочдар Аят 16
/Далла гергахь/ сийлахь долчу, /Делах кхоьруш/ дика 1амалш йеш долчу /маликийн куьйгашца/.
قُتِلَ الْإِنسَانُ مَا أَكْفَرَهُ ۝١٧
📖 Гочдар Аят 17
ХIаллакьхили адам! Ма керстаналла дина цо Цунна (ма баркалле ца хили и Цунна)!
مِنْ أَيِّ شَيْءٍ خَلَقَهُ ۝١٨
📖 Гочдар Аят 18
Муьлхачу хIуманах Цо (Дала) ша кхоьллина /хаий цунна/?
مِن نُّطْفَةٍ خَلَقَهُ فَقَدَّرَهُ ۝١٩
📖 Гочдар Аят 19
ТIадамах кхоьллина Цо иза‚ тIаккха Цо цунна /массо а хIуманца/ барам бина !
ثُمَّ السَّبِيلَ يَسَّرَهُ ۝٢٠
📖 Гочдар Аят 20
ТIаккха Цо цунна некъ атта бина.
ثُمَّ أَمَاتَهُ فَأَقْبَرَهُ ۝٢١
📖 Гочдар Аят 21
ТIаккха Цо иза валийтина‚ каш чувиллийтина.
ثُمَّ إِذَا شَاءَ أَنشَرَهُ ۝٢٢
📖 Гочдар Аят 22
ТIаккха, Шена ма-лиъинехь, Цо иза денвийр ву /къематдийнахь/.
كَلَّا لَمَّا يَقْضِ مَا أَمَرَهُ ۝٢٣
📖 Гочдар Аят 23
ХIан-хIа! Цо (адамо) х1инцале кхочуш ца дина шега /Дала/ омра динарг.
فَلْيَنظُرِ الْإِنسَانُ إِلَىٰ طَعَامِهِ ۝٢٤
📖 Гочдар Аят 24
И адам хьожийла ша дуучуьнга!
أَنَّا صَبَبْنَا الْمَاءَ صَبًّا ۝٢٥
📖 Гочдар Аят 25
Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догIа) шортта доттарца!
ثُمَّ شَقَقْنَا الْأَرْضَ شَقًّا ۝٢٦
📖 Гочдар Аят 26
ТIаккха Оха ма дадийна и латта дадорца.
فَأَنبَتْنَا فِيهَا حَبًّا ۝٢٧
📖 Гочдар Аят 27
Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚
وَعِنَبًا وَقَضْبًا ۝٢٨
📖 Гочдар Аят 28
кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚
وَزَيْتُونًا وَنَخْلًا ۝٢٩
📖 Гочдар Аят 29
зайтун а‚ хурма а‚
وَحَدَائِقَ غُلْبًا ۝٣٠
📖 Гочдар Аят 30
дуккха а дитташ долу бошмаш а‚
وَفَاكِهَةً وَأَبًّا ۝٣١
📖 Гочдар Аят 31
стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а.
مَّتَاعًا لَّكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ ۝٣٢
📖 Гочдар Аят 32
Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш.
فَإِذَا جَاءَتِ الصَّاخَّةُ ۝٣٣
📖 Гочдар Аят 33
Нуьцкъала мохь беъча!
يَوْمَ يَفِرُّ الْمَرْءُ مِنْ أَخِيهِ ۝٣٤
📖 Гочдар Аят 34
Оцу дийнахь стаг водур ву шен веших‚
وَأُمِّهِ وَأَبِيهِ ۝٣٥
📖 Гочдар Аят 35
шен ненах а‚ шен дех а‚
وَصَاحِبَتِهِ وَبَنِيهِ ۝٣٦
📖 Гочдар Аят 36
шен зудчух а‚ шен кIентех а.
لِكُلِّ امْرِئٍ مِّنْهُمْ يَوْمَئِذٍ شَأْنٌ يُغْنِيهِ ۝٣٧
📖 Гочдар Аят 37
Оцарах хIор стеган оцу дийнахь гIуллакх хир ду ша хьалхаваккхар.
وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ مُّسْفِرَةٌ ۝٣٨
📖 Гочдар Аят 38
Цхьа яххьаш оцу дийнахь хир ю къегина‚
ضَاحِكَةٌ مُّسْتَبْشِرَةٌ ۝٣٩
📖 Гочдар Аят 39
йоьлуш‚ яккхийеш.
وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ عَلَيْهَا غَبَرَةٌ ۝٤٠
📖 Гочдар Аят 40
Цхьа /кхин/ яххьаш оцу дийнахь хир ю шайна тIе чан йиллина‚
تَرْهَقُهَا قَتَرَةٌ ۝٤١
📖 Гочдар Аят 41
Уьш дIахьулйийр ю бодано.
أُولَٰئِكَ هُمُ الْكَفَرَةُ الْفَجَرَةُ ۝٤٢
📖 Гочдар Аят 42
Уьш бу цатешнарш‚ къинош динарш.
← 79 Ӏабаса (80/114) 81 →
Деша Ӏабаса сура нохчийн маттахь – гочдар а, дешар а

80عبس 'Abasa 📚 42 Аят مكية



Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers