PDF —
42 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Ӏабаса pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Ӏабаса pdf Нохчийн — Дахьа Сура Ӏабаса Гочдар. Сура Ӏабаса (Meccan) 42 Аят.



42 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﭑﭒﭓ
80:1 Юьхь хабийна, дIавирзи
ﭔﭕﭖﭗ
80:2 шена тIе бIаьргашбоцург вогIу‚ аьлла.
ﭘﭙﭚﭛﭜ
80:3 Стен хоуьйту хьоьга /х1ай элча/‚ иза-м цIанвала а мегий?
ﭝﭞﭟﭠﭡ
80:4 Я цо терго йийр ю /хьехамах/ – цу хьехамо цунна пайда бийр бу.
ﭢﭣﭤﭥ
80:5 Амма хьал долуш верг –
ﭦﭧﭨﭩ
80:6 хьо цунна тIе чIогIа воьрзу.
ﭪﭫﭬﭭﭮ
80:7 Хьуна тIехь ма дац /къа/, иза цIан ца велча а.
ﭯﭰﭱﭲﭳ
80:8 Амма хьуна тIе веъча, сихвелла,
ﭴﭵﭶ
80:9 и ша /Делах/ кхоьруш верг –
ﭷﭸﭹﭺ
80:10 ахь иза тергал а ца во.
ﭻﭼﭽﭾ
80:11 ХIан-хIа! /Ма леладе иза/ баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу!
ﭿﮀﮁﮂ
80:12 Шена луучо и т1елоцу.
ﮃﮄﮅﮆ
80:13 Сийлахь долчу жайнашкахь бу иза (Лавхь махьфуза чохь).
ﮇﮈﮉ
80:14 Шаьш айдина хилла долчу /Далла гергахь/‚ цIандина хилла долчу /жайнашкахь/‚
ﮊﮋﮌ
80:15 /Делан а, Цуьнан элчанийн а юккъехь/ элчанаш хилла долчу маликийн куьйгашца /яздина долчу/‚
ﮍﮎﮏ
80:16 /Далла гергахь/ сийлахь долчу, /Делах кхоьруш/ дика 1амалш йеш долчу /маликийн куьйгашца/.
ﮐﮑﮒﮓﮔ
80:17 ХIаллакьхили адам! Ма керстаналла дина цо Цунна (ма баркалле ца хили и Цунна)!
ﮕﮖﮗﮘﮙ
80:18 Муьлхачу хIуманах Цо (Дала) ша кхоьллина /хаий цунна/?
ﮚﮛﮜﮝﮞ
80:19 ТIадамах кхоьллина Цо иза‚ тIаккха Цо цунна /массо а хIуманца/ барам бина !
ﮟﮠﮡﮢ
80:20 ТIаккха Цо цунна некъ атта бина.
ﮣﮤﮥﮦ
80:21 ТIаккха Цо иза валийтина‚ каш чувиллийтина.
ﮧﮨﮩﮪﮫ
80:22 ТIаккха, Шена ма-лиъинехь, Цо иза денвийр ву /къематдийнахь/.
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱ
80:23 ХIан-хIа! Цо (адамо) х1инцале кхочуш ца дина шега /Дала/ омра динарг.
ﯓﯔﯕﯖﯗ
80:24 И адам хьожийла ша дуучуьнга!
ﯘﯙﯚﯛﯜ
80:25 Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догIа) шортта доттарца!
ﯝﯞﯟﯠﯡ
80:26 ТIаккха Оха ма дадийна и латта дадорца.
ﯢﯣﯤﯥ
80:27 Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚
ﯦﯧﯨ
80:28 кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚
ﯩﯪﯫ
80:29 зайтун а‚ хурма а‚
ﯬﯭﯮ
80:30 дуккха а дитташ долу бошмаш а‚
ﯯﯰﯱ
80:31 стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а.
ﯲﯳﯴﯵ
80:32 Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш.
ﯶﯷﯸﯹ
80:33 Нуьцкъала мохь беъча!
ﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
80:34 Оцу дийнахь стаг водур ву шен веших‚
ﰀﰁﰂ
80:35 шен ненах а‚ шен дех а‚
ﰃﰄﰅ
80:36 шен зудчух а‚ шен кIентех а.
ﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌ
80:37 Оцарах хIор стеган оцу дийнахь гIуллакх хир ду ша хьалхаваккхар.
ﰍﰎﰏﰐ
80:38 Цхьа яххьаш оцу дийнахь хир ю къегина‚
ﰑﰒﰓ
80:39 йоьлуш‚ яккхийеш.
ﰔﰕﰖﰗﰘ
80:40 Цхьа /кхин/ яххьаш оцу дийнахь хир ю шайна тIе чан йиллина‚
ﭑﭒﭓ
80:41 Уьш дIахьулйийр ю бодано.
ﭔﭕﭖﭗﭘ
80:42 Уьш бу цатешнарш‚ къинош динарш.

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers