PDF —
50 Аят Meccan PDF
Built right in your browser — download starts automatically

Сура Аль-Мурсалат pdf — Дахьа (Нохчийн)

Сура Аль-Мурсалат pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Мурсалат Гочдар. Сура Аль-Мурсалат (Meccan) 50 Аят.

← Аль-ИнсанСура Аль-Мурсалат Ан-Набаъ →


50 Аят · Meccan · Нохчийн
bismillah
ﮑﮒﮓ
77:1 ТIеттIа дохуьйтучу мехашех /дуй боу Ас/‚
ﮔﮕﮖ
77:2 нуьцкъала хьоькхучу мехашех /дуй боу Ас/‚
ﮗﮘﮙ
77:3 /догIа/ даржочу мехашех /дуй боу Ас/‚ /я догIа даийта мархаш лохкучу маликех/,
ﮚﮛﮜ
77:4 /бакъдерг харцдолчух‚ хьанал дерг хьарам долчух/ къасточу /маликех/ дуй боу Ас‚
ﮝﮞﮟ
77:5 хьехам /пайхамаршка/ дIалуш долчу /маликех/ /дуй боу Ас/‚
ﮠﮡﮢﮣ
77:6 /Далла наха/ бехк ца биллийтарна /шайга элчанаш ца бахкийтира аьлла/ а‚ /Делера/ кхерам тасарца а /доуьйту и ваьхьий/:
ﮤﮥﮦﮧ
77:7 баккъалла а, шуна ваIда йинарг хилаза ца долу /и къематде дог1ур ду/.
ﮨﮩﮪﮫ
77:8 Седарчий дIадайинчу хенахь‚
ﮬﮭﮮﮯ
77:9 стигал единчу хенахь‚
ﮰﮱﯓﯔ
77:10 лаьмнаш, нисдина, дIасадаьржинчу хенахь‚
ﯕﯖﯗﯘ
77:11 элчанаш /гулбан тешалла дан/ хан тоьхначу хенахь.
ﯙﯚﯛﯜ
77:12 Муьлхачу денна тIаьхьатеттина /элчанийн тешалла/?
ﯝﯞﯟ
77:13 Къастаман денна!
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥ
77:14 Стен хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и къастаман де?
ﯦﯧﯨﯩ
77:15 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
ﯪﯫﯬﯭ
77:16 Оха хIаллак ца бина хьалха хилларш?
ﯮﯯﯰﯱ
77:17 ТIаккха царна тIаьхьабохуьйтур бу Оха тIаьхьахилларш.
ﯲﯳﯴﯵ
77:18 Иштта /та1зар/ дийр ду Оха къинош леточарна.
ﯶﯷﯸﯹ
77:19 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖ
77:20 Оха ца кхоьллина шу хIумма а йоцчу хих ?
ﭗﭘﭙﭚﭛ
77:21 Т1аккха Оха дIа ма нисдира иза чIогIачу меттигехь .
ﭜﭝﭞﭟ
77:22 Цхьа билгала хан тIекхаччалц.
ﭠﭡﭢﭣ
77:23 Оха дIанисдира‚ дика дIанисдийраш а ду /Тхо/.
ﭤﭥﭦﭧ
77:24 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
ﭨﭩﭪﭫﭬ
77:25 Оха ца хилийтира латта /шуна/ дIатардала меттиг хила,
ﭭﭮﭯ
77:26 дийна болчарна а‚ беллачарна а?
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷ
77:27 Оха хилийтира цунна (лаьттана) тIехь лекха лаьмнаш‚ шуна малора теза хи (хаза чам болу, дег1ана томе долу хи).
ﭸﭹﭺﭻ
77:28 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна.
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
77:29 /Эр ду маликаша/: "ДIагIо /хIинца/ шаьш ша харцдеш хиллачунна (жоьжахатин Iазапна) тIе!
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
77:30 ДIагIо шен кхо дāкъа долчу IиндагIе !"
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐ
77:31 IиндагIа а хир дац /цунах/‚ цIерах а лардийр дац цо.
ﮑﮒﮓﮔﮕ
77:32 Баккъалла а, цо суйнаш кхуьссур ду, гIаланаш санна (даккхий)‚
ﮖﮗﮘﮙ
77:33 Шаьш можа эмкалш санна.
ﮚﮛﮜﮝ
77:34 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
ﮞﮟﮠﮡﮢ
77:35 И ду – уьш бист хир боцу де.
ﮣﮤﮥﮦﮧ
77:36 Царна пурба лур дац тIаккха цара бехказлонаш ян.
ﮨﮩﮪﮫ
77:37 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
ﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
77:38 Иза къастаман де ду. Оха гулдийр ду шу а‚ хьалхарнаш а.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
77:39 Шайна цхьа мекарло хиллехь‚ йе Суна /шайн/ мекарло !
ﯚﯛﯜﯝ
77:40 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
77:41 Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – уьш хир бу IиндагIехь а‚ шовданашкахь а‚
ﯤﯥﯦﯧ
77:42 шайна безначу стоьмашкахь а.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
77:43 ГIоза даа‚ гIоза мала, шаьш Iамал йина ма хилла!
ﯯﯰﯱﯲﯳ
77:44 Оха иштта /хаза/ бекхам бо дикачарна!
ﯴﯵﯶﯷ
77:45 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
ﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
77:46 Даа‚ кIеззиг пайда эца /дуьненахь/: баккъалла а, шу къинош динарш ду-кх !
ﯾﯿﰀﰁ
77:47 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
ﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈ
77:48 Цаьрга аьлча: "Гора гIо /ламаз де/!" – уьш гора ца гIора.
ﰉﰊﰋﰌ
77:49 Боккха бāла хир бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
ﰍﰎﰏﰐﰑ
77:50 Муьлхачу дийцарх цул тIаьхьа уьш тешар бу?

Делера Куръан


Wednesday, September 9, 2026

Don't forget us in your sincere prayers