Аль-Бакара · 234/286
Гочдар Дешар — Аль-Бакара
وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا يَتَرَبَّصْنَ بِأَنفُسِهِنَّ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَعَشْرًا ۖ فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا فَعَلْنَ فِي أَنفُسِهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ ۝٢٣٤
Wallazeena yutawaffawna minkum wa yazaroona azwaajai yatarabbasna bi anfusihinna arba`ata ashhurinw wa `ashran fa izaa balaghna ajalahunna falaa junaaha `alaikum feemaa fa`alna feee anfusihinna bilma`roof; wallaahu bimaa ta`maloona Khabeer
📖 Нохчийн маьӀна
Шух дIакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур бу беа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динарг бахьанехь диканца . И Дела аш дийриг дика хууш ву.
🎧 ЛадоргӀа

📜 Аят 232-236 — Аль-Бакара

232وَإِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ فَبَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا تَعْضُلُوهُنَّ أَن يَنكِحْنَ أَزْوَاجَهُنَّ إِذَا تَرَاضَوْا بَيْنَهُم بِالْمَعْرُوفِ ۗ ذَٰلِكَ يُوعَظُ بِهِ مَن كَانَ مِنكُمْ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۗ ذَٰلِكُمْ أَزْكَىٰ لَكُمْ وَأَطْهَرُ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Аш зударий битина‚ церан хан гергакхаьчча‚ аш новкъарло ма елаш царна шайн марошка юхаберзан‚ уьш вовшашна реза хиллехь дикачу аг1онца. И хьехам беш бу шуна‚ шух Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш волчунна. Иза хьекъале а ду шуна‚ цIена а ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац.
233۞ وَالْوَالِدَاتُ يُرْضِعْنَ أَوْلَادَهُنَّ حَوْلَيْنِ كَامِلَيْنِ ۖ لِمَنْ أَرَادَ أَن يُتِمَّ الرَّضَاعَةَ ۚ وَعَلَى الْمَوْلُودِ لَهُ رِزْقُهُنَّ وَكِسْوَتُهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ لَا تُكَلَّفُ نَفْسٌ إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَا تُضَارَّ وَالِدَةٌ بِوَلَدِهَا وَلَا مَوْلُودٌ لَّهُ بِوَلَدِهِ ۚ وَعَلَى الْوَارِثِ مِثْلُ ذَٰلِكَ ۗ فَإِنْ أَرَادَا فِصَالًا عَن تَرَاضٍ مِّنْهُمَا وَتَشَاوُرٍ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا ۗ وَإِنْ أَرَدتُّمْ أَن تَسْتَرْضِعُوا أَوْلَادَكُمْ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِذَا سَلَّمْتُم مَّا آتَيْتُم بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь и дакхадар кхочушдан лууш волчунна (марана). Шена бер динчунна тIехь ду – зударшна даа хIума а, тIедуха хIума латтор нийсонца. Цхьанна адамна тIедуьллуш дац шен ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна (беран дена) а зен ма дойла шен бер бахьанехь . /Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсана юккъера вакхочунна мах лойла беран верасо). Царна шинна а лаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн реза хиларца а‚ дагабовларца а – къа дац царна . Шуна лаахь шайн бераш дакхо кхин зуда лаха, шуна къа дац аш цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аш дийриг гуш вуйла.
234وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا يَتَرَبَّصْنَ بِأَنفُسِهِنَّ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَعَشْرًا ۖ فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا فَعَلْنَ فِي أَنفُسِهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Шух дIакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур бу беа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динарг бахьанехь диканца . И Дела аш дийриг дика хууш ву.
235وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا عَرَّضْتُم بِهِ مِنْ خِطْبَةِ النِّسَاءِ أَوْ أَكْنَنتُمْ فِي أَنفُسِكُمْ ۚ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ سَتَذْكُرُونَهُنَّ وَلَٰكِن لَّا تُوَاعِدُوهُنَّ سِرًّا إِلَّا أَن تَقُولُوا قَوْلًا مَّعْرُوفًا ۚ وَلَا تَعْزِمُوا عُقْدَةَ النِّكَاحِ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْكِتَابُ أَجَلَهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي أَنفُسِكُمْ فَاحْذَرُوهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ
Къа дац шуна /хIай божарий/ аш шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа, баккъалла а, шуна уьш (зударий) дагабогIур буйла. Мухха делахь а‚ ваIда ма е царна къайлаха‚ нийса дош олуш бен . И ялор чIагI ма де яздинарг шен ханна тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ собаре (къа дича, та1зар дар т1аьхьатоттуш) а вуйла.
236لَّا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِن طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ مَا لَمْ تَمَسُّوهُنَّ أَوْ تَفْرِضُوا لَهُنَّ فَرِيضَةً ۚ وَمَتِّعُوهُنَّ عَلَى الْمُوسِعِ قَدَرُهُ وَعَلَى الْمُقْتِرِ قَدَرُهُ مَتَاعًا بِالْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى الْمُحْسِنِينَ
Къа дац шуна аш зударий битича /цаьрца мах хьахийначул тIаьхьа/ шаьш царна гергадахана а доцуш, я урдон мах хадийна дIабелла а боцуш. /Ишттачу хьолехь и зударий битинчо/ луо царна шайна пайденна цхьацца хIума: хьал долчо – шен тароне хьаьжжина, хьал доцчо – шен тароне хьаьжжина, гIиллакхца пайденна хIума. Иза хьакъ ду хIор шен Iамал дика хилийта луучу стагана тIехь.
Аль-БакараКуръан индекс
286Аят
MedinanRevelation
234Аят

Гочдар — Аль-Бакара 234

Сура Аль-Бакара Аят 234 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Шух дIакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур…

Сура Аят 234/286 — Аль-Бакара البقرة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Бакара ЛадоргӀа, Аль-Бакара Гочдар, Аль-Бакара mp3, Аль-Бакара pdf. Аят 232–236. Нохчийн маьӀна: Русский.




Делера Куръан


Tuesday, August 18, 2026

Don't forget us in your sincere prayers