Аль-Бакара · 235/286
Гочдар Дешар — Аль-Бакара
وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا عَرَّضْتُم بِهِ مِنْ خِطْبَةِ النِّسَاءِ أَوْ أَكْنَنتُمْ فِي أَنفُسِكُمْ ۚ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ سَتَذْكُرُونَهُنَّ وَلَٰكِن لَّا تُوَاعِدُوهُنَّ سِرًّا إِلَّا أَن تَقُولُوا قَوْلًا مَّعْرُوفًا ۚ وَلَا تَعْزِمُوا عُقْدَةَ النِّكَاحِ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْكِتَابُ أَجَلَهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي أَنفُسِكُمْ فَاحْذَرُوهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ ٢٣٥
Transliteration
Wa laa junaaha `alaikum feema `arradtum bihee min khitbatin nisaaa`i aw aknantum feee anfusikum; `alimal laahu annakum satazkuroonahunna wa laakil laa tuwaa`idoohunna sirran illaaa an taqooloo qawlamma`roofaa; wa laa ta`zimoo `uqdatan nikaahi hattaa yablughal kitaabu ajalah; wa`lamooo annal laaha ya`lamumaa feee anfusikum fahzarooh; wa`lamooo annallaaha Ghafoorun Haleem
Гочдар (Нохчийн маьӀна)
📖 Нохчийн маьӀна
Къа дац шуна /хIай божарий/ аш шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа, баккъалла а, шуна уьш (зударий) дагабогIур буйла. Мухха делахь а‚ ваIда ма е царна къайлаха‚ нийса дош олуш бен . И ялор чIагI ма де яздинарг шен ханна тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ собаре (къа дича, та1зар дар т1аьхьатоттуш) а вуйла.
Additional reference in Русский
🎧 ЛадоргӀа
📜 Аят 233-237 — Аль-Бакара
233۞ وَالْوَالِدَاتُ يُرْضِعْنَ أَوْلَادَهُنَّ حَوْلَيْنِ كَامِلَيْنِ ۖ لِمَنْ أَرَادَ أَن يُتِمَّ الرَّضَاعَةَ ۚ وَعَلَى الْمَوْلُودِ لَهُ رِزْقُهُنَّ وَكِسْوَتُهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ لَا تُكَلَّفُ نَفْسٌ إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَا تُضَارَّ وَالِدَةٌ بِوَلَدِهَا وَلَا مَوْلُودٌ لَّهُ بِوَلَدِهِ ۚ وَعَلَى الْوَارِثِ مِثْلُ ذَٰلِكَ ۗ فَإِنْ أَرَادَا فِصَالًا عَن تَرَاضٍ مِّنْهُمَا وَتَشَاوُرٍ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا ۗ وَإِنْ أَرَدتُّمْ أَن تَسْتَرْضِعُوا أَوْلَادَكُمْ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِذَا سَلَّمْتُم مَّا آتَيْتُم بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь и дакхадар кхочушдан лууш волчунна (марана). Шена бер динчунна тIехь ду – зударшна даа хIума а, тIедуха хIума латтор нийсонца. Цхьанна адамна тIедуьллуш дац шен ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна (беран дена) а зен ма дойла шен бер бахьанехь . /Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсана юккъера вакхочунна мах лойла беран верасо). Царна шинна а лаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн реза хиларца а‚ дагабовларца а – къа дац царна . Шуна лаахь шайн бераш дакхо кхин зуда лаха, шуна къа дац аш цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аш дийриг гуш вуйла.
234وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا يَتَرَبَّصْنَ بِأَنفُسِهِنَّ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَعَشْرًا ۖ فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا فَعَلْنَ فِي أَنفُسِهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Шух дIакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур бу беа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тIекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динарг бахьанехь диканца . И Дела аш дийриг дика хууш ву.
235وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا عَرَّضْتُم بِهِ مِنْ خِطْبَةِ النِّسَاءِ أَوْ أَكْنَنتُمْ فِي أَنفُسِكُمْ ۚ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ سَتَذْكُرُونَهُنَّ وَلَٰكِن لَّا تُوَاعِدُوهُنَّ سِرًّا إِلَّا أَن تَقُولُوا قَوْلًا مَّعْرُوفًا ۚ وَلَا تَعْزِمُوا عُقْدَةَ النِّكَاحِ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْكِتَابُ أَجَلَهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي أَنفُسِكُمْ فَاحْذَرُوهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ
Къа дац шуна /хIай божарий/ аш шайн захало цу зударшка дIахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа, баккъалла а, шуна уьш (зударий) дагабогIур буйла. Мухха делахь а‚ ваIда ма е царна къайлаха‚ нийса дош олуш бен . И ялор чIагI ма де яздинарг шен ханна тIекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ собаре (къа дича, та1зар дар т1аьхьатоттуш) а вуйла.
236لَّا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِن طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ مَا لَمْ تَمَسُّوهُنَّ أَوْ تَفْرِضُوا لَهُنَّ فَرِيضَةً ۚ وَمَتِّعُوهُنَّ عَلَى الْمُوسِعِ قَدَرُهُ وَعَلَى الْمُقْتِرِ قَدَرُهُ مَتَاعًا بِالْمَعْرُوفِ ۖ حَقًّا عَلَى الْمُحْسِنِينَ
Къа дац шуна аш зударий битича /цаьрца мах хьахийначул тIаьхьа/ шаьш царна гергадахана а доцуш, я урдон мах хадийна дIабелла а боцуш. /Ишттачу хьолехь и зударий битинчо/ луо царна шайна пайденна цхьацца хIума: хьал долчо – шен тароне хьаьжжина, хьал доцчо – шен тароне хьаьжжина, гIиллакхца пайденна хIума. Иза хьакъ ду хIор шен Iамал дика хилийта луучу стагана тIехь.
237وَإِن طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِن قَبْلِ أَن تَمَسُّوهُنَّ وَقَدْ فَرَضْتُمْ لَهُنَّ فَرِيضَةً فَنِصْفُ مَا فَرَضْتُمْ إِلَّا أَن يَعْفُونَ أَوْ يَعْفُوَ الَّذِي بِيَدِهِ عُقْدَةُ النِّكَاحِ ۚ وَأَن تَعْفُوا أَقْرَبُ لِلتَّقْوَىٰ ۚ وَلَا تَنسَوُا الْفَضْلَ بَيْنَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Аш уьш (зударий) битахь‚ шайн цаьрца гергадахар а хилла доцу‚ ткъа шайна урдон мах хадийна болу – шаьш хадийначул ах урдон мах лур бу аш царна. Лур бац‚ нагахь цара (зударша), я зуда ялор-йитар шайн карахь долчара /ца боьхуш/ битахь. Аш мах ца оьцуш битар (урдох хIумма юха цадаккхар) герга ду /Делах/ кхоьруш хиларна. Аш диц ма де вовший юккъехь долу дозалла . Баккъалла а, и Дела аш дийриг гуш ву.
Аль-БакараКуръан индекс
286Аят
MedinanRevelation
235Аят
Гочдар — Аль-Бакара 235
Сура Аль-Бакара Аят 235 - Деша, ЛадоргӀа, Гочдар, Нохчийн : Къа дац шуна /хIай божарий/ аш шайн захало цу зударшка…Сура Аят 235/286 — Аль-Бакара البقرة (Medinan). Деша ЛадоргӀа Гочдар (Нохчийн). ЛадоргӀа: Аль-Бакара ЛадоргӀа, Аль-Бакара Гочдар, Аль-Бакара mp3, Аль-Бакара pdf. Аят 233–237. Нохчийн маьӀна: Русский.
العربية
English
Bahasa Indonesia
Türkçe
Русский
فارسی
Français
اردو
বাংলা
Deutsch
Español
中文
हिन्दी
Português
Italiano
ภาษาไทย
Polski
Nederlands
Shqip
Kiswahili
O'zbek
தமிழ்
Melayu
Bosanski
Soomaali
Azərbaycan
کوردی
한국어
日本語
Svenska
Dansk
Norsk
پښتو
മലയാളം
සිංහල
Tamazight
Hausa
አማርኛ
Български
Тоҷикӣ
Қазақша
Filipino
سنڌي
Yorùbá
Fulfulde
Татарча
ئۇيغۇرچە
Кыргызча
ਪੰਜਾਬੀ
Jawa
తెలుగు
မြန်မာ
ગુજરાતી
Oromo
मराठी
Tiếng Việt
Malagasy
Нохчийн
Wolof
ދިވެހި
ಕನ್ನಡ
Українська
Ελληνικά
ქართული
ខ្មែរ
دری
Qafar af
Maranao
नेपाली
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers








