Сура Аль-Маида
PDF —
Built right in your browser — download starts automatically
Сура Аль-Маида pdf — Дахьа (Нохчийн)
Сура Аль-Маида pdf Нохчийн — Дахьа Сура Аль-Маида Гочдар. Аль-Маида (Medinan) 120 Аят.
Related
- Аль-Маида ГочдарНохчийн
- Аль-Маида mp3ЛадоргӀа
- Quran Index Нохчийн114
More Сура PDF
Сура Аль-Маида

ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
ХIай ийман диллинарш! Кхочушбе чIагIамаш . Хьанал дина шуна хьайбанаш , шуна /хьарам ду аьлла/ дийцина хилла доцурш а‚ шу ихьрам дихкина долуш, таллар дина экха доцург а. Баккъалла а, Дела хьукма деш ву Шена луъург.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
ХIай ийман диллинарш! Аш хьанал ма де Делан Iадаташ (Дала хьарам динарг хьанал ма де)‚ хьарам беттанаш а‚ хьаьжцIа чу гIурбанна далийна долу бежана а /ма диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу хьайбанаш а ‚ Хьарме баьхкина нах‚ шайн Кхиош-Кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а догдохуш болчу /лара уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьжалла даьстича, таллар де шайна акхарошна. /Хьалха/ шу Деза Маьждиге ца дуьтуш хилла болчаьрга шун хиллачу цабезамо шу ма дуьгийла /хIинца/ царна тIелата (Делан дозанех довларна тIе). Аш вовшийн гIо лаца диканна тIехь‚ Делах кхерарна тIехь. Аш вовшийн гIо ма лаца къинна тIехь‚ тIелатарна тIехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву бекхам барехь.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Шуна хьарам йина къен елла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцчун цIе йоккхуш дийна /бежана/ а‚ лаг таIийна (са дуькъна) дийнарг а‚ шена хIума тоьхна дийнарг а ‚ лакхара охьадоьжна делларг а‚ кхечо маIа тоьхна дийнарг а‚ экхо дийнарг а, аш цIандина доцург (экхо лаьцначул таьхьа аш хьакха деззачу кепара урс хаькхна делахь – мегар ду даа)‚ т1улгана (ц1ушна) лерина урс хьаькхнарг а‚ аш пхерчашцапал тесна декъна хилларг а. И песакъ хIума ду (Далла муьт1ахь хиларх д1авалар). Тахана дог диллина керстанаша шун динах . Шу царах ма кхера. Шу Сох кхера. Тахана чекхдаьккхина Ас шуна шун дин‚ кхочушдина шуна Сайн ниIмат. Реза хилла Со Ислам шуна дин хиларца. Нагахь санна цхьанна чIогIачу мацаллехь /царах хIума/ ца ваьлла яахь, ша къа дарна тIегIерташ воцуш‚– баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву (цу хьарам йолчух кIеззиг хIума яа мегар ду цунна мацалла ца вала).
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Хьоьга /х1ай Мухьаммад/ хоьтту цара: "ХIун хьанал йина ю шайна /яа/?" бохуш. Ахь āла: "Хьанал йина шуна цIена хIуманаш а‚ Дала шайна Iамийнчух – аш Iамийна хилла долчу дйинато лаьцнарг а. Аш даа цо шайна лаьцначух‚ Делан цIе яккха цунна тIехь‚ Делах кхера шу. Баккъалла а, и Дела сиха ву хьесап дарехь ".
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆ
Тахана хьанал йина шуна цIена хIуманаш‚ жайнин охIлан кхача а хьанал бу шуна‚ шун кхача хьанал бу царна а. Муъма зударех цIена гIиллакхе берш (нахаца ца лелаш берш)‚ шул хьалха шайга жайна доссийначарех цIена гIиллакхе зударий (нахаца ца лелаш берш) хьанал бу шуна /маре бало/‚ аш церан мах белча‚ шу боьханиг дан гIерташ ца хилча‚ доттагI лаца гIерташ дацахь. Ийман харцдеш милла велахь а – цуьнан Iамал яйна‚ эхартахь и хир ву эшначарах.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна т1ехIуьттуш (ламазна кечлуш), шайн яххьаш йила‚ куьйгаш а дила голашка кхаччалц‚ шайн коьртах /хьаж т1ера к1есарк1агчу кхаччалц хица т1адийна шина куьйган п1елгаш д1а-схьа/ хьакха‚ когаш била хьорканашка кхаччалц. Шайна т1ехь хи делахь – лийча. Нагахь санна шу цомгуш делахь‚ я новкъахь делахь‚ я шух цхьаъ ц1анонна ваханчуьра веънехь‚ я шу зударех хьакхаделлехь ‚ шуна хи ца карадахь – тема де цIенчу латтаца. Аш хьакха цунах (латтах) шайн яххьех а‚ куьйгех а. Шуна хало ян лууш вац Дела‚ мухха делахь а, шу цIандан лууш ву И Шен ниIмат шуна кхочушхилийтархьама‚ шу хилахьара баркалла олуш.
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧ
Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат‚ Цуьнан барт Ша шуьца бина хилла болу‚ шаьш āлар /дагадаийта/: "Ладуг1уш а ду, муьтIахь а ду"‚– аьлла. Шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела Ша хууш ма ву дегнашкахь дерг.
ﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш хIиттина Далла тешаш хилла нийсонца. Цхьана нахе болчу цабезамо шу диггане а ма дуьгийла нийсо цаярна тIе. Нийсо елаш‚ и герга ю Делах кхерарна‚ шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела сов дика хууш ву аш дийриг.
ﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲ
Дала ваIда йина ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а – царна хир ду гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘ
/Делах/ цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу жоьжахатин дай.
ﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲ
ХIай ийман диллинарш! Аш дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Цхьа къам ма дарий бала кхаьчна шуна тIе куьйгаш кховдо – Цо духатеттира шух церан куьйгаш. Шу Делах кхералаш‚ Далла тIетевжийла муъма нах.
ﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤ
Дала барт бира Исраилан кIенташца‚ царах шийтта тешаме стаг вахийтира Оха. Дала элира: "Со шуьца ву.” Аш ламаз хIоттадахь‚ закат лахь‚ Сан элчанех тешахь‚ аш цаьргахьа гIо даккхахь, аш Далла /юхалург/ хаза декхар лахь – шун вонаш дойур ма ду Ас‚ бошмашна чу (ялсамане) дохуьйтур ма ду шу‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу. Цул тIаьхьа шух керстаналла динарг – нийса некъ тилийнарг ма ву и.
ﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Цара и шайн ваIда (барт) йохорна неIалт аьлла Оха царна‚ церан дегнаш дина къиза‚ дош хуьйцуш бу уьш шен меттигера . Дицдина цара /Дала/ шайга /хьехамца/ доссийна хиллачух цхьа дāкъа. Хьо (хIай Мухьаммад) дIатуьлур ма вац цаьргара тешнабехкана тIенисвларх‚ царах цхьа кIеззиг боцчучарах бен. КъинтIера вала царна‚ гечде царна . Баккъалла а, Далла дукхабеза диканиг деш берш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
Оха ваIда ийцира тхо насараш (христианаш) ду аьллачаьргара а - цара а дицдира цхьа дāкъа шеца шайна хьехам бина хилла долчух. Царна юкъатесира Оха мостагIалла а‚ оьгIазло а къематде хIотталц‚ тIаккха дуьйцур ду Дала‚ уьш хIун деш хилла, аьлла.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
ХIай жайнин охIла! Веана шуьга Тхан элча ‚ аш жайних хьулдеш хилла долу дуккханиг шуна билгалдеш волу‚ дукханиг гучу ца доккхуш а дуьту цо. Деана шуьга Делера нур а‚ билгала жайна а .
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗ
Цуьнца (Къуръанца) нисво Дала Ша резахиларна тIаьхьахIоьттинарг машаран некъашка ‚ боданашкара нуьре арабоху Цо уьш Шен лаамца‚ нисбо Цо уьш нийсачу новкъа.
ﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧ
Керстаналла дина шаьш аьллачара: "Баккъалла а, Дела – И ма ву Марьяман кIант Масūхь ". Ахь āла: "Делера цхьанна хIуманна доладалуш мила ву, Цунна лиъча хIаллакван Марьяман кIант Масūхь а‚ цуьнан нана а‚ лаьттахь мел верг а?" Делан ма ду стигалийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а. Шена луург кхуллуш ву И. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴ
Жуьгташа а‚ насараша а элира: "Тхо ду Делан кIентий а‚ Цуьнан дукхадезарш а". Ахь āла /цаьрга, х1ай Мухьаммад/: "Ткъа шуна Iазап хIунда до Цо шун къинош бахьанехь? ХIан-хIа‚ шу адамаш ду Цо кхоьллинчарах. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. Делан ду стигалийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а‚ Цуьнга ду /массеран а тIаьххьара/ дIадерзар".
ﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓ
ХIай жайнин охIла! Веана шуьга Тхан элча /Мухьаммад/, билгаладоккхуш шуна /хIуманаш/ элчанаш бахкар сацаделла хиллачу муьрехь‚ шуьга ца алийтархьама: "Ца веана тхоьга кхаъ боккхург‚ ца веана тхоьга кхерам тосург". Веана шуьга кхаъ боккхург а‚ веана шуьга кхерам тосург а. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву.
ﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪ
/Хьахаде/ Мусас ма аьллера шен къоме: "ХIай сан къам‚ дагадаийта шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат: Цо шуна юккъехь пайхамарш хилийтира‚ шух бира паччахьаш, шуна делира Iаламех цхьанна ца делларг .
ﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚ
ХIай сан къам! Чу гIо Дала шайна /хила/ яздина долчу дезачу лаьтта (махка) ‚ юха ма довла - тIаккха шу эшначаьрга д1адоьрзур ду".
ﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Цара элира: "ХIай Муса‚ цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду‚ тхо даханне а цу чу гIур ма дац уьш арабовлалц цу чуьра. Уьш арабевлча цу чуьра – тхо чу гIур ду".
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃ
/Делах/ Кхоьруш болчарах Дала шайна ниIмат (бакъ дин) делла волчу шина стага элира: "Чу гIо царна неIарехула‚ шу цу чу дахча – шу тоьлларш ду. Далла тIетовжа‚ шаьш тешаш делахь".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Цара элира: "ХIай Муса‚ тхо цкъа а цу чу гIур ма дац‚ уьш цу чохь мел бу‚ хьада хьо а, хьан Кхиош-Кхобург а гIо‚ лата шу шиъ‚ тхо кхузахь хевшина Iийр ду".
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰ
Цо (Мусас) элира /Деле до1а деш/: "Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ со доладеш ма вац сан син а‚ сан вешин а бен‚ дIакъастаде тхо хIокху песакъ къомах /Хьан нийсачу хьукмаца/".
ﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂ
Элира /Дала/: "Царна хьарам ю иза . Шовзткъа шарахь бевлла лелар бу уьш лаьттахула. Ахь гIайгIа ма е песакъ къомах".
ﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝ
Дийца царна Āдаман шина кIантах (Къабилах а, ХIабилах а) лаьцна бакъдерг. Хьахаде: цара шиммо а гIурба дийнера‚ цхьаннан (ХIабилан) и къобал хилира‚ вукхуьнан (Къабилан) и къобал ца хилира. Цо (Къабила) элира: "Ас вуьйр ву хьо". Цо (ХIабила) элира: "Дала къобалдо /Делах/ кхоьруш болчеран.
ﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯ
Ахь суна хьан куьг айдахь со вен‚ со ма хир вац сан куьг айдийриг хьо вен. Баккъалла а, со кхоьру Делах‚ Iаламийн Дех.
ﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟ
Суна лаьа хьо верза /Далла тIе/ сан къица а‚ хьан къица а – тIаккха хьо хир ву (жоьжахатин) цIеран дайх (цхьаъ). И бу бекхам зуламхошна".
ﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
Хаздира цунна шен сино шен ваша вен‚ цо (Къабила) и (ХIабил) вийра‚ – и хилира эшначарах.
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅ
Дала къиг яхийтира латта охкуш цунна гайта‚ муха хьулдо шен вешин дакъа. Цо элира: "ОхI‚ ма дакъазваьлла со‚ цу къийгах тарваллал‚ хьулдан /ца хууш/ сайн вешин дакъа". И хилира дохкобевллачарах .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺ
Цуьнан дуьхьа яздира Оха Исраилан кIенташка: са (адам) дийнарг‚ сина (вийначунна) дуьхьал а я лаьттахь лелочу вочу хIуманна дуьхьал а доцуш‚ массо а нах байинарг санна ву. И дендинарг – массо а нах денбинарг санна ву. Цаьрга баьхкина Тхан элчанаш билгалонашца (Делан аяташца)‚ тIаккха, баккъалла а, дукхаберш царах цул тIаьхьа а лаьттахь тIаламза (Делан дозанал т1ехбовлурш) ма бу.
ﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟ
Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш болчеран а‚ лаьттахь боьханиг даржо гIертачеран а бекхам бу уьш байар‚ я ирхъохкар‚ я церан куьйгаш а‚ когаш а хедор дуьхь-дуьхьал дерш ‚ я махкара арабахар. Иза царна дуьненахь а сийсаза хилар ду‚ эхартахь царна деза-доккха долу Iазап хир ду.
ﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮ
Шу шайна тIедерзале (шаьш жоьпе озадале) тōба дина боцурш. Шуна хаалаш, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а вуйла.
ﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝ
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цунна /муьтIахь хиларца, Iибадат дарца/ гергадало некъаш лехалаш ‚ Цуьнан дуьхьа къийсам латтабелаш – шу даккхийде там бу.
ﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷ
Баккъалла а, керстанашна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин и саннарг хилча а къематдийнан Iазапна дуьхьал дала /цунах кIелхьардовлархьама/ – къобалдийр дацара цаьргара. Царна лазош долу Iазап хир ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Луур долуш бу уьш цIергара арабовла‚ бевр бац уьш цу чуьра ара. Царна /гуттар/ лаьтташ долу Iазап хир ду.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭ
Къу-боьрша стеган а‚ къу- зудчун а, – дIахедаде церан шиннан а куьйгаш цара лачкъийначунна дуьхьал бекхамна, Делера таIзарна . И Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву.
ﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽ
Шен зуламал тIаьхьа тōба динарг а‚ тIаккха дика Iамалш йинарг а, – баккъалла а, Дала тōба къобалдийр ду цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву.
ﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒ
Хьуна (х1ай пайхамар) ца хиира, и Дела хилар стигалийн а‚ лаьттан а долалла Шегахь долуш? Шена луучунна Iазап до Цо‚ Шена луучунна гечдо. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву.
ﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
ХIай элча! Хьо сингаттаме ма войла керстаналлехь сихбеллачара‚ уьш хиллехь а шаьш багахь аьллачарах: "Тешна тхо" - тешна дац церан дегнаш ; уьш хиллехь а шаьш харцдолчуьнга ладоьг1уш хиллачу, шаьш хьо волчу /куралла еш, ца бешаш / ца баьхкинчу кхечу нахе ладоьг1уш хиллачу жуьгтех . Уьш бу дош шен меттигера дIадоккхуш‚ кхечухьа хIиттош . Цара олу: "И шайга деллехь – схьалаца‚ шайга ца деллехь – ларло ". Дала шена питана лууш волчунна – цунна Делера цхьанна хIуманна доладийр дац ахь. Уьш бу Далла шайн дегнаш цIандан ца лууш берш. Царна дуьненахь сийсазалла ю‚ эхартахь царна деза-доккха Iазап ду.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
ЛадоьгIурш бу уьш харцдолчуьнга‚ юурш бу уьш хьарам мел ерг. Уьш хьо волчу бахкахь‚ хьукма де царна юккъехь‚ я дIаверза царах. Хьо царах дIавирзича‚ хIумма зен дийр дац цара хьуна. Айхьа хьукма деш‚ нийсонца хьукма де царна юккъехь. Баккъалла а, Далла беза нийсо лелораш.
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
Хьоьга хьукма муха дойту цара? Цаьргахь Таврат ма дуй‚ шена чохь Делан хьукма а долуш! ТIаккха цул тIаьхьа а дIабоьрзу уьш /Делан некъах/ – бац уьш муъма нах.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Баккъалла а, Оха охьадоссийна Таврат /Мусага/‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш. Цуьнца хьукма до жуьгташна /Делан гIуллакхна/ муьтIахь хилла болчу пайхамараша а‚ /цуьнца хьукма до/ раббанаша а‚ ахьбараша а Делан жайних шайна Iалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тIехь тешаш . Шу нахах ма кхера‚ шу кхера Сох‚ ма дохка Сан аяташ кIеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца хьукма ца деш берш –уьш керстанаш бу (и Делан хьукма ца дезаш я нийса ца лоруш белахь).
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰ
Оха тIедиллина царна цу (Таврата) чохь: са – сица‚ бIаьрг – бIаьргаца‚ мара – мерца‚ лерг – лергаца‚ церг – цергаца‚ чевнаш йоькхур ю (чIир оьцур ю), аьлла. Цхьаммо гечдахь‚ и цунна капарат (къинойх цIанвалар) ду. Дала доссийначуьнца (нийса) хьукма ца деш берш – уьш зуламхой бу.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬ
Царна тIаьххье ваийтира Оха Марьяман кIант Iийса‚ бакъдеш шел хьалха хилла Таврат. Цуьнга делира Оха Инжил‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш‚ ша бакъдеш долу шел хьалха хилла Таврат‚ ша нийса некъ а, /Делах/ кхоьруш болчарна хьехам а хилла долу.
ﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾ
Инжилан охIлано хьукма дойла шайга цу чохь доссийначуьнца. Дала доссийначуьнца хьукма ца деш берш – уьш песакъаш бу (Далла муьт1ахь ца хилларш).
ﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙ
Хьоьга /хIай Мухьаммад/ доссийна Оха жайна бакъдолчуьнца‚ ша бакъдеш шел хьалха хилла жайна‚ ша иза 1алашдеш а долу. Ахь хьукма де царна юккъехь Дала хьайга доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма хIотта хьайга деана долчу бакъдолчух. Шух хIоранна Оха шарI дина‚ /динехь/ билгала некъ бина (минхIаж). Далла лиъна хиллехьара, цхьана умматах дийр дара шу‚ мухха делахь а, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь (хилийтина Цо дуккха динаш). Диканашна тIехь хьалхе яккха къовса (вовшашца)‚ Деле ду шун массеран а дIадерзар‚ тIаккха дуьйцур ду Цо шуьга шун хилпалонаш шегахь хилларг.
ﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
/И доссийна Оха хьоьга омра деш/: хьукма де царна юккъехь Дала доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма ваза‚ ларло царах, хьо цара дIатилаварах цхьадолчу Дала хьоьга доссийначух. Уьш дIаберзахь‚ хьуна хаалахь, Дела лууш хилар уьш балане лаца церан цхьадолу къинош бахьанехь. Баккъалла а, нахах дукхаберш песакъаш ма бу.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉ
ЖехIаллин хьукмана тIетийжа уьш ткъа? Мила ву ткъа Делал хьукма хаза деш тешаш болчу нахана?
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫ
ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца жуьгтий а‚ насараш а шайна доттагIий . Царах цхьаберш доттагIий бу вукхарна. Шух царах шена доттагIий лецнарг, – баккъалла а, и царах ву. Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам.
ﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉ
Хьуна гуш бу и шайн дегнашкахь цамгар ерш (песакъаш я мунепикъаш) сихлуш цаьргахь ‚ олуш: "Тхо кхоьруш ду тхуна /хIара/ гIуллакх цхьана балане д1ахьовза ". Дала тарло Шегара толам бала‚ я цхьа гIуллакх дан – тIаккха уьш ма буьсу шаьш хьулдинчух шайлахь дохкобевлла.
ﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Ийман диллинчара олу /жуьгташка, мунепикъийн хьолах цецбовлий/: хIорш бу и шайн чIогIа дуйнаш Делаца биънарш, шаьш баккъалла а, шуьца ду‚ бохуш? Йоьхна церан Iамалш. Эшнарш хили уьш.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣ
ХIай ийман диллинарш! Шух милла шен (ислам) динера дIаваьлча – тIаккха доуьйтур ду Дала цхьа къам‚ Цунна уьш безаш‚ царна Иза везаш‚ муъма нахана шаьш атта а болуш‚ керстанашна хала а болуш‚ Делан новкъахь къуьйсуш‚ тIехтохам бечун тIехтохамах ца кхоьруш. И Делан дозалла ду‚ Шена луучунна и доуьйту Цо. И Дела шорто йолуш а ву‚ Iилма долуш а ву.
ﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Баккъалла а, шун доттагI Дела ву‚ Цуьнан элча ву‚ ийман диллинарш а бу‚ шаьш ламаз хIоттадеш болу‚ шаьш закат а луш болу‚ шаьш/Цунна/ гуорах1уьттуш а болу.
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽ
Дела а‚ Цуьнан элча а, ийман диллинарш а доттагIий лаьцнарг – баккъалла а, Делан тобанан /нах бу уьш/ - уьш бу толам боккхур берш.
ﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖ
ХIай ийман диллинарш! Аш ма леца, шун дин беламе а‚ ловзаре а даьккхина, шул хьалха шайга жайна даийтинчарах берш а‚ керстанаш а доттагIий. Шу Делах кхера, шаьш ийман диллина делахь.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞ
Аш ламазе кхайкхича, и беламе а‚ ловзаре а оьцу цара. И ду уьш хиларна, шаьш ойла ца еш долу къам.
ﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳ
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла! Аш бекхам бо тхуна деккъа Оха ийман диллина хиларна Деле‚ тхайга доссийначуьнга а‚ хьалха доссийначуьнга а‚ шух дукхахберш песакъаш хиларна а".
ﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑ
Ахь āла: "Ас дIахоуьйтий шуьга цул а вониг бекхам хиларца Делан гергахьара? Уьш бу Дала шайна неIалт аьлларш‚ И шайна оьгIазвахнарш‚ Цо шайх маймалш а‚ хьакхарчий а йинарш а‚ тIагIутана шаьш Iибадат динарш а. Уьш бу вонаш (шайна хир йолчу) меттигца‚ уггар тилабелла берш нийсачу некъах".
ﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣ
Шу долчу баьхкича /жуьгтийн мунепикъаш/, цара олу: "Тхо ийман диллина ду"‚ уьш-м /шу долчу/ баьхкина ма бара керстаналлица‚ – уьш /шу долчуьра/ ара ма бевли цуьнца. И Дела дика хууш ву-кх цара хьулдеш хилларг.
ﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Хьуна го царах дукхаберш сихлуш къа дарехь а‚ мостагIалла лелорехь а‚ хьарам хIума даарехь а. Ма вон хIума ду-кх цара деш хилларг!
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢ
Уьш духа хIунда ца туху раббанаша а‚ ахьбараша а къахиларан дашах а‚ хьарам мел дерг а цара даарх а? Ма вон ду цара деш хилларг!
ﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗﰘﰙ
Жуьгташа элира: "Делан куьг дихкина ду ". Куьйгаш дихкина-кх церан. НеIалт аьлла царна шаьш дуьйцург бахьанехь. Цуьнан (Делан) ши куьг даржийна ду ‚ Шена луучунна рицкъ луш ву И. Царах дукхаберш совбохур бу хьан Кхиош-Кхобучуьнгара хьоьга доссийначо /Делан/ дозанех бовларца а, керстаналлица а. Царна юкъа мостагIалла а‚ оьгIазло а кхоьссина Оха къематде кхаччалц. Цара цIе мел латий тIамна‚ Дала яйира и. Лаьттахь боьха дерг даржадо цара. Далла безац боьханиг деш берш.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝ
Жайнин охIлано ийман диллина хиллехьара‚ /Делах/ кхоьруш хиллехьара‚ церан вонаш (къинош) дIадохур дара Оха царах‚ ниIматан ялсаманичу бохийтур бара уьш.
ﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸ
Таврат а‚ Инжил а‚ /кхин/ шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шайга охьадоссийнарг (х1ара сийлахь долу Къуръан) хIоттадеш уьш белахьара‚ шайна лакхахь а‚ когий бухахь а дерг дуур дара цара . Царах нийса уммат а ду. Царах дукхаберш вон хилла шаьш дечуьнца.
ﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕ
ХIай элча! ДIакхачаде хьайга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара охьадоссийнарг. Ахь и ца дахь – ахь кхочуш ца дина Цуьнан элчалла. Дала ларвийр ву хьо нахах. Баккъалла а, Дала ца нисдо керста къам.
ﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Ахь āла /х1ай Мухьаммад/: "ХIай жайнин охIла! Шу цхьанна а хIуманна декъахь дац аш Таврат а‚ Инжил а‚ кхин шайн Кхиош-Кхобучуьнгара шайга доссинарг а хIоттадалц". Хьоьга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доьссинчо алсамбахаза буьтур ма бац царах дукхаберш /Делан / дозанех бовларехь а, керстаналлехь а. Хьо сингаттаме ма хила керста къам бахьанехь.
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬ
Баккъалла а, ийман диллинарш (бусалбанаш) а‚ жуьгтий а‚ сабиунаш а‚ насараш а – /царах/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а ийман а диллинарш‚ дика Iамал а йинарш /муьлш белахь а/ –/къематдийнан ирчаллин/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш /дуьненахь бухадиснарг бахьанехь/ сингаттаме а хир ма бац .
ﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁ
Исраилан кIенташца барт бира Оха /цара Деле а‚ цуьнан элчанашка а ийман дуьллур ду, аьлла/‚ цаьрга элчанаш а бахкийтира. Шайга элча мосазза веъча а‚ шайн синошна дезарг ца дохьуш‚ цхьаберш харцбора цара‚ цхьаберш бойу цара.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥ
Царна моьтттура питана хир дац ‚ бIаьрзе а‚ къора а хилира уьш‚ тIаккха Дала царна гечдира. ТIаккха царах дукхаберш /юха а/ бIаьрзе а‚ къора а хилира. Дела гуш ма ву цара дийриг.
ﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊ
Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: "Баккъалла а, Дела – Марьяман кIант Масūхь ву" (Iийса). Масūхьа аьлла: "ХIай Исраилан кIентий! АллахIана Iибадат де – сан Далла а‚ шайн Далла а. Баккъалла а, милла велахь а, Делаца накъост лаьцна‚ Дала цунна хьарам йина ялсамани‚ цуьнан чугIойла (жоьжахатин) цIе ю. Зуламхошна цхьа а гIоьнчий хир ма бац”.
ﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦ
Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: "Баккъалла а, Дела ву кхааннах кхоалгIаниг ". Цхьа а кхин Дела вац И Ша цхьа Дела воцург. Шаьш олучух уьш ца совцахь – царах шаьш керстанаш хиллачарах лазош долу Iазап хьакхалур ма ду.
ﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰ
Деле тōба хIунда ца до цара‚ Цуьнга гечдар а хIунда ца доьху? И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ма ву.
ﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭ
Марьяман кIант Масūхь ма вац элча бен‚ цул хьалха а дIабахана элчанаш‚ цуьнан нана ю уггар (Делера мел деънарг) бакъдеш ерг (нуьцкъала Делах тешаш ерг). Уьш ший а хилла кхача бууш. Хьажал‚ муха билгалдеш ду Тхо царна аяташ‚ тIаккха а хьажал‚ муха Iехийна уьш (шайтIано)!
ﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿ
Ахь āла (х1ай Мухьаммад): "Аш Iибадат до ткъа, Дела а вуьтий, шен долахь шуна (дан) зен а‚ я пайда а боцучунна? И Дела Ша хезаш верг а‚ хууш верг а ма ву".
ﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
Ахь āла: "ХIай жайнин охIла‚ шайн динехь дукха тIех ма довла бакъдерг доцучохь (1ийса Делан к1ант ву бохуш, харцдерг кхуллуш – насараша, цуьнан нана Марьям нахаца лелаш хилла бохуш, харцдерг кхуллуш – жуьгташа)‚ шу тIаьхьа ма хIитта цхьана ша хьалха тиладелла хилла долчу къоман дезаршна‚ цо дукхаберш тилийна‚ нийсачу новкъах ша а тиладелла".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Исраилан кIентех керстаналла диначарна неIалт аьлла Давудан а‚ Марьяман кIентан Iийсан а багахула. И – цара йинчу Iесаллина а‚ уьш дозанех бовлуш хиларна а ду.
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯ
Уьш хилла шаьш динчу вочунна вовшашка нехIи ца деш. Ма вон ду-кх цара деш хилларг!
ﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄ
Хьуна го царах (жуьгтех) дукхаберш бу керстаналла диначарах доттагIий беш. Ма вон ду-кх цара шайна хьалхадаьккхинарг – Дела шайна оьгIазвахийтар. Iазапехь уьш гуттар буьсур ма бу.
ﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔ
Делах а‚ пайхамарах а‚ цуьнга доссинчух а уьш тешаш хиллехьара‚ уьш доттагIий бина луьйцур бацара цара‚ мухха делахь а, царах дукхаберш песакъаш бу.
ﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓ
Хьуна карор ма бу ийман диллинчарна мостагIаллица нахах уггаре чIогIа берш жуьгтий а‚ шаьш ширк динарш а. Хьуна карор ма бу царах ийман диллинчарна безамца уггаре гергара берш шаьш аьлларш: "Баккъалла а, тхо насараш ду". Иза царах къиссисаш а‚ рухIбанаш а хиларна а‚ цара куралла ца ярна а ду.
ﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪ
Шайна хезча элчане (Мухьаммаде) доссийнарг, хьуна го церан (Нажашин а, кхечу насарийн а) бIаьргаш бIаьрхийх буьзна шайна девзинчу бакъдолчух. Цара олу: "Тхан Кхиош-Кхобург‚ Оха ийман диллина. Ахь дIаязделахь тхо шахIадат далочаьрца .
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡ
Тхуна хIун ду ца теша Деле а‚ тхоьга деъначу бакъдолчуьнга а‚ тхо чIогIа лууш ду тхан Кхиош-Кхобучо тхо чудохуьйтийла дикачу къомаца /ялсаманичу/ ".
ﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱ
Дала мēла белира царна цара аьллачунна дуьхьал – (ялсаманин) бошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолу‚ гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. И бу дикачеран бекхам.
ﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харц динарш а – уьш бу жоьжахатин дай.
ﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌ
ХIай ийман диллинарш! Аш хьарам ма елаш Дала шайн хьанал йина цIена хIуманаш‚ шу /Делан/ дозанех ма довлалаш (Цо ца магийнарг деш). Баккъалла а, Далла ца беза /Шен/ дозанех бовлурш.
ﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚ
Аш даа Оха шайна деллачу рицкъанах хьанал а, цIена а дерг‚ шу Делах кхералуш‚ шу Шех тешаш волчу.
ﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Дала ца лоцу шу (бехке) шун дуйнашкахь (ца хууш) багах даьллачуьнца‚ амма Цо лоцу шу (бехке) дуйнашца аш чIагIдина хиллачуьнца. Цуьнан капарат ду итт мискачунна кхача баор‚ юкъара аш шайн охIланна баош ма хуьлу, я царна духар далар а‚ я лай азатваккхар (парг1атваккхар) а. И ца карийначунна (оцу кхаа г1уллакхах цхьа а кхочуш дан ца мегначунна) – кхаа дийнахь марха кхабар т1ехь ду. И ду, аш биъча, шун дуйнийн капарат. Ларде шайн дуйнаш. Иштта билгалдоху шуна Дала Шен аяташ, шу хилархьама баркалла олуш.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
ХIай ийман диллинарш! ЧагIар а‚ майсир а‚ цIуш а‚ пхерчий а – шайтIанан белхан рижс (боьха х1ума) ю‚ генадовла цунна – шу даккхийде тарло.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦ
ШайтIанна лаьа чагIарца а‚ майсирца а шуна юккъе мостагIалла а‚ оьгIазло а йожо‚ Делан цIе яккхарх а‚ ламазах а шу духатоха а. Аш ца соцуьйту ?!
ﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵ
Шу муьтIахь хилалаш Далла‚ шу муьтIахь хилалаш элчанна‚ ларлолаш /вочух/. Шу дIадерзахь‚ шуна хаалаш: Тхан элчанна тIехь ду билгала дIакхачор .
ﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Ийман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна къа дац цара /хьалха/ диъначунна уьш кхоьруш хилча‚ ийман а диллича‚ дика Iамалш а йича‚ тIаккха а кхоьруш хилча‚ ийман диллича, юха а /вочух/ кхоьруш хилча, диканиг деш хилча. Далла беза диканиг деш берш.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
ХIай ийман диллинарш! Зуьйр долуш ду шу Дала таллар дечу хIуманца (хьоза я кхин акха делахь) шена шун куьйгаш а‚ чоьмукъаш а тIекхиъна долчу , Далла /нахана гучувоккхуш/ вовзархьама Ша гуш воццушехь Шех кхоьруш верг. Цул тIаьхьа дозанах ваьлларг – цунна лазош долу Iазап ду.
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀ
ХIай ийман диллинарш! Аш дийнаташ (акхарой) ма дайалаш шаьш хьаьждихкина долуш. Шух шена хуъушехь цхьаммо и диэхь – цуьнан бекхам бу даьхнех цо дайинчун барам /сагIина даккхар/‚ цуьнца хьукма дийр ду шух шина Iедале волчу стага и гIурбанна кечдина бежана КаIбе кхочуьйтуш‚ я /цуьнан бекхам бу/ капарат дар – мискачу нахана даа хIума далар‚ я цуьнан метта (мискачарна дала хIума дацахь) марха кхабар ‚ шен гIуллакхан бāла Iовшархьама. Гечдина Дала хьалха даьлларг. Юха а цунна тIеверзахь (и къа дан) цуьнгара бекхам оьцур бу Дала. Дела веза верг а ву‚ бекхам оьцуш а ву.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧ
Хьанал ду шуна таллар дан хIордан дийнаташна‚ цуьнан (хIордан дийнатийн) кхача а шуна а‚ /новкъахь/ боьлхучу нахана а /хьанал бу/ пайдаэца. Хьарам ду шуна таллар дан аренан дийнаташкахь шу хьаж (я 1умрат) дихкина мел ду. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе гулдийр долчу.
ﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅ
Дала дина КаIба – хьурман цIа – нахана гIоьнна а, пайденна а, /иштта хилийтина Дала/ хьурман бутт а‚ гIурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хIуманаш, и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг хууш вуйла‚ Дела массо а хIума хууш верг вуйла.
ﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏ
Хаалаш‚ Дела таIзарехь чIогIаниг вуйла а‚ Дела гечдийриг а, къинхетам бийриг а вуйла а.
ﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜ
Элчанна тIехь дIакхачор а бен дац‚ Дела хууш ма ву аш гучудоккхург а‚ аш къайладоккхург а.
ﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭ
Ахь āла: "Боьханиг а‚ цIенаниг а цхьатерра дац‚ боьханиг дуккха хиларо хьоьга тамаш байтинехь а (хьо цецваьккхинехь а). Делах кхералаш‚ хIай хьекъал дерш‚ шу даккхийден мега!"
ﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩ
ХIай ийман диллинарш! Ма хетталаш цхьацца (пайда боцу) хIуманех лаьцна‚ уьш шуна гучуялахь – шуна цатам бийр бу цара. Аш царах Къуръан дуссучу хенахь хеттахь‚ уьш шуна гучуевр ю – Дала гечдина царах. И Дела гечдеш верг а ву‚ дукха собаре верг а ву (шун таIзар ца деш).
ﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱﯲﯳ
Царах хаьттира шул хьалха цхьана къомо – тIаккха цара керстаналла дира цуьнца.
ﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
Дала ца хилийтина (Дала тергал йе ца боху) бахьират а ‚ саибат а ‚ василат а ‚ хьам а ‚ амма керстанаша Далла тIекхуллуш ду харцдерг‚ царах дукхахберш кхеташ ма бац.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪ
Цаьрга элча: "Схьадуьйла Дала доссийначунна тIе а‚ элчанна тIе а"‚ цара олу: "Тоам бу тхуна тхан дай шена тIехь карийнарг". Церан дай хIумма хууш ца хиллехь а‚ нийсачу новкъахь ца хиллехь а? /ТIаккха а тIаьхьахIутту уьш царна?/
ﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀ
ХIай ийман диллинарш! Шуна т1ехь ду аш шайн синош шаьш 1алашдар. Шуна зен дийр ма дац ша тилавеллачо, шу нийсачу новкъахь хиллехь. Шун массеран а дIадерзар Деле ду‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг.
ﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖ
ХIай ийман диллинарш! Шух цхьанна, валар тIе а деана, весет деш, шуна юккъехь тешалла дан деза шух Iедале волчу шиммо‚ я шух воцчу кхечу шиммо‚ нагахь санна шу новкъахь долуш, шу 1ожаллин балано схьалаьцнехь . Уьш шиъ сацор ву /малхбузен/ ламаз динчул тIаьхьа‚ тIаккха цу шиммо Делах дуй буур бу, шу шеко еш делахь : «Цуьнца мах ца оьцу оха, и /шена оха тешалла деш верг / гергара велахь а. Оха хьул ца до Делан тешалла‚ и динехь – тхо хир ма ду къинош дечарах"‚ аьлла.
ﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮﯯﯰﯱ
Нагахь санна гучудалахь и шиъ къина хьакъ хилар – кхин шиъ хIуттур ву церан меттана‚ хьалхалерачу шиннал /ирс эцарехь/ гергара волу. Цара шиммо дуй буур бу Делах: "Тхан тешалла бакъ ма ду цу шиннан тешаллал‚ тхо дозанах девлла ма дац, девллехь – тхо зулам диначарах хир ма дара".
ﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊ
И герга ду цара тешалла дарна /нийсачу/ куьцехь‚ я уьш кхоьруш хиларна /кхин/ дуйнаш баийтарх шайн дуйнел тIаьхьа /т1аккха шаьш сийсаза хиларна/. Шу Делах кхералаш‚ ладугIуш а хилалаш‚ Дала нис ца до песакъ къам.
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣ
Оцу (къемат)дийнахь Дала гулбийр бу элчанаш‚ Цо эр ду: "ХIун жоп делла шуьга". Цара (элчанаш) эр: "Iилма дац тхан (тхуна хаац)‚ баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш т1ех дика хуург".
ﭤﭥﭦﭧﭨﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨ
Дала аьллера : "ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а хилла долу Сан ниIмат. Ас чIагI ма вира хьо Дезачу Сица ‚ āгана чохь волуш нахаца хабар дуьйцура ахь‚ воккха хилча а‚ Ас хьуна ма Iамийра жайна а, хьекъалалла а‚ Таврат а‚ Инжил а‚ ахь ма кхуллура поппарх хьозанан куьцах тера х1ума, Сан пурбанца‚ цу чу са доIура ахь – и хьоза хуьлура Сан пурбанца. Ахь тавора бIаьрса доцург а‚ барс цамгар ерг а Сан пурбанца . Велларг денвора ахь Сан пурбанца; хьо лар ма вира Ас бану Исраилех‚ хьо царна тIе билгалонашца веъча. ТIаккха царах керстанаша ма элира: "Иза билггала холмачалла (бозбуунчалла) а бен ма дац ",
ﮩﮪﮫﮬﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗ
Ас дагчу ма диллира хьаварешна Соьга а‚ Сан элчане а ийман дилла‚ аьлла. Цара элира: "Оха ийман диллина‚ ахь тешалла де тхо бусулбанаш хилар ".
ﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Хьавареша ма элира: "ХIай Марьяман кIант Iийса‚ хьан Элан (Делан) ницкъ кхочур барий тхуна стиглара /даарийн/ шун охьадоссо?" Цо элира: "Делах кхера, шу ийман долуш хиллехь ".
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻﯼﯽﯾ
Цара элира: "Тхуна лаъа цу чуьра хIума яа‚ тхан дегнаш чIагIдан /тешарца/‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (ийманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тIехь тешаш хила а".
ﭑﭒﭓﭔﭕﭖﭗﭘﭙﭚﭛﭜﭝﭞﭟﭠﭡﭢﭣﭤﭥﭦﭧﭨ
Марьяман кIанта Iийсас элира (Деле до1а деш): "Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ охьадоссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Iийд) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тIаьхьарчунна а‚ Хьоьгара делил а хир дара. Рицкъ лōлахь тхуна. Хьо рицкъ лучарах уггар диканиг ма ву".
ﭩﭪﭫﭬﭭﭮﭯﭰﭱﭲﭳﭴﭵﭶﭷﭸﭹﭺﭻ
Дала элира: "Ас охьадоссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТIаккха цул тIаьхьа шух керстаналла динчунна – ас Iазап дийр ма ду цунна Iазапца‚ Iаламашкахь цхьанна ца динчу кеппара".
ﭼﭽﭾﭿﮀﮁﮂﮃﮄﮅﮆﮇﮈﮉﮊﮋﮌﮍﮎﮏﮐﮑﮒﮓﮔﮕﮖﮗﮘﮙﮚﮛﮜﮝﮞﮟﮠﮡﮢﮣﮤﮥﮦﮧﮨﮩﮪﮫﮬ
Дала эр : "ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь аьллера нахе хьуо а‚ хьан нана а ши дела ву алий тIелаца‚ АллахI витий‚ аьлла?" Цо эр: "Хьо цIанво ас‚ ма дац суна /томе/ ас āлар айса āла хьакъ доцург. Ас и аьлла хиллехьара – Хьуна и хууш хир ма дара. Хьуна ма хаьа соьгахь дерг, суна ма ца хаьа Хьоьгахь дерг. Баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш т1ех дика хуург.
ﮭﮮﮯﮰﮱﯓﯔﯕﯖﯗﯘﯙﯚﯛﯜﯝﯞﯟﯠﯡﯢﯣﯤﯥﯦﯧﯨﯩﯪﯫﯬﯭﯮ
Ца элира ас цаьрга Ахь соьга шеца омра динарг бен – "Iибадат делаш Далла‚ сан Эла‚ шун Эла хилла волчу". Со царна тIехь теш вара‚ со цаьрца мел волу‚ Ахь со Хьайга хьалаваьккхинчул тIаьхьа Хьо ву-кх царна тIехьожург. Хьо массо а хIуманан теш ма ву.
ﯯﯰﯱﯲﯳﯴﯵﯶﯷﯸﯹﯺﯻ
Ахь царна Iазап дахь а – уьш Хьан леш бу-кх‚ Ахь царна гечдахь, баккъалла а, Хьо веза верг а‚ хьукма нийса деш верг а ву-кх".
ﯼﯽﯾﯿﰀﰁﰂﰃﰄﰅﰆﰇﰈﰉﰊﰋﰌﰍﰎﰏﰐﰑﰒﰓﰔﰕﰖﰗ
Дала эр: "ХIара де ду бакълийначарна шайн бакъхиларо пайда бийр болуш‚ царна бошмаш (ялсамане) хир ю‚ шайн бухахула оьхуш хиш долуш‚ цу чохь буьсур бу уьш гуттар а. Дела реза хуьлда царна‚ уьш а реза хуьлда Цунна – иза сийлахь-боккха толам бу-кх!".
ﰘﰙﰚﰛﰜﰝﰞﰟﰠﰡﰢﰣﰤ
Делан ду-кх стигалийн а‚ лаьттан а‚ цу чохь долчун а долалла‚ И ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ берг.
Делера Куръан
Tuesday, August 18, 2026
Don't forget us in your sincere prayers







